Нохчалла

Нохчалла.
Маржа я1 Нохчалла, ма шортта дукха
Хьан ц1аро хьулдинарг чот йоцуш дийца,
Маттаца д1агайта хуур дац иза
Кхехкаш дерг пхенашкахь Нохчийн ц1ий дацахь.

Нохчалла,яц иза маттаца йоьзна,
Маттаца йийцарх и евзар яц хьуна
Хьо цунах кхетар вац маьл лаарх хьуна
Болата Нохчийн дог дацахь хьан кийрахь.

Хьо шена хьарам веш, хьо винчу нанас
Махкана веш хьанал т1аме ца хьажийнехь
Йишас т1е куьг хьоькхуш новкъа ца ваьккхинехь
Хьо кхетар вац хьуна Нохчалла бохучух.

Хьайн негат дохийна хьо дохко ваьллехь
Г1азота новкъара юьстаха ваьллехь
Мостаг1чун герзана кхоьруш букъ тоьхнехь
Пхенашкахь леларг хьан Нохчийн ц1ий дац хьуна.

Кийрара шен бала дагчу къевлина
Берех и хьулбинчу хьайн х1усам ненан
Хьайн доьзал т1аьхьенна ахь ойла ца йинехь
Хьан кийрахь детталург Нохчийн дог дац хьуна.

Даймахках ц1е летча хьайн са дадийна
Дай кхерчан букъ берзош хьо гена ваьллехь
Хийрачу махкахь хьайна х1усам ахь лехнехь
Нохчалла бохучух хьо кхетар вац хьуна.

Воккхачо аьлла дош ахь ч1ире лаьцнехь
Мискачух ца вешаш цунна пе тоьхнехь
Хьайн вешин толам ахь хьаг1е т1е лаьцнехь
Нохчалла боху ц1е хьан сица яц хьуна.

Хьайн къоман мехкарий  сий ахь  ца лардинехь
Йижарий хьай санна ахь уьш ца лийринехь
Аьхь баьхках вухуш ахь эвхьазло гайтинехь
Нохчалла бохучух хьо кхаьтта вац хьуна.

Накъосталла оьшучохь ахь куьг цакховдийнехь
Доттаг1а боху ц1е ахь йорах йоьхкинехь
Осала гайтинехь, хьог1ах яхь хийцинехь
Нохчалла бохучух хьо кхаьтта вац хьуна.

Вайн Дела и Элча и Устаз хьахочохь
Болат Дог к1адделла хьан б1арг ца т1унбеллехь
Хьан кийрахь 1уьллуш дерг Нохчийн Дог дац хьуна
Нохчалла бохучух хьо кхаьтта вац хьуна.


Рецензии