Жима йоIIий, гIаммий. На чеченском языке

Цхьана жимачу эвла йистехь, йоккхачу хьуьна йуххехь, цхьа дай-наний хилла Iаш, шай цаI бен йоцу жима йоI а кхиош. И шай цаI бен йоцу йоI чIогIа ларъеш а хилла цара, тIаккха а, да урд аха а, дечиг даккха а, даьхнийга хьажа а дезаш хуьлура, нана асарш дан а, хIусмашка хьажа а, кхача бан а дезаш хуьлура. ЙоI царна гIо далла йацара, уьйтIахь-кетIахь ловзуш хуьлура, наггахь оцу шайн йуххерачу йоккхачу хьуна йистехь цIазамаш лехьош а хуьлура.

Иштта цхьана дийнахь дай-наний шай гIуллакхаш деш болуш, «нана, со цIазамаш лехьо йоьду» аьлла, арайолуш, нанас «хьуьнха чу ма йалалахь, йистехь бе ма лехьаделахь и хьай цIазамаш» аьлла, дIахьажийна.

Шен жима тускар а эцна, йоI, ара а йаьлла, хьуьнха йуьххера бай тIе а йаьлла, цIазамаш лехьо йолаелла. Шен карийна цIазам йа тускарчу тоссуш, йа бага тоссуш, лелааш, цIазамашна тIейирзина йоI, кхечу хIуманна тидам а ца беш, цкъа хьалха коьллашна йуьккъе йаьлла, тIаккха хьуьнха чу йаьлла.
 
Кхано, ша а, шен тускар а цIазамах дуьзча, ша хIинца цIа йагIа йеза, аьлла, шена дагадеъчи, дIасахьаьжначу йоIана лекха лаьтташ йолу хьун бен, кхи хIумма а ца гина. ТIаккха, шен нанас баьхнарг дага а деана, ша тилъеллийла хиъна йоI, кхера а елла, дIа йодуш, схаьа йодуш, «ва-а, нана-а!» бохуш, мохь а бетташ, йоьхна хьоьвзина.

ДIасаидна кIад а йелла, цкъа охьа а хиъна, са хаддалца, йелха а йилхина, тIаккха, ша мича йоьду а ца хууш, йолаелла хьуна йуккъехула дIаоьхуш хилла йоI.
Де суьйренге ластийна. Садайна. Хьунха бода боьссина.  Бодашкахула дIаоьхучу йоIа ницкъ а кхачийна. Ткъа хьунхахь кхераме ма ду, акхарой а ма хуьлу, некъаш а ма дац, коьллаш бедарех а, дегIах а ма тийссало, хьо цхьаммо дIалаца гIерта санна ма хетало.

Иштта, массо а хIуманах кхоьруш дIаоьхучу йоIанна, геннахь, цхьа жима, чиркх богуш санна, цIе гина. ДIатIейаханчу йоIана цхьа жима дечкан тоьла карийна, ах лаьтта буха а йагIана, лоха тхов а болуш, цаI бен доцу жима корах гIийла схьайаьтталуш чиркхан серло а йолуш. ТховтIаьхь туьнтуьк хилла, чуьра хьала оьхуш йовхо а хаалуш.

НеI а, кор а тоха цIа йаьхьна йоI, – хIун хаа цу чохь муьлш бу, – тховтIе а йаьлла, шен шелъелла туьнтуькан йуьххе а хиъна, хьалаоьхучу йовхонна дуьхьала шен куьйгаш а, йуьхь а луьйцуш, йалха а йоьлхуш, цхьацца долу шен бIаьрхиш оцу туьнтуькан чу а иегош, охьа хиъна.

Ткъа оцу тоьличохь Iаш гIам хилла. Ирча хIума ду и гIам, даьлла-месала а долуш, даккхий Iаьржа бIаьргаш а долуш, даккхий лергаш а долуш, аьрзун зIок санна чухьоьвзина, балдаш тIекхаччалца охьабахана мара а болуш, деха пIаьлгаштIаьхь акхкаройн санна ира-еха маIараш а йолуш.

Иштта ирча оцу тоьличоьхь кхо йоI а хилла оцу гIоман, шайн цIераш Хьонукий, Пошукий, ТIордукий а йолуш.

Жима йоI тховтIаьхь Iачу хенахь гIаммий, кхуьнан кхо йоIIий пешана гондIа а хоьвшина, мацалла цергаш вовшах а хьоькхуш, Iаш хилла. ЦIаьххьана царна хезна – цIерга цхьа тадамаш а оьгуш, «пишт», «пишт» бохуш, чехчаш.

– И хIун ду тIехьа, – аьлла, гIомо. – Йалол, Хьонука, вайн тховтIе хьажал. Цигахь ло делахь – баьхьа хьакхалахь, цигахь ткъов йелахь – доьвзиг тохалахь, догIа делахь – горгам хьакхалахь.

Ара а йаьлла йуха чуеанчу Хьонукас: – Вай, баба, вайн тховтIаьхь – загIбагIниш! – аьлла.

– Ма Iовдал йу хьо, Хьонука! Ма пайдабоцуш хIума йу! – аьлла гIомо. – Йалол, хьо хьажал, Пошука. Цигахь ло делахь – баьхьа хьакхалахь, цигахь ткъов йелахь – доьвзиг тохалахь, догIа делахь – горгам хьакхалахь.

Ара а йаьлла йуха чуеанчу Пошукас: – Вай, баба, вайн тховтIаьхь – загIбагIниш! – аьлла.

– Хьий, хьо Iилла елла! Хьа а ма дац котаман чул бен хьекъал! – цунна а довдина гIомо. – ХIинца хьо гIол, ТIордука. Хьуна-м хаа деза цигахь дерг, хьо ма йара баби массарел диканиг.

Ара а йаьлла йуха чуеанчу ТIордукас: – Вай, баба, вайн тховтIаьхь – загIбагIниш! – аьлла.

– Елла йала со! Кхо йоI йу сан, цхьа а пайденна йац! – аьлла гIомо. – Суо ца йахча ца йолу-кха со.

Арадаьллачу гIомана тховтIаьхь туьнтуькан уллехь Iаш йолу йоI гина.

– Вай, баба йала хьа, ма шелъелла а хир йу, ма мацъелла а хир йу, ма кхераелла а хир йу. Хьо муха кхьаьчна кхуза, миска? Хьо хьа тессина кху боданашкахь, хьо хьа йитина кху хьунхахь? Схьайола бабина, охьайосса! Бабас пешан уллехь йохйолуьйтур йу хьо, бабас довха худар даийна йузор йу хьо, довхачу йургIан кIела йижор йу хьо, – аьлла, хьастаелла .

Шега иштта кIеда-мерза гIам дистхилча, маьл ирча делахь а, и цхьа къанъелла зуда йу моьттуш, йоI охьайоссина. ЙоI кара а эцна, ша-шега «Хьонукина хIо лур ду, Пошукина паш лур бу, ТIордукина тард лур бу» а бохуш, чоьхьа даьлла гIам.
Цкъа а адамийн бер ганза болу гIоман йоIарий, «вай, хIара ма хаза хIума йу» бохуш, шений-шений ло иза бохуш, гIовгIа йаьккхина. Уьш совцабина царна дов а дина, мотт а биллина, шен кхо йоIIий, йистехь жима йоIIий охьа а бишшийна, ша кхача бан йоллу аьлла, пешана тIе боккха йай а хIоттийна, доккха урс ирдан хIоттина гIам. Урс гIайракха тIе а хьоькхуш, шен беха мера кIела мукъам беш хилла гIомо: «Хьонукина хIо лур ду, Пошукина паш лур бу, ТIордукина тард лур бу» бохуш.

Ткъа наб кхетанза Iуьллуш йолчу йоIана куьгах цхьа хIума хьакхаелла. ДIахьажча йоIана цхьа жима дахка гина. Дехкех къоьруш йолу йоIа гIовгIа йаккхале, дехко, адамийн маттахь бист а хилла, – «Сох кхера ца оьшу хьуна, оцу урс ирдеш доллучу гIомах кхера еза хьо. И гIам ду хьуна, хьо ен а йийна йаа дагахь боккха йай а хIоттийна доллуш ду хьуна. Хьо сихонца йада еза. Хьайн меттиге ТIордука а йиллий, корехула ара а йалий, нийсса малхбалехьа йада хьо, маьлхан серло хIинца хаалуш йу хьуна. ГIам тIаьхьа дера ду хьуна, хIара кхо хIума йу хьуна, уьш цхьацца хьайни, гIомани йуьккъе а кхоьссина ахьа доIа дахь, цара кIелхьара йаккха мега хьо», – аьлла, йоIана ехккий, махий, жима куьзггий а делла, дахка шен Iуьрга дIабахана.

ДIайоьллачу йоIа, ТIордука ша хиллачу меттиге схьа а хилийна, меллаша кор а диллина, ара а йаьлла, ше ма хуьллу сиха дIаедда, шен буйна дахко елла кхо хIума а лаьцна.

ГIам, шен урс ирдина а даьлла, йистера, шена тховтIаьхь карийна йоI оьцу ша моьттуш, ТIордука схьа а эцна, иза урс хьаькхна ен а йийна, цунах дакъош а дина, уьш йай чу а кхоьссина, пешана йуххе а хиъна, «Хьонукина хIо лур ду, Пошукина паш лур бу, ТIордукина тард лур бу», бохуш, шен йиша а лоькхуш, Iаш хилла.
Сатесна. Йайчуьра жижигаш схьаиэца доьлла гIам, «хIара ког ма ТIордукичух тера бу» аьлла, цхьа дакъа шунтIе охьадиллина. ШозлагIа дакъа схьадаьккхича – «хIара куьг ма ТIордукичух тера ду» аьлла, охьадиллина. ТIаккха йайчуьра корта схьаиэцчи – «Ваай, ас динарг, ен а йина аса кхаьхкийнарг ТIордука хилла-кх!» аьлла, дахана йоIарий бишшинчу хьажа даханчу гIомана жима йоI а цакарийна, диллина кор а гина. Хилчу массо а хIуманах кхетта долу гIам, «аса бийра бу хьан болх!» аьлла, ара а иккхина, йоIана тIаьхьадаьлла.

Едда йоьду йоI маьл гена йаьлла елахь а, сихох догIуш долу гIам кеста герга деана йоIана. ХIинци-хIинци гIам шена тIекхочу аьлла, шена хийтичи, шена белшаш тIехьа дахко йелла ехк а кхоьссина, доIа дина йоIа: «Везин дела, воккхун дела! Суний, оцу гIоманий йукъахь хIара ехк санна луьста хьун хIоттийталахь», аьлла. ДIахIоьттина дукха чIогIа луьста хьун, адам хьа, лаьхьа а чекх балалур боцуш.
Оцу хьуьнхан тIекхаьчна гIам, дукха луьста лаьтташ долу дитташна йуккъехула ца далалуш, уьш дукха лекха долуш царна тIоьхула ца далалуш, цера орамаш дукха стомма а, кIорга а долуш царна бухахула ца далалуш, гIад дайна хьовзина. Кхи дан хIума а ца хилла, шен тарраш санна ира йолун цергашца дитташ хедош-цестош, Iуьргаш а дохуш, хьуьнхах чекх а даьлла, йуха а йоIана тIаьхьадаьлла гIам.

 Едда йоьду йоI маьл гена йаьлла елахь а, сихох догIуш долу гIам кеста герга деана йоIана. ХIинци-хIинци гIам шена тIекхочу аьлла, шена хийтича, шена белшаш тIехьа дахко белла маха а кхоьссина, доIа дина йоIа: «Везин дела, воккхун дела! Суний, оцу гIоманий йакъахь хIара маха санна ира-даккхий кIохцалаш а долуш аре хIоттийталахь» аьлла. ДIахIоьттина йоккха аре, адамийн хьа, дехкан а ког баккхал кIохцал доцуш меттиг йоцуш.

Оцу аренна тIекхаьчна гIам, ког боккхуш – кIохцалаш схьадохуш, ког боккхуш – кIохцалаш схьадохуш, – иштта цхьацца ког боккхуш, коьгаьх цIийш а оьхуш, йоIан довдеш, цунна ала хIума ца дуьтуш, мохь хьоькхуш, когаш лазош узарш деш, дукха хала тIехдаьлла гIам оцу аренал.

ТIаккха едда йоьду йоI маьл гена йаьлла елахь а, хьуьна йист цунна гуча йаьллехь а, кхи а чIогIа дедда долу гIам герга деана йоIана. ХIинци-хIинци гIам шена тIекхочу аьлла, шена хийтича, шена белшаш тIехьа дахко делла куьзга а кхоьссина, доIа дина йоIа: «Везин дела, воккхун дела! Суний, оцу гIоманий йукъахь, хIара куьзга санна кIорга, боккха хIорд хIоттийталахь» аьлла. ДIахIоьттина дукха кIорга боккха хIорд, цхьана йистера дIахьажчи важа йист а ца гуш.

Хичу иккхина гIам, неканца оцу боккхачу хIордахула чекх дала мел гIиртича а, цуьна гIулкх ца хилла, хIордана йуккъехь ницкъ а кхачийна, хин буха а дахна, делла гIам.

Иштта, дехкан гIонца кIелхьара йаьлла йоI, шен дай-наний долчу дIа а кхаьчна, цаьрца хаза-мерза, деган йовхонца, хIинца а Iаш йу боху.

Туьйра дийцина 1960 шерашкахь ЧIишкара Йусупи Кайпас (1926 – 2000). ДIайаздина цуьнан кIанта Дельмаев Хьамида 2021 ш.


Рецензии