Керл папк 22

Резванова Айза
(Саидов Ризван лоруш)

Дитт кхадарах

Гуьйренан хазачу 1уьйренца схьакхечара Ризван, урам йистехь лаьттачу дитт к1ела. Шен кочахь, буйнахь а дитташ кходу г1ирсаш а болуш. Кхин хан ца йойъуш, сихха шен нийат кхочуш дан, дитт буьххье велара иза, буйна херх а лаьцна, йукъах дихкина шуьйра доьхка дара, шена болх бан оьшу г1ирсаш чу бохку кисанаш а долуш. Тукар а, джоммаг1а, га т1е уозош ма1ар а, урс, жима херх а, иштта кхин д1а йолу  к1алк1овсарш а чохь.

Дукх хан ца ийшира Ризванна и цхьа дитт ц1андан. Ца оьшуш дахделла генаш а, йакъайелла, кхозу дечигаш а д1а хедийна, генаш кхаьдда, чу воьссара иза, дитт т1ера. Т1аккха сихха и ша охьа йаьхна коьллаш йериг а дехьа, цхьанаметта гулйина, ц1е тесана, йагийра цуо уьш. Сихвелла, диттан гуо схьа ц1анбина, д1аваха иза туохавелча, тоххара дуьйна кхуьнан тидам беш, шайн кет1ара  г1ента т1ехь 1ачу вокхстага, мохь туьйхара кхуьнга.

- Жим къуонах, схьа вуолахьа суна улле цкъа, аьлла.
Ризван вокхстагана т1е вахара.
- 1уьйре дика йойла хьан, Ваша! Муха йу хьан могшалла? - хоттуш.
- Далла везийла хьо! Марша вог1ийла! Ма хазачу ойланца веана хьо кхузе. Хьо хьена ву? - хаьттара вокхстага.
- Делера салам - маршалла хуьлда хьуна а! Со лакххьара, Саь1идан к1ентан к1ант ву, жоп делара Ризвана.
- В'у? Дела реза хуьлда хьуна! Ма доккха г1уллакх ду ахь суна динарг!
Хьо сиха хир ву. Делахь а ахь диначу г1уллакхах самукъа даьлла, схьа кхайкха ас хьоьга.

Гой хьуна, тахана г1ора иэшна вокхстаг ву со. Ткъа ахь йуьхьт1е урс хьаьккхана, йуьхь ц1анйи сан. Куьйгин, куогийн ма1араш хедийна, са парг1ата даьккха ахь сан. Коьртара месаш  лергана, корта байби  ахь сан. Ч1арх аьлла, уьнех - 'энех ц1анвели со, ахь коьртера сингаттам д1а айбина, элара вокхстага.

Цуьнга ладоьг1уш а лаьттана, ойла йин'а, Ризвана вокхстаге хаттар дира.
- Ваша, со нийса кхети - те, ахь бохачух? Хьуна со хьашт велахь, хьан г1уллакх дан, со мукъа ву хьуна, элара Ризвана. Вокхстагана шегара г1о оьший - те, аьлла хеташ.
Т1аккха вокхстаг вист хилара, шен дагахь дерг хоийтуш.

- Ахь и дитт ц1андеш, хьоьга хьоьжуш, ойла йеш 1ара со. Тахана и дола цхьамма ца дича, сайна т1е куьг хьакха ницкъ боцуш, г1ора кхачийна,  вокхстаг ву со.
Со санна ду и дитт а. Шена дола дан ницкъ боцуш, цхьамма дола ца дича, х1аллак хир долуш. И г1уллакх ахь суна дича санна ду и дитт ахь кхадар.  Совнаха йолу 1алг1аж д1а йаьккхана, ахь и дитт парг1ат даккхар, аьлла вист хилара  вокхстаг.
Цуо бохучух т1аккха кхетта, иэхь хетта, к1еззига велакъежина, вист хилара Ризван.
- Ваша, доккха х1ума дацара иза - м. Шозза, кхузза а т1ех ваьллера со, цу дитте хьоьжуш. Цунна т1е куьг дахьа ка ца йолуш. Тахана Дала ка йаьккха сан и нийан кхочуш дан. Сайн а са парг1ат долу сан, иштта г1уллакх дар сайн нисделча. Бусулбачу стеган декхар ду дуьненан 1аламна 1уналла дар. Сайн декхар ду ас кхочуш динарг, элара  Ризвана.
- Хьо санна болу к1ентий ца хилча, х1аллак хир дара вайн 1алам. Боккха мел баьккха ахь хьайна.  Х1инца хьо чу ваг1ахь, сан хьаша хир ву хьох, элара вокхстага.
- Хьан ас кхочуш дан г1уллакх делахь, чу вог1ар ву со. Дацахь, сихуо ву со тахана. Болх бу сан т1е лаьцна, чекхбаккха безаш, олуш сецара, Ризван.
- Кхин г1уллакх дац. Сан г1уллакх ахь кхочуш дина. Кхин хан ца йойъу ас хьан т1аккха. Йуху а, Дела реза хуьлда хьуна! - элара вокхстага, даггара.
- Массо бусулбанна а хуьлда, Дела реза! 1адика йойла хьан, Ваша, - аьлла, д1аволавелара  Ризван.
Вокхстаг кет1ахь латта висара,  баркаллийца Ризванна т1аьхьа хьоьжуш.
*****

Резванова Айза

Цкъа мацах вай ший а  нисделчи цхьана,
-,,Ма кхийда сан дагчу!" - ахь сайга аьлча.
Цу дешан ойла йан  синкхетам боцуш,
Вас лаьцна йара со, сов оьг1аз йахана.

Цул т1аьхьа замано лаамаш кходуш,
Г1айг1ане йигича иэс даххал гуора.
Хийлаза и кхайкхам ойланехь г1уьттуш,
Сама белира сан кхетам, хьан деган хьолах.

Хьо бен сох кхета верг  цхьа а хир воцуш,
Шовданаш ас мийли сайн кийрахь хийла.
Замано 1амий со, кхин дош ца олуш,
Сайн бала, сайн деган пенашкахь къийла.
*****

Ма дагайоху суна каш чохь йаккхач санна, Саратовхь д1а йахана хан.
Х1ун хийцалур ду цигахь? Йеккъа аренаш ма йу уьш.
Дала аьтто бойла шун!
Дала 1алашдойла шу!

Цу саратов белхаш дан оьхура тхан да. Со а, сан ши йиша а йоьдара цуьнца. Цуо дуьйла ца бахара тхоьга. Тхуна иэхь хетара тхайн дех. Тхо цунна хало ца йан доьлхара. И со - м ц1ахь а ма даккхалора х1етахь атта. Суна алсам ницкъ хуьлара ц1ера йаьлла д1айахча. Ас са алсам гатдора, даймахка. Нохчийн къам дара сан дозалла. Нохчийн къомаца х1ора м1аьргонехь а хила лууш йара со. Сайн да - нана санна, йиш - ваша а санна дезара суна нохчийн къам. Нийсса тхаьш бечу балхе бен д1а ца хьожуш, цхьана а 1уьйрене а, суьйрене а тидам ца беш,  саратовхь айса йаьккхина хан, йелла, каш чохь йаьккхач санна хийтар суна, тхаьш ц1ехьа дохуш сайн са серладаларан ойла йича.

Арчибальд Мартанов
Но Вахид специально его не престрелил чтобы отдать его в руки правосудьи( хотя их у нас нет). Но Вахид доказал этим как и скем воюет Р.А - ия. Доказал этим преступником что война в чечне это давка народа с российской стороны. Что это престуление великой страны России. Тем что армия россии вот так воюет чеченским народом. Тоест, вообще не воюет а издеваеться, убивает и грабит народ. Абдулла Хамзаев (покойный главный адвокат) Росии, чеченец тоже погиб доказывая это преступление. Если бы они на то время не работали бы в должностях властей РФ - ции то они тоже могли бы оказаться в рядах преступников как и наши не винные братья погибшие зашишая наш народ. Но Вахид и Абдулла знали что они именно Будановым доказывают преступление великой России. Они героически поступили. Они знали что их не оставит Россия в живых. Но они не отступили России в свою очередь. Они доказали и свидетельсво в том что посадили Российского генерала Буданова забрав прямо с военной зоны.Так же и Темеркаев Юсуп прикрепился к этим героям. Дала г1азот къобал дойла церан! Дала декъал бойла уьш!
Вахид был убит до суда. Абдулла после суда погиб от давления. Юсуп поги мучеником.
*****


Рецензии