Керл папк 10
Сан лараме Йижарий! Вежарий!
Дагалаций вай!?
;;;
Вай (45 шарера дуьйна берш) кегий долучу хенахь(х1инца ца леладо иза бераша) ,,къошкъарий" йу олий, цхьана берана т1е муьшгалий а дуллий, иза шимма, йа кхаамма схьалоций, кхин долу ткъех бер т1аьхьа а х1уттий:
,,Къошкъарий йара йу
Дог1а луохьа Делий!
Х1ай - вайн к1ентий
Хьоькъийла Баба!
Амийн! Амийн!" - бохуш, нехан уьйт1а х1уьттуш лелара вай, буйна т1оьрмигаш а лоций. ;;(Кампеташ - м вайна йала а ца хуьлура х1етахь нахехь) пираьнг, мерза хьовла, пичени, наггахь кампет а, локъам - хьокхам, иштта кх.д1.а йуургаш лехьош, дог1а доьху бохуш, лелара. Т1аккха и вовшах кхеттарг, вовшелахь д1аса йоькъура, хилларш вовшашка дуьйцуш. Цкъацкъа дов долура берийн. Къошкъарийна хаьржинарг оьг1аз воьдура. Шена йезарг ца кхачийтача ,,хи к1елахь лаьттинарг ша вара" бохуш. Цхьана уьйт1а дахча цхьа йолчу зудчо цхьа воьдар хи тухара берашна т1е. Т1аккха бераш къошкъарий а йуьтий, д1аса довдура. Цу хих къаьхкий. Къошкъарийна билгал ваьккхинарг вашавора. Сихачу дог1анехь лаьттача санна. Наггахь раг1ун бог1амах д1акхетара, муьшгалий чохь воллург. Къошкъарийна хаьржинарг. Иштта масане ду уьш дагалеца. Ма ч1ог1а мерза хеташ йуура и х1уъу йелахь а. Меца дацара бераш х1етахь а. Х1етахь санна даах1ума а дац х1инца а. Амма берашца къийсалуш, ловзуш, цхьана йууш йара и мерза. Бералла йара и. Бераллера схьаиэца самукъа доцу къаналла, къен хуьлу. Дитийша и бераш кхаба а, даста а шайн иэхь - бехкечу зил т1е кхаччалц. Цу зилал а дехьа бевлла г1ур бац цхьанхьа а, х1инца вайл башха. Дика - вонехь вовшахкхетча, и самукъа дагалоьцуш, дуьйцуш деха 1а тхо х1етахьлера и цхьа йаккхина зама совг1ате хеташ. Саг1адоьхаргаш ца хилла вайх. Массо а х1уманна йу шен - шен зама. Иштта цу бераша вовшашца самукъа долуш, цу лучу дуьхьа хилла а цхьана йоккху йолу хан мехала йу.
Дала барт цхьаъ бойла вайн!
Суна лаьа бераш тхаьш долчу дахкийта а, тхай чохь долу бераш берех д1акхетта, дахийта а. И цхьа де ду вай царна луш дерг. Церан самукъа ду и.
И телефонаш д1а а хецна, уьш бахча доккха х1ума ду.
Дала т1аьхье беркате йойла вайн!
Ларамца!
Свидетельство о публикации №224051100785