Новый папк 1
Г1атто нуьрца сан д1абайна малх а...
Б1асте ялий ахь сан дагна яца,
Шовданех д1а хецадели аз а...
Д1о стиглара беттасих хьо къеги,
Седанах со йоьхуш хьайна т1е...
Сан кийрара ша - лам бешна бели,
Дуьне, дахар хьоьца марздели...
Сан сих хьаьрчаш,
Б1аьсте дагчохь яьржи...
Зезагашца кхели некъаш вайн,
Маьлха дог1а вайн ирс кхиош 1ени
Стела1ад схьа хьевзи ойланийн...
Хьан амало кхоьлли ц1ена безам,
К1еда мерза декош лерехь аз...
Сан б1аьргашна тайна хьоьга хьежар,
Хьан амато даьсти дагчохь зазз....
Р.А.
(Нохчийн къоман сий диначу
Къонахчунна Юсупна лерина...)
Ша декъалчийн дакъа делла,
Кхуллуш дагт1е мух1ур тоьхна...
Хилла Дала хьо кхоьллина,
Къонах гайта, кху дуьненна...
Хьо - м ваха д1а, велавелла,
Эхартартан кхаъ кхаьчча санна...
Тхо дисина хьере хилла,
Тхайн хьуна дан г1о ца хилла....
Хир дарий ткъа, тхан г1о доккха,
Я къинхетам, Цуьнчул шорта??
Вайх къинхетам бан Ницкъ болчо,
Шен къинхетам хилар гойта...
Д1а хьовсийша, нохчийн махка,
Сий - ларам бу беза - боккха...
Нохчийн къонахчо вайх яккха,
Ц1е йитина нохчин йокхха....
Нохчийн доьналла цо гайти,
Мехкарийн сий лаккха айди...
Кху дуьненан экъана т1ехь,
Нохчийн къонахийн яхь ларъйи...
Хьо декъалчех декъал войла!
Хьан сий дан ницкъ тхуна лойла!
Ахь даьккхина деза г1азот,
Юсуп, Дала къобал дойла!!!
Амин йа Аллах1!!!
04.08.2018
Резванова Айза
Алхьамдулиллах1!
Я Аллах1, хастам бу хьуна!
Юсупа лайна 1азап лоруш...
Ца хилла вай делла, я амалх тилла,
Собаре хилла вай даима санна...
Яхь йолу къонахий даима хилла,
Хир а бу вайнехан, пурбанца Делан!
Харцоно шерашкахь датийна дегнаш,
Уозийна 1ад санна сецийна лаамаш...
Д1ахийци вайнехан къонахчо нохчийн,
Дуьненна д1агойтуш барт - безам вовшен...
Хала ду... хала ду.... ойланца дуста а,
И 1азап Цо лайнарг, вайн уьйраш хитта...
Бакъо яц вайнехан и бала гушехь,
Вовшашца барт боцуш, хан - хене титта...
Схьагулло Дег1аста, цхьаъ хилий, берттахь,
Даймехкан доьзалхо хьоме ву х1ора...
Тхан хьоме вежарий, шу вовшах кхета,
Вайнехан дегнаш чохь вац шух цхьаъ ворах....
06.08.2018
Хьоме нус
(Алханова Йисийтина)
Х1ун дора сирлачу б1аьстенах,
Зезагийн хазалла ца хилча...
Х1ун дора даькхначу кху дийнах,
Кхолламаш декъал беш ца хилча...
Х1ун дора 1аьржачу буьйсанах,
1аьршашкахь седарчий ца хилча...
Бетта са хир дар - кха кхоьлина,
Хьан б1аьргийн нур шеца ца хилча....
Х1у дора кху маьлхан дуьненах,
Мерзачу безамца ца диъча...
Марзо а хир ярий дегншкахь,
Безаман ц1е йогуш ца хилча...
Къегина малх серла бойлийла,
Хьо йинчу дийнан сий - ларам беш...
Хьоме нус, Йисийта, декъала хуьлийла,
Даима дахарах йоккхаеш!!!
Резванова Айза
Къонахчунна
Ма беза хиллера хьоьгара бала,
Лелийнарг ахь дагчохь, бераллехь дуьйна.
Кховдийча цунах сайга, цхьа к1еззига дакъа,
Ницкъ боцуш йиси со - м,
Когаш т1ехь г1атта...
Даймекан баланаш сайн дагчохь лайна,
Суна - м сайх хеттера,
Ломан т1улг хилла.
Амма ахь кхета ницкъ бели сан сина,
Со хилар бецахелг дуьстича хьан сица.
"Къонаха,, ала мотт керчар бу атта,
Г1овттур бу, ц1е йоцурш, буьтуш нах кхарда.
Къонахий бац совцуш, тоам беш лорах,
Уьш беха дуьненчохь, эхартан ц1арах...
Р.А.
Хьо воцчу йоьду со,
Кхин цкъа а хьан аз а ца хаза,
Хьан некъаш дуьту ас,
Сих хедош... Са хьоьга ца тийса,
Хьоьга ду цхьа дехар,
1индаг1ах, сан си т1е ца хьийзаш,
Йиталахь со яха, заманца,
Кхин юха ца ийзош...
Хьо воцчу йоьду со,
Малх кхетар, ца кхетар
Бен доцуш,
Дахарехь сайн некъан,
Аьттонаш, халонаш
Ца лоьруш...
Хьоьга ду цхьа дехар,
Сан дагчохь кхин
Малхах ца г1уьттуш,
Йиталахь со яха,
Йочана, йоькхана,
Ца хоьрцуш...
Хьо воцчу йоьду со,
Мехех я дог1анех
Ца лечкъаш...
Есачу есаллех,
Сийначу паналлех
Са хьерчош...
Хьоьга ду цхьа дехар,
Нагахь хьайн синкъа ас
Хьарчийнехь...
Къинт1ера валалахь,
Ас дагца доькъур ду,
Хьо эешар....
Р.А
Безамо шераш ца лоьру,
Ца хоьржу заманан МУР....
Бахаме, хьоле ца хьоьжуш,
Цо дагчохь къагадо нур...
Жималлийн шерашка вуьгий,
Къаналлех кхардадо дог....
Къоналлийн доьналлех воккхий,
Акха д1а идабо ког....
Т1аккха цкъа мацца а тухий,
Динара воссаво цо…
Ша шега хаьттарш деш, духий,
Дерриг чохь къовлало дог....
Р.А.
*****************
Хьо вог1ург ма хилла,
Геннара б1аьрг тоха.
Со ехачу дозанан,
Синбарам буста...
Хиарий ткъа хьуна,
Цкъа мацах дуьйна схьа...
Ас лелош хилар хьайн,
Некъан бустам?
Хьо геннахь хилар а,
Дегйовхо лоруш,
Йоккхаер ду соьца,
Ирсан да хила...
Цхьана дийнахь синмерза,
Мукъамаш совцахь,
Ца уьдуш соцур бу,
Са лоьру цхьамза...
Р.А.
Са парг1ат хир ву хьо - м,
Хьайн дагахь дерг аьлла,
Сан деган чиркх бойуш д1а...
Цу дешан ойла еш,
са парг1ат ца долуш,
со йиси бодашкахь 1а...
Дог1ане ойланаш,
Малхехь сан якъийна,
Са серла даьккхина цкъа...
Бала сан лалина,
Сан дагчу тарбина,
Х1ордах ахь ди суна - м ц1а...
Со хьанах тешар ю,
Муьлха некъ лоцур бу,
Юху ас бакъ бина схьа....
Сан даго къобал веш,
Со теша 1амийнарг,
Ца кхои - ч, ахь а сан са...
********
Синт1емаш даьржи сан, сакъераделла,
Бераллийн кевнаш аш даьстина д1а.
Ма ирс ду шу хилар, сан деган мерзаш,
Ц1еххьана малх къеги дахарехь сан.
Яхна хан йесаллехь йисина хеташ,
Со –м 1ара, дагайала цакарош шу.
Ма ирс ду шу хилар, сан деган мерзаш,
Шух х1ора ирсе гар сунна кхаъ бу.
Шу марша дог1ийла, сан деган баьрче,
Дахарехь ирс серла долийла шун.
Ма ирс ду шу хилар, сан деган мерзаш,
Юху а бераллехь шуьца со ю….
Р.А.
Со йоьду д1о ара,
Басешца, хишца,
Бераллийн м1аьргонаш,
Б1аьргашца листа...
Тохара, бералла
Левзинчахь маьрша,
Д1ахеца, са - архаш
яьсстина, кхарста...
Резванова А...
Хьо йоцчахь Нана, малх кхулий лаьтта,
Хьо йолчахь х1унда и болу - те, серла?
Х1ун йовхо ю - те, малхана кхочург?
Нана цо б1аьсте а, хьан суьртах йосту - кх!
Хьо йоцчахь Нана, б1аьсте ю шийла,
Бошмаш а къийлалуш, хебаршка юьйлу...
Хьо йолчахь х1унда уьш хецало башха?
Нана, зазза бошбашкахь хьан суьртах досту - кх!
Хьо йоцчахь Нана, дог доьжна 1уьллу,
Хьо йолчахь х1унда и долу - те ловза?
И тамаш ловзийта сатуьйсучу сица,
Йолахьа Нана хьо, и къайле йийца!
2018
12)
Хьоме нус
(Алханова Йисийтина)
Х1ун дора сирлачу б1аьстенах,
Зезагийн хазалла ца хилча...
Х1ун дора даькхначу кху дийнах,
Кхолламаш декъал беш ца хилча...
Х1ун дора 1аьржачу буьйсанах,
1аьршашкахь седарчий ца хилча...
Бетта са хир дар - кха кхоьлина,
Хьан б1аьргийн нур шеца ца хилча....
Х1у дора кху маьлхан дуьненах,
Мерзачу безамца ца диъча...
Марзо а хир ярий дегншкахь,
Безаман ц1е йогуш ца хилча...
Къегина малх серла бойлийла,
Хьо йинчу дийнан сий - ларам беш...
Хьоме нус, Йисийта, декъала хуьлийла,
Даима дахарах йоккхаеш!!!
13)
Ц1инбелла бутт санна
Ц1инбелла бутт санна - эсала, оьзда,
Хьоьжу хьо ойла еш, Даймахках йоьзна.
Хьан сица са дустуш, со хьежа яьлча,
Хета сайн ийманан нур дуьйлуш серла.
Цхьа мерза г1айг1анаш седарчех луьйсуш ,
Хьоьжучу хьан б1аьргийн синлазмах хьегна,
Хьан б1аьргаш чухула со хьежа яьлча,
Къинхетам сабуьйлуш хаало дагца...
Хьан сирла юьхь – сибат, неначух оьзна,
Цу амат чуйоьлла, со лела яьлча.
Т1аьххьара синмарзо адамашца йаькъна,
Маьлхан нур кийрарчу сих 1енаш хета.
Нохчийн зуда, дьуненахь сий долу Нана,
Са маьрша ехийла, хьо хьоьстуш Дала!!
Нохчийн зуда, Даймехкан сий дина Нана,
Аллах1а хьоьстийла, хьан ц1ена ойла !!
Р.А.
14)
Резванова Айза
Сийсара г1енаха йилхи со, Нана,
Суо г1ено г1енаха 1ехор ца тайна...
Боккъал а бакъ дина, хьо яр тадина,
И мерза сатийсам, г1ан хилла байча...
Юху а самаха, цу г1ене кхача,
Сатесна юьйжи со, набарна товжа...
Хьан когийн к1еда лар, лерсино лоьцуш,
Г1ена чу ели со, набарха йолуш...
Буьйсанан къовларшкахь дуьтуш сан г1ан а,
1уьйренан синт1амарш сайн корехь дайча...
Сан холчу х1оттар а, хьостуш, ма тайр - кх,
Буьйсанан 1аьржаллехь г1аттар, наб яйна...
Р.А.
15)
Муха ду хьан яхар, хьо хьанна къежа,
Кариний те хьуна, ирс къега лам??
Ахь ненан марзонах битинчу хьега,
Доьзала-м телхина дахаре чам.
Кхиина йог1учу йоь1ан некъ боьхна,
Дог хьаста вац цхьа а, я хьехар дан.
И лаьтта хьан суьрта т1е б1аьргаш доьг1на,
Яц нана хьеган бен, лаарх а ган.
1уьйранна ца г1оттуш, висина ваша,
Цамгаро 1аьвшина шен мерза са.
Дог лозуш, жима куьг хьекхарх т1е йишас,
Цо ненан йовхоне туьйсура са.
Къинхетам са баьлла, кийрахь дог лозуш,
Къона да х1оьттира, к1антана т1е.
- ,, Х1ун лозу, мичхьара?,, , хаьттарш деш, хьоьстуш,
Цо сиха лоьраш а бийхира схьа.
Амма к1ант 1уьллура, ша г1ийла хьоьжуш,
Т1еххьара бетташ шайн не1аре б1аьрг.
Меллаша цо ойла къадийра, доьхуш,
,, Нана, сатийсинарг, кхачахьа схьа,, .
Мичхьа ду хьан лелар, хьо хьанна къежа,
Кариний те хьуна, ирс къега лам??
Ахь ненан марзонах битинчу хьега,
Доьзала-м телхина дахаре чам.
16
Бехке йо
Бераш а дитина, д1а яхна бохуш…
Тоьшаллаш деш нана, бехке йо, х1унда?
Доьзалех къастаро кийрахь дог доруш,
Лелий им дакъаза яьлла, деш къурдаш....
Яхь - мо1аш иръелла, дагах чекх юьйлуш,
Яьлла и собарах эшадеш г1ора?
Къайлаха шен доьзал вайн Деле боьхуш,
И лела хьоьгуш дан, доьзална дола?!
Ма ч1ог1а еза - кх, берашна нана,
Дустийша цу ненан деган хьал аша...
Адамаш, мА къастадейша бер - наний,
Цу шиннах къастош д1а, марзонан дакъа!!!
Р.А
Х1унда хьо схьагушехь йоьду со
бераллийн хене,
Ас лоьху те стенна, сатийсам,
бераллехь тайнарг....
Уьду те са цига, лууш и марзо
Хьох эеян,
Я лаьа хьан дагчохь бер санна
Лаьчкъаш дог тедан??...
Хьан терго лела сан дахареь
Ойланаш къажъеш,
Сахиллац седарчех къега и
Хьох ойла хазъеш.
Сатосучу седанах со тарлой,
Са долу серла..
Дуьне сан сих къаггал, там хуьлий,
Ирсах дог кхела…
Р.А.
...
Б1аьстенан суьйре
Суьйре ю т1е еънарг, б1аьстена суьйре,
Синкъерам са айдеш г1оьртина герга...
Кегирхой бу гуллуш, боларца х1айте,
Самукъне мехкарех безамаш хьегна....
Стиглара седарчий мехкарех лепа,
Мехкарийн б1аьргачохь седарчий къега.
Хетарехь барт хилла вовшашца церан,
Вайн суьйре цундела самукъне къежа.
Суьйре ю ц1ийелла, хьаьстина ойла,
Мехкарийн беснеш техь ду иза гойла...
Хелхара бал баккха вайн ойла г1аьтти,
Хьо даго хаьржинарг хелхаре г1атта...
Кхочар ю и б1аьсте х1оранна дагчу,
Зезагаш лепар ду, кхелина ирсах.
Безамийн марзонах эелур ю суьйре,
Х1ара суьйре юьсур ю,
Даима вайца....
Р.А.
Сан салам дац шуьга,
Яхь йелла к1иллой!
Салам ду, сийдолчу к1енташка сан!
Салам ду нохчашка,
Сийлардан мехкан,
Ц1еначу ниетца лелачарга!
Салам ду наношка,
Доьналлех буьзна..
Доьзалаш махкана кхиочарга…
Салам ду мехкаршка,
Шовданел сирла,
Тешаме ойланаш кхуллучарга!
Салам ду даггара,
Берашка нохчийн…
Дайн г1иллакх,
Ненан мотт лоручарга!
Салам ду Даймахке,
Лаьттачу оьзда,
Дайн лараш шен букът1ехь
Ларйечуьнга!
Салам дац сан шуьга,
Яхь йелла к1иллой!
Сан салам
Ц1ий ц1енчу нохчашка ду!
Даймехкан сий лардеш,
Бехачу, баьхначу,
Сийлаллехь хинболчу
К1енташка ду!!!
Р.А.
Х1а - х1а дера...
Х1а - х1а, цакарийна,
Хьуна хьайн дахаран аг1о…
Даьтта хих цаэело,
Лалорах, даторах хено...
Ахь дог ма диллалахь,
Х1инца а мегий и-м каро,
Цхьана муьргана мА йелахь,
Ирсана т1екхача мало…
Х1а – х1а, хьо ца лелла,
Дахарехь хьайн некъах тилла.
Х1инца а вог1у хьо,
Керарчу заманах ийна.
Со а яц дахаран терзанахь
Барам бай хилла…
Хьегна яц, со цкъа а,
Сайн доцчу мозчу 1айг билла…
Х1а – х1а дера, ца висна,
Хьо синтем хьайн леха т1аьхьа,
Шен хеннахь ду - хьуна,
Сингаттам хьа - х хуьлу, къаьхьа…
Базбеллачу букъ - т1е,
Дахаран мохь бисча шенна,
Воккхалла – м хьаха ю,
Къонахчуьна мах хадо зама….
Р.А
.Безаман ницкъ кхочу
Ма хьийза, ма сетта,
Дац сан кхин амал.
Махуо г1а санна ас
Хьуйр ю хьо ц1ехьана.
Безаман ницкъ кхочу,
Аьчка дог лало.
Сан деган хьоьца яц,
Цуьриг а гамо…
Ядалахь, лачкъалахь,
Со вог1у вайча.
Къинхетам сох белахь,
Кхардам ца байта...
Къуберза буьйсанна,
Берза б1аьрг санна,
Со тебаш ву хьуна,
Хьо лачкъо сайна...
Малхо де хьистича,
Суьйре хазло.
Йо1 хаза кхиинча,
Некъаш шарло…
Сан ойланаш денъян,
Хилахь хьо реза.
Къегина седарчий,
Хир ду вайх хьегна.
Дахар мА доца ду,
Безамах къаста…
Синт1адам цакхиъал
Марзонах 1аба…
Зама мА йеха ю,
Дог доцуш даха,
Лууш вац ирсана
Гуо туьйсуш ваха.
Р.А.
Резванова Айза
Дицдина сиха
Вай сиха дицделла, дицдина сиха,
Цхьа боьсса вай хьовса дезара юг1а...
Вайх цхьа а ца къестош этира къиза,
Дуьххьара дац иза - м, х1оразза дита....
Вай сиха дицделла, дицдина сиха,
Яхь йолу къонахий х1иттош шайн сиза...
Сий долу мехкарий сийсаза беш къиза,
Са ледеш къахьоьгу вай, дицдан иза...
Вай сиха дицделла, дицдина сиха,
Наноша мохь беттар, доцуш г1о - орца...
Баккхий нах къурдаш деш, хьежар вайн б1аьра,
Ма бакъо яцара вайн, турпалхой бицбан....
Вай сиха дицделла, дицдина сиха,
Вайн махка бог1у некъ шарбелла т1амна...
Хьекъале хилий вай, цхьа барт бай х1инца,
Мостаг1ий тохий вай, кхетабеш юг1а...
Эшац герз толамна, барт хилар оьшу,
Вовшашна ларам беш, къизалла эшо....
Ца оьшу, оьшур дац вай кхечу махкахь,
Сий хир ду Даймехкан, вай вешан сий дахь!
2018
(Адам Татаев лоруш)
Ненан даггара
Ненан кера биллина хьайн корта,
Хьо г1ад вахна 1уьллу бер санна...
Амма ненан б1аьргаш ойланашка,
Дахна хьоьжу генна некъашка...
Цунна - м хета ч1ог1а хьо к1авелла,
Хета хьан некъ беза шенчул а...
Цунна - м лаьа кховдо берахь санна,
Хьо набаре г1айг1а йойуш д1а...
Ненан лаам бу гуш сирла, ц1ена,
Цо ирс лору доьзал могуш гар...
Декъала хуьлда массо доьзалхо а,
Шен хьомечу НЕНАН даггара!!!
Лерамца; Резванова А...
Ас хьо вуьту, хьйн лаамехь ваха,
Сан лаамех ахь бинехь а х1оз...
Хиларх ойла кхечанча сан яха,
Юху хьевза хьох тарделла моз...
Маьлхан з1аьнарш хецаяларх д1аса,
Гулйо ерриг юха шена чу...
Иштта даго дахарах ен ойла,
Хьайха хьерчош хьо сан дагчохь ву...
Седарчий а къега ша - ша, бохуш,
Лепаш суна, даге доьхуш жоп
Сан б1аргаша хьан аматах лоьруш,
Батте дуьйцу мерза йланех...
Ас хьо вуьту, хьйн лаамехь ваха,
Сан лаамех ахь бинехь а х1оз...
*****
Чакхъели вайшинна б1аьсте,
Д1акхелхи т1аьххьара зазз...
Сан дагчохь кхин "ц1ар,, ца декош,
Къардели цаьпцалгийн аз...
Хьан къамел дац хьалхалера,
1уьйренан олхазарех...
Хетарехь хьан дагчохь малхах,
Кхечуьнан амат къеги...
Х1умма дац хьан дагна тайнехь,
Асса - м хьо декъала во...
Безаман хало ца лайнехь,
Дахаран хьесап ца го....
Р.А.
Асса - м сайна дуьтур даций и ахь аьлла баркалла,
И дог1уш ахь аьллехь суна, хир ду дакъа нахана...
Ткъа сан юьхьна олуш делахь, ас доккхур ду и къайла,
Ца хоийтуш и кхаьчнийла, маршо йоцуш серлонна...
Асса - м сайна дуьтур даций, совг1ат кхаьчнарг хьоьгара,
И сайн дагна делахь томехь, доькъур ду ас нахаца...
Нагахь дацахь и са хьостуш, ас са деккъал малхаца,
Ас дуьтур ду иза 1илла, цхьа ц1е йоцчу хьажийна...
Асса - м сайна дуьтур даций, деллехь нур а б1аьргашна,
Ас и доькъур ду массаьрца, сайна санна томана...
Нагахь дацахь и адамийн б1аьргаш къагош седарчех,
Ас дуьтур ду иза сега, деган 1инчохь, дахкарлахь...
Аса - м т1е а дуьтур даций, доцург декъа нахаца,
Ткъа синкхача хир бу чомехь, белахь тайна нахана......
Р.А.
Свидетельство о публикации №224051001400