ЦIанваларах туьйра. На чеченском языке

Охьаховшал, бераш!
Аса цхьа туьйра дуьйцур ду шуна, туьйра-тамаша дуьйцур ду шуна. Шайн лергаш самадахалаш, шайн хьекъал ирделаш, кхетам кIоргабелаш, туьйранах пайда эцалаш! ЛадогIал хIинца!

Цхьана малхкхеттачу хазачу дийнахь, хьоьвззина цхьана хазачу бецах-зезагах буьзна гу тIе а даьлла, цIога хьовззина охьа а хиъна, хьовззийна бид таьлла цхьана цхьогало. ТIаккха, шен кIаьг цIанбан дагахь, йуьххерачу бецашка аьлла цуо:
– Во бецлиг, бецлиг! Сан кIиегах хьакхалохьа!
– Хазачу байтIехь, малхо-мохо ловзош, дика-хаза Iачу сан хIун гIуллакх ду хьан кIиегах хьекхайала, – аьлла, хьакхалур яц ша аьлла, дуьхьал йистхилла буц.
– У-у-у! – аьлла, – тIаккха-м хьа болх аса беже бойтур бу хьуна! – аьлла, дIаиккхина дахана цхьогало бежачу беже дехар дина:
– Во, бажа, бажа! Бецлиг сан кIиегах хьакхайала ца туьгу, баха а гIой и буц дIайаьахь! – аьлла.
– Кху лохачу меттигехь хаза-мерза-кIеда буц а йолуш, охьа оьхуш ша-санна шийла мерза шовдан хи а долуш, чIогIа дика меттиг йу, тхан хIун гIуллакх ду, оцу лекхачу гутIе а дуьйлуш, и хьан буц аьлчи а, дакъаделла гIодмаш Iийша, – аьлла, бохура бац ша аьлла, йуьура йац ша, аьлла, бажа а дуьхьал баьлла.
– ХIа-а! – аьлла, – тIаккха-м хьа болх аса барзе бойтур бу хьуна! – аьлла, дIаиккхина даханчу цхьогало хьуьнхара ирзонехь шовдан йуьххехь Iуьллачу барзе дехар дина:
–  Во, борз, борз! Бецлиг сан кIиегах хьакхайала а ца туьгу, и буц дIайаа бажа а ца богIу. Йан а йоьлий и бажа къахка бехьа! – аьлла.
– Са хIу бала бу хьан кIиегаца а, хьан цIоганца а!? Дикка сайна цхьа устагI дIа а кхаьллина, сайн мерза шовдан хи а муьйлуш, хIокху хазчу ирзонехь сайн IиндагIехь Iуьллуш йу со, хьай кхуйгIа айхьа цIанбе! – аьлла, йогIур йац ша, аьлла, борз а ца еана бажа къахкаба.
– У-уйт! – аьлла, – тIаккха-м хьа болх аса таллархочунга бойтур бу хьуна! – аьлла, дIаиккхина дахана цхьогал, йуьрта а деана, шен уьйтIахь, шен кад а муьлуш, дечиг пондарах пIелг а туьссуш Iаш волчу таллархочунга кхайкхина:
– Во, таллархо! Со цIанда сан кIиегах хьакхайала бецлиг а ца туьгу, и буц дIайаьа бажа а ца богIу, и бажа къахко борз а ца йоьгIу! Хьай мажар а эций, и борз талла волахь! – аьлла.
– Соьга хIу хIоьттина барзан тIаьхьа а ваьлла ида! Йа цунах эца цхьа  пайда а бац, цхьа цIока йоцург! Ткъа берза цIоканиш дика а ца хуьлу, сан шортта цхьогалан цIоканаш йу. Дикка сайна дерстина лу а дийна, цунах даьлла жижиг а деттина, и даъа а диъна, сайн дечиг пондарах пIелг а тоссуш сакъоьруш Iаш ву со, сан бац хьан кIиегаца бала! – аьлла, толлур йац ша борз, аьлла, ваьлла таллархо.
Жимма цуо дуьйцучух кхераделла цхьогал, тIаккха а, къарцалуш, – Хьа  болх-м аса дехкашка бойтур бу хьуна! – аьлла, дахана дехки Iаш долчу Iуьргашна герга а дахана, шок тоьхна уьш гуча а даьхна, цаьрга дийцина:
– Во, дехкий! Со цIанда сан кIиегах хьакхайала бецлиг а ца туьгу, и буц дIайаа бажа а ца богIу, и бажа къахко борз а ца йоьгIу, и борз талла таллархо а ца воьду. Оцу таллархочунна дечиг пондаран мерзаш хедадахьара аша, –аьлла.
– Тхан а дера бац хьан гIулкхашца бала. Тхо тхай шакарш а йетташ, Iуьргара Iуьрга а лелхаш сакъоьруш ду, и пхенан мерзаш даъъалла меца а дац тхо, шортта кIен-хьаьжкан хIуш а ду тха, ца догIу тхо таллархочун пондаран мерзаш цаста, – аьлла, шай шакарш а етташ йуха ловза дуьйладелла дехкий.
– Собарделаш тIаккха! – аьлла, – шу болх-м аса цицке бойтур бу шуна! – аьлла, дахана цхьогал тховна буха а хIоьттина, тховтIаьхь малхехь Iуьллучу цицке дистхилла:
– Во, цици! Со цIанда сан кIиегах хьакхайала бецлиг а ца туьгу, и буц дIаяьа бажа а ца богIу, и бажа къахко борз а ца йоьгIу, и борз талла таллархо а ца воьду, оцу таллархочунна дечиг пондаран мерзаш цаста дехкаш а ца туьгу, и дехкий даъа дан дезара хьо, – аьлла.
Шен наб озийна Iуьллуш долу цицк, цкъа цхьа бIаьрг схьа а биллина, тховтIера цхьогале охьа а хьаьжна, тIаккха букъ саттина оза а делла, жоп делла:
– Йиш йац са, цхьогал. Ца го хьуна – хIокху малхо гIелдина, доьжна Iуьллуш ма ду со. ЦутIе, таллархочо лу а дийна, цуьнан жижиг сов диъна дазделла со. Дехкашна тIаьхьа уьдучохь дац со.
– Собарде ахьа, хьо тховтIера лалла-м аса йочана йоьуьйтур ю хьуна, –аьлла, къилбседехьа а дирзина, махе кхайкхина цхьогал:
–  Во, шийла къилбседехьара мох! Со цIанда сан кIиегах хьакхайала бецлиг а ца туьгу, и буц дIайаа бажа а ца богIу, и бажа къахко борз а ца йоьгIу, и борз талла таллархо а ца вогIу, оцу таллахочунна дечиг пондаран мерзаш хедо дехкаш а ца догIу, и дехкий даъа цициг а ца туьгу! Схьахьакахь! Маьрхнаш схьататтахь! ДогIа даийтахь! Йочана йаккхахь! Цициг тховтIера лаллахь!

ТIаккха самабаьлла шийла мох, схьахьаькхна шен шело, схьатеттина мархаш, схьтоьхна догIа-дарц, йолийна йочана, бурсабаьккхина цицкан маьлболу чо. Кхераделла цициг, шена хIара болх цхьогало бинийла дага а деана, дIаиккхина дехкашна тIаьхьа хьаьдда. Иккхина догIу цициг а гина, дехки таллархочун дечиг пондаран мерзаш хедо доьвдда. Уьш гина таллархо, катоьхна шен топ схьа а эцна, борз Iуллучу ирзоне ведда. Таллархо гина борз, цхьогало шега аьлларг дагадеъна, бажа къахко едда. Борз гина бажа, къаьхкина, шен меттара баьлла, гу тIе хьалабедда. Бецлиго цхьогале «ша кийча ду хьан кIаьг цIанбан» аьлла.
Амма, церан гIуллакх ца хилла. Цхьогалан цогун кIело йакъаелла.

Цундела, бераш-кераш, дIахаъа ду шуна: кIаьг – била беза, и билар – шуна шайна тIаьхь ду.

Дийцина 1960 шершкахь Дельмаев Вахьида (1915-1984).
ДIайаздина Дельмаев Хьамида.

   
 


Рецензии