Керла папк 11
Деган лазамех
Бехке вай ду. Вай берахь дуьйна ваьшка ладог1а 1амош бераш а дац. Телефонашка ладог1а 1амош ду бераш шо кхачале дуьйна. Буьйцуш а, хезаш а ненан мотт хила беза беранна.
Массо а воккханиг а, да - нана а ду вайн т1аьхье къоман амалах тилош. Вайн дайша а, наноша а вайна т1ехь ийманехь - кхеташ кхиорехь беш ондда болх бара.
Вайна даима дуьйцуш туьйранаш дара. Вайн къоман турпалхойх дуьйцура. Дайн лоррех дуьйцура. Тайп - тайпанчу хиламех дуьйцура. Лула - кулара нах лара 1амадора. Церан баккхийчу наха лелийнарг дуьйцура.
Иштта кхин а массане дара уьш.
Даима бераш цхьана хуьлура, ловзуш а, дитташ толлуш а бешашкахь. Даймахкаца гергарло лацийта, лаьмнаш, хиш , хьаннаш йолчу дуьгуш, массо йар а, хелг а, хиш, дитташ, олхазарш довзийтуш леладора.
Йууш йерг цхьана кедара йуура, вовшен багара йохуш. Ма марзо йара и. Тахана х1оранна а шен - шен бу кад, доьзалехь а. Йуург шен - шен чомехь тайеш йу. Нана а йац кхин башха цу доьзална сагатдеш. Цара йовха йуу - те, шийла йуу - те, бохучу ойланца?
Йуург муьлххарг йелахь а, ненан марзонца луш йерг хуьлу томехь а, чомехь а. Нагахь наной ноналла деш хилахь, дай дола деш а хилахь, къам нислур ду. Амма наной таханачул башха телефонаш чурий, салонаш чурий ара бовлуш ца хилахь, дай шайн чохь дола деш ца хилахь, вайн нохчийн къоман ц1е йарна кхоьруш, хьере йу - кх со. Со санна вайн баккхийнаш массо а бу, хетарехь. Амма берашна чохь хьехаме туьйранаш дуьйцуш, баккхийнаш а ца хеза.
Деша, х1ара киншка йеша, х1ара дика киншка йу. Кху т1ехь х1окху турпалхочух дуьйцу бохуш да, денваша а ца хеза.
Воккхачо гойту некъ бац берашна хьоьхуш.
Ишколашкахь хьехархой а бац берашна нийса некъ хьега буьтуш. Бехке баккхийнаш бу. Дай - наной бу.
Халахета. Дала т1аьхье беркате йойла вайн!
*****
Алхьамдулиллах1!
Кхин цкъа а т1е кхечи 1уьйре,
Кхин цкъа а ирс хили сан.
Хьаста вайн малх кхета дуьне,
Хан йаккха жил - 1аламца.
*****
Ца лало питанечу керистанаша дуьйцучуьнга ладоьг1уш, вайн Дайша лерина болчу эвлийаийн диканаш т1е ца лоцуш хилча. И вайн эвлийааш бу нохчий чохь и ц1ена, бусулба дин даржийнарш. Уьш шина, кхаа, йа пхеа шаранна а доцуш, ах б1е шо гергга хан йаккха боьлхуш хилла и 1илма 1амо, шайн ийман ч1ог1а хиларна. Собар доккха хиларна. Делан дин дезаш хиларна.
Шайн дай - наной а, йижарий - вежарий а, доьзалаш а ц1ахь буьтий, ц1енна бусулбан динах дерг, кхоччуш довза а, иза нохчийн къомана схьа дан а боьлхуш хилла уьш, и даккхий хиш а, аренаш а толлуш, 1аьрбойн махка.
Цу эвлийааша схьадеана и 1илма нохчий чохь даржош а хилла. Цара довзийтина вайна ц1ена дерг. Вайн дайша дехкина, адамаллийна аьхна долу, нохчийн г1иллакхаш а ду, цу Къор1ана т1ера схьа орам болуш. Т1аьхьарчу хенахь церан сий дайъа дуьйцуш долу питане къамелашка ладег1ар къилахь ду аьлла хета суна. Питана даржош берш бу царна луьйш берш. Цу Делан мостаг1ашка ладег1нарг галваларна кхерам бу. Ойла йеш хила веза х1ора а.
(Дала къайле ц1инйойла церан) Дени - шейх санна болу 1елам нах, эвлийааш вайна 1илма дахьаш баьхкина бу. Цуо кхачадо дериг а. Цу питанчашка ладоьг1уш, ца тешам, ца дашар кхолладели вайна йуккъехь. Барт иг1ий царга ладоьг1уш. Баккхийнаш бехби. Воккхачуьнга ла ца дуг1учо шен некъ бу хадош берг. Шен нах ца лоручо, шен сий ду дуожош дерг. Шен дайн лорах хаьддарг, некъах тилла лелар ву. Шен къомах дан дозалла доцуш верг, йахь йелларг ву. Дала ийман а, кхетам а, хьекъал а лойла вайна!
Резванова А.
Ларамца!
Свидетельство о публикации №224051100964