хьоме ц1а

Накаева Зульфия

Ц1а чухула хьала дечиган лами а хIоттийна, хьала а йаьлла, чардакх чохь гулйелла салпал кего х1оьттира со.
Ц1а тишделла. Сан хьоме ц1а. Сан денда, денана а чохь даьхна, девежарийн а, дейижарийн а бералла д1айахана ц1а. Кхана хьо д1адохош ду.
Безамна бохуш, схьалехьо г1ерта со кху тхевнан ченалара массо а х1ума: дечиган тускар, тиша коч, дехкаша цистиначу йаьшки чуьра мокха пух1ан бой а. Йуьстахдоккху т1ехь можа патарш долу ши зока, диъ бошхап, цхьаъ жима киртиг йаьлла долу, сирдиллина битон, жима морзах а, Бабас шекаран б1аьлгаш кегдеш лелош хилла болу. Д1асахьоьжу. Йерриге а схьаэца лаьа.
Амма «Тиша х1уманаш йу. Х1орш йахьа меттиг йац!», – бохуш, резайац нана. Ас мел охьайаьхча а, д1акхуьссуьйтур йу. Цундела мелла а сайн синна герга йерг лоьху ас. Синан б1аьргашца хоьржу.
Рог1ера йаьшка схьа мел йосту, кхин а хаза х1уманаш карайо: можа, маьлхан басахь суьлхьанаш, к1уж т1ера чечакхаш йац а йелла, дехко цистинехь а, йа хено тишдинехь а; Бабин месех йуллу хаза дечиган йехк, т1ера ши церг кагйелла йолу, мехкадаьтта дутту стогар а, шена т1е чан йиллар доцург, т1ера дуткъа ангалин шиша а кагдаланза. Ца оьшу х1уманаш йаго дагахь ц1е лато схьаэцна, кисана та1ийна сирникийн ботт хьала а йоккхий, и стогар лато г1ерта со. Цкъа         а, шозза а милтанах сирник тосу. Хьалалета стогар. Шен чуьра шерашкахь гулйелла чан д1айаккха г1ерташ санна, цхьа 1аьржа к1ур а туьйсуш, оьг1азе йеттало летта ц1е. Ангалин шиша т1едиллича г1ийла бага болало стогар, шен серло схьалуш….
Со д1асхьахьожу. Ас сайна а ца хууш гулйина х1уманаш, барз а хилла, лаьтта.
Сонехь лаьтташ йу сан девешин хилла виниловый проигрыватель, бес-бесара пластинкаш а…
Цхьана йаьшки чуьра кхозу т1аьрсиган доьхка хьалаозийча, хьалайолу суртдоккхург. Хазахеташ, хьоьжу со, т1ера чан д1а а йоккхий. Кху чухула мел гина мIаьргонаш х1инца йухайало йиш хилча… Оцу йаьшки чохь 1уьллу кхо-диъ сурт. Схьаоьций, безамца хьоьжу цаьрга а, шун йаххьаш йисна-кх суьрташ т1ехьхенан йохаллехь йаха, – бохуш.
Маь1а йаьшка 1уьллу цунна йуххехь. И схьайаста жимма ницкъ ийши. Шена чуьра х1умма а д1а ца эцийта аьлча санна, д1акъовлайелла иза, ч1ог1а т1ет1алетта. Д1аса ца озало. Тхевнан дечиган схьайеанчу маь1игах а тосий, схьайоьллу ас и.
Х1и-и-и, кху чохь дерг! Кху жимачу йаьшки чохь – доккха дуьне! Сан массо а гергаранаш, суьртийн пардонаш. Сан са т1емадолу. Сутара массаьрга а хьажа г1ерта. Цхьа сурт-пардо стогаран серлоне лоцу. 1аьржа бода. Чекхйаллалц д1айосту чекхйаллалц, цхьа сурт дисний-теша басадаланза, олий. 
Ду! Ду! Ши сурт гуш ду! Дикка серлона йуххе а хьой, лерана хьоьжу со, мил-мила ву-теша, – бохуш. Б1аьргаш гиэжош , йух-йуха хьожу. Дера вевзий! Сан ши деваша ву-кха!
Цхьанна т1ехь сан денана а йу! И охьайуьллий, кхин плёнка схьаоьцу ас. Цхьадика, х1ара дийна йу. Басадаланза ду массо а сурт, хено кху т1ера адамаш д1адаьхьнехь а.
Сан да т1ехь волу суьрташ… Ваа сан да! Массо цхьаьна а болуш, кху ц1ийна хьалха, чуволучу лами т1ехь даьккхина ду.
Цхьанна т1ехь – лулара йоккха стаг, лекхачу Увайсин нана Х1азан а, т1ехьа урамера бепиг деш йолу Башта а, дуьхьал чуьра Айану, Шепа1ан х1усамнана Кхокха а, кхин а масех суна ца йевза йокккха стаг а. Вуон го пленкаш т1еранаш. Ма луъу ца бовзало, къаста ца ло цхьаберш. Сайн ойланехь басарйо ас уьш. Сан дененан зезагаш т1ехь долу басмин коч а, Айанун кочахь даима кхозуш хилла можа ч1ижан  туьтеш а. Массо х1умано а шен босъоьцу.
Цхьадолу суьрташ дукхе-дукха хьалха даьхна ду. Ца бевза цу т1ера нах. Йа кегий болуш даьхнарш а ца бевза…
Сан да т1ехь волу суьрташ гуттар а герга хета суна. Б1аьрхиш, ца совцуш, беснеш т1ехула охьаоьхуш, ченала охьа а эгий, д1адов. Ченах дуьзна куьйгаш а  хьокхий, д1адоху ас уьш, йуьхь а бехйеш.
Кху суьрташ т1ерачу адамех дукхахдерш д1акхелхина. Суна бевзарш, цабевзарш а. Дуккха а ду суьрташ.
Сурт-пардонаш  йаьшки чу а дерзийна, йуха а гонаха д1асахьожу со. Суна йуххехь 1уьллу битон. Тхо кегий долуш, цу чохь лулара Тумишаг1аьргара морза дан дохуьйтура. Даим а церан уьйт1ара даккхийчу т1улгех ког а тасалой жимма 1анара и. Цуьнах Бабас цхьа дика чамболу хьокхамаш дора. Аьхка даим диллина, к1айн басар а хьаькхна, кечдиначу корах чу а кхийдаш, цу хьокхамах йуьхкаш а йохуш, арахь баа д1аидабора оха Бабин хьокъам. Оцу бовхачу хьокхамийн хьожа дагайеа суна…
Сирдиллина чайник, т1ехь ц1ечу стешан буьртигаш долуш. Боккхачу доьзална, цхьаьна чай мала стоьлана гуобича, даим цхьана куршки чу доттал а чай ца тоьаш, вуон «амал» хилла йолу чайник. Бошхепаш… пеланаш .
Сан дененан а, кху ц1ийна чохь мел бехаш хиллачийн а куьйган йовхо шеца ийна йолу х1уманаш, пхьег1аш, бедарш…
 – «Йо1, тоьар ду хьуна! Хан йаьлла вайна. Охьайосса цу тхов т1ера!» – бохуш, мохь беттара нанас. Со г1енах самайаьлча санна, дагалецамех меттайеача, хан йаьллий хиира суна. Хьалхачул а бода къовлабеллера тхов чохь. Ас латийна мехдаьттан стогар бира бодашкахь шен серлонца гуш. Айса гулйина хазна чохь йолу йаьшканаш а эцна, тхов таь1на болчу, лами х1оттийначу метте, чуйосса, схьахуьлуш йолу со охьатаь11ашехь а, сторпалх боллу мекха боьлла хьостамех хьостам букъа йуккъе хьакхабелира суна. Букъ лазийра. Со охьахиира йаьшканаш голаш т1е а йехкина. Йелха йолайелира…
Маржа йа1, хьо тхан ц1ийнан тхов! Хьайна безаш хилла, хьайна чуьра адамаш, цхьацца хьош, 1ожалло д1аьдаьхьча, х1умма ала а, йа оьг1азло йан а йиш йоцуш, Делан кхиэлана айхьа гулбина лазам а, хорам а цу адамех а, хьайна чуьра ирсах а бисна дагалецамаш, ас хьайга олуш-хоттуш х1ума а доцуш, лаххьийна д1ахьош, суна даггара м1араш къовзош санна, хьостам, букъан чкъорах чекхбоккхуш, хьаькхи-кх ахь!
Хьуна санна, суна а ма безара уьш… Сайн дехой. Кху ц1ент1ехь хьошалг1ахь хилла гергарнаш, урамера лулахой… Хаза йа ирча кхаъ бохьуш, кху чу вог1уш хилла муьлхха хьенех а…

Охьайоьссича, айса гулйина йаьшканаш жимачу уча охьа а х1иттайой, сайн буйнара мехкадаьтта дуттучу стогаран серлонца чоьнаш чухула йолало со. Йуткъа-йеха чоь. Г1опаста. Ангалин кегий кораш... Ц1енкъара аннаш т1ера мокхачу басаран кховра. Х1инца цхьаммо а, безамца куьг 1уттуш, г1уллакхаш ца дора кху чохь.
Дукха хан йара х1ара ц1а деса лаьтта…
Кхин цкъа а кир тухур бац кху кегийчу чоьнаш чу. Цхьаммо а, аьхка малх д1абузуш, кораш ца доьллура, арахьа кораш к1ела хи а тоьхна чан йойуш. «Ченах буьзна когаш чу ма кхехьа!» – бохуш, чеха а ца дора бераш.
Арахь садайча, пенах кхозучу жимачу истанга т1ехьара стогар хьалалаториг куьйгаца лохий, цуьнца стогар латийча, куьйга т1ехь даима а кира хуьлура. Даим дог дет1ара…
Х1инца стогар а ца латабора…
Чуьранаш д1аса а бевлла, тийналла х1оьттича, т1ик-так, т1ик-так, – бохуш, пенах кхозучу сахьтан цхьамзано йечу г1овг1ано а кхин цхьаннан а ойланаш хьие а ца йора.
1ай пеш а ца латайора,
Цхьаммо а, цу пешах д1атаь1ий, шийлачу арара чувеача, букъ а ца бохбора, цунна хьалха, дакъадалийта, каранаш охьа а ца дохкура.
Зайли чохь сискал а ца йоттура. Г1алмакх чай, 1аждарбецан чай, ц1иен чай, бохуш, бес-бесара чайнаш а ца кхехкадора. Г1абакхан х1уш газетан кехат т1е дохкий дакъа а ца дора. Х1инца 1ай а, аьхка а цхьабосса шийла а, даьсса а дара ц1а.
Сонехь лаьтта х1ума тоьгу чарх, масех тай а хьовзийна. Тоьпаш а йина, хьалах1иттийна лаьттахь 1ихкина кузанан цуьргаш а…
Сан стогар йуха а к1ур тийса болабелира…
Соьца цхьаьна, со оцу чу йаьлча оцу чу а, вукха чуйаьлча, вукха чу а йолуш лелаш йерг цхьа тийналла йара.
Коган ц1аза-п1елг куьзганан лахара г1утакхах а кхетта, дукха лазийна, «тссс» аьлла, цергаш йуккъехула чуузу х1аваъ, лазийначу кога т1е куьг а хьаькхна, хьалатаь11ашехь, дуьхьалх1оьтти цхьаъ, нисса мера т1е мара а х1оттийна – со, куьзганахь. Кхаа декъехь дехьа-сехьа долу ши дакъа д1акъовлалуш долчу. Хьо мила йу-теша, куьзганахь суна дуьхьалах1уьттург?» – хаттар кхоллалора. Къаьрззина хьоьжура со цуьнга, куьзганехь йолчу Сайга. Стогаро к1ур туьйсура йуха. Шишанахь ц1е йегайора. Лестара цхьа хьере.
Куьзганахь дуьхьалах1уьттург жимйелира. Жима йо1, ловзуш лелаш, охьакхетча, голаш а йаьшна. Бабас ц1ийна йуххехь хьалайевллачу йараш йуккъера димберг а йаьккхина, цунах цкъа-шозза цергаш йоьхкина, 1уьргаш а даьхна, лазийначу гола т1е йиллира. 1ийжаш йолу чов д1а а тийна, ал басахь месаш а йолуш, Бабина кортали т1е а тесна, ц1енкъахь, куьйгаш а хьийзош, гуонаш а дохуш, кортали текхош, хелхайуьлуш. Дуткъа-деха п1елгаш долу Бабин куьйгаш, т1ехь ц1иен т1едарчий, дайн хебаршлахь чкъор долу. Т1араш детта т1аьхьа мукъам а балош: Даа-дакк, дии-дакк, дак-дакк-ди-дакк, бохуш. Йо1 хелхайуьйлу. К1адин коч текха ц1енкъахула. Ирс. Самукъа. Парг1ато… Бабин йелар. Йуха а т1араш деттар. Лерехь хаддаза мукъам: да-дакк, ди-дакк, дак-даккк-ди дакк.
Дикка т1е хуьлу со куьзганна. Йуха а – со. Корах чу хьаькхначу махо куьзганан ши дакъа т1етотту, т1аккха со – кхоъ, йалх, итт, б1е… Д1акъовлало куьзган дакъош... Стогар а бов д1а.
Кхин ч1ег1ардигаша бен а бийр бац не1аргара ламина т1ехулахь.
Ч1ар-ч1ир деш, цкъа кет1ара тоькан сера т1ехь 1аш, йуха, схьадог1ий, бен чу а ховший, изза ч1ар-ч1ир деш, ч1ег1ардигаш а хьийзар дац.
Церан ц1а-бен сан хьомечу ц1ийнаца д1абохор бу…
Шолг1ачу 1уьйранна, «т1ах-т1их» хезаш, шипарш лаьтта охьакхуьссуш, тхевнан дечигах дагарш детташ, мекхадоьлла хьостамий, ийзош, схьадохуш, жим-жимма ц1а д1адала доладелира… Цхьана м1аьргонна, урам д1а а лаьцна, ченан к1ур х1оьттира. Дукха хан йалале – йаьсса уьйт1е…
Цкъа т1ома, йуха токан сера т1е ховший, д1атуьйш, йуха а ч1ар-ч1ир деш, ч1ег1ардигаш хьийзара ц1а хиллачохь
Синан чевнашна т1е йилла динберг карор йацара-теша, бохуш, уьйт1ахь меллаша йолало со. Ц1а лаьттина меттиг – йаьсса.
Лерехь бабин мукъам:
Даа-дак-дий-дакк.
Дакк-дакк-дий-дакк.
Да-дакка-дий-дакка.
Дакк-дакка-дий-дакк.

Къора, г1айг1ане тийналла…

         


Рецензии