Папка керл 4

[10.05, 17:35] Айза: Сингаттаме кху дуьненахь кхин т1е иза сабоккхуш,
Къизачу цу шайн амаллехь, къизаллийца сабуьйлуш,
Хьан 1ожалла шаьш
[10.05, 17:37] Айза: Безам ца техкабо ахь дагчохь,
Хаалац цуьнан лар хьан озехь.
Иза - м ахь къахкийна тоххарехь,
Къийсалуш, хьоькхуш  мохь, цу лерехь.

Хьуо йиезар де - дийне садуьйлуш,
Къахеташ хьайх,  б1аьргех хиш дуьйлуш.
Кхин нехан лазамах ца кхеташ,
Йехаш йерг, хьан х1илла т1ех 1иена.;

Цхьа цуьрриг д1аса хьажий, ойлайе,
Нийсархойх дагайалий, самуойе.
Хан - зама д1а хьедда йоьдуш йу,
Хьайца - хьуо, хьо кестта йуьсур йу.
*****
[10.05, 17:37] Айза: Маршалла ду шуьга, тхан Нохчийн Вежарий!
Маьрша шу лоьлийла, йахь йолу к1ентий!
Самукъане дехийла, барт болуш вовшие,
Дахарехь хьиекъийла, беркате т1аьхьие.

Малхо шен йовхуо лун жил - 1алам санна,
Даима хуьлийла ойланаш йаькхна!
[10.05, 17:38] Айза: Хьо д1аводахь…..

Хьо д1аводахь,
Буьтуш Даймох, нохчийчоь а.
Серла дуьйлуш,
Хьо ларвина седарчий а.
Лекхчу лаьмнех
Хьох йоьттина ойланаш.
Сингаттамца
Д1ахаьрцар  – кха заманахь.

Хьо д1аводахь,
Юьтуш б1аьсте, зезагаш а,
Сирла, сирла,
Вай безаман, шовданаш а.
Доггах боьлуш
Вай хьистина дашо малх а,
Са б1арзделча,
Леха дуьсур дахкарлахь.

Хьо д1аводахь,
Сан са диъна буьйса, де а,
Цхьана тайнарг,
Цхьана лайнарг дерриге а,
Ахь д1ахьолахь
Ца дуьтуш кхин т1ам хеца,
Суна генахь,
Ирсан декъахь хьай ваха.

Амма соьца, мерза ойла ехар ю,
Йинчу махкахь ирсах безам буцар бу.
Бетта коча сирла малх а уллур бу,
Сайн Даймекан седа хилла къегар ю.

*****
Резванова Айза.

Дукха ду, дукха ду дийца,
Кху дийнах сан дагчохь сийсаш.
Ойланаш иэсехь самайуьйлуш,
Жоп доцчу хаьттаршка йуьйлу.

Муха? Ва х1унда? Ткъа хьаьнца?
Т1емаш бан мила ву вайца?
Вайн санна пачхьалкхе йоккха,
Хьена бу ницкъ вайца къовса?

Бохучу хеттаршка йаьлла,
Со - м, дагца ч1аг1йелла  йара.
Вайн дайша ларйинарг ц1ийца,
1алаш йан дег - дозаллийца.

Нохчичоь, хьан б1аьрхих 1ана,
Дагахь а дацара цкъа а.
Хьан маьрша дог... ц1ена, сирла,
Хьеша цхьаъ вог1ар вара аьлла?

Ма ала къинт1ера йала,
Сан дог дац дилхина даьлла.
Сан жима, оьзда къам цкъа а,
Ца хилла йамарт а цхьанна.

Т1ом бацара, тешнабехк бара,
Шен орам боллучара баьлла.
Суна - м, и д1абер бац йаллалц,
Бекхаман гурахь уьш  галлац.
2021
[10.05, 17:43] Айза: Дагадаийта оьший ца дицделларг,
Карла даха а, б1аьргаш дуьхьлахь дерг??
Цатарлун дерг оьший даге кхийдо,
Цкъа а берта дог ца дог1у дерг?

Мостаг1 ву - кха, мел хан йаларх дукха,
Дайшца мостаг1алла лелийнарг.
Мостаг1 ву - кха, йамарт мостаг1чул а,
Дайша лайна бала бицбинарг.
[10.05, 17:48] Айза: Резванова Айза
Даггара дерг даг чу  кхочу,
Хьогаллийна шовда санна.
Дагчохь шиена харш цуо огу,
Лорах лиела, тийна, тайна.


Рецензии