Бос хаза б1а1аьсте
Ма товш ду - кх...
Ма товш ду - кх хьан ду'харш,
бос хаза, б1аьсте!
Даймехкан 1аламехь
Куьце уьш лепа.
Бохь лекхчу лаьмнашкахь тов
сийна чоьънаш,
Б1аьрг ловза бохуш ду
И къорза кузаш.
Баьццарчу пилуошах
кучамаш тегна,
Хьаннашна ахь кхачий
Совг1аташ хьегна.
Э'шарие шовданаш,
Асанех детийн,
Хьан хазчу духарех,
Самукъане хьерча.
Мехкарийн амалехь
Зезагийн сеттарш,
Аьхначу махуо и
Аматаш хьоьсту.
Эсалчу буоларца,
Ахь йог1у г1улчаш,
Дахарна марзо луш,
Сан дагчохь кхаьрста.
Ма товш ду - кх хьан духарш,
Бос хаза б1аьсте!
Даймехкан 1аламехь,
Куьце уьш лепа!
2023
Свидетельство о публикации №224033000474