Керл папк 15

Б1аьстено даьстина, аьхкено хьаьстина, са маьрша даьллачахь, ойланаш йаьстина зезаг.
Гуьйрено хьаьккхина, дахарах даьккхина, ойланаш кхуолийна,   г1айг1анехь дисина  зезаг.
*****

Сан могшаллех дерг  ма хетта,
Жоп даланза ца 1енло.
Ас ,,дика йу" алахь сихха,
Хьал могшаллийн хийцало.
Цул а хьовса сан аг1онехь,
Ас х1ун сарташ х1иттадо.
Самукъане сан сарташ  гахь,
Алалаш ,,МашаАллах1!"
*****

Резванова Айза

Дахи вай, ...

Ахь сайн некъаца лоьхучух кхийтара со.
Айса лоьхург иза дацахь а, хьоьца болчу ларамана, хьан хаттаршна жоьпаш а луш, хьан доьхначу дагт1е хьуна суо бахьана долуш вас  хиларна кхоьруш, хьоьга ладоьг1уш 1ийра со. Наггахь  ларамаза хьан юьхь дуьхьал хьажар нисделча, велакъежар юккъехула схьахьоьжура, мокхуочу басахь болу сингаттам.
Суна ца ган тарлора иза, сайна цуьнан амат девзина ца хиллехь. Делахь а, бехк бацара хьан а. Дуьненан г1иллакхаш лоьруш, дахарехь даккхий г1уллакхаш  кхочуш деш, эхартан х1усам къаго а г1ирс кечбеш лелачу хьан, сирлачу дахарна т1ехула 1аьржа т1ам баржош, беана хала мур бара хьан ойла  кхуолийнарг.
          Ахь оццул шерашкахь безаман ц1арах йоьттина г1ала, х1ора дийнахь цхьацца т1улг бужуш, г1амарах аталуш, хьайн дагчу 1енаш гинера хьуна. Хьох дозалла деш, хьан дахаре ойла иръеш 1ийна, деган накъост, хьан дахарна мерза стом белла, хьоме са дара и 1ожалло къастийнарг хьох. Ахь цуьнан хам ца бина-м дацара иза, Делан кхел ю-кх, адамаш зуьйш лелаш.
Вуоха - м ца вуьйхира хьо. Ахь иза а хьайн дагчу д1адиллара, х1инцалц лайначарна т1оьххула т1е. Иза дахарехь уггар хала а лоруш.
Иштта ду-кх, дуьненан г1иллакхаш.       
Г1орасиз хилар ца дезаш, юха а б1аьрг бетта  волвелира хьо дуьнене.
 Амма, хьайна ирс лоьхуш вацара хьо х1инца. Хьуна хьайн ирс, хьайн доьзалан б1аьргаш чохь гора. Уьш самукъне, боьлуш  байча, велалуш. Церан б1аьрг кхоьлича, дог доьлхуш... Хьуна хьайнна бисанера и бала.... Муьлххачу а херонгахула чекхбуьйлу мох санна, халонаш эшош, заманах чекхвийла 1еминачу хьуна хала дара къар вала  таханенна а...
Деган къайленаш ястар а дог1уш дацара хьан амалца. Амма жималло ша лелавора, воккхалла лело дезаш ду-кх....
          Мел деза ду-кх, цхьанна текхо вокхалла. Цу т1е ма иэга деригге шераш а. Д1аиханчу заманах йисинчу марзонийн а, т1едог1учу шерашца дуозалуш долчу гергарлонийн а... Наггахь жималлех а, къоналлех а дагавалар коьрте деъча, и мерза а, къаьхьа а дагалецамаш бе'къа уллехь хьох кхеташ накъот хилча, юха йоьрзуш а ма хета и доьналлийн зама, цхьана м1аьргонна.... Со-м кхета хьох... Суна-м сайх а къа хета иштта ойла йича.... Адам даха дезаш ма ду, дег1ачуьра са д1адаллалц. Къаналлийн бахам бу-кх, д1аяханчу заманан уьйриг баста дагадеъча, уллехь тай уозош, дакъа лаца адам хилар... Бакъ дерг аьлча, со а  кхоьру-кх, х1инца, дахаран накъост лаца.
          Со кхоьру, тохара жималло ницкъ луш, доьналлехь гайтиначу даго, юха дахарца марзонан уьйр лаьцна, къастаран зама еъча, кхолламца бакъонаш къийса  а х1оьттина, суо юьхь 1аьржа х1отторна. Сан дог а ма ду дахаро къизийна, зарзделла.
Т1аккха а ойла йича, х1ун юьхь 1аьржо яра иза? Дахаран чам тазбелча , иза къахьбала ца буьтуш, вовшен г1ортораш а хилла,  дуьненачохь даьхна ши адам хьалхий, т1аьхьий лаьттан кийра дижча?
Дахи вай, даллалц!?
2011
*****
Резванова Айза

Ца деха да - нана а даимна,
Йиш - ваша а цхьана ханна ду.
Вай къаьста дезаш ду вовшиеха,
Эхарт вайн бакъ дуьне ду.

Х1етте а мерза ду - кх  да - нана,
Йиш - ваша сов хьоме ду.
Дуьненах къаста а ду хала,
Хуушехь дита дезаш дуй!

Къинт1ера даккхалаш да - нана,
Йиш - вешийна ларам беш.
И ма ду дезарг а вайн Далла,
Ийманехь дегнаш тадеш.

Дезаш тхо кхийина Да - Нана,
Г1алаташ д1'а шардеш, да'й.
Йалсаманехь довлийла шу сама,
Мог1арехь декъалчу дайн!
*****
Резвановв Айза

Ма товш ду - кх...

Ма товш ду - кх хьан ду'харш,
бос хаза, б1аьсте!
Даймехкан 1аламехь
Куьце уьш лепа.
Бохь лекхчу лаьмнашкахь тов
сийна чоьънаш,
Б1аьрг ловза бохуш ду
И къорза кузаш.
Баьццарчу пилуошах
кучамаш тегна,
Хьаннашна ахь кхачий
Совг1аташ хьегна.
Э'шарие шовданаш,
Асанех детийн,
Хьан хазчу духарех,
Самукъане хьерча.
Мехкарийн амалехь
Зезагийн сеттарш,
Аьхначу махуо и 
Аматаш хьоьсту.
Эсалчу буоларца,
Ахь йог1у г1улчаш,
Дахарна марзо луш,
Сан дагчохь кхаьрста.
Ма товш ду - кх хьан духарш,
Бос хаза б1аьсте!
Даймехкан 1аламехь,
Куьце уьш лепа!
2023
*****

Резванова Айза

Ленйоцчу марзонах...

Йо1а:

Ахь х1унда яьстира,
Сан маьлхан к1ажарш,
Гуьйренца шад бина,
Къевлинарш д1а.
Х1унда ахь йовхо луш,
Ницкъ бели даста,
Заза а б1аьстенах,
Тардина де.
Х1унда хьан дийки аз,
Шовданех зевне,
Ладег1на т1улг баххал
Г1амарах 1ана.
Х1унда хьо шайт1ана
Мох хилла хьевзи,
Хелхаре аййина
Сан къоьжа зама?...

К1анта:

Шераш ду генара,
И б1аьсте леха.
Зезагаш хьистина,
Иэесехь хьо ехаш.
Суна-м хьо иэшнера
Дахаран некъехь.
Т1аьххьара бисина,
Ирсан цинц бекъа а..

Йо1а:

Хьо дагалоьцуш сан
Б1аьргех хиш 1аьнна.
Сатийссам хилла сан,
Дахарал беха.
Дуьне а довзале
Воьвзинчу хьоьга.
Ас дийца оьший те,
Сайн дагахь дерг, йа?

К1анта:

Б1ег1ийла дац суна,
Хьан дагчу кхийда.
Йа шерийн баланаш
Д1акхийдо хьоьга.
Ас муха хьаста - те,
Тахна сайн ойла,
1еминарг сатийса,
Хьо йог1уш гойла?
Со лелла ойланца,
Хьоьца ирс тоьгуш.
М1аьргонна хьан б1аьргийн
Нур лачкъо хьоьгуш.
Тахана зама сан
Йахнехь а гена.
Хьоьга сатуьйсуш со-м,
Ваха а ца 1ема.

Йо1а:

Массо а безаман ц1арах,
Дог даго веа - те, х1инца хьо?
Массо а къаьстинчу безамах,
Дог акха веа - те, соьха хьо?
Массо а безаман марзонах,
Дог хьего веа - те, хьо, сан?
Я ц1енчу безамах боккъал а,
Дог тешо кхечи - те хьо!?

К1анта:

Дог 1овжош ма хилла безамо,
Ц1ена ша хиларх а.
Дог дуохош а - м хилла балано,
Мерза и хиларх а.
*****
Резвановв Айза

Ма товш ду - кх...

Ма товш ду - кх хьан ду'харш,
бос хаза, б1аьсте!
Даймехкан 1аламехь
Куьце уьш лепа.
Бохь лекхчу лаьмнашкахь тов
сийна чоьънаш,
Б1аьрг ловза бохуш ду
И къорза кузаш.
Баьццарчу пилуошах
кучамаш тегна,
Хьаннашна ахь кхачий
Совг1аташ хьегна.
Э'шарие шовданаш,
Асанех детийн,
Хьан хазчу духарех,
Самукъане хьерча.
Мехкарийн амалехь
Зезагийн сеттарш,
Аьхначу махуо и 
Аматаш хьоьсту.
Эсалчу буоларца,
Ахь йог1у г1улчаш,
Дахарна марзо луш,
Сан дагчохь кхаьрста.
Ма товш ду - кх хьан духарш,
Бос хаза б1аьсте!
Даймехкан 1аламехь,
Куьце уьш лепа!
2023
*****
Резванова Айза

Ленйоцчу марзонах...

Йо1а:

Ахь х1унда яьстира,
Сан маьлхан к1ажарш,
Гуьйренца шад бина,
Къевлинарш д1а.
Х1унда ахь йовхо луш,
Ницкъ бели даста,
Заза а б1аьстенах,
Тардина де.
Х1унда хьан дийки аз,
Шовданех зевне,
Ладег1на т1улг баххал
Г1амарах 1ана.
Х1унда хьо шайт1ана
Мох хилла хьевзи,
Хелхаре аййина
Сан къоьжа зама?...

К1анта:

Шераш ду генара,
И б1аьсте леха.
Зезагаш хьистина,
Иэесехь хьо ехаш.
Суна-м хьо иэшнера
Дахаран некъехь.
Т1аьххьара бисина,
Ирсан цинц бекъа а..

Йо1а:

Хьо дагалоьцуш сан
Б1аьргех хиш 1аьнна.
Сатийссам хилла сан,
Дахарал беха.
Дуьне а довзале
Воьвзинчу хьоьга.
Ас дийца оьший те,
Сайн дагахь дерг, йа?

К1анта:

Б1ег1ийла дац суна,
Хьан дагчу кхийда.
Йа шерийн баланаш
Д1акхийдо хьоьга.
Ас муха хьаста - те,
Тахна сайн ойла,
1еминарг сатийса,
Хьо йог1уш гойла?
Со лелла ойланца,
Хьоьца ирс тоьгуш.
М1аьргонна хьан б1аьргийн
Нур лачкъо хьоьгуш.
Тахана зама сан
Йахнехь а гена.
Хьоьга сатуьйсуш со-м,
Ваха а ца 1ема.

Йо1а:

Массо а безаман ц1арах,
Дог даго веа - те, х1инца хьо?
Массо а къаьстинчу безамах,
Дог акха веа - те, соьха хьо?
Массо а безаман марзонах,
Дог хьего веа - те, хьо, сан?
Я ц1енчу безамах боккъал а,
Дог тешо кхечи - те хьо!?

К1анта:

Дог 1овжош ма хилла безамо,
Ц1ена ша хиларх а.
Дог дуохош а - м хилла балано,
Мерза и хиларх а.
*****
Резвановв Айза

Ма товш ду - кх...

Ма товш ду - кх хьан ду'харш,
бос хаза, б1аьсте!
Даймехкан 1аламехь
Куьце уьш лепа.
Бохь лекхчу лаьмнашкахь тов
сийна чоьънаш,
Б1аьрг ловза бохуш ду
И къорза кузаш.
Баьццарчу пилуошах
кучамаш тегна,
Хьаннашна ахь кхачий
Совг1аташ хьегна.
Э'шарие шовданаш,
Асанех детийн,
Хьан хазчу духарех,
Самукъане хьерча.
Мехкарийн амалехь
Зезагийн сеттарш,
Аьхначу махуо и 
Аматаш хьоьсту.
Эсалчу буоларца,
Ахь йог1у г1улчаш,
Дахарна марзо луш,
Сан дагчохь кхаьрста.
Ма товш ду - кх хьан духарш,
Бос хаза б1аьсте!
Даймехкан 1аламехь,
Куьце уьш лепа!
2023
*****


Рецензии