Керл папк 6
Даге
Дакъаза ма дала, кийрара хьо дог сан!
Х1унда хьо г1елделла, некъ юккъе баланза?
Ойланийн архаш а йесалле хецна д1а,
Самукъне хилла аз, къарделла хеза схьа.
Г1о-накъосталлийна ма кийча дара хьо,
Г1ийланиг, мисканиг гергара вара хьан.
Ниет а хьан ц1ена, х1ун бахьна ду дохо,
Х1унда хьо къардели, эший хьо замано!??
Делла ма дала хьо, буо берах тарделла.
Сел миска хьо хилча, мила хир сан эла?
Хьох накъост тарвина, балхийна къа-бала,
Мила ву тешаме, сан сина кхин хьол а?!
Балано 1овжорах, дахар д1ахедаш дац.
Вон-дика ца херца заманан бакъо яц.
Дакъаза ма даларг, сан дехар ду хьоьга.
Г1елделла дисарх а, дуоха ма дуохалахь!
2009
Резванова Айза
Нохчалла
Юьхь йоцчу къизалло сан дахар човхийча,
Хьо дагчохь г1оттура дог майра, нохчалла...
Мостаг1чо нуьцкъалла даш детташ хьовзийча,
Хьо майра г1оттура сан дагчохь, нохчалла...
1ожалла геннара б1аьргашчу къаьрзича,
Собарца г1оттура хьо дагчохь, нохчалла.
Хастам беш со Далла суждане яхача,
Иманца хьостура сан дог ахь, нохчалла.
Сан къоман дозалла, ницкъ болу нохчалла,
Лаьтта хьо сан деган ч1аг1онан б1ов хилла.
Муьлххачу къийссамехь толаме кхочу со,
Ахь тешам баларна, сий лекха нохчалла!
2014
Хьох дийца дезар-кх…
Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Хьомсарчу ненан дог хьоьстуш.
Кегийчу берийн б1аьрг белош,
Диканах дайн дегнаш тешош.
Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Дайн оьзда г1иллакхаш хьехош,
Даймехкан турпалхой хестош,
Доьзалшна барт, безам хьоьхуш.
Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Безачийн ойланаш юцуш.
Б1аьргашчохь ц1ерасуйнаш летош,
Безамах, ирсах дог дузош,
Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Куц хазчу 1аламах эебеш,
Зевне аз шовданех декош.
Хьо бийцар дуьненна хаздеш.
Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Пондарца мукъаме бохуш.
Иллешкахь сийлалла кхайкхош.
Хастам беш, Делан ц1е йохуш.
Хьох дийца дезар-кха, Нохчийн мотт!
Шен байташкахь Шейхис санна,
Г1апура Санеташкахь санна.
Нохчийн мотт! Хьох деш дозалла.
Суна-м хьо ца гина, лаарх ган нана,
Амал а ца евза, муха ю и,
Х1етте а б1аьргаша яздо хьан амат,
Цул хаза дуьненчохь х1ума дац кхин.
Хьан аз а ца хезна, сатийсарх хийла,
Саде1ар сацийна ладег1арх тийна,
Зов деъча сан лере, хьан озах ийна,
Цул мерза дацар-кха х1ума сан сина.
Ца карий хьан куьйгин ховхалла суна,
Хьо лоьхуш кхин наной къийларах мара,
Г1енаха хьо еъча сатийсам хилла,
Ма бовха кхаъ бар-кха сан дагчохь 1илла.
Дахарехь со хьегна, ца евза нана,
Дог хьаста, хьехар дан ас ехнарг хийла.
Ма ч1ог1а оьшу хьо декъазчу сина,
Йолахьа йовхо луш малх кхаьттачу денна
*****
Резванова Айза
Даге
Дакъаза ма дала, кийрара хьо дог сан!
Х1унда хьо г1елделла, некъ юккъе баланза?
Ойланийн архаш а йесалле хецна д1а,
Самукъне хилла аз, къарделла хеза схьа.
Г1о-накъосталлийна ма кийча дара хьо,
Г1ийланиг, мисканиг гергара вара хьан.
Ниет а хьан ц1ена, х1ун бахьна ду дохо,
Х1унда хьо къардели, эший хьо замано!??
Делла ма дала хьо, буо берах тарделла.
Сел миска хьо хилча, мила хир сан эла?
Хьох накъост тарвина, балхийна къа-бала,
Мила ву тешаме, сан сина кхин хьол а?!
Балано 1овжорах, дахар д1ахедаш дац.
Вон-дика ца херца заманан бакъо яц.
Дакъаза ма даларг, сан дехар ду хьоьга.
Г1елделла дисарх а, дуоха ма дуохалахь!
2009
Резванова Айза
Нохчалла
Юьхь йоцчу къизалло сан дахар човхийча,
Хьо дагчохь г1оттура дог майра, нохчалла...
Мостаг1чо нуьцкъалла даш детташ хьовзийча,
Хьо майра г1оттура сан дагчохь, нохчалла...
1ожалла геннара б1аьргашчу къаьрзича,
Собарца г1оттура хьо дагчохь, нохчалла.
Хастам беш со Далла суждане яхача,
Иманца хьостура сан дог ахь, нохчалла.
Сан къоман дозалла, ницкъ болу нохчалла,
Лаьтта хьо сан деган ч1аг1онан б1ов хилла.
Муьлххачу къийссамехь толаме кхочу со,
Ахь тешам баларна, сий лекха нохчалла!
2014
Йинчу денца….
Деган ЗЕЗАГ, ….
Малх схьа кхаьтча дуьне серла долий,
Зезагашца 1алам делало.
Хьо схьагича сан са маьрша долий,
Ойланаш самукъне екхало.
Х1ора де а, ас сайн ирсе лору,
Массо де а хьоьца декъал го.
Ткъа тахана, сан ирсан де, ГОРА!!!
Йинчу денца, ас хьо декъал йо.
Малхо хьоьстуш, серла яла б1аьсте,
Дуьне,1алам, хаздеш дахар хьан.
Безамах ца къаьсташ яха ирсе,
ХЬОМЕ Нана, деган зезаг сан!!!
*****
Ткъа суна – м….
Хуур дац цхьанна а,
Дог догуш леллийла.
Б1аьргаша даима ,
Хьан амат лаьхнийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Ломарчу шовданех.
Сох ойла кхарстийла,
Хьан деган дозанахь.
Хуур дац цхьанна а,
Ойланца яьхнийла,
Кхолламе дарбанна
Хьан безам бехнийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Малхах а къегина.
Хьан б1аьргаш дуьхьлара,
Дохк яйа яшийна.
Хуур дац цхьанна а,
Г1айг1ане эгнийла.
Малхо нур г1елдинчу
Баттах со кхеттийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Хьан деган бодашкахь,
Сатосучу седанах
Серлонца къага а.
Хуур дац цхьанна а,
Безамах хьегнийла.
Дог1анах йоьлхучу
Мархех а 1аьннийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Б1аьстенан 1алам а,
Хаздечу зезагах,
Хьан дахар кхала а.
*****
Резванова Айза
Н'ана, хьан ц1арца...
Малхо дай куьг хь'оькхуш, суьйре йижийча,
Буьйсанан х1усаме дуьне дирзича.
Беттасих йог1ий т1е, нур хьоьрсуш тийна,
Н'ана, ахь дуьгу са г1енашка сийна.
Б1аьстенан 1уьйре а хьан озах йека.
Зезагаш хьан хазчу аматах лиепа,
Шовданаш хьан сирла ойланех 1иена,
Н'ана, малх хьан куьйгийн йовхо луш къиега.
Заманах чекхдуьйлуш, г1иллакхаш деха,
Догзалла йоцучахь, марзонаш йуцуш.
Хьайн сих ахь са делла, т1аьхьенаш диеба,
Къуоначу дахарийн ирсе тхи муьйлуш.
Н'ана, хьан ц1арца до дуьнено некъаш,
Ахь дечу до1анийн къинхетам хьиекъаш,
Хьан дагчохь сий дуожарх лардойла, Н'ана!
Дала ша ницкъ лойла хьан сий деш даха.
*****
Свидетельство о публикации №224051100654