Г1иллакх
Бераллехь дуьйцуш цхьа дийцар хезна
И шуна довзийта сан ойла сецна
И дийцар ма дара Г1иллакхах лаьцна
Цу хенахь дуьйна ас дагчохь лардина.
И Г1иллакх хиллера ялсаманехь дехаш
Дуьненчу доссо цу Делан кхел сецча
Цу стиглан 1аьрчеха и хьерчир боху
Ма пусар хир дац ше Дуьненчохь аьлла.
Ша везаш болчарна хьо совг1ат хир ду
Ца везаш болчарна къаьхьа стом хир бу
Хьо дезаш т1елаьцнарг шен хьаша хир ву
Пе баьтташ леллачунна наь1 ч1аьг1на хир ю.
Ялсмане бог1у некъ бихкина хир бу
Хьо цхьана долуш бен чу ван йиш йоцуш
Хьо шеца лелийнарг сийлахьа хир ву
Ца вешаш хердинарг дакъаза вера ву.
Ма докка совг1ат дукх йижарий вежарий
Цу везчу Дала вайна Дуьненахь делларг
Пусар деш хилий Вай Дуьненахь цуьнан ,
Ялсамани не1арга йоьхь к1айча хитта ?
Свидетельство о публикации №224020200708