***

Даар а малар а дийшар а г1овтар а
И дерриг г1иллакхаш хьайбанийн ду
Хьекъалца кхетамца царел сов дохуш
Вай-м Дала кхоьллина адамаш ду.

Хьекъалах кхетамах пайда ца оьцуш
Вай дахахь хьайбанех тарлур ду вай
Т1аьхьарчу т1аьхьенна йийца ц1е йоцуш
Лар йоцуш Дуьненчуьр д1адевр ду вай.

Майраллех г1ап йина иманах герз дина
Баьхначийн х1уоттам а ша тайпа бу
Дуьне ша маьл лаьтта Дуненахь  бахар
Царна Дала деллачех цхьа совг1ат ду.


Рецензии