Папк керла 5

Хаджимурадов Хьасан а, Мадина лоруш.

Нохчин маттахь, нохчийн махкахь комаьрша туой х1оттина,
Нохчин к1анта , нохчийн г1иллкхехь х1усаме нускал доссийра.

Цу шен туойне, марзуо иэца, жима - воккха кхайкхина,
Хьешан маршо ларйеш, лоруш,
Кегирхой  д1ах1иттийра.

Д1ах1оьттира доккха ловзар,
Хелхарна гуо табина.
Нохчийн маттахь, нохчийн мукъам айбеш пондар бийкира.

Нохчийн маттахь,  хелхаран бал, буолош верас г1аттийра.
Ши гуо боккхуш, хелхаран бал, цуо хьешашка кховдийра.

Вота - пондаро са айдеш, йаххьаш йиекхайаларца,
Кегирхой вовшашка  хьоьжу, б1аьргаш суйнех къиегина.

Цу х1усаман г1иллакх тайна, цу марзонах хьерчина,
Сан ойланаш т1емаш девлла, г1евтти и туой декъалдан.

Има - беркат декъала  диебаш, ирсе дахар шун хуьлда!
Хьасан, Мадина шун дегнийн, малх боьлийла, къегина!

Даггарчу ларамца, НКЪ - н а, РФ - н а йаздархо, Резванова Айза.
***

Дуьненан марзо, сан Нана!
Йоьду со хьох дог ца дилла,
Д1о г'енна, хийрачу  махка.
Сагатдан, хьоьга сатийса,
Ц1а еъча хьо гур ю мотта.
***
Резванова Айза

Ладоьг1уш ширачу иллешка,
Мажделла сарташ схьалуьстуш.
Ас лоьху д1айахна бералла,
Цу г1ене йуха сатуьйсуш.

Лаьмнаш а лилбаса дахана,
Стиглахь а кхин  хийцам бац.
Бералла хьо мичхьа йахана?
Цхьанхьа а хьан аз хазац.

,,Х1а, йалуо, йадалахь, сихха!"
Ца сихйо нанас а х1инца.
,,Хьада, йалуо, хьайн нене хатта,"
Ца олу, хан йаларх дас а.

Цкъа мацахлерра ду дериг а,
Б1аьсте а йуха кхечи.
Дахаран чиркх иэцна йахна,
Бералла йайна йели.
*****
Резванова Айза
(Аймани Айдамирова лоруш)

Мила ву Аймани  йовзанза?
Йа цуьнан озуо дог айданза?
И нохчийн къоман йо1, говзанча,
Аз долуш, зевнечу зарзаран.

Эшаршца син - марзо кхийдаеш,
И йеха вайн къоман сий лардеш.
Масал ду, б1е шераш довларах,
Вайн хир ду цунах дан дозалла.

Ларамца, Резванова Айза.
*****
Резванова Айза

Да виса хьан, пийлиг - пондар,
Ма къиза хьал х1отти  хьоьга.
Къарделла хьан диека аз а,
Уллехь воцуш кхиетарг хьоьха.

Ахь сов к1еда, мерзач озаца,
Дегнаш хьестар ца тай - те?
Йа хьан о'зуо биезам хестор...
Бале хьуна дели - те?

Мухха делахь а, къа хета хьох,
Кхоам бар - кха о'за хьан.
Цу къацхетарша хьо ийзош,
Ойла йац сан кхин д1а 1ие.

- Хезий хьуна, х1ей, Пондарча!
Пондаран аз талхийнарг.
Сацбе пондар, ца деш та1зар,
Ладоьг1учу нахана!

Цу пондаран озуо хьоьстуш,
Синтем хуьлу дегнашна.
Сел хат1 доцуш, ахь и ийзош,
Г1иелойо ахь адамашна.

Нагахь дера дог дарделлехь,
Мала сирла шовдана хи.
Амма ойла хьайн  к1адйеллехь,
Йалхайайта пондарие.

Мухху делахь а и пондар,
Ахь ларамца уозабе.
Цуьнца ду тхан дегнийн ловзарш,
Дагалецамаш самукъне.
*****
Резванова Айза

Шен къоман мотт ца хуучунна кхечу къаьмнийн мотт 1емар бац, и адам вайн махкахь кхиана делахь.
Шен къоман хиламех дерг ца хуучуьнан кхечу къаьмнашца дийца х1ума а хир дац.
Шен къам а, мотт а, мохк а безаш верг, муьлххачу меттехь а, массарна хьалха а сий долуш хир ву.
Шен къам лоруш верг, наха а лору. Наха лоруш верг сийлалле кхочу.
Дала Ша реза волчу тобанах дойла вай!
*****

Резванова Айза

Хи Беркат.
Хи а ду шена чохь са долуш.
Массо хи а, шен - шен босс болуш а ду.
Цуьнан ницкъ цуьриг а шеко йоцуш боккха бу. Ойла а йина, цу хих болу пайда а, зен а дуьстича, дуьненчохь доккха дакъа ду хих пайда оьцуш дерг.
Хи ца хилча йиш йац дуьнен - 1аламан.
Дуьненчохь хи алсам ца хилча, стигланаш а, латтанаш а лелхар дара.
Хир дацара бецан хелг а, адамаш, динаташ, олхазарш, акхарой а, цхьа а са долу х1ума юьсур йацара.
Хи ду массарна а са дие1а х1аваъ санна  оьшуш дерг.
Урр - аттал, х1аваъ а дакълур дара хи ца хилча.
Хи Дала вайна делла дуьненчохь уггар а  доккха беркат ду.
И лардан деза.
Хи бехдиначунна хуьлуш долу къа, доккха ду. И дуста,  уоза а кху дуьнена чохь барам хир боцуш.
Х1ора жима хи а ду доккхачу хих д1акхеташ а, цунах  схьадолуш а.
Т1аккха ойла йейша, и жима хи х1ордах д1акхетча, и х1орд санна дукха ма хуьлу и жима хи бехдиначо хьарчош долу къа.
Лардан деза хи. Иза Аллах1а вайна делла совг1ат дуйла а хууш!
Делан оьг1азлонах лардойла вай!
Дала Ша реза волчу тобанах дойла вай!
2021

Айза Резванова
Декъашхо хила

Сан Даймохк, со хьоьца еха,
Мерза са 1аьршашка даьлча,
Сирлачу седарчех ийна,
Буьйсанан бода къарбина,
Адамашка нур кхийдош сирла,
Хьан ц1еран,  декъашхо хила!

Сан Даймохк, со хьоьца еха,
Сих хаьдда, дилх лаьтта дижча.
Беркате, хьанал къа хьекъош,
Адамалла сайн букът1ехь дебош,
1илла, хьан лаьттан цинц хилла,
Хьан ц1еран,  декъашхо хила!

Сан Даймохк, со хьоьца еха,
Дахарехь хьан сий деш баьхна,
Доьзалшна яхь-иман хьехна,
Нанойн сий лаккха айдина,
Даймехкан сий динчех ийна,
Хьан ц1еран, декъашхо хила!

Сан Даймохк, со хьоьца еха,
Б1евнашна ч1аг1онна аьлла,
Иэшначохь т1улг метта дилла,
Тешаме дог кийрахь 1уьллу,
Совг1атна и хьуна делла,
Хьан ц1еран, декъашхо хила!
*****

Резванова Айза

(Тхайн денвешина,Резванов Русланна
(Адамна) лерина байт.)

Тхан хьоме Денваша!
Хьо - м ваций воккха.
Дегнашчохь тхан висна,
Хьо даима жима.
Жима ву хьо тхуна
Цкъа мацах хьалха.
Да - нана, йиш - ваша
хьан долуш санна.

Х1етахь хьо ма вара
доьзалехь жимха,
Ткъа х1инца висина
Хьо цхьаъ хьуо, цхьалха.
Хьуо везаш, хьистинчу
Марзонах хаьдда.
Хала - м хир ду хьуна,
Уьш боцуш ваха.

Делахь а ца витна
Хьо Дала а цхьалха.
Стом боцуш ца дитна,
Хьан бешахь зазза.
Йиш - вешийн доьзалех
Йуьйцина керт а,
Йу хьуна гуонаха,
Хьан амал хьеста.

Х1усамехь малх багош,
Ц1инана лела.
Т1е вог1у хьаша - да
Ца хеташ хийра.
Ткъа дуьне - м дуьне ду,
Мацца а дита дезаш.
Хьо саннач Денвашийн,
Пусар дан дезаш.

Хьо г1уоза вехийла,
Ца к1ордош ваха.
Кхолламо хьоьстийла
чов ца йеш дагна.
Хьо маьрша лоьлийла,
Ца хьовзош цкъа а.
Баланийн машано
Йийсаре лаьцна.

Могшалла лаьттийла,
Ца уозош хьаса,
Дог туохадаллал,
Лазаро цкъа а.
Тхан хьоме Денваша,
Вац хьо тхан воккха.
Амма ду тхан дегнаш
Хьо волуш токкха!
09.04.2023

Айза Резванова
Дахи вай

Дахи вай, адамаш, дахи вай,
Барт хили, хьаьг1наш д1айахи вай.
Делан ц1е даггара йаккхи вай,
Дуьне а къинт1ера даккхи вай!

Дахи вай, адамаш, дахи вай,
Даймехкан г1иллакхаш лари вай.
Оьздачу дай-наной ларам бай,
Ирсан мукъ схьа лаци, буйбе вай!

Дахи вай, адамаш, дахи вай,
Сина кхача вовшашца биекъи вай.
Дег - ойланаш маьрша йахи вай,
Ийманехь, бусулба хили вай!
*****


Рецензии