Керл папк 14
Саад писун доттаг1 ву,
Пису цунна муьт1ахь ду.
Саад волу писуца ловза,
Писус 1ехаво и говза.
Хьекъале ду тхан пису,
Беран амал ларйо цуо.
Эхх1ар ловзарш к1ордийча,
Лечкъа пису уотийчу.
Саад вуьсу ша шеца,
Къаьрзош б1аьргаш, пису ган.
Пису дог1у йуха схьа,
Йоцуш цуьнца догзалла.
Ловзуш, уьдуш де д1а долу,
Саад г1енаш довза воьду.
27.03.2024.
*****
Вайдолчахьара цхьа зуда йара машенахь Соьлжа - г1алара, Хьалха - Мартан т1е йохуш. Цхьа миска таксист галваьлла, цуьнан машена т1е машен кхеттера. Зуда йоккха йац, шовзткъе кхоъ шо долуш йу иза, цу хенахь. Делахь а таксист жимуо вара. Ткъай диъ - пхиъ шо хир долуш. Машенаш совцийна, нах гуллуш лаьттара. Машенашка хьаьжача, зудчун машен ч1ог1уо йохийнера. Бехке к1ант хилар билггал гуш дара. К1ант ч1ог1а холчу х1оьттанера, шен йоцу таро хууш. Цул совнаха, йуьхь1аьржа х1оьттанера иза. Нах т1е гулбелла, машенаш сецош, тоба шорйелла йохура.
Нах дукха гулбала боьлча, сиецар ца дезаделира зудчунна. Цуо к1анте элара:
-- ,,И хьайн машен тайан таро хир йуй хьан? (К1ант цец ваьлла лаьттара, и х1ун ала г1ерта ца хууш).
Зудчо элара:
-- Лазийна адам дац. Сайн машен ас тайойтар йу. Хьайн машен ахь тайайтача, вайшиъ декхарийлахь дац - кх вовшен. Цу т1ехь х1ара д1адирза. Делан дуьхьа со къинт1ера йаьлла хьуна. Сан вежарий а, к1ентий а бу машенашкахь лелаш. ,,Лелачу ж1аьлийна г1аж ца иэшна" олуш ду. Кхин доккхачух вай Дала лардойла! Дала вайн т1аьхье беркате йойла!" - элара зудчо. Цигахь хиллачу наха цунна баркалла элара. И к1ант йуьхь1аьржа х1оьттина лаьттара, дош ала а ца х1уттуш. Зудчо т1аккха элара:
- - Хьо вуоха а, хьуна иэхь хета оьшуш а х1ума дац. Ас Делан дуьхьа, саг1а дина и сом. Хьо сан к1ентан хенара ву. Х1орш к1еззига х1уманаш ду. Х1орш д1а нислур ду вайга, Дала мукъ лахь!
Хьан Дала некъ табойла! - аьлла, шен йоьхначу машена хиана, д1а йахара зуда. Цунах б1аьрг буьзира массеран а. Вовшашка хоьттуш, и зуда мила йу хаа лууш, бисара нах.(Суна и зуда йевзара. Иза тходолчахьара, ч1инхойн йуккъера, Шиди Салманан йо1, Залпаъ йара. Жима йолушдуьйна а йара иза йахь йолуш.)
Амма и ша дина бохуш цуо кхайкха а ца дира. Гиначара вовшашка цуьнан доьналлех дуьйцуш, масална диллира и г1иллакх.
Иштта а, кхин а даккхий а хуьлу хьуьнаре г1иллакхаш.
Дала ма иэшадойла вайн махкахь иштта йахь йолу, комаьрша адамаш!
*****
Дала йелла х1ора 1уьйре,
Йу комаьрша, синтоме,
Кхузткъа шаре йели суьйре,
Суна муьт1ахь деш дуьне.
Тахана а йеъна 1уьйре,
Йелайелла, самукъане.
Хастам бу - кха Аллах1 - Далла!
Массо - х1ора м1аьргонех!
1уьйре дика йойла шун, сан хьоме, Йижарий! Вежарий! Махкахой!
*****
Ткъа суна-м….
Хуур дац цхьанне а,
Дог догуш леллийла.
Б1аьргаша даима ,
Хьан амат лаьхнийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Ломарчу шовданех,
Сох ойла кхерстийла,
Хьан деган дозанахь.
Хуур дац цхьанне а,
Ойланца яьхнийла,
Кхолламе дарбанна
Хьан безам бехнийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Малхах а къегина,
Хьан б1аьргаш дуьхьлара,
Дохк яйъа яшийна.
Хуур дац цхьанне а,
Г1айг1ане иэгнийла.
Малхо нур г1елдинчу
Баттах со кхеттийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Хьан деган бодашкахь,
Сатосуч седанах
Серлонца къага а.
Хуур дац цхьанне а,
Безамах хьегнийла.
Дог1анах йоьлхучу
Мархех а 1аьннийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Б1аьстенан 1алам а,
Хаздечу зезагех,
Хьан дахар кхала а.
*****
Резванова Айза
Лекхчу лаьмнийн, къоьжа кортош,
Басар дина х1оттамо.
Духар хийца герга дигна,
Малхо 1алам хьестаро.
Кхана - лама къорза дареш, д1а кечйийр йу аренаш.
Олхазарша самукъне той,
Д1а х1оттор ду хьаннашкахь.
Кхаа баттахь 1ен йог1уш йу,
Хьаша б1аьсте ,,заббарий".
Рицкъа делахь, цхьана г1ур ду,
Вай токхечу аьхкене.
*****
Дала йелла х1ора 1уьйре,
Йу комаьрша, синтоме,
Кхузткъа шаре йели суьйре,
Суна муьт1ахь деш дуьне.
Тахана а йеъна 1уьйре,
Йелайелла, самукъане.
Хастам бу - кха Аллах1 - Далла!
Массо - х1ора м1аьргонех!
1уьйре дика йойла шун, сан хьоме, Йижарий! Вежарий! Махкахой!
*****
Ткъа суна-м….
Хуур дац цхьанне а,
Дог догуш леллийла.
Б1аьргаша даима ,
Хьан амат лаьхнийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Ломарчу шовданех,
Сох ойла кхерстийла,
Хьан деган дозанахь.
Хуур дац цхьанне а,
Ойланца яьхнийла,
Кхолламе дарбанна
Хьан безам бехнийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Малхах а къегина,
Хьан б1аьргаш дуьхьлара,
Дохк яйъа яшийна.
Хуур дац цхьанне а,
Г1айг1ане иэгнийла.
Малхо нур г1елдинчу
Баттах со кхеттийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Хьан деган бодашкахь,
Сатосуч седанах
Серлонца къага а.
Хуур дац цхьанне а,
Безамах хьегнийла.
Дог1анах йоьлхучу
Мархех а 1аьннийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Б1аьстенан 1алам а,
Хаздечу зезагех,
Хьан дахар кхала а.
*****
Резванова Айза
Марзонан уьйраш
Ма к1еззига лерина дацара хьо,
Дайбаьхна латта.
Ма дораха кхаьчна а дацара,
Д1аса кхийсса атта.
Ма синош деллера хьан ц1арах,
Даймехкан кхерчахь,
Дайн лорах нохчийн къам дахийта,
Кхиийта маьрша.
Ма оьшуш йацара мехашна, г1аланаш т1улгийн.
Ма к1еззига йацара марзонаш,
Х1усамашкахь дегнийн.
Ма ч1ог1а оьшура адамашна, марзонан уьйраш.
Вовшашка къинхетамца кхийда, комаьрша куьйгаш.
Адамаш, даха вай ца къуьйлуш, набахтехь синош,
Дита вай вовшашка самукъане, нур кхийдо б1аьргаш.
Вай денна кхоьхьу д1а 1ожалло, бертаза къаьстош,
Даймахкахь цхьаъ хилий даха вай, Йалсаманийн стоьмаш!?
27.04.2021.
Ца юьтуш буо хила…..
Муьлхачу мукъаме даладе те аз ас, Нана!
Мохь тухуш, я г1ийла, кхайкха те со хьоьга генна.
Б1аьрхишца дийца - те, я дош а ца олуш тийна,
Далхаде - те ас сайн дагахь дерг есалле сийна.
Мила сох кхетар - те, хьаьнга ас дуьйцур - те, Нана!
Толаме узуш сан, г1иллакхийн мах хадор хьан?
1аьржачу бодано ницкъ кхачош со къовлахь мара,
Мерзачу озаца сингаттам хьа къахкор д1а.
Ас хьаьнца доькъур - те, дахарехь къегина денош,
Дозалла хьа дер - те, сан некъех айеш сан ц1е.
Мила ву, сан Нана! Къинхетамца б1аьрхиш 1енош,
Со Деле йоьхуверг, т1ех лиънарг со ирсе ган.
Со наггахь со сайца шабаршка яьллачахь, Нана!
Йолалахь сан дагчу дагалецамаш бохьуш хьайха.
Са парг1ат доккхуш сан, хьостуш дог бераллехь санна,
Ца юьтуш буо хила хьайгарчу марзонах хаьдда.
5.08.2012
Со не1- сог1ел чоьхьа йели,
Шуьгара маршонца.
Ас маршалла шуьга хаьтти,
Делера пурбанца.
Маршаллийца аш т1е ийци,
Йоцуш догзалла.
Дела реза хуьлда шуна,
Оьзда Йиш - Ваша!
*****
Свидетельство о публикации №224051101047