Нохчийн мотт

Нохчийн мотт,
Хьох лаьцна байт йазйан со охьахиъна.
Ала дош ва лоьхуш ойлайан йоьлла.
Алаза дисний те мерза дош хьох?
Йух-йуха дийцича, кхетар вуй сох?

Хьо шорта хиларан сан шеко йац.
Дош доцуш йисарна со-м кхоьруш йац.
Ас хIинца хьо бекош карчор бу мотт,
Нохчийн мотт цIе йолу, сан Ненан мотт.

Башламан баххьашца буьстича хьо,
Хьан сийлал гайттала и лакхе йац
К1оргачу Iаннашца буьстича хьо,
Хьан маьIна дусталла и кIорге йац.

Хийла дас хьоь болу безам балхийна.
Ала дош ца кхоош хьо хестийна.
Ткъа хIинца диссина дешнаш гулдина,
Сайн илли дIаолу ас даггара.

Бахалахь, Нохчийн мотт, Дуьне мел деха
Бахалахь Нохчийн къам мел деха хьо.
Маттаха дIахаьдча дIадолу къам а
Нохчийчоь мел йеха бахалахь хьо.

Бекалахь, Нохчийн мотт, тхан лаьмнаш декош,
Лаьмнашца товш бериг Нохчийн мотт бу.
Бекалахь, Нохчийн мотт, тхан хьаннаш Iадош
Нохчийчохь бека хьо хьаналла бу.

Дуьххьара наноша  агана дохкуш,
Тхо хьоьстуш хазийнарг Нохчийн мотт бу.
Аганан илли цо мерза дIаолуш,
Набарна товжийнарг Нохчийн мотт бу.

Кегийрхой гулбелча шовданан коьрте,
Шайх летта безаман и мерза цIе
Дегнашчохь хьулйина, оьздингалла ларйеш,
Теш хилла лаьттинарг Нохчийн мотт бу.

Кхайкхаза тIебеъча махкана бала,
Къонахий йукъйоьхкуш, бовлуш ара,
Мехкарша турпалхой дегнаш шаьш айдеш
Иллешкахь бекийнарг Нохчийн мотт бу…….


Рецензии