Керл папак 12
Мотт бийца лаьара цунна нохчийн къоман.
Баба, во Баба ахь дийцахь со кхетош.
Х1ун маь1на лелош ду ,,къонах" дош.
*****
Резванова Айза
Мацахлера ойланаш.
Ас хьуна сагатло аьлча,
Ахь: ,,иза пайдехь ду" олу,
Къамеле со хьайца йаьлча,
Къамел дар къилахь ахь лору.
Безамца со хьайга хьаьжча,
Малх хьежар хьуна сов долу,
Дийцахьа, сайн безам хьоьга,
Ас бийца, муьлха кеп йог1у?
*****
Резванова Айза
Ахь айхьа дайъара, кхуолийна,
Хьайн седанан нур...
Айхьа ахь дагийна, байъара
Хьайн ирсан к1ур.
Хьо вара хадийнарг хьайн некъ а,
Мерзачу рицкъах ,
Х1ун дахар лоьху ахь, чиркх баьгначу, нехан кхаьрчахь?!
Генара б1аьг бетташ, хьайн дуьхьа къиегачу малхе,
Хиерачух иэдалар доьхуш хьайн кийрарчу даге.
Хьайн ирсан да воцуш,
кхечуьнан ирс къаго хьоьгуш,
Х1ун ирс ду ахь лоьхург, ирс даьгна бисинчу кхерчахь?!
Собардай ойлайе, вухуверза сирлачу ц1ийне,
Дегак1оргехь бисина, карор бац - те, суй а ц1еран?
Гу буьххье йийлинчу барзах хьо, ма лиела хьере.
Х1ун безам хир бу хьан, д1ахадахь марзонан кхерчах?!
*****
Резванов 1аьрбин Айза
Г1атталахь тхан Даймохк, маьлхан нур хилий,
Г1атталахь, нохчичоь къагаеш хьайн...
Г1атталахь хьо Даймохк, синойн са хилий,
Доьналлехь г1атталахь г1азотан дайн!
Г1атталахь хьо Даймохк, аьрзонах лаьмнийн,
Кхарстабеш хьайна чохь ира б1аьрг дайн...
Г1атталахь хьо Даймохк, 1умар тур хилий,
Г1атталахь, д1а ц1анлуш амалех лайн!
Г1атталахь, машаре к1ай кхокха хилий,
Лаьтта т1ехь хьекъадеш беркате кхаш...
Мостаг1ийн дегнашна 1аламат хилий,
Хьасталахь т1е гулбеш доьзалаш хьайн!
Г1атталахь, тхан Даймохк, синкхача хилий,
Дебабеш хьайна чохь декъала дай...
Г1атталахь, хьайн къоман турпалхой ларий,
Майрра деш тоьшалла сийлаллех вайн!
Р.А.А.
*****
Свидетельство о публикации №224051100994