25 папк керл
Д.Л.
Лен йоцу марзо….
Ахь х1унда яьстира,
Сан маьлхан к1ажарш.
Гуьйренца шад бина,
Къевлинарш д1а,?
Х1унда ахь йовхо луш,
Ницкъ бели даста,
Заза а баьстенах
Тардина де,?
Х1унда хьан дийки аз,
Шовданех зевне,
Ладаьг1на т1улг баххал,
Г1амарах 1ана?
Х1унда хьо шайт1ана
Мох хилла хьевзи,
Хелхаре аййина,
Сан къоьжа зама?
2
Шераш ду генара,
И б1асте леха.
Зезагаш хьистина,
Эесехь хьо ехаш.
Суна-м хьо эшнера,
Дахаран некъахь.
Т1аьххьара бисина,
Ирсан цинц бекъа.
3
Хьо дага лоьцуш сан,
Б1аьргех хиш 1ена.
Сатийсам хилла сан,
Дахарал беха.
Дуьне а довзале,
Вевзинчу хьоьга.
Ас дийца оьший те,
Сайн дагахь дерг, я…?
4
Б1ег1ийла дац суна,
Хьан дагчу кхийда.
Я шерийн баланаш,
Д1акхийдо хьоьга.
Ас муха хьаста те,
Тахна сайн ойла?
1еминарг, сатийса,
Хьо йог1уш гойла.
Со лелла ойланца,
Хьоьца ирс тоьгуш.
М1аьргонна хьан б1аьргийн,
Нур лачкъо хьоьгуш.
Тахана зама д1а
Яхнехь а гена.
Хьоьга сатуьйсуш со-м,
Яха а ца 1ема.
5
Массо а безаман ц1арах,
Дог даго веа те, х1инца хьо?
Массо а къаьстиннчу безамах,
Дог акха веа те соьха хьо?
Массо а безаман марзонах,
Дог хьего веа те сан хьо?
Я ц1енчу безамах бокъъал а,
Дог тешо кхечи те хьо?
6
Дог дохош хилла-кха безамо,
Ц1ена и хиларх а.
Дог 1овжош хилла-кха балано,
Мерза и хиларх а.
;;;;;;;;;;;;;;;;;;;;;;;;;;;;;;;;;;;;;;;;;;;
Хьо яра ас лаьхнарг, хьо яра,
Сина мерза ойланаш хьох тегна.
Г1енашца хьо яре сатийсар.
Ма дара, товжар а набарна
Хьо яра ас лаьхнарг, хьо яра,
Ца к1ад луш, ца к1ордош даима.
Хьан амат ас хьоьстуш хаддаза,
Ца дисна седарчий кхардаза.
Хьо яра ас лаьхнарг, хьо яра,
Б1аьргашна азаллехь цкъа гина.
Сан шераш хьо лоьхуш д1аихна,
Некъаш деш, со-м ваха ца кхиъна.
7
Гоьнийн генаш хецна лаьтта,
Вай бералехь доьг1на дитт а.
Го баьккхина хьала г1аьрта,
Синтарш кхиъна, цуьнца нисса.
Ас таханалц хьоь сатийсар,
Бахьна дац хьан кхарда дог.
Хьо цавицвеш даго къийсар,
Хилла даге кхийдаш дог.
8
Хьо йоцчохь сан ойла ца соцу,
Хьуна бен дог делац сан.
Хьоь болчу безамо са лоьцуш,
Йоккху хан сатуьйсуш ган.
Яханчу заманан куьзганахь,
Хьан суьрташ ас дагар до.
Сан дахар беккъа хьоь сатийсам,
Боккъал а, со-м к1ад ца ло.
Сан дагчохь хьо санна, хьан дагчохь,
Хиллий те со, ягош ц1е.
Я ю те хьо дууш лерина,
Хьо везаш г1елделла са.
Къиношлахь уггаре къилахь дерг,
Ду боху, безаман къа.
Доьху хьоь, жоп лохьа безамна,
Къинт1ера доккхуш сан са.
9
Серло йоцчу б1аьрг ца хьоьжу,
Безам боцчу дог ца кхевда.
Сан б1аьргаша хьо цхьаъ лоьху,
Хьан къайленех даго хьоьху.
Малхал сирла седа хир бац,
Безам боцчохь марзо хир яц.
Нагахь даге дог ца кхийдахь,
Б1аьрседарчий къага йиш яц.
1аьржа буьйса батто хьоьсту,
Малхо боьлуш 1уьйре йосту.
Безамо бен дог ца хьосту,
Сан ойланаш хьох ца къаьста.
11
Ма шело хьаьди схьа,
Хьо йолчу аг1ора,
Богучу маьлхан а,
Шех б1о къажжал.
Делахь а йовхонах
Х1уо хаало дагна,
Къегинарг, буьйсанан
1аьржаллехь санна.
Къу вац хьо ванне а,
Леринарг лачкъо,
Хьан б1аьргийн стиглашкахь
Ткъесс серло ловзу.
Х1етте а малх мелла
Ойланаш кхуоло,
Т1е уьду-кх мохь бетташ,
Йилбазан оза.
Кхоьлинчу сан б1аьогийн,
Г1айг1а а уозий,
Ца хадош, безмана
буьтуш цхьа хьаса.
Сан мерза лазамийн
Барамца дустий
Хилахьа сол говза,
Ирсе некъ харжа.
12
Дукх хан мА яцара, ц1е латош кийра,
Хьоьгара мохь баьлла, со орцуха кхаьчна.
Ткъа х1инца лаьтта со, 1адийча санна,
Йилбазан мохь бекна те лерехь сан?
Хьан озах тарбина везарна дагна,
Мох санна хьо волчу со кхаьчна д1а?
Со тилла хилла те, хьевзина корта?,
Кхаьрдинарг кхечи те, заманца соьга?
Сан деган хьекъалца барт иг1аш лаьтта,
Зама шех кхардош и хьо волчу г1ерта .
13
Дакъаза мА дала, х1ара г1уллакх дела1,
Хьо-м ч1ог1а г1ад дайна хийти Дог, цунна!
1аьнан чиллахь ахь лучу йовхонах къахкина,
Д1о новкъа доьдучу вире дог дасттал.
Ца даша меттиг бу, хьа-м цу кураллех,
Вайшинна-м ца кхаьчна декъазчийн дакъа.
Малх г1аьттина моттаделла, 1уьйре самаяллал,
Ю серло, йовхонна яц цуьрриг къоьлла.
Хьекъалах цаэерах, сонталлин цинц а,
Осалчу амалца лечкъарх а дог.
Делахь а вайшинца-м ца дог1ий харц леер,
1аьржаллехь къега-кх безаман т1еда.
14
Б1аьстенан духарца кечъеш сан гуьйре,
Сатийсам самабели юха а гойла.
Йихкинчу з1аьнарийн, шад баьсти малхо,
Шелонгахь заз дасттал, йохъеш сан ойла.
Готтачу урамехь, са парг1ат доккхуш,
Къаръели зама а, ца туьйсуш ког.
Т1аьххьара орамаш, кхалхарна кхоьруш,
Лардина ирс кхии, сина къоьлла.
Мехала бу тешам, дахарал беза,
Мехала ду г1иллакх, сина сирла малх.
Мехала ду адам, адамалла лоруш,
Лелош вверг, дегбаьрчехь стогалин дарж.
***
15
Хьо х1унда д1а тийна,
1ап-сап а доцуш.
Х1ун дижна вайн некъа
Со бехке лоцуш??
Хьажахьа сан дагчу
Б1аьргийн нур 1анош,
Хьайн ц1арах боьттинчу
Ломан бохь къагош.
Нагахь и ца эшахь
Бакъо ю харцо.
Сан деган шовданаш,
Аренца даржо.
16
Х1ун къайле ю те и тебаш ерг?
Б1аьрнег1ар хаддаза дега.
Х1ун ду те, хьан ойла хедош дерг,
Сан теша-м ма бели техка?
Сан ойла сов серла ели те?
Хьо некъан серлонах къаьхккал.
Я г1иллакх зилал т1ех дели те?
Хьо къайлах, сан ирсах кхардал.
Х1ун ду те, хьекъало хьоьхуш дерг?
Яхь ца 1а, лаг-кхор ца лоьцуш.
Селхана лаам сан толийнарг!
Хилалахь хьо шалхо йоцуш.
17
Эх1, хьо тешнабехк!
Ирбелла-м хилла некъ хадо.
Чалтанчан шалтанал,
Къизалла гулйина хьайчохь.
Делахь а, хьо ийши,
Эеший хьо, ц1еначу амало.
Шеко яц, Дела ву,
Массанхьа толош Верг бакъо.
20/09/2013
***
Дог 1овжош хилла – кха
Балано и мерза хиларх а.
Дог дохош хила – кха безамо,
И ц1ена хиларх а.
***
18
Ас б1аьргаш къовлу д1а,
Хьо воккхуш, сайн синан дола.
Со т1аккха ехха 1а,
Т1е тевжий, безаман огана.
Ойлано 1ехайой,
Сурт х1иттош сина мерза лаамех,
Сатийсам х1уьтту схьа,
Д1атоьттуш, сингаттам хиламех.
Цу муьргах ирс оьцуш,
Ехха 1а дерриг а дицлой.
Ткъа зама уьду д1а,
Уьду и болар а сихдой.
19
Ткъа суна-м….
Хуур дац цхьанна а,
Дог догуш леллийла.
Б1аьргаша даима ,
Хьан амат лаьхнийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Ломарчу шовданех.
Сох ойла кхерстийла,
Хьан деган дозанахь.
Хуур дац цхьанна а,
Ойланца яьхнийла,
Кхолламе дарбанна
Хьан безам бехнийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Малхах а къегина.
Хьан б1аьргаш дуьхьлара,
Дохк яйа яшийна.
Хуур дац цхьанна а,
Г1айг1ане эгнийла.
Малхо нур г1елдинчу
Баттах со кхеттийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Хьан деган бодашкахь,
Сатосучу седанан
Серлонца къага а.
Хуур дац цхьанна а,
Безамах хьегнийла.
Дог1анах йоьлхучу
Мархех а 1аьннийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Б1аьстенан 1алам а,
Хаздечу зезагах,
Хьан дахар кхала а.
20
Ахь нийса ца дийши
Сан б1аьгийн йоза.
Къорам ду ойланийн
Хьан дагца ловзар.
Сан лаам хиллера
Хьан амал йовза.
Гергарло х1илланца
Лууш яц дуоза.
Ахь нийса ца диши,
Сан б1аьргийн йоза.
Хьан зезаг кхиош дац,
Сан деган доза.
Д1абуьзна сан дагна
Йовхо лун малх.
Чекхболучу баттана
Эшац кхин ах.
21
Со ирсах ца хьаьгна,
Тоъъал сан хилла и дахарехь.
Т1ех 1енаш ца хилла,
Са дузош 1ийна, шен барамехь.
Кхин лах – ам ца делла,
Ца кхоош декъарх д1а нахана.
Наха - а ца дуьту,
Юха схьа ца кховдош саха.
Сайн ирсан да ю со,
Т1алам бо ас и ца дагийта.
Са дилхах къаьстачу
Дозанахь, цуьнан нур къагийта.
22
Хьо д1аводахь…..
Хьо д1аводахь,
Буьтуш Даймохк, нохчийчоь а .
Серла дуьйлуш,
Хьо ларвина седарчий а.
Лекхчу лаьмнех
Хьох йоьттина ойланаш.
Сингаттамца
Д1ахаьрцар – кха заманахь.
Хьо д1аводахь,
Юьтуш б1аьсте, зезагаш а,
Вайн ойланех
Ийна хилла шовданаш а.
Доггах боьлуш
Вай хьистина дашо малх а,
Са б1арзделча,
Леха дуьсур дахкарлахь.
Хьо д1аводахь,
Сан са диъна буьйса, де а,
Цхьана тайнарг,
Цхьана лайнарг дерриге а,
Ахь д1ахьолахь
Кхин ца дуьтуш т1ам хеца,
Суна генахь,
Ирсан декъахь, хьай ваха.
23
Хьо малх - сан цхьа дуьне хаьржина,
Со 1алам - йовхоно хьаьстина.
Хьо дог1а - латта хих 1абийна,
Со з1идиг- ахь ницкъ луш яьстина.
Хьо лам - хьайн къайленех боьттина,
Со шовда - хьан къайле аьхкина.
Хьо ирс - сан кхолламо кховдийна,
Со дахар - хьо совг1ат даздина.
Хьо безам - сан дагчу кхевдина,
Со ойла - марзонах хьаьрчина.
Хьо малх - сан цхьа дуьне хаьржина,
Со 1алам - ахь ирсах къагийна.
24
Марша г1о хьо…
(Забаре)
Марша ва хьо,
Б1аьгаш лаьхнарг, даго ваьхнарг,
Марша ва хьо,
Сан дог хьаьгнарг, сан дог эцнарг,
Марша ва хьо,
Сан дог доххол декъал хилларг,
Марша ва хьо,
Марша г1о хьо,
Хьайн са лаьттача.
Марша ва хьо,
Са айдаллал со 1ехийнарг,
Марша ва хьо,
Дог ца диллал со тешийнарг,
Марша ва хьо,
Маьлхан дийнахь некъах тилларг.
Марша ва хьо,
Марша г1о хьо,
Хьайн са лаьттача.
Марша ва хьо,
Со ирсе ян дакъа кхаьчнарг.
Марша ва хьо,
Со езначийн декъахь хилларг.
Марша ва хьо,
Ас ирс даллал дакъаза ваьлларг,
Марша ва хьо,
Марша ва хьо,
Хьайн са лаьттача.
25
Кхиъний те хьан деган бешахь
Зезаг а ирс дала суна.
Дисний те хьан ойланашкахь,
Безамах дош ала соьга?
Я ду те хьан б1аьргаш дуьхьалахь,
Диц дан ницкъ боцуш кхин сурт.
Мацца цкъа б1аьстено дагчохь,
Шен ц1арах доьг1на цхьа чурт.
Лаьар – кха цу чурта т1оьххулахь,
Цхьа седа сан ц1арах къага.
Сан санна дог дагош хьоьга,
Кхача сан безаман дагар.
26
Гакаев 1аьрби лазарнехь 1уьллуш,
забаре байт
Со-м мелла а т1е товжа меттиг а баьлла,
Хьан сирла хаамех кхаъ хилла 1ара.
Муха ю могшалла, сан деган йовхо?!
Хьо маца кхочур те, д1аайбан бала??
Хьо бен сох ца кхийти, ца хили ала:
«Ирсечу некъа т1е, ца кхоьруш яла».
Хьекъале хьан хьехам, бу дагна аьхна,
Хьо-м тхуна ц1ахь оьший, д1атолой вала!!!
19.12.2013
27
Къинхетам бейша…
Дижа, я, ма дижа лаьтта,
Бохучу ойланца дайй.
Х1аваэхь г1айг1ане, техкаш,
Эгаш ду лайн чимаш к1ай.
Бегаш беш, забрийна санна,
К1ез – к1еззиг уозадеш т1етт1а,
Ца доьхуш жоп, ца деш хаттар,
Датош ду, шелоно латта.
Цхьацца хир, кхаъ хилла 1аьнах,
Ца кхоьруш шелонах, лайх а.
Олхазар, дисна – кх д1о бенахь,
Тхов боцуш, б1аьрса а дайна.
Сих синан къинхетам байча,
Хьа бер те къинхетам вайх а?
Адамаш, хьадийша орцаха,
Шайн синойх къинхетам бейша!
28
Керла шо…
1а ду шийла, аренаш к1айъелла,
Адамаш ду к1айн полларчех,
Ойланаш айелла.
Базалг лаьтта нускалах кечъелла,
Керла шо ду, массо коре
Шех хаамаш бетташ.
Чиркхаш сега, кху дуьненан стиглахь,
Бетта нур т1е 1ена лаьтта,
Лайн седарчий къега.
Г1ура-дада, веъна к1айчу говрахь,
К1айчу говрах совг1ат хилла,
Берийн делар къекъа.
Буьйса сирла, дийшина дац б1аьргаш,
Жима-воккха, сакъералуш,
Д1ах1оттийна ловзар.
Кхаьънаш дохуш, уьду сахьтан цхьамза,
Беркате хьо хуьлда хьаша,
Кху дуьненан лаьттахь.
Марша да хьо, Керла шо,
Кху дуьненан хьаша.
Ду хьо деза совг1ат тхан,
Ду cан ирсан дакъа.
29
Ц1анончашна
(уборщицашна)
Ц1анончаш, зударий оьзда!
Шу лела адмалла тоьлла.
Аш лоьху и маьлхан серло,
Адмашна совг1атна кховдо.
Муьлхха а Делан са лорий,
Куьг хьокхий аш парг1ат доккху.
Ц1анончаш, шу оьзда наной!!
Шу долчохь дериг а тало.
Ц1ано ю езнариг Далла,
Шу ду мохк дешиха кхаьлларш.
Мерзачу кхаьънашца денна,
Хьоьстийла шун дегнаш Дала!
Ма гойла дахарехь цкъа а,
Шун ойла кхуолаеш бала.
Беркате дахарах доьлла,
Дехийла ирс долуш, г1уоза.
30
Хьан ц1арца…
Малхо дай-й куьг хьокхуш, суьйре йижича,
Буьйсанан х1усаме дуьне дирзича.
Беттасих йог1ий т1е, нур хьоьрсуш тийна,
Нана, ахь дуьгу са, г1енашка сийна.
Б1аьстенан 1уьйре а, хьан озах ека.
Зезагаш хьан хазчу аматах лепа,
Шовданаш, хьан сирла ойланех 1ена,
Нана, малх хьан куьйгийн йовхо луш къега.
Заманах чекхдуьйлуш, г1иллакхаш деха,
Догзалла йоцучохь, марзонаш юцуш.
Хьайн сих ахь са делла, т1аьхьенаш деба,
Къоначу дахаран ирсе тхи муьйлуш.
Нана, хьан ц1арца до, дуьнено некъаш,
Хьан б1аьргийн мотт буьйцуш, седарчий къега.
Хьан дагчохь сий дожарх, ларвойла, Нана!
Дала ша ницкъ лойла, хьан сий деш даха.
31
Ас хаьттарш до беллачарга,
Ас хаьттарш до, беллачарга,
Кешнийн кертахь йолалуш.
Хьолах дуьзна, дуьне лаьтта,
Ткъа шу ма дац, дист хуьлуш?
Делан кхелах ваьлла моьттуш,
Майрра дууш леллариг а.
Я хьарам дерг, шеха къаьстош,
Хьанал рицкъа лаьхнариг а.
Цхьа воккха стаг, хьаставелла,
Телхин лела моьттуш со.
Хаттар деш, вист хили соьга,
Хьаьнца къамел деш ю хьо?
Ас меллаша, жоп делира,
Хоийтуш сайн дагахь дерг.
Ас къамел до, беллачарца,
Кхето лууш, са чохь верг.
Дуьненан да ша ву моьттуш,
Хиллачарах, дисна ду.
Ткъа дуьненах 1еха ца луш,
Леллачара, дитна ду.
32
1аьби Гакаевс забарийн байт:
Беллачарга ма де хаьттарш,
Ахь ма дийца хьайна хетарш.
Хьан х1ун дисна кешнийн кертахь,
Белла 1оьхкурш ден бан г1ерташ.
Цулла хилахь дийначарца,
Къастадехьа луург царца.
Велларг 1уьллу парг1ата ваьлла,
Царга хоьттург хьера ваьлла.
Са даржале коше яьлла,
Йо1 хьо стена карзаха яьлла?
Г1уллакх доцчу мете х1уьттуш,
Са чохь мел дерг ахь д1а тоьтту.
Иймане хьо ян мА еза,
Белла нах ахь бита беза.
Талла еза теркан аре,
Ирсе хир ду керла мааре.
33
забарийн байт, Айзи жоп,:
Теркан аре елахь тайна,
Марта дагна хьоме ю.
Ткъа йовхарш а, аьлла-кх дайша:
«Дена тайнарш дика ю».
Кешнийн керта ца г1он ярий,
Къамел беллачарца дан.
Соьгар балех кхетахьарий,
И дог дууш леларг сан.
Дийца, ала меттиг боцуш,
Йоьду кешнийн керта со.
Беллачарал башха йоцуш,
Санна лела иза-м д1а.
Х1инца, суна накъост хилла,
Юкъарло хьох хилахь тхан.
Ас ч1аг1о йо, маре дина,
Лоруш, Хаз-к1ант, ала хьох.
Нагахь цунах г1улкх цахилахь,
Кешнийн керта со д1ахьо.
Кху дуьненахь хетарг хилла,
Кхочуш яц и парг1ато.
34
Хьох дийца дезар-кх…
Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Хьомсарчу ненан дог хьоьстуш.
Кегийчу берийн б1аьрг белош,
Диканах дайн дегнаш тешош.
Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Дайн оьзда г1иллакхаш хьехош,
Даймехкан турпалхой хестош,
Доьзалшна барт, безам хьоьхуш.
Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Безачийн ойланаш юцуш.
Б1аьргашчохь ц1ерасуйнаш летош,
Безамах, ирсах дог дузош,
Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Куц хазчу 1аламах эебеш,
Зевне аз шовданех декош.
Хьо бийцар дуьненна хаздеш.
Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Пондарца мукъаме бохуш.
Иллешкахь сийлалла кхайкхош.
Хастам беш, Делан ц1е йохуш.
Хьох дийца дезар-кха, Нохчийн мотт!
Шен байташкахь Шейхис санна,
Г1апура Санеташкахь санна.
Нохчийн мотт! Хьох деш дозалла.
35
Вевзарий хьуна …
- Ассалам – 1алайкум, тхан сийлахь Даймохк!
Вевзарий хьуна со? Суна хьо – м, бевзара.
Хьох къастар ца лайна, ненан дог доьлхуш,
И б1аьрхиш, цу кийрахь мийлинарг ву со.
Безамца хьан суьрташ, шен дагчохь хьоьстуш,
Шен кийрахь нанас хьо, марзбинарг ву со.
1уьйренца дашочу, з1аьнарийн маша,
Хьан лаьмнийн баххьаш т1ехь, цу малхо бузара.
Цу т1улгийн ламанех самукъне хьаьрчаш,
Кхийсалуш и сирла шовданаш ловзура.
Бес – бессара шакаршца, эшаре дуьйлуш,
Юькъачу хьаннашкахь, олхазарш а декара.
Б1аьстенца аренгахь помбархат зезагийн,
Тхи муьйлуш, полларчий х1аваэ г1уьттура.
Баьстенан зазанах, седарчий къегий,
Бода д1акъахка беш, бетта са даьржара
Куц хазчу 1аламах ойланца хьаьрчий,
Сан ненан са т1ома 1аьршашка долура.
Хьоьгарчу марзонах сатийсам хьерчий,
Шовданийн аьзнашца мукъаме йолура.
Юха а, къастаран бала т1е 1аьткъий,
Г1ерг1ачу терках и, елхаре йоьдура.
Стогаллин амал т1ехь, кхио къахьоьгуш,
Турпалчу къонахийн амалаш хьоьхура.
Дайн оьзда г1иллакхаш, шайн кийрахь кхобуш,
Бехачу мехкарийн, сий, лакхахь гойтура.
Генарчу Сибрехахь, хийрачу махкахь,
Даймохк, хьан ц1е йохуш, нанас дог лоьцура.
Ша хьегна марзо шен, т1аьхьанна йоьхуш,
Даима до1ийца, цо Деле доьхура.
Халонийн, харцонийн дозанаш эешош,
Ца къарлуш, Дег1астан некъа со ваьккхира.
Мерзачу сих хаьдда, дилх лаьттах эелуш,
Шех хилла лаьттан цинц, хьох тохар дийхира,
- Ассалам – 1алайкум, тхан сийлахь Даймохк!
Вевзарий хьуна со? Суна хьо – м, бевзара.
Сийлахьчу, хьан ц1еран, декъашхо хила,
Нанас т1е диллина, хьан к1ант ву со.
Даймохк, хьан сий долчу ц1арт1е, ц1е йилла,
Ирсана кхаж баьлла, нохчи ву со.
Свидетельство о публикации №224051201607