Нохчийн маттаха дош
Нохчийн мотт! ...
Нохчийн къоман ширачу баххашкара
Схьа богIучу ормашкара волчу
Нохчочун цIараха, ...
Хьоьгара - Нохчийн мотт - бакъо а хаьттина!
ЦIенначу бух тIера,
Вайн замане кхаччалца, лелла а,
Буьйцуш а болу - Нохчийн мотт!
Шен тIе заманийн хьеренна кIурз биллаза болу - Нохчийн мотт,
«Куьцанна» олий, амма ларамза доцуш,
Шен йукъаIиттина дехьара-сехьара хIумалгаш доцуш болу -
ЦIенна Нохчийн мотт!
Вайн тIаьхьене дIакхачаре сатуьйсуш болу,
ТIаьхьено буьйцуш а, ларош а
Вайна хуьлийла а,
Хаддаза бехийла а... лууш болу - Нохчийн мотт!
ХIарра мотт бийцин-кха сан Дас, Дедас,
Церан Дайш а
Ала хьакъ болу - Нохчийн мотт!
Нанас бераллехь,
«Вижалахь жиманиг» бохуш,
Шен беркате кIеда куьг,
Хьаж тIе а хьоькхуш..., хийлаза лере хазийна болу...
Хьох лозу, денна а,
Дала нохчочунна делла долу дог!
Хьо ма-буьсийла хьайх дозалла доцуш,
ТIалам а боцуш,
Кхоамза
Хьо кегон болчу нехан карахь,
Церан саьхьарчу олаллехь...
ХIай Сийлахьа, тхан Нохчийн мотт!
Свидетельство о публикации №224030700999