Керл папк 13
Ирсана кхаж баьлла
- Ассалам – 1алайкум, тхан сийлахь Даймохк!
Вевзарий хьуна со?
Суна хьо – м бевзара...
Хьох къастар ца лайна, ненан дог доьлхуш,
И б1аьрхиш цу кийрахь мийлинарг ву со!
Безамца хьан суьрташ, шен дагчохь хьоьстуш,
Шен кийрахь нанас хьо марзбинарг ву со!
1уьйренца дашочу з1аьнарийн маша
Хьан лаьмнийн баххьаш т1ехь цу малхо буцара.
Цу т1улгий ламанех, самукъне хьаьрчаш,
Кхийссалуш, и сирла шовданаш ловзура.
Бесс– бессара шакаршца эшаре дуьйлуш,
Юькъачу хьаннашкахь олхазарш декара.
Б1аьстенца аренгахь помбархат зезагийн,
Тхи муьйлуш, полларчий х1аваие г1уьттура.
Баьстенан зазанах седарчий къегий,
Бода д1акъехкабеш, бетта са даьржара.
Куц хазчу 1аламах Ойланца хьерчий,
Сан ненан са т1ома, 1аьршашка долура.
Хьоьгарчу марзоне сатийсам г1оттий,
Шовданийн аьзнашца мукъаме йолура.
Юха а къастаран бала т1е 1аьткъий,
Г1ерг1ачу Терках и елхаре йоьдура.
Стогаллин амал т1ехь, кхиуо къахьоьгуш,
Турпалчу къонахийн амалаш хьоьхура.
Дайн оьзда г1иллакхаш шайн кийрахь кхиош,
Бехачу мехкарийн сий лаккхахь гойтура.
Генарчу Сибрехахь, Хийрачу махкахь,
Даймохк, хьан ц1е йохуш, нанас дог лоьцура.
Ша хьегна марзо шен т1аьхьаьнна йоьхуш,
Даима до1ийца цо Деле доьхура.
Халонийн, харцонийн дозанаш эешош,
Ца къарлуш, Дег1астан Некъа со ваьккхира.
Мерзачу сих хедда, дилх лаьттах эелуш,
Шех хилла лаьттан цинц хьох тохар дийхира...
- Ассалам – 1алайкум, тхан сийлахь Даймохк!
Вевзарий хьуна со? Суна хьо – м бевзара....
Сийлахьчу хьан ц1еран декъашхо хила,
Нанас т1е диллина, хьан к1ант ву со!
Даймохк, хьан сий долчу ц1арт1е ц1е йилла,
Ирсана кхаж баьлла, нохчо ву со!
2012
Со жима бер санна ма г1ерта хьан деган йовхоне,
Геннара ма хьоьсту б1арз делла сан са хьан ховхалло...
Хьан деган корашка хьоду са, полланах айъалой,
Юху а кхерало, шийла ло ма хуьлу, сирла к1ай...
Дуьсур ду те сан са, лайчимаш санна шаьш хих даша?
Юьтур ю те ахь со, чим хиллалц кийрара дог дага?
Геннара беттаса нур 1енош лела вайн тидам беш,
Ас ц1енчу безамца хуьттур ду вайн некъаш, ирс эедеш...
Р.А.
Резванова Айза
Ленйоцчу марзонах...
Йо1а:
Ахь х1унда яьстира,
Сан маьлхан к1ажарш,
Гуьйренца шад бина,
Къевлинарш д1а?
Х1унда ахь йовхо луш,
Ницкъ бели даста,
Заза а, б1аьстенах,
Тардина де?
Х1унда хьан дийки аз,
Шовданех зевне,
Ладег1на т1улг баххал
Г1амарах 1ана?
Х1унда хьо шайт1ана
Мох хилла хьевзи,
Хелхаре аййина
Сан къоьжа зама?
К1анта:
Шераш ду генара,
И б1аьсте леха.
Зезагаш хьистина,
Эесехь хьо ехаш.
Суна-м хьо эшнера
Дахаран некъехь.
Т1аьххьара бисина,
Ирсан цинц бекъа а..
Йо1а:
Хьо дагалоьцуш сан
Б1аьргех хиш 1аьнна.
Сатийссам хилла сан,
Дахарал беха.
Дуьне а довзале
Вевзинчу хьоьга.
Ас дийца оьший те,
Сайн дагахь дерг,я...?
К1анта:
Б1ег1ийла дац суна,
Хьан дагчу кхийда.
Я шерийн баланаш,
Д1акхийдо хьоьга.
Ас муха хьаста те,
Тахна сайн ойла,
1еминарг сатийса,
Хьо йог1уш гойла?
Со лелла ойланца,
Хьоьца ирс тоьгуш.
Маьргонна хьан б1аьргийн
Нур лачкъо хьоьгуш.
Тахана зама сан
Яхнехь а гена.
Хьоьга сатуьйсуш со-м,
Ваха а ца 1ема.
Цхьаний:
Массо а безаман ц1арах,
Дог даго веа те, х1инца хьо?
Массо а къаьстинчу безамах,
Дог акха веа те, соьха хьо?
Массо а безаман марзонах,
Дог хьего веа те,хьо, сан?
Я ц1енчу безамах боккъал а,
Дог тешо кхечи те хьо!?
Р.А
Со ю тахна ...
Керла хаза совг1ат кхийдош,
Йаьсти кхолламо 1уьйре.
И синмарзо дагчу ийзош,
Со ю тахна самукъне.
Детийн буьртигех т1е1енаш,
Дог1у дог1а беркате.
Хьозарчий ду зевне декаш,
Бешахь токхе ю аьхке.
Накхар – мозий г1уьтту «зузз» деш,
Белхий бина, гулдеш моз.
Хенан х1оттам хийца кечлуш,
Малхах хили дашо х1оз.
Зезагаш а самадевли,
Воьхуш х1ора шайна т1е.
Полла хьийза парг1атбаьлла,
Марзо оьцуш зезагех.
Керла хаза совг1ат кхийдош,
Йаьсти кхоламо 1уьйре.
И синмарзо дагчу ийзош,
Со ю тахна самукъне...
2017
Х1умма дац иккхинчахь дог сан,
Диталахь ца тоьгуш вовшах...
Ахь йаьхна тираш и хотта,
Са хьостуш хилъеза моьтта...
Тегарах дашочу хьесаца,
Маха бу дагах чекхбохург...
Хилла чов йицъеш цу моьнаша,
Са ийзош бале а лоьцу...
Иккхинчахь дита ахь дог сан,
Кхин юха хир доцуш эккхар...
Р.А.
Резванов 1аьрбин Айза
Г1атталахь тхан Даймохк, маьлхан нур хилий,
Г1атталахь, нохчичоь къагаеш хьайн...
Г1атталахь хьо Даймохк, синойн са хилий,
Доьналлехь г1атталахь г1азотан дайн!
Г1атталахь хьо Даймохк, аьрзонах лаьмнийн,
Кхарстабеш хьайна чохь ира б1аьрг дайн...
Г1атталахь хьо Даймохк, 1умар тур хилий,
Г1атталахь, д1а ц1анлуш амалех лайн!
Г1атталахь, машаре к1ай кхокха хилий,
Лаьтта т1ехь хьекъадеш беркате кхаш...
Мостаг1ийн дегнашна 1аламат хилий,
Хьасталахь т1е гулбеш доьзалаш хьайн!
Г1атталахь, тхан Даймохк, синкхача хилий,
Дебабеш хьайна чохь декъала дай...
Г1атталахь, хьайн къоман турпалхой ларий,
Майрра деш тоьшалла, сийлаллех вайн!
Р.А.А.
Резванлва Айза
Бусулба адамаш, Исламан з1аьнарш,
Вайн дуьхьа кхоьллина, дуьне а, Дала,
Вайна ма къиега малх, дешиха 1енаш
Бетта са къагийна, вай хьестар дезаш...
Вай дезаш ма елла 1ожалла а Дала,
Шен хазчу ялсамане вай кхачар дезаш,
Вайн дуьхьа бу шуна, хьехам Къор1анан,
Вай - м, дезаш кхоьлланий, Ницкъболчо Шена!
Вайн дуьхьа ду шуна, ни1мат дуьненан,
Элчанан умматах кхоьллина, дезаш
Вайн дуьхьа ду шуна, де - буьйса хоьрцуш,
Керлачу х1аваъца, 1уьйренаш ястар а...
Бусулба вежарий, йижарий мерза,
Вайн дуьхьа ду шуна, дахаран некъаш...
Вайн дуьхьа синош вайн тиссар цхьана хьеса,
Вайх цхьанна са лазор, массарга кхачош...
Кху Делан дуьненахь йиш яц вайн дуоха,
Иманехь вай хилар бу боккха толам!
Къинхетам дегнаш чохь вайн вовшех боьлху,
И Делан къинхетам бу шуна, вай хьоьстуш!
Бусулба адам, Исламан з1аьнарш,
Аллах1а дезарца, вайн барт цхьаъ бойла!
Цу хазчу ялсаманийн нур серла даха,
Иманца, Исламца, вай декъал дойла!
2018
Резванова Айза
Сан санна лазамо дог 1уьйдуш йоьлхи - те мархаш,
Я лаьттах шовданаш дуьйли - те, сингаттам 1аьткъаш??
Мох бу - те, ца соцуш, балийна парг1ато лоьхуш,
Ду - те вайн кхолламаш цхьатера, дацарх мотт буьйцуш??
Зезаг а техкий - те, бецан куц кхалар - ъ ирс хеташ,
Олхазарш эшаре дуьйли - те, тийналлех кхоьруш??
Хьаннаша 1индаг1аш къуьйлу те, лечкъош къайленаш,
Ду те вайн кхолламаш цхьатера, дацарх мотт буьйцуш??
Р.А.А.
Цкъа ахьа йаздинарг
Ас дагчохь лардина...
Х1ора элп сай сина меха а хеташ...
Ахь дагчохь хьулдинарг,
Суна ма дазделла,
Вац те хьо тохара санна сох тешаш?
Нагахь хьуо ойланца хервеш цхьа бахьна,
Х1оьттинехь сох тешам буьтуш хьайн техка...
Сан дехар ду хьоьга, ца юьтуш мекха,
Алалахь д1аьвше дош, са даллал къаьхьа...
2019
Ахь х1унда ехира ойланаш сан малха,
Ткъа х1инца йити ахь г1айг1ане со цхьалха.
Резванова Айза
Дош ала говза вац бохуш,
Са айдеш олуш дош говза...
Йезна йо1 со бен яц бохуш,
Безамца дог дохуш ловза...
Сатийсам цхьаъ бен бац бохуш,
Соьцуш сан ойланехь мерза...
Ма говза леци ахь дог сан,
Мисараболат хьайх хилла...
Р.А.А.Резванова Айза
Со кура йаккхахьа,
Хьайн суна сагатло алий...
Дозалла дайтахьа,
Забрийна, гучу а валий...
Хетийтахьа к1енташна,
Къевссина йаккха хьуо воллу,
Мехкаршна моттийтахьа,
Ирсан да, сох хила йоллу...
Х1ун хуьлу хьуна, со,
Къагарах, са даьлла маьлха?
Х1ун хуьлу сан б1аьргаш
седарчех довларах серла?
Х1ун ду ахь аларах
Бегаш беш, со хьайна йеза,
Моттарг1а доцуш ткъа,
Суна - м, хьо, боккъал а веза....
Р.А.А
Резванова Айза
Бераллийн уьйр...
И вита ахь алахь,
Ю ас хьо юьтур,
Цуьнца ю сан деган
Марзонан уьйр.
Йиш ма яц д1ахада
Бераллийн туьйра,
Эесо и ца дуьйцург
Ю, деган къоьлла....
Къу берзан буьйса а
Ма йолу серла,
Хьох дагаюьйлучахь
Д1аяхна зама...
Седарчий самадовлу,
Гуонаха къегаш,
Лергдиллина, ладоьг1уш,
Беттасих дуьйцуш...
Ойланаш ийало,
Са карла дохуш,
Жималлийн марзоно
Дегк1орге охуш...
Ткъа зама д1аоьху,
Са мехах туьйсуш,
Бес - бесара сан некъаш,
Вовшеха тоьгуш...
Р.А.
Вешел а уллера доттаг1 ахь лацахь,
Хаалахь, гергарло доцуш хьо вуй...
Ваша а, доттаг1 а, цхьабоьсса ларахь,
Тешамна цаоьшу ахь баа дуй...
Р.А
Свидетельство о публикации №224051100995