***

Резванова Айза

Даге

Дакъаза ма дала, кийрара хьо дог сан!
Х1унда хьо г1елделла, некъ юккъе баланза?
Ойланийн архаш а  йесалле хецна д1а,
Самукъне хилла аз, къарделла хеза схьа.

Г1о-накъосталлийна ма кийча дара хьо,
Г1ийланиг, мисканиг гергара вара хьан.
Ниет а хьан ц1ена, х1ун бахьна ду дохо,
Х1унда хьо къардели, эший хьо замано!??

Делла ма дала хьо, буо берах тарделла.
Сел миска хьо хилча, мила хир сан эла?
Хьох накъост тарвина, балхийна къа-бала,
Мила ву тешаме, сан сина кхин хьол а?!

Балано 1овжорах, дахар д1ахедаш дац.
Вон-дика ца херца  заманан бакъо яц.
Дакъаза ма даларг, сан дехар ду хьоьга.
Г1елделла дисарх а, дуоха ма дуохалахь!
2009

Резванова Айза
Нохчалла

Юьхь йоцчу къизалло сан дахар човхийча,
Хьо дагчохь г1оттура дог майра, нохчалла...
Мостаг1чо нуьцкъалла даш детташ хьовзийча,
Хьо майра г1оттура сан дагчохь, нохчалла...

1ожалла геннара б1аьргашчу къаьрзича,
Собарца г1оттура хьо дагчохь, нохчалла.
Хастам беш со Далла суждане яхача,
Иманца хьостура сан дог ахь, нохчалла.

Сан къоман дозалла, ницкъ болу нохчалла,
Лаьтта хьо сан деган ч1аг1онан б1ов хилла.
Муьлххачу къийссамехь толаме кхочу со,
Ахь тешам баларна, сий лекха нохчалла!
2014


Рецензии