Керла папк 18

Легаш д1алоьцу сан, иэс самадуьйлуш,
Йаханчу замано даге дог дуьйцуш.
*****
Резванова Айза

Х1ун йиш йу ахь лоькхург,
Зевнечу шакарца зарзар!?
Муьлха кхаъ кхайкхош хьо дека - те,
Сатасале йуьртахь.
Сан дагна - м томехь ду хьан декар,
б1аьстенан озехь.
Машаре хуьлда хьан и эшарш,
Даймехкан уьйт1ахь!
*****
Резванова Айза

Дера ду х1ара дуьне,
Суьртан т1ай вайна,
Къонахий чакхбуьйлу,
Эхарт гуш шайна.
Ткъа к1иллой 1ехало, 
Т1е тийжаш цхьанна.
Ца йевзаш тешаме,
Бакъйолу г1оьвла.

Дуьненчу вай дог1у,
Малх буззалц вайна.
Ткъа эхарта - м доьлху,
Массо а ханна.
*****

Резванова Айза

Х1инц санна дага дог1у суна и дериг а. 22 - г1а де дара иза март беттан. Суна х1етахь шеран марраш хийцалуш хилар а, церан ц1ераш а ца хаара. Тхан денанас элара: ,,Кхана жайнахь б1аьсте йолу вайна. Кхана делкъалц луо, дог1а кхуссар ду. 1ай - б1аьстей къаьсташ де ду кхана. Т1аккха малх хьожар бу" аьлла.  Сан ч1ог1а сак1амдеш дара цу хенан х1оттамах дерг. Ас лардира и де а, и хенан х1оттам а. 23 - чу мартехь, тхан дененан дош ца дуог1о санна д1а х1оьттира де. Кхузза хийцабелира хенан х1оттам. Луо кхоьссира... дог1а деара... цул т1аьхьа къегина малх схьа кхийтира. Иза муьлха шо дара билгал дага ца дог1у суна. Цуо иштта алар дагара ца долу.
Беркате зама йара иза.
Воккхачуьнан дош лоруш а. Жимачунна некъ хьоьхуш а.
Дала т1аьхье беркате йойла вайн!
*****

Резванова Айза
Нохчийн мотт а, къам а, мохк а цхьанна долара г1ишло йац, цуьнан х1ора са цхьана адамана бовза йиш йолуш. Х1ора м1аьргонехь кхуьуш а, ц1инлуш а, ч1аг1луш а бу и кхо бахам нохчи чохь.
 Дала мукъ лахь!
*****
Тахана, х1окху Зазза тосачу беттан 23 - чу терахьехь, делкъал т1аьхьа, жайнахь б1аьсте йолу аьлла ду.

Дала х1ара б1аьсте а, т1е йог1у массо хан а ирсе, беркате, декъал йог1ийла вайна а, массо бусулбанна а!
Машар, могшалла, маршо йахьаш йеана хуьлда х1ара б1аьсте массо бусулбанна а,  кху дуьненан 1аламна а!
Б1аьсте йеана ала бакъо йу - кх вайн, тахана дуьйна.
Алхьамдулиллах1!
*****
Алхьамдулиллах1!

1уьйренга довла ирс хилла,
Г1евтти тхо хастам беш Далла.
Суьйренга дигахь, иза а,
Совг1ат вай лорур ду Делан.

Дуьненахь х1ора м1аьрго а,
Йеза йу, мотт карчош ала.
Хьо цхьаъ ву - кх,
Йа Аллах1- Дела!
Хастам бу Ахь деллачунна!;

Йа Аллах1, къинхетам белахь,
Хьайн дикане сатуьйсучарах!
Йа Аллах1, декъалчех делахь,
Дуьненахь, эхартахь кхана!
Аллах1у - Акбар!
*****

Сан лараме ойланех поэзи Йуцархой, поэзех йуьйцина ойланаш Йастархой, цу мерзачу ойланех йуьйцинчу поэзехь синкхача Лехархой, цу синкхачанах Садузорхой!!!!
Ас декъалдо шу массо а Дуьненан йукъара Поэзийн денца!
Дала поэзий кхолла дахарехь марзо ма иэшайойла вайна, са дузо синкхача ма иэшабойла вайна,
Даймахкахь а, дуьненан йукъарчу хьолехь а барт, безам, тешам ч1аг1луш, машарца, маьрша, ирсе даха ийман а, ислам а, адамалла а лойла вайна а, массо а адамашна а!
Дала ойланаш а, 1алашонаш а къобал йойла вайн! Аллах1 - Дала декъал дойла вай!

Даггарчу безамца, ларамца, шун Йиша, Айза!
*****

Резванова Айза

Хьан амат муха ду а
дицделла суна - м,
Йахначу б1аьстене
ца кхии хьажа.
Ца ийци аьхкенах, гуьйренах марзо,
Кийрахь дог г1уорийна,
сецна ду  сан.

1адийна со даррехь,
Нохчийн къам  бахьанехь.
Дог лозуш, массо а нанойн дегнех.
Хьо муха къега - те,
Заза достуш б1аьсте?
Йа йу хьо лерина
Тхан дегнаш хьаста?

Хьо марша йог1ийла,
Х1ай, къуона б1аьсте!
Машарца, марзонца,
Малхаца цхьана.
Массо а паччахьийн
Ойланаш к1адйина,
Ирс кхуллуш адамашна,
Барт болуш даха!
2023
*****
Б1аьсте йоху, даймохк серлабохуш,
Мархаш дешех, детех къегина.
Малхо дериг дуьне мара къуьйлуш,
Шен йовхонца, дегнаш хьаьстина.

Вовше кхаьънаш дохуш, 1алам дуьйлу,
Дитташ, ораматаш, дийнаташ.
Зезагаш а, лаьттахь самадуьйлу,
Б1аьстенан лар дагчу  кхаьчна сан.

Малх, зезагаш, бай, шовданаш сирла,
Сан ойланаш, малхе аййелла.
Лаац суна, кху ни1матах къаста,
Б1аьсте йеъна вайга, Даймахка!
*****
Айза Резванова

Ч1ома- гома кхийссалуш,
Дог1у маьлха дог1а.
Тачанаш ду къийссалуш,
Уьдуш урам новкъахь.

Татол йистехь зезагаш,
Сетта самукъа даьлла,
Т1'амарш дог1ане кхийдайеш,
Л"оьцуш дог1а маьлхан.

Маьлхан к1ажарш ийзайеш,
Стиглахь мархаш г1уьтту.
Лаппалгаш деш 1аьмнаш т1ехь,
Лаьтта дог1а дуьтту.
*****
Ма мерза хилла хьо, бералла,
Самукъане хилла хьан хан.
Б1аьрг хьоьстуш х1уттучу суьртаца,
Дог дело ницкъ кхочу хьан.

Д1о жима йо1 йог1у биешара,
Йаьккхина ц1иййелла балл.
Ткъа суна кхечи схьа беламца,
Вайшимма баьккхина кан.

Сан кучах тасаделла генаш а,
Ца хоьцуш, мохь беттарх д1а.
Канашкахь ас сецо баьллаш а,
Амма д1а - м со хецац - кха.

Эххар - а, уоззийна, йат1ош коч,
Со гоннех мукъа йели.
Амма ас буйнашкахь 1аьвдина,
Сан баллех мут а дели.

Бералла я1, хьо сан бералла,
Х1етахь са цагуора чекх.
Ткъа х1инца хьо гича берашкахь,
Го суна ахь лоьху некъ.
******
Со не1- сог1ел чоьхьа йели,
Шуьгара маршонца.
Ас маршалла шуьга хаьтти,
Делера пурбанца.
Маршаллийца аш т1е ийци,
Йоцуш догзалла.
Дела реза хуьлда шуна,
Оьзда Йиш - Ваша!

Малх бу боьлуш
 
Б1аьсте еъна,1алам ден деш,
Шен зезагийн совг1ат даржош.
Зевне эшарш лоькхуш, уьдуш,
Жовх1арш санна, хиш ду къегаш.

Хьовсал бераш, малх бу боьлуш,
Сакъералуш, серла буьйлуш.
Бошмаш йу дато зазз хоьцуш,
Хьозарчий ду шакарш лоькхуш.

Вовшен куьйгаш лаца бераш,
Машаре самукъане х1оз беш.
Бертахь дахар вайна марздеш,
Малх бу вайга з1аьнарш кхийдош.

Хьовсал бераш, малх бу боьлуш,
Сакъералуш, серла буьйлуш.
Вайн даймохк бу денна хазлуш,
Ирсе некъаш ду схьадоьлуш.

Бераш, бераш, туоха т1араш,
Гойтуш шайн самукъане хелхарш.
Шун синкъерам, ловзар, делар,
Ду даймехкан ирсе хилар.

Хьовсал бераш, малх бу боьлуш,
Сакъералуш, серла буьйлуш.
Вайн даймехкан байракх лепаш,
Бутт, седарчий стиглахь доьлу.
*****
Айза Резванова

Ч1ома- гома кхийссалуш,
Дог1у маьлха дог1а.
Тачанаш ду къийссалуш,
Уьдуш урам новкъахь.

Татол йистехь зезагаш,
Сетта самукъа даьлла,
Т1'амарш дог1ане кхийдайеш,
Л"оьцуш дог1а маьлхан.

Маьлхан к1ажарш ийзайеш,
Стиглахь мархаш г1уьтту.
Лаппалгаш деш 1аьмнаш т1ехь,
Лаьтта дог1а дуьтту.
*****
Ма мерза хилла хьо, бералла,
Самукъане хилла хьан хан.
Б1аьрг хьоьстуш х1уттучу суьртаца,
Дог дело ницкъ кхочу хьан.

Д1о жима йо1 йог1у биешара,
Йаьккхина ц1иййелла балл.
Ткъа суна кхечи схьа беламца,
Вайшимма баьккхина кан.

Сан кучах тасаделла генаш а,
Ца хоьцуш, мохь беттарх д1а.
Канашкахь ас сецо баьллаш а,
Амма д1а - м со хецац - кха.

Эххар - а, уоззийна, йат1ош коч,
Со гоннех мукъа йели.
Амма ас буйнашкахь 1аьвдина,
Сан баллех мут а дели.

Бералла я1, хьо сан бералла,
Х1етахь са цагуора чекх.
Ткъа х1инца хьо гича берашкахь,
Го суна ахь лоьху некъ.

 Резванова Айза

Малх бу боьлуш
 
Б1аьсте еъна,1алам ден деш,
Шен зезагийн совг1ат даржош.
Зевне эшарш лоькхуш, уьдуш,
Жовх1арш санна, хиш ду къегаш.

Хьовсал бераш, малх бу боьлуш,
Сакъералуш, серла буьйлуш.
Бошмаш йу дато зазз хоьцуш,
Хьозарчий ду шакарш лоькхуш.

Вовшен куьйгаш лаца бераш,
Машаре самукъане х1оз беш.
Бертахь дахар вайна марздеш,
Малх бу вайга з1аьнарш кхийдош.

Хьовсал бераш, малх бу боьлуш,
Сакъералуш, серла буьйлуш.
Вайн даймохк бу денна хазлуш,
Ирсе некъаш ду схьадоьлуш.

Бераш, бераш, туоха т1араш,
Гойтуш шайн самукъане хелхарш.
Шун синкъерам, ловзар, делар,
Ду даймехкан ирсе хилар.

Хьовсал бераш, малх бу боьлуш,
Сакъералуш, серла буьйлуш.
Вайн даймехкан байракх лепаш,
Бутт, седарчий стиглахь доьлу.
*****
Со не1- сог1ел чоьхьа йели,
Шуьгара маршонца.
Ас маршалла шуьга хаьтти,
Делера пурбанца.
Маршаллийца аш т1е ийци,
Йоцуш догзалла.
Дела реза хуьлда шуна,
Оьзда Йиш - Ваша!
*****


Рецензии