21папк керл

Цхьа миска стаг хилла вехаш 1аш. Дуьненан 1алам ч1ог1а кхоош, лардеш хилла цуо. Цуьнан да - нана, йиша - ваша а, доьзал а белла. Амма иза цхьанна а ца гина б1аьргех хи даьккхина воьлхуш.
Цхьа говр хилла цуьнан лерина лелош. Цу говран бекъа хилла жима. Даима цу шен нанна улле йаьлла лелаш хилла бекъа. Цхьана дийнахь и бекъа даьхнийн гуьотанахь а йитина, говрахь 1аьнна докъар ц1а дан вахана, вокхстаг ц1а кхаьчча, цунна и беккъа йелла 1уьллуш карийна. Т1аккха и говр б1аьргех хиш 1енош, г1ийла цу шен бокъана т1е корта хьоькхуш и хьоьстуш, йайча, вилхина вокхстаг.
Наха и велхарах цец бойлла хаьттина:
Хьайн да - нана, йиш - ваша, доьзал белча а хьоь воьлхуш ца гинера тхуна. И говран бекъа йелча х1унда воьлху хьо? И ма хала лов ахьа?
Вовкхстага жоп делла:
- Иза шен ненах къаьстина хилла йацара цкъа а. И ненах д1а къастийна, ц1ахь йитанера ша цу дийнахь. Цу ненах къаьстина, кхин и нана шена гур йац моьттуш, дог иккхана йелла и бекъа. Къа латийна ша. Далла хьалхахь дала жоп хир дац шен. И ненах а къастийна, ша х1унда г1ертар и ларйан. Дала ларйийр ма йара иза, шен ненаца хилчахьана. Ша хьарчийна къа ду иза.
*****

Дехар ду вай даллалц,
Рицкъан ма1ар боьг1на.
Декъал бу вайн кхоллам,
Делац мел йу ойла.
Дезар ду вайн кхалха - м,
Лелар дац - кх делла.
Хастамбеш вайн Далла,
Дагца йоцуш къелла.
Дехар ду вай даллалц,
Сий деш Нохчийн къоман!

Алхьамдулиллах1!;

Резванова Айза
Вевзарий хьуна...

- Ассаламу  – 1алайкум, тхан сийлахь, Даймохк!
Воьвзарий хьуна со? Суна хьо – м, боьвзара!

Хьох къастар ца лайна, ненан дог доьлхуш,
И б1аьрхиш цу кийрахь мийланарг ву со.
Безамца хьан суьрташ шен дагчохь хьоьстуш,
Шен кийрахь нанас хьо марзбинарг ву со.

1уьйренца дашочу з1аьнарийн маша,
Хьан лаьмнийн баххьаш т1ехь цу малхо буцара.
Цу т1улгийн ламанех самукъне хьаьрчаш,
Кхийсалуш и сирла шовданаш ловзура.
 
Бес – бесара шакаршца, эшаре  дуьйлуш,
Юькъачу хьаннашкахь, олхазарш декара.
1уьйренца аренгахь помбархат зезагийн,
Тхи муьйлуш, полларчий х1аваиэ г1уьттура.

Баьстенан зазанах  седарчий къегий,
Бода д1акъахка беш, бетта са даьржара
Куц хазчу 1аламах ойланца хьерчий,
Сан ненан са т1ома 1аьршашка долура.

Хьоьгарчу марзоне  сатийсам г1оттий,
Шовданийн аьзнашца мукъаме йолура.
Юха а къастаран бала т1е 1аьткъий,
Г1ерг1ачу терках и,  йелхаре йоьдура.

Стогаллин амалехь  кхио къахьоьгуш,
Турпалчу къонахийн доьналлех дуьйцура.
Дайн оьзда г1иллакхаш шайн кийрахь кхобуш,
Бехачу мехкарийн
сий лаккхахь гойтура.

Генарчу Сибрехахь, хийрачу махкахь,
Даймохк, хьан ц1е йохуш, нанас дог лоьцура.
Ша хьегна марзо шен т1аьхьенна йоьхуш,
Даима до1ийца цо  Деле доьхура.

Халонийн, харцонийн дозанаш иэешош,
Ца къарлуш, Дег1астан
некъа со ваьккхира.   
Мерзачу сих хаьдда, дилх лаьттах эелуш,
Шех хилла лаьттан цинц хьох тохар дийхира.

- Ассаламу – 1алайкум тхан сийлахь, Даймохк!
Воьвзарий хьуна со? Суна хьо – м боьвзара!

Сийлахьчу хьан к1ентийн декъашхо хила,
Нанас т1е диллина, хьан к1ант ву со.
Даймохк, хьан сий долчу ц1арт1е ц1е йилла,
Ирсана кхаж баьлла  Нохчо ву со.
*****

Резванова Айза
Туьйра.
Жимниг.

Б1аьстенан йуьххьехь, хаза, сирлачу 1уьйренца  н1аьнк1орне йара, кертана боьг1начу хьокха буьххье а йаьлла: «1уьй -1уь'й, 1уьй -1уьй" бохуш, кхойкха кеп лелош, йоккхалла т1е иэца г1ерташ. Ша шех йоккхайеш, ши т1ам тухуш, хилла  йаьлла борг1ал санна туохалора иза т1аккха. Йеъана   делкъа хан хилча,  схьа х1оьттара ц1ен т1илдиг, к1ужал санна, хьаьжт1ехь аг1ор а керчина, коьртера, когашка кхаччалц ц1ен - можа месаш лепаш, хьалха теттина, ондда некхан дукъ долуш, эпсаран  буолар долуш йолу, Борг1ал.

Борг1ал шена йайча н1аьнк1орне керт т1ера чу кхоссайелара, борг1ална меттиг йуьтуш.
Борг1ало цуьнга  хаьттара:
-Хьо х1ун деш ю кхузахь?
- Со, кхойкхуш йу,- жоп делара, н1аьнк1орнено.
-Муьлха хан йу ахь кхайкхош ерг?- хаьттара борг1ало.
К1орне ца кхетара цу хаттарах. 
-Со, со,- аьлла, жоп дала ца хууш йисара иза.
Цу балг1ах кхеттачу борг1ало йуха  хаьттара:
-Ц1е муха йу хьан?
- Нанас ,,Жимниг" олу сох - жоп делара, н1аьнк1орнено.
Борг1ало элара:
- Т1аккха ас ,,Жимниг" эр ду хьох. Реза йуй хьо?
- Реза йу, - элара, к1орнено.
- Т1аккха, Жимниг, цкъа а кхайкхиний ахь хенаш?
- Со тахана 1уьйрандуьйна йу  кхойкхуш, элара, жимнига.
- ,,Къу - къу - къу" Цундела ю-кх хьо йиш  хаьлла. Цхьаммо а ца хьехна хьуна, муха, йа маца кхайкха еза?
- Х1ан - х1а. Ца хьаьхна, элара жимнига.
Т1аккха борг1ало элара:
- Делахь - х1ета, тахана дуьйна ас хьоьхар ду хьуна, муха, йа маца кхайкха еза. Ткъа ахь дика ла а дуг1уш, схьалаца хьайна хьехнарг. Барт хилан вайшинна?
-Хила.... Со реза йу, - аьлла, т1емаш нисдеш, д1ах1оьттира   жимниг.
- ,,Къу - къу - къу" аьлла, борг1ал йелайелира, цу к1орнийн леларх сакъераделла:
- Ткъа х1инца, ас делкъа хан кхайкхор йу. Ахьа тидам беш, ладог1а,- элара, борг1ало.
- Дика ду,- аьлла, сецара жимниг.
Т1аккха борг1ал т1емаш тоьхна,  кхоссайелла керт т1е хьала а йаьлла, кертана боьг1начу хьокха буьххье а йаьлла, корта хьала а берзийна, шен аз тадина, зевнечу озаца кхайкхара.
-  ,,1уь1 - 1арий -1уь'й1", - бохуш, юкъ-кара са а до1уш. Аз тадина, дахдеш, кхузза кхайкхара борг1ал, мохьтуххуш.
Жимниг цуьнга хьоьжуш, корта а айбина лаьттара.
Т1аккха Борг1ал шен т1емаш дегадина, чу кхоссайелла, лаьтта йоьссира.
Йуха хаьттара жимниге:

- Т1аккха, Жимниг, реза йуй хьо Ваши  кхайкхарна?
Жимниг кхоссаелира, т1емаш а тухуш:
- Реза йу. Хьан йиш йелахь дешар х1инцца д1адоло лууш йу со.
- Вайшимма дешар д1адуолор ду т1аккха. Хьалхарниг ду хьуна пхеъа ламазан хенаш, шен шен хенахь  кхайкхо йеза.
Шоллаг1ниг, хьаша вог1уш, кхаъ кхайкхор ду.

Х1инца ахь ла дуог1а соьга, лерина.
Уггар хьалха 1уьйкъе  кхайкхош, адам сама даккха деза. Т1аккха, сатосуш г1аьттина, 1уьйр - ламазан хан кхайкхор йу ахь. Цул т1аьхьа делкъа хан кхайкхо йеза. Т1аккха малх бузу а, маьрк1ажа а, пхьуйра а. И ламазан хенаш кхайкхош, корта хьала берзо беза, х1инцца делкъе кхайкхош ас  санна, кхетий хьо? - хаьттира борг1ало.
- Кхиета, аьлла жоп делара, жимнига.

Х1инца хьаша вог1уш  кхаъ кхайкхуорах дерг дуьйцур ду ас хьуна.
Ладуг1уш йуй хьо?
- Х1аъ! Йу! - олуш, серла йелира жимниг.
 Хьаша варах хаам беш, керт буьххье йала ца оьшу. Цунах дерг х1усам чу а йоьрзий кхайкхош хьо хилча, х1усамда а, нана а самукъа долий хуьлу. Цара олу: ,,Хьаша вог1у бохуш, кхаьънаш дог1уш йу вайн борг1ал. Йуучунна йай олла беза."
Цул совнаха, дика борг1ал йехачу  кертахь, кхиечу керташкара борг1ал кхойкхур яц хьуна. Кхетий хьо? Кхин борг1ал хьо йехачу кертахь кхайкхар, цуо хьан кертахь дола дар ду. Кхин борг1ал хьайн котамашна а, кертана а улле хьийзийта а мегар дац. Т1оьхна, иэккхо йеза хьайн дозане йаьлла борг1ал.
Дика борг1ал, ша  йехачу кертана а, шен к1арийна а, котамашна а дола деш хуьлу. Иштта ца хилча, кхечу керташкара борг1ал йан а йог1ий, хьан кертахь олалла деш, к1ара д1а йоккху хьоьгара. Т1аккха, х1усамда оьг1аз воьду: «шен к1арийна а, котамашна а дола деш йоцчу борг1алах кхин бала пайда бац, йай чу тасар бен»,- олий, х1усамдас - нанас цхьа барт хуьлий, йай чу тосу и. Иштта бу вайн кхоллам а, дахар а. Реза йуй хьо, цу балхана, Жимниг? - олу борг1ало.
Ша лаьттачохь кхоссайелла, нийсса д1ах1оьттина, жоп делара жимнига.
- Со реза йу вайн кхолламна! Кертана дола дан а реза йу!Хенаш кхайкхо а.... хьешах кхаьънаш даг1а а.... нагахь сох к1илло - н1аьна хилахь, суо йай чу тасийта а реза йу.
2016
*****
Резванова Айза.
Диехар! Кхайкхам!

Нохчийн къомаца б1е шерашкахь къуьйсуш схьабог1у и Делан мостаг1ий, бакъ болу некъ, бакъ долу 1илма вайн дегнашна хиера даккха къахьоьгуш. Вайн дегнаш чуьра бусулба - нохчийн орам бакъо дукха бахьанаш лелийна цара. Дуьззина Къор1анан 1илма а ца 1амадойтуш. И хьоьхуш болу вайн Эвлийааш а, устазаш а, 1еламнах а х1аллак беш, 1азап латтийна вайн къомана т1ехь. Уггар а хьалха 1амо дезаш дерг дара вайна Къор1анан 1илма. Дахарний, 1ожалиний йуккъехь цхьана пардунах дина ога бен ца хилар гойту вайна къор1ано. Цул совнаха, къор1ан доьшуш верг Дала ларво. Т1аьхьарчу масех шерашкахь уггар а коьртаниг, Къор1анан 1илма 1амо аьтто баьлла вайна.

Со ала г1ерташ дерг: Тахана дерг кхана доцуш дуьне ду х1ара.
Кхин долчу 1илманел а хьалхара дерг ду Къо1анан 1илма. Тахана вайн аьтто болччара и 1илма 1амо къахьегар ду вайна коьрта. Вай кху телефон чохь байташ йоьшуш а, иллешка, эшаршка ладуг1уш, вайн синбарам охьата1ош долчу сарташка хьоьжуш  йоккху хан а ца йолу вайн и Къор1анан йоза 1амош. Цул совнаха вайна кху дуьненахь а, эхартахь а уггар а мехала карон йолу хан йу иза. Ондда тоьшалла ду иза цу эхартахь вайна карон долу.
Дуьнен чохь адамашна декъала некъ бовзийта, Дала кхиндолчу йозанел а, уггар а иэсехь атта соцуш, 1амо атта кхоьллина йоза ду иза. Шайт1ано ойланаш вайн керча йо, йуха хьийза йо, теша ца дуьтуш и вайна атта 1емарг хиларах.

Айса иэрна йайъина хилла хан дагахь йоллу суна, и Къор1ан деша сайна 1емар дац моьттуш. (Иза а ма ду шайт1анан амал туолош хан йаккхар.) ,,Т1аьхьа йисина со Къор1ан 1амо. Х1инца сан коьрто схьалоцур дац" бохучу ойлано сецош, хан йайъана ас.
И бакъ дац. Болх Далла т1е а биллана, Къор1ан кера иэца деза. Йуху ца волуш, 1амо деза. Цу т1е хьоьжуш, ойла йан а ца оьшу ,,1емар дуй - те?" бохуш. И ойла йар шайт1ане ладег1ар ду. 1емар ду. Киншка йеша ца хуучунна а 1ема къор1анан дешар. Иза Делан ницкъаца ду.
Къор1ан 1амо цкъа а дац т1аьхьа. Вай доьшу ламаз - Бисмиллаьх1 а дийцарехь санна ца хуьлу ша Къор1анан йозанехь доьшучу хенахь. Цхьана элпаца а нисдалар вайна совг1ате хир ду кху дуьненахь а, цу эхартахь а.
Ин Ша Аллах1!

Аллах1 - Дела реза хуьлда цу тхан хьехархочунна, Хьуьсейнна! Ма хаза а, дика а, кхетош хьоьху цуо и Къор1анан йоза.
Ма йоккхайе со и деша сайна 1амарах.
Делан совг1ат ду и Къор1ан деша 1амар.
Синпарг1ато йу цуьнца. Самукъа ду цуьнца. Има, беркат ду цуьнца. Иза дуьненчохь волушехь шен эхартан  х1усамехь малх къагор ду.

Сан хьоме Йижарий, Вежарий, цу Къор1анал деза кхин 1илма ца хилар вайна хууш ду. Хьовсийша и 1амо, шайна а, берашна а 1амонза верг!
Дахарехь вай сагатдеш долу дериг ирс а, къийсамашкахь толам а цу Къор1анан 1илманца бу - кх. Вайн декъала некъ бу иза.
Дала аьтто бойла вайн!
Дала иманехь нисдойла вай!
Дала, кху дуьнен чухула, эхарта вай деш долу некъаш, йалсаман чохь  совцадойла вайн!
Ларамца, Безамца шун Йиша, Айза!

***
Сайн дуьне дара сан, ас сайна кхоьллина,
Ирсана мел оьшург шена чу гулдина.
Дахаран некъ а сайн лааме берзийна,
Ас сайна ша - г1ала хиллера йоьттина.

Дуьненан ни1маташ,
Хьал - бахам ца хилла.
Дахаран хьесап дан
Со ох1ла ца хилла.
Къуор1анан хьехам бен,
Нийса некъ ца хилла.
Аллах1е безам бен
Тешаме ца хилла.

Вежарий, Йижарий,
Сан диехар ду шуьга!
Кхетабеш, хьехалаш
Ирсе некъ доьзална.
Дуьненахь, эхартахь
Декъал некъ хилла.
Вайн Делан Къор1анца,
Гергарло хилар.;;
2023
Дала декъала дойла вай а, массо бусулба а!!!
*****
Резванова Айза

Дац шуна иза г1ан,  йа дац уьш х1иттийна сарташ.
Нохчичоь йу иза, къизачу мостаг1чо морцуш.
Нохчийн къам ду иза, балано б1арздина уьдуш,
Сан Даймохк бу иза, харцонах д1аиэ ца туьгуш.

Дуьххьара дац иза, т1еххьара хилар сатуьйсуш,
Г1аьттина нохчийн къам, мостаг1ашца Даймохк къуьйссуш.
Вайн дайша ларбинарг, т1аьхье шайн ца йита хецна,
Орамах цахедаш, нохчийн къам  дахийта маьрша.

Бакъ болу дай - наной, йижарий, вежарий къоман,
Даима лаьттина Даймехкан г1ортораш хилла.
Муьлххачу халонехь дистина дог1у хи санна,
Нуьцкъала гайтина нохчаша шаьш мостаг1чунна.

Жима къам хиларна, тхан къоман ницкъах ца тешаш,
Моссаза т1е летта мостаг1ий
Нохчийн къам хьиеша?
Амма ца къарделла, къарлур дац тхо лаьттах иэдарх.
Г1овттар ду зезагех,  цаг1елбеш толамах  тешам!
2021
*****
Резванова Айза

Дуьхьал г1уо вай,
Б1аьсте йу д1о йог1уш,
Вайн лаьмнашкахула
некъаш дохкуш.
Маьлхан з1аьнарш лепа кхаьънаш дог1уш,
Лайнзезагаш лаьттахь
гучудохуш.

Дуьхьал г1уо вай,
Б1аьсте мара къовлуш,
Дегнашчуьра заза
сама доккхуш.
Сингаттаме г1айг1а
малхехь йойъуш,
Вайн сатийсам
б1аьстенна д1агойтуш.

*****


Рецензии