Папк керл 19
Шен нехан мискалла йевзича,
Кхетча ша шен боций нах.
Ца бита уьш г1ийла, нах кхарда,
Стагана ма оьшу йахь.
Йиш - ваша де иэшна дисича,
Ницкъ кхачош, базбелла мохь.
Са айдеш д1ах1отта ма оьшу,
Доьзалех цхьаъ долуш ,,т1ох".
*****
Сан Денда, бераллехь гина хьо суна,
Хьайн доцчу диекхарна хьокъала вахана.
Хьаналчу дахаре кхойкхуш, деш дола,
Сагатдеш бусулба йиш - вешин х1ора.
Хьо воьдуш, йа вохуш уллехьа дуьйлуш,
Лелара тхо хьан куьг лаца сатуьйсуш.
Со кхийти хьан хазчу г1иллакхех х1инца,
Сайн цергахь буобераш дайх хьега дисача.
Буоберийн б1аьргаш хьайх ца дуьтуш хьега,
Доггаха хьожура хьо царах кхета.
Дех, дендех, денвешех къаьстинарг хийла,
Хьевзара гуонаха, куьг лоьцуш хьуна.
Ахь ма ца вуьтура воккха йа, жима,
Хьайгарчу марзонан декъах дог дилла.
Цундела тахана со генна хьоьжу,
Хьан хаза г1иллакхаш масална лоьцуш.
*****
*****
Ахь бекхам бехьа...
Кхолламо хьаьстича, ирс декъа хьоьгуш,
Ойланца, вайн некъаш вовшеха тоьгуш.
Дахаран хьесап а, сан дуьхьа лоьруш,
Ахь бекхам бехьа, сан дог хьегнарг, суна!
Хьуо цхьаллехь висича, сан амат доьшуш,
Сан б1аьргийн г1айг1анийн 1алашо лоьхуш.
Кхолламе къайлаха, соьца ирс доьхуш,
Ахь бекхам бехьа, сан дог хьегнарг, суна!
Суьйренца со йог1у ураме вуьйлуш,
Безаман нур-з1аьнар лаца сатуьйсуш.
Я мерза ойланаш къахьъян ницкъ лоьхуш,
Ахь бекхам бехьа, сан дог хьегнарг, суна!
Ахь бекхам бехьа, сан дог хьегнарг, суна!
Хьуо суна мел везна хуур ду хьуна.
*****
Резванова Айза
Кхардахьа
Велахьа, кхардахьа безамах сан,
Суна хьо везарх цец валий...
Кхаьрдинарг т1е дог1у боху и къа,
Дер дацара те хьуна бале?
Волахьа, кхачахьа хьомениг хьо,
Сагат деш вацахь со гаре...
Х1ун хаа, са 1ехо веъначахь сан,
Ас юьллий хьан дагчу кхане...
Алахьа, дийцахьа, безамах ахь,
Хаза дош мелехь ду алий,
Даггара ц1ена дерг са'даьлла сан,
Хир дацара те декъал вайший....
Хьажахьа, сацахьа сан некъа цкъа,
Ца хууш тилкхаза валий.
Хир дацара те висар ца къааьсташ д1а,
Бериг бехк безаман ларий.
*****
Х1ун оьшу хьо дагаван
хан зама йаьлча, Кхолламо рицкъаш къастийна даьлча.
Вовшие сагатдеш,
Вай йоккху хан,
ма хир йу хьарам,
къийнойх уьйриг беш.
Реза хила деза вай кхолламна,
Ца оьшу сагатдан,
Д1адаьллачунна.
Азаллехь кхуллуш
Йаздиннарг Дала,
Схьаделча баха деза
Алхьамдулиллах1!
*****
Резванова Айза
Нохчалла
Юьхь йоцчу къизалло сан дахар човхийча,
Хьо дагчохь г1оттура дог майра, нохчалла...
Мостаг1чо нуьцкъалла даш детташ хьовзийча,
Хьо майра г1оттура сан дагчохь, нохчалла...
1ожалла геннара б1аьргашчу къаьрзича,
Собарца г1оттура хьо дагчохь, нохчалла.
Хастам беш со Далла суждане яхача,
Иманца хьостура сан дог ахь, нохчалла.
Сан къоман дозалла, ницкъ болу нохчалла,
Лаьтта хьо сан деган ч1аг1онан б1ов хилла.
Муьлххачу къийссамехь толаме кхочу со,
Ахь тешам баларна, сий лекха нохчалла!
2014
*****
Айза Резванова
К1еззиг бу те сан синбарам,
Х1ун ду те ца тоьург т1е??
Ца лало соь беран делхар,
Цхьа шен маттахь йохуш ц1е.
Дегбааме, б1аьрхиш 1енаш,
Къинхетам ца тоьуш шех.
Х1ун сингаттам кийрахь дебаш,
Доьлху те и жима бер?
Беран са ду г1ийла, миска,
Совг1ат дац-кха 1ехо и.
Х1орамма дустийша шеца,
Х1ун ду ненал мерза кхин!?
Х1унда доккху бер шен ненах?
Стенна бехке хилла и?
Карор дац мел дукха лехарх,
Тукар хадо церан уьйр.
*****
Резванова Айза
Ма могшаллех эшна бог1у
Де - дийне хьо тхан Даймохк!
Муха, мичахь леха оха
Дарба йашо 1аьржа дохк?
Хьан бешара синтарш къуона,
Эгаш лаьтта, хедаш сих,
Ма нилх бели хьан лаьттан т1ехь,
Дайша сатийсина зирх?!
Тхан дай баьхна сийлахь Даймохк!
Ди'егадехьа к1еззига дег1,
Божабехьа хьайн букът1ера,
Къацхетарийн къиза мохь.
Ма бисахьа чиркхаш даго,
Маьлхан серло йоцуш чохь,
Я бетта са буьйса къагош,
Дацахь, х1ун хир седарчех?
Даймохк, хьоьца ду тхан дарба,
Хьо ю серло, ч1аг1о тхан.
Йиш яц хьан орамах хеда,
Йа ца достуш диса заза!
Сийлахь Даймохк, балахьа серла,
Б1аьргаш доьллуш адмаллийн.
Маьлхан биенахь кхиабехьа,
Хьайн доьзалаш тешаме!!!
*****
Резванова Айза
Сулиева Зураиэ.
Вайн Дала диканиг дойла,
Хазачу кхоъе туьдийла.
Хьан г1енаш, денйина буьйса,
Сахиллалц хьо хьоьстуш 1ийнарш!
Цхьана гой те -хьуна вайша,
Г1енаха 1аламе йаьлла?
Вайшиннах сакъераделла,
Зезагаш гой серладевлла?
Даймахка хьо йог1уш теша,
Кхаъ хилла шарлур ду некъаш.
Б1аьстенан зазанах лепаш,
Кечлур йу со хьо т1е иэца.
Ларамца!
***
Зура Сулиеван жоп:
Айзига
Хьо маьрша лелийла, Айза!
Дог дика хуьлийла хьан!
(Сан ненан ц1е йара "Дайза"
Ма хаза йара и хан!)
Догц1ена, дика хьан ойла
Гуш йу вай массарна а!
Йог1ур йу со йинчу эвла,
Са ч1ог1а ас тийсарна.
Аллах1а пурба лахь, гур ду
Хьомечу Нохчичохь вай.
Вовшашка маршалла лур ду,
Дуьллур ду марзонан т1ай!
Дала мукъ лахь!
*****
Сан Денда, бераллехь гина хьо суна,
Хьайн доцчу диекхарна хьокъала вахана.
Хьаналчу дахаре кхойкхуш, деш дола,
Сагатдеш бусулба йиш - вешин х1ора.
Хьо воьдуш, йа вохуш уллехьа дуьйлуш,
Лелара тхо хьан куьг лаца сатуьйсуш.
Со кхийти хьан хазчу г1иллакхех х1инца,
Сайн цергахь буобераш дайх хьега дисача.
Буоберийн б1аьргаш хьайх ца дуьтуш хьега,
Доггаха хьожура хьо царах кхета.
Дех, дендех, денвешех къаьстинарг хийла,
Хьевзара гуонаха, куьг лоьцуш хьуна.
Ахь ма ца вуьтура воккха йа, жима,
Хьайгарчу марзонан декъах дог дилла.
Цундела тахана со генна хьоьжу,
Хьан хаза г1иллакхаш масална лоьцуш.
*****
Резванова Айза
Ма могшаллех эшна бог1у
Де - дийне хьо тхан Даймохк!
Муха, мичахь леха оха
Дарба йашо 1аьржа дохк?
Хьан бешара синтарш къуона,
Эгаш лаьтта, хедаш сих,
Ма нилх бели хьан лаьттан т1ехь,
Дайша сатийсина зирх?!
Тхан дай баьхна сийлахь Даймохк!
Ди'егадехьа к1еззига дег1,
Божабехьа хьайн букът1ера,
Къацхетарийн къиза мохь.
Ма бисахьа чиркхаш даго,
Маьлхан серло йоцуш чохь,
Я бетта са буьйса къагош,
Дацахь, х1ун хир седарчех?
Даймохк, хьоьца ду тхан дарба,
Хьо ю серло, ч1аг1о тхан.
Йиш яц хьан орамах хеда,
Йа ца достуш диса заза!
Сийлахь Даймохк, балахьа серла,
Б1аьргаш доьллуш адмаллийн.
Маьлхан биенахь кхиабехьа,
Хьайн доьзалаш тешаме!!!
*****
Свидетельство о публикации №224051101668