Папк керл 23

Цкъа мацах вай ший а  нисделчи цхьана,
-,,Ма кхийда сан дагчу!" - ахь сайга аьлча.
Цу дешан ойла йан  синкхетам боцуш,
Вас лаьцна йара со, сов оьг1аз йахана.

Цул т1аьхьа замано лаамаш кходуш,
Г1айг1ане йигича иэс даххал гуора.
Хийлаза и кхайкхам ойланехь г1уьттуш,
Сама белира сан кхетам, хьан деган хьолах.

Хьо бен сох кхета верг кхин цхьа хир воцуш,
Шовданаш ас мийли сайн кийрахь хийла.
Замано 1амий со, дош а ца олуш,
Сайн бала сайн деган пенашкахь къийла.
Р.А.А

Гакаев 1аьрбис язйинчу
байтана дуьхьал

Жоп

Теркан аре елахь тайна,
Марта дагна хьоме ю.
Ткъа йовхарш а, аьлла-кх дайша:
«Дена тайнарш дика ю».

Кешнийн керта ца г1он ярий,
Къамел беллачарца дан.
Соьгар балех кхетахьарий,
И дог дууш леларг сан.

Дийца, ала меттиг боцуш,
Йоьду кешнийн керта со.
Беллачарал башха йоцуш,
Санна лела иза-м со.

Х1инца, суна накъост хилла,
Тхан юкъарло хилахь хьох.
Ас ч1аг1о йо, маре дина,
Лоруш, Хаз-к1ант, ала хьох.

Нагахь цунах г1улкх цахилахь,
Кешнийн керта со а д1ахьо.
Кху дуьненахь хетарг  хилла,
Кхочуш яц и парг1ато.

89288973744
89289404200

Г1орийча сана лаьттара Салехь шайн ц1ийнан шолг1ачу г1опан балкона т1ехь, есалле хьоьжуш, ша шега къамелаш деш. Цуьнгахь х1ун бала бу хууш вацара цхьа а. Салехьан воккхахволчу вешин х1усамнана, меллаша балконан не1аре яхана д1ах1оьттира цо х1ун дуьйцу хаалууш. Салехьана цуьнан когийн тата а ца хааделира, иза шегарчу балано къарвинера. Къайлаха ладоьг1уш йолчу несана хезара, шеен марвашас ша-шеца ден къамел.
Салехьа доккха са а даьккхина элира:
- Хьич, маржа Роза я1-кх! Ма дагахь дацар-кха хьо лулахь ехар яра аьлла. Ма йиш яцар-кх, иза иштта хила, - олуш, шеен юьхь д1акъевлира цо, ши а куьг, б1аьргех хьаькхина, шеен б1аьргех девлла хиш д1а а дохуш. И цо дуьйцург хезна йолу нус, т1е яхара марвешина.
Цо шеен марваша, йишин амалехь маара а воьллина хьаьстира:
-Хазк1ант, ахь х1ун дуьйцу? Иштта ч1ог1а езаш яра хьуна иза?- хаьттира несо.
-Езаш яра хьуна и бохуш дерг хаьтта дезаш а дац. Со валлал езр-кха сунна иза. Тховса иккхина лир волуш, Делах ваьхьчи. Ас ч1ог1а мА бехира сайн йижаршка, мА дийцалаш и заахало сунна езаш йо1 ма ю иза. Сан ваша сиза ялаяхь со муха веха рву кху лулахь. Со вахалур вац. Ас ловр дац иза. Ткъа тахана, сан ницкъ бац-кх сайн ойла лачкъо. Соьга къийлалац-кха сайн безам. Иза муха хир ду?
Йоьлхуш 1ара, нус шеен маар вешех къа хеташ:
- Дуьххьара сунна Молдовехь евзина Роза. Со а Леча а куйнаш дохка вахача. Шен вешийца яра иза цигахь. Х1етахь жима яра иза. Делла дуьхьа мА хаза яра иза х1етахь а. Со иза ца гича мегаш вацара. Иза вайн г1алахь хилча гора сунна иза, миччахь хилчи а. Ткъа иза Молдовехь хилча, кемана билет а оьций воьдура со, лерина цунах б1аьрг тоха, цунна совг1ат а хьош. Ас телефон тухура цуьнан вешийга, иза кхеттачух тера дара ас лелочух. Цо телефон д1алора Розига. Ша ара волура. Кхин дукха къамел деш 1едал дацара Розин. Совнаха къамеле ца йолура иза. Со иза яло дагахь вара, делахь а, иза ц1еххьана мааре яхана олуш хезара сунна. Со ца кхийтира, иза муха йоьду мааре? Цхьаница а дийцина а, я дуьйцуш а заахало ду олуш а, мА яцара иза. И мааре яхана аьлча, и буьйса холчохь яьккхира ас. Шолг1ачу дийнахь ваг1ара со, церан юьрта. Суна цунах х1ума ца хиира. Нуьцкъала д1аелла хир ю, я ядийна йигина иза бохучу ойлано ца вуьтура со. Со безамо кхин ойла ян ца вуьтуш, хьере хиллера. Ши бутт бара со церан юьрта хуьттуш лела, Роза гаре сатуьйсуш.
Доттаг1аша олура соьга: 
-Салехь, ахь х1ун леладо? Хьо галл ваьлла лела теша? Неха зуда ю иза. Ахь лелориг д1ахаахь, цунах дов хир ду. Неха нахана гергахь а, вайн нахана гергахь а товш дац иза.
Сан жоп цхьаъ дара:
- Ас кхин х1умма эр дацара, сунна Роза лууш яхана, я ца лууш яхана хата лаьара.
-Иза муху яханехь а, неха долахь ю иза. Ахь лелориг д1ахаахь, цунах доккха дов хир ду. Т1аккха иза хьан маар вежаршка делира. Цара хьовзо ваьккхира со. « К1ант, кхин мА г1олахь неха долахь йолу зуда ларъян. Мартанхоша т1ера хеча яьккхина, мийра беттар бу хьуна» элира соьга Лечас. Со-м ца сецира, иза астрахане д1аяхана аьлча бен, Мартан т1е воьдучуьра. Цул т1аьхьа, цхьа шо даьлча, сунна хезара цхьамма олуш
«Роза яйра шена базарахь», аьлла. Т1аккха юха д1аболийра ас сайн Мартан т1е воьду некъ. Суна кхин х1ума ца оьшура, Геннара розех б1аьрг тоьхчий а тоам бийр бара ас. Безам къора а, б1аьрзий а, ницкъ болуш а хуьлу-кх. Иштта со леларх а, сунна цкъа б1аьрг тоха а ца яйра иза. Со г1ийла хан йоккхуш вара.  Цул т1аьхьа, ас чот ца йохош лоруш, ши шо, ворх1 бутт баьлчи, г1аларчу базарахь нийсса сунна маара эккха санна, хьалха х1оьттина лаьтташ яра Роза. Ч1ог1а хийца еллера иза, дакъаза яьллера. Сан дог лазаделира, цунах къа хетта.
Иза сайна, б1аьргашна гучура д1аяларна кхоьруш, ас сихо йира цуьнга хата:
-Вай, Дела хила церан шайн дена не1алт, хьуна х1ун дина цара? – делира сан багара.
-Х1ун хила сунна? Со ерг ю-кх со, - жоп делира Розас.
Цунна шех х1умма дийца ца лаьа хир ду аьлла со сецира. Делахь а дукха хаьттарш дира ас цуьнга, цо жоьпаш а делира. Суна кхаъ хилира иза марера йоьхна ц1а ярах, цунна бохам хиллехь а. Суна гуш х1ума дацара, сайна Роза кийрара сил а дукху езар бен. Со юха а денна Роза ган СА а туьйсуш, цуьнца сайн дахар дуоза лууш лелара со. Иза ц1а еъна хан а ялийтина, сайн дагахь дерг ас йишига дийцира. Со иза яло дагахь хилар а, иза йоцуш со мегарг ца хилар а.
 

Цхьа а кхетар вацара сох.

Х1унда аьлча, иштта безам хила йиш яцара. Болат санна волу со, тахана сана велхийна безам. Кхин лах а бела сан иза, ч1аг1 балар бен. 

Вехий те дуьненчохь
Дог дуьллий безамах.

Амма сайн г1алатна,
Къера со яцахь.
Со харц ю, къинхетам
Ма белаш сох.

Селхане ца йицъеш,
Таханалера хила.

Къизалла яцара сан дагца,
Цабезам-м цхьана а тайпа.
Сайх санна дог лазар-м дара,
Къа хеташ ц1еначу безамах.

Cан сагатло малх 1уьйренца гучуболуш,
Цу малхаца цу малхаца гучудолу амат хьан.
Хьоьца цхьана вай левзина урамашкахь,
Мел сатийсарх, мел сатийсарах гучу волуш ца го хьо.

***
Бералла алахьа хьо мичахь йисна,
Муьлхачу меттехь ас леха хьан аз.
Самукъа доцуш со лела хьох тилла,
Сан мерза доттаг1а, йолахьа ц1а.

Мацах цкъа тоьганаш деш, тайниг кечъян,
Кийсигаш яьхначохь ас кучах ненан.
Ткъа Нанас дов динчу метте со кхаьчча,
Хьох дисна цхьа б1аьрхиш-м карийра сунна.
И  х1усам,  я нана а ца карий цигахь.
***

Посвящаю подругам
Ирине и Лайле

Иду, брожу, в родном краю,
Негде себя, не нахожу.
Вот  отчий дом, и детство в нём,
Того,  другого,  не моё.

Ну что же это? Где искать?
Нельзя же детство потерять?
А может там, вдали от нас?
По мне тоскуя, мочит глаз?

Ах, сколько зим, и сколько лет!!
Ждала я этих добрых весть….
Ну, здравствуй, Ирочка!  Привет!
Ведь чудеса, на свете есть,

Подруга детства, добрых лет.
В тебе, неугасимый свет.
И детских лет я узнаю,
С тобою, радость нахожу.

Судьба, тебя  благодарю,
За жизнь, за эту доброту!!!

Маржа дьуне…

Хьайн х1усамехь тхо т1е оьций,
Даош, малош ахь тхо кхиадо.
Кхиъна девлча, хьуна бали довлий,
Хьо бухдаккха оха хьийзадо.

Цхьаъ малхана м1араш къовзо воьду,
Важа седа баккха тийсало,
Ткъа кхозлаг1наг латта дат1о г1ерта,
Чо-конах а, лууш баккха чам.
 
Эзар шераш ду хьо лаьтта Дуьне!
Хьох чекх бевлла эзарнашкахь нах.
Мелл-эец баьхна ц1ий мийлинарш хьоьца?
Я х1ун даьхьна цара шайца д1а?

Х1ай адамаш, кху дуьненан хьеший!
Дуьне, эхарт Делан ши ц1а ду.
Аш х1ун къуьйсу? Ма хилийша хьерие!
Вай эхарта денна оьху чу.

Резванова Айза

Ахь х1ун дуьйцу?
Къаста деза бохург?
Деган безам…!
Са чохь доллург…!
Муха…?
Сел гергара…,
Гена яьлла хьега…,
Мичахь леха беза даго ницкъ а?

Гиний хьуна, къаьсташ 
1уьйре  малхах,
Ц1ергахь йогуш, 
Мархех 1енош хи.
Ткъа айделла,
Ша хьоьстуш де леларх а,
Cихлой суьйренга д1акерча и.

Дехарш деш,
З1аьнаршца когех хьаьрчаш,
Суьйре сецош,
Ц1елла керчарх малх.
Суьйре йоьду, 
Буьйсанах д1аэелой,
Кхоллам боцчу
Безамах тарлой.

***
Сирла бутт ма къега...
Буьйса  хьоьстуш,
Седарчий  д1аухку,
Кечъеш и.
И-м безам бай,
Хиларх к1ай я 1аьржа,
Даго къастийнарг бен,
Ца гуш кхин.
***
Гена вели, селханал а гена,
Даго вицви, бицбеш лазам шен.
Вай девзина де а, диси деса,
Мелан кховдо х1умма доцуш шех.

Д1о стиглара, седа нуьре къега,
Тов и цуьнгахь, даге кхийдош кхаъ.
Амма безам, ахь кхин цкъа ма бийца,
Тешам боцчо хьехо бац и хьакъ.
***
Собаре, оьздачух,
Лам санна, собаре,- олу,
Зоьрттала, тоьллачух,
Лам санна куц долуш,- олу.
Ницкъ болуш, майрачух,
Лам санна доьналлехь,- олу,
И дериг хилчи хьох,
«ламан к1ант» х1унда ца олу?

Хьох тешош лур бара,
Ас хьоьга д1о дашо малх.
Шеко а яцара,
Ма ирсе хир бара нах.

 
Резванова Айза
Бакъо яц…
(Ахмадов Русланна лерина)
Къонахий хьехочохь бакъо яц,
Хьох дош ца ала.
Лар леха дезаш дац,
Б1аьрг хьоьстуш лаьтта хьан г1ала.
Маьлхан нур ахь делла,
Адамаш ду ирсах кхаьлла.
Хьан дахар эрна дац, вог1у хьо,
Адамалла тоьлла.
 
Декъал веш тахана хьо винчу денца,
Дуьне а къагийна малх баьлла серла.
Хьо г1оза вехийла, декъала хилла,
Тхан ваша, диканиг, тхан ирсан седа.

Ден-ненан, йиш-вешийн,
Лаамаш, ца тоьттуш гена.
Генарниг хьайн деган марзонца,
Т1евоьхуш герга.
Эзарнаш седарчех къегина,
Нур седа санна.
Хьан деган йовхо ю,
Синтеме, йовхо луш, дагна.

Хьо веха дуьненчохь,
Кхин долу адамаш санна.
Мерза а, къаьхьа а лазамаш,
Т1е1аьткъаш дагна.
Хьан оьзда г1иллакхаш,
Лоьрийла, вайн везчу Дала.
Руслан, хьан сийлалла къегийла,
Ирс дуьйлуш серла.

15.08.2013.

Марзонца....

(Алханова Майсина)

Майсик, Майсик, хьомениг,
Хьо сан деган цхьа киртик.
Зама едда йоьдуш ю,
Вай ца гуш 1ер муха, и?

Тахна-кхана бохуш даго,
1алашонца  некъаш до.
Ткъа кхолламо шенаг къаго,
Деган некъаш хедадо.

Куьг кховддол бен яц кхи генахь.
Вайша-м вовшен т1е ца кхача,
Зама кхаччалц уьду-кх ши хи,
Вовшах кхета сатийсамца.

Шовдана чохь жовх1ар санна,
Ойла къегаш дагчохь хьох.
Со цу ирсах х1унда хьогу,
Вайша йоллушехь са чохь.

Майсик, Майсик! Дукха яхарг,
Хьо хилалахь х1инца чохь.
Б1аьрг, дог хьаста со хьо йолчу,
Йог1у 1аба марзонах.

Хаза кхаъ……

Даймохке йоллу со,
Хаза кхаъ баккха,
Боданах къастийна,
Са маьлха даккха.
Йоллу со пхенашчохь,
Ц1ий ловза даккха.
Ирс даьгна цахиларх,
Тоьшална х1отта.

Даймахкахь йоллу со,
Са маьрша даккха.
Тешаме к1ентан ц1е,
Иллешка яккха.
Йоллу со, баркаллин
З1аьнаршца г1атта,
Вежарийн сий дина,
Х1олламах латта.

Даймахках йоллу со,
Марзо, ирс эца.
Сина т1емаш даржийна,
Ойла д1ахеца.
Сайн дагна гергара,
Адамаш деза.
Дог  1абош, шовданех,
Церан сих кхета.

Марзонан кхел…

Хьох бина сайн сина хьегам,
Хилла хьан безаман лай.
Леллера со жимчохь дуьйна,
Хьо гар а ирс хеташ сайн.

Сан дог а шех кхача хила,
Латтинарг  безамна хьан.
Дити ахь са туьйсуш 1илла,
Байина дуьненах чам.

Шерашкахь къийлина ойла,
Сатийсам, и мерза хан.
Ца туьгуш 1одика-гойла,
Д1аели шех хилла г1ан.

И яра безаман амал,
Йовр йоцчу марзонан кхел.
Ца бустуш сан синан барам,
Дог къуьйлу цо хьийзош гел.

Дезчу денца….

Б1аьсте  еъча дуьне серла долий,
Зезагашца 1алам делало.
Хьо схьагича сан са маьрша долий,
Ойланаш самукъне екхало.

Х1ора де а, ас сайн лору ирсе,
Массо де а хьоьца декъал го.
Ткъа тахана, сан дахаран совг1ат!
Дезчу денца ас хьо декъал йо.

Стигла яла т1емаш ас ца лоьху,
Сан ойланаш тахна сирла ю.
Ас кхин марзо дахарехь ца йоьху,
Хьоьца ю сан марзо дахаран.

Малхо хьоьстуш, серла яла б1аьсте,
Дуьне,1алам, хаздеш дахар хьан.
Безамах ца къаьсташ яха ирсе,
Хьоме Нана, деган зезаг, сан!

Ча-баба сана цхьа, оьг1азе,  буьрса,
Д1аетташ къилбехьа дог1ане кхес.

***
Аьхкено лелийна, тишделла 1алам,
Мажделла баьццара кузаш.
Зарз еллачу  мархех чекх дуьйлу ладарш,
хебайо малхо шен з1аьнарш.
***

Сан дог дуург….

Малх схьакхеташ и чу бузуш,
Хенаш хуьйцу замано.
Ворх1 дуьненна го туьссийтуш,
Ойла йойту безамо.
Экаме дог кийрахь сецош,
Хьан амалах эело со,
1ехало хьан б1аьргийн лепарх,
И безамца хеталой.

Схьахьажа х1ай, сан дог дуург,
Цкъа дог хьостуш елало.
Хьо схьагича сакъералой,
Сан са малхах д1екхало.
Де-буьйсанах ца къасталуш
Къийсамехь ю ойланаш.
Деган лаам къобал бехьа,
Вайн безаман ойла яй.

Гена, гена уьду зама,
Цуьнца яхье дуьйлу вай.
Безамца ирс ца карийча,
Хета дахар деха т1ай.
Сан са хьийза, сан са гатло,
Лаьа теша ирсах вайн.
Йола соьга сан дог дуург,
Вехьа ирсе безам лой.

Ас буьйцур бу сайн ненан мотт,
Ненан марзо цуьнца ю.
Ас хьоьстур бу сайн ненан мотт,
Ненан йовхо цо луш ю.
Ас лорур бу сайн ненан мотт,
Нене безам цуьнца бу.
Сан нохчийн мотт, сан ненан мотт,
Цаьрца го Даймехкан сий!!!

Хьох дийца дезар-кх…

Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Хьомсарчу ненан дог хьоьстуш.
Кегийчу берийн б1аьрг белош,
Диканах дайн дегнаш тешош.

Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Дайн оьзда г1иллакхаш хьехош,
Даймехкан турпалхой хестош,
Доьзалшна барт, безам хьоьхуш.

Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Безачийн ойланаш юцуш.
Б1аьргашчохь ц1ерасуйнаш летош,
Безамах, ирсах дог дузош,

Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Куц хазчу 1аламах эебеш,
Зевне аз шовданех декош.
Хьо бийцар дуьненна хаздеш.

Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Пондарца мукъаме бохуш.
Иллешкахь сийлалла кхайкхош.
Хастам беш, Делан ц1е йохуш.

Хьох дийца дезар-кха, Нохчийн мотт!
Шен байташкахь  Шейхис санна,
Г1апура Санеташкахь санна.
Нохчийн мотт! Хьох деш дозалла.

 
Вевзарий хьуна …

- Ассалам  – 1алайкум, тхан сийлахь Даймохк!
Вевзарий хьуна со? Суна хьо – м, бевзара.

Хьох къастар ца лайна, ненан дог доьлхуш,
И б1аьрхиш, цу кийрахь мийлинарг ву со.
Безамца хьан суьрташ, шен дагчохь хьоьстуш,
Шен кийрахь нанас хьо, марзбинарг ву со.

1уьйренца дашочу, з1аьнарийн маша,
Хьан лаьмнийн баххьаш т1ехь, цу малхо бузара.
Цу т1улгийн ламанех самукъне хьаьрчаш,
Кхийсалуш и сирла шовданаш ловзура.
 
Бес – бессара шакаршца, эшаре  дуьйлуш,
Юькъачу хьаннашкахь, олхазарш а декара.
Б1аьстенца аренгахь помбархат зезагийн,
Тхи муьйлуш, полларчий х1аваэ г1уьттура.

Баьстенан зазанах, седарчий къегий,
Бода д1акъахка беш, бетта са даьржара
Куц хазчу 1аламах ойланца хьаьрчий,
Сан ненан са т1ома 1аьршашка долура.

Хьоьгарчу марзонах сатийсам хьерчий,
Шовданийн аьзнашца мукъаме йолура.
Юха а, къастаран бала т1е 1аьткъий,
Г1ерг1ачу терках и, елхаре йоьдура.

Стогаллин амал т1ехь, кхио къахьоьгуш,
Турпалчу къонахийн амалаш хьоьхура.
Дайн оьзда г1иллакхаш, шайн кийрахь кхобуш,
Бехачу мехкарийн, сий, лакхахь гойтура.

Генарчу Сибрехахь, хийрачу махкахь,
Даймохк, хьан ц1е йохуш, нанас дог лоьцура.
Ша хьегна марзо шен, т1аьхьанна йоьхуш,
Даима до1ийца, цо  Деле доьхура.

Халонийн, харцонийн дозанаш эешош,
Ца къарлуш, Дег1астан некъа со ваьккхира.   
Мерзачу сих хаьдда, дилх лаьттах эелуш,
Шех хилла лаьттан цинц, хьох тохар дийхира,

- Ассалам – 1алайкум, тхан сийлахь Даймохк!
Вевзарий хьуна со? Суна хьо – м, бевзара.

Сийлахьчу, хьан ц1еран, декъашхо хила,
Нанас т1е диллина, хьан к1ант ву со.
Даймохк, хьан сий долчу ц1арт1е, ц1е йилла,
Ирсана кхаж баьлла, нохчо ву со.

Маьлхан бен….
(лерамца)
Хазаза-м дацара, кху маьлхан бенах,
Я газа дацара, беркатан дебар.
Къера ю хьогамна, б1аьрг хьаста лиънера,
Син герга, марзонга сатийсам хиллера.

Кху юьртахь кхиънера, къонаха мехкан,
Во1, ваша, дика да вайн нохчийн къоман.
Ца хеташ шен халкъан маршонан меха,
Цо са д1аделлера, ца кхоош дег1ан.

Къийсамехь толамах ойланаш тешош,
И дага вийлинчу лаьмнех б1аьрг тоха.
Сел мерза, и безам, Даймахке кхуллуш,
Цуьнан дог дузийна, марзонаш йовза.

Ахьмад-Хьаьжа жималлехь хьистина латта,
Доггаха сий дина, куьг хьокхуш хьаста.
И къонах кхиинчу, гонах б1аьрг тоьхна,
Мохь тухуш, сайн деган хорамаш баста.

Даймехкан сий динчу къонахийн хьаьттахь,
Ахьмад-Хьаьжа хьалхарчу мог1арехь лаьтта.
Декхар ду, цуьнан ц1е яьккхинчохь халкъ а,
Цуьнан сий-ларам беш, х1олламех латта.

Ткъа тахна Ахьмадан во1 малхах г1аьтти,
Дикчу ден даггара Нохчийчоь хьаьсти.
Ден лаам кхочуш би, сий лаккха айди,
Дуьненна вайн къоман сий-ларам гайти.

Делаца гергарло Рамзана ч1аг1ди,
Маьждигаш тодина, хаздеш д1ах1иттий.
Берийн дог хьастар а, шолханиг лери:
Уьш ирсах кхелина, седарчех къагий.

Самукъне ду махкахь, б1аьстенах сирла,
Полларчех айделла, адамаш лела.
Делера къинхетам, совг1ат Цо делла,
Рамзан! Вайн Дала ша, хьо 1алашвойла.

Хазаза-м дацара, кху маьлхан бенах,
Я газа дацара, беркатан дебар.
Къера ю хьогамна, б1аьрг хьаста лиънера,
Син герга, марзонга сатийсам хиллера.

Хоси-юрт! Ирс бухах дуьйлу хьост, мехкан,
Дебийла хьан беркат, садуьйлуш денна.
Ийманехь кхуьийла, яхьйолу доьзал,
Нохчийчохь машаре малх бохуш серла. 

2012

Назма

Б1аьрса а лахделла,
Т1евеънарг ца вевзаш.
Хьекъалах  тилла со,
Хиллачух цакхеташ.
Тхьузбоьлла соьцу мотт,
Ца керчаш ала дош.
Я Рабби, яАллах1!
Къинхетам белахь!

Ойланаш гулъелла,
Даге барт хоьттуш.
Кийрара дог хеба,
Дагаро морцуш.
Со Хьоьга кхойкхуш ю,
Са карзах дуьйлуш.
Я Рабби, яАллах1!
Къинхетам белахь!

Со орца лоьхуш ю,
Малхе б1аьрг хьежош.
Мерза са 1ехош ю,
Кхачанаш хьехош.
Дилхан дог хьоьсту ас,
1ожалла чехош.
Я Рабби, ЯАллах1!
Къинхетам белахь!

«Велларг бен вац»,- олу,
Валарах ваьлла.
Седарчийн лепар а,
Кхуоларшка даьлла.
Сан деган мерзаш шун
1одика йойла.
Я Рабби, яАллах1,
Къинхетам белахь!!

Яздархочунна 

Синкъераме, синкхетаме,
Къинхетаме, къинхьекъаме,
Ойланаш хьайн дагчохь кхиийна,
Уьш йоькъуш адмашна диканна.
Ма ирс ду – кха,  хьо махкахь кхиар,
Хьо вахарг,  дуккха а, диканца.

Яздархой а,  арздархой  а,
Яздахойн ц1ергаш а, къарздархой,
Бу киншкийн киланаш юхкуш,
Ешархойн сих м1араш  юьхкуш.
Ма ирс ду - кха, хьо махкахь кхиар,
Хьо вахарг, дуккха а, диканца.

Со теша и байташ  кхоллало,
Хьекъале болх бойтуш хилча.
Са а дегош, дош – ам алало,
Стогалло  бен дагчохь бича.
Ма ирс ду – кха, хьо махкахь кхиар,
Хьо вахарг, дуккха а, диканца.

Кхузахь
Къинхьекъаме  – ойла йойтуш, к1оргера маь1ана долуш.
Арздархой –  Шайн 1ийжамех язбеш берш, рифма а, ритма а,
поэзии а йоцуш.
Ц1ергаш – яздархойн  ц1арах  лелаш берш.
Къарздархой – адамийн са ца хьосту байташ язъеш берш.

Со схьакхечи

Cо схьакхечи,
Ткъа са цигахь дисна сан,
Кхин ца 1ебаш,
Итум-Кхалийн хазаллех.
Ницкъ ца кхочуш,
Къаста лаьмнех, шовданех,
К1еда, мерза,
Адмийн амалех.

Со схьакхечи,
Ткъа са цигахь дисна сан.
Юха йоьхуш,
Логехь соьцу мерза чам.
Б1аьргаш хьоьжу,
Генахь дисна и сурт ган,
Дуьхьал туьйсу
Г1енаха а, и Башлам.

Со схьакхечи,
Кху Мартан-т1ехь
Диснарг дан.
Амма  ойла
хьоьца йисна
Сан Марем.

Да виса хьан….
Тешна – бехкаца вийначу нохчийн поэтна,
сий долчу хьехархочунна,
Ахтаханов Русланна лерина

Дависа хьан дуьне!
Хьо муха лаьтта те?
Дешана, даьржина ца шарлуш д1а.
Латта а муха 1а,
Хьулъеш и къайле?
Къизаллин когашка хьоьшийтуш ша.

Дависа хьан дуьне!
Хьо муха го те?
Зулам т1ехь ойланаш еттачунна.
Цуьнан дац  дуьне а,
Эхарт а дац  я.
Иблисо ловзош ду, и б1аьрзе са.

Дависарг,  мерза Са!
Хала ду кхета,
Хьо гура дерзолл ша, къизачунна.
Ахь лучу йовхоно,
Нур серла дохуш,
Къегийла хаа  малх кху дуьненна.

Ткъа малхха  – м лепар бу,
Хьан г1азот хьекъош.
Нохчийн къам дехар ду хьан даггара.
Ахь делла хьекъалца,
Диканаш дебаш,
Тоьшалла кхочур ду, абаде д1а.

***
Кхиъний те хьан деган бешахь
Зезаг а ирс дала суна.
Дисний те хьан ойланашкахь,
Безамах дош ала соьга?

Я ду те хьан б1аьргаш дуьхьлахь,
Диц дан ницкъ боцуш кхин сурт.
Мацца цкъа  б1аьстено  дагчохь,
Шен ц1арах доьг1на цхьа  чурт.

Лаьар – кха цу чурта т1оьххулахь,
Цхьа седа сан ц1арах къага.
Сан санна дог дагош хьоьга,
Кхача сан безаман дагар.

Со хьоьца еха….

Сан Даймохк! Со хьоьца еха,
Дилхах хаьдда са 1аьршашка даьлча,
Сирлачу седарчех ийна,
Адмашка нур кхийдо сирла,
Мерза са хьан стигла дилла.
Хьан ц1еран декъашхо  хила.

Сан Даймохк! Со хьоьца еха,
Сих хаьдда дилх лаьтта дижча,
Лаьттан цинц сайх хилла,
Халкъана беркате хилла.
Ирс луш когашкахь 1илла,
Хьан ц1еран декъашхо  хила.

Сан Дймохк! Со хьоьца еха,
Б1аьвнашна ч1аг1онна билла,
Оьшучохь т1улг метта дилла,
Нохчийчун дог кийрахь 1уьллу,
И тешамна хьуна делла.
Хьан ц1еран декъашхо хила.

***
Ахь нийса ца дийши
Сан б1аьгийн йоза.
Къорам ду ойланийн
Хьан дагца ловзар.
Сан лаам хиллера
Хьан амал йовза.
Гергарло х1илланца
Лууш яц дуоза.

Ахь нийса ца диши,
Сан б1аьргийн йоза.
Хьан зезаг кхиош дац,
Сан деган доза.
Д1абуьзна сан дагна
Йовхо лун малх.
Чекхболучу баттана,
Эшац кхин ах.

***
Со ирсах ца хьаьгна,
Тоъъал сан хилла и дахарехь.
Т1ех 1енаш ца хилла,
Са дузош 1ийна, шен барамехь.

Кхин лах – ам ца делла,
Ца кхоош декъарх д1а нахана.
Наха - а ца дуьту,
Юха схьа ца кховдош саха.

Сайн ирсан да ю со,
Т1алам бо ас и ца дагийта.
Са дилхах къаьстачу
Дозанахь, цуьнан нур къагийта.

***
Ткъа суна-м….

Хуур дац цхьанна а,
Дог догуш леллийла.
Б1аьргаша даима ,
Хьан амат лаьхнийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Ломарчу  шовданех.
Сох ойла кхарстийла,
Хьан деган дозанахь.

Хуур дац цхьанна а,
Ойланца яьхнийла,
Кхолламе дарбанна
Хьан безам бехнийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Малхах а къегина.
Хьан б1аьргаш дуьхьлара,
Дохк яйа яшийна.

Хуур дац цхьанна а,
Г1айг1ане эгнийла.
Малхо нур г1елдинчу
Баттах со кхеттийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Хьан деган бодашкахь,
Сатосучу седанан
Серлонца къага а.

Хуур дац цхьанна а,
Безамах хьегнийла.
Дог1анах йоьлхучу
Мархех  а 1аьннийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Б1аьстенан 1алам а,
Хаздечу зезагах,
Хьан дахар кхала а.

Марша г1о хьо…
(Забаре)

Марша ва хьо,
Б1аьгаш лаьхнарг, даго ваьхнарг,
Марша ва хьо,
Сан дог хьаьгнарг, сан дог эцнарг,
Марша ва хьо,
Сан дог доххол декъала хилларг,
Марша ва хьо,
Марша г1о хьо,
Хьайн дог лаьттачу.

Марша ва хьо,
Са айдаллал со 1ехийнарг,
Марша ва хьо,
Дог ца диллал со тешийнарг,
Марша ва хьо,
Маьлхан дийнахь некъах тилларг.
Марша ва хьо,
Марша г1о хьо,
Хьайн дог  лаьттачу.

Марша ва хьо,
Со ирсе ян дакъа кхаьчнарг.
Марша ва хьо,
Со езначийн декъахь хилларг.
Марша ва хьо,
Ас ирс даллал дакъаза ваьлларг,
Марша ва хьо,
Марша  г1о  хьо,
Хьайн дог  лаьттачу.

 Хьо д1аводахь…..

Хьо д1аводахь, 
Буьтуш Даймохк, нохчийчоь а . 
Серла  дуьйлуш,
Хьо ларвина седарчий а.
Лекхчу лаьмнех
Хьох йоьттина ойланаш.
Сингаттамца
Д1ахаьрцар  – кха заманахь.

Хьо д1аводахь,
Юьтуш б1аьсте, зезагийн,
Вайн ойланех
Ийна хилла шовданаш а.
Доггах боьлуш
Вай хьистина дашо малх а,
Са б1арзделча,
Леха дуьсур дахкарлахь.

Хьо д1аводахь,
Сан са диъна буьйса, де а,
Цхьана тайнарг,
Цхьана лайнарг дерриге а,
Ахь д1ахьолахь
Кхин ца дуьтуш т1ам хеца,
Суна генахь,
Ирсан декъахь, хьай ваха.

Амма соьца мерза ойла ехар ю,
Зезагашца дахаран некъ  буцур бу.
Бетта коча сирла малх а уллур бу,
Со нохчийчохь ирсе яха юьсур ю.

***
Хьо малх - сан цхьа дуьне хаьржина,
Со 1алам -  йовхоно хьаьстина.
Хьо дог1а -  латта хих 1абийна,
Со з1идиг- ахь ницкъ луш яьстина.
Хьо лам - хьайн къайленех боьттина,
Со шовда - хьан къайле аьхкина.
Хьо ирс - сан кхолламо кховдийна,
Со дахар - хьо совг1ат даздина.
Хьо безам - сан дагчу кхевдина,
Со ойла - марзонах хьаьрчина.
Хьо малх - сан цхьа дуьне хаьржина,
Со 1алам - ахь ирсе къагийна.

***

Шопаршна

Могуш, маьрша шу лоьлийла,
Некъан хьовзам боцуш цхьа а.
Дахар ирсе шун хуьлийла
Балано ца 1овжош цкьа а.

Рицкъа беркате кхоьхьийла,
Т1етт1а дебаш хьанал къа.
Доккха собар шуна лойла,
Тхан нуьцкъала амалш лан.

Г1оза, декъала керчийла,
Шун машенийн ч1ургаш д1а.
Зенах, зуламах лардина,
Шу диканца кхачош ц1а.

Къонахалла йолуш волчу стеган амал
хийцалур яц, цхьаннига а,
хьашалур ю, осалаллийца.

Резванова Айза

Ца юьтуш буо хила…..

Муьлхачу мукъаме даладе те аз ас, Нана!
Мохь тухуш, я г1ийла, кхайкха те со хьоьга генна.
Б1аьрхишца дийца те, я дош а ца олуш тийна,
Далхаде те ас сайн дагахь  дерг, есалле сийна.

Мила сох кхетар те, хьаьнга ас дуьйцур те, Нана!
Толаме узуш сан, г1уллакхийн мах хадор хьан?
1аьржачу бодано ницкъ кхачош со къовлахь мара,
Мерзачу озаца сингаттам хьа къахкор д1а.

Ас хьаьнца доькъур те, дахарехь къегина денош,
Дозалла хьа дер те, сан некъех айеш сан ц1е.
Мила ву, сан Нана! Къинхетамца б1аьрхиш 1енош,
Со Деле йоьхуверг, т1ех лиънарг, со ирсе ган.

Со наггахь со сайца, шабаршка яьллачохь, Нана!
Йолалахь сан дагчу, дагалецамаш бохьуш хьайха.
Са парг1ат доккхуш сан, хьостуш дог бераллехь санна,
Ца юьтуш буо хила, хьайгарчу марзонах хаьдда.

5.08.2012

Ясмина….

Цхьаъ, шиъ, кхоъ,
Г1оза баккха ког.
Хьайн нена,
Ловза даккха дог.

Деган езарна

Хьо йоцчохь сан ойла ца соцу,
Хьуна бен дог делац сан.
Хьоь болчу безамо са лоьцуш,
Йоккху хан сатуьйсуш ган.

Яханчу заманан куьзганахь,
Хьан суьрташ ас луьсту схьа.
Сан дахар беккъа хьоь сатийсам,
Боккъал а, со-м к1ад ца ло.

Сан дагчохь хьо санна, хьан дагчохь,
Вехий те со, ягош ц1е.
Я ю те хьо дууш лерина,
Хьо езаш г1елделла са.

Къиношлахь уггаре къилахь дерг,
Ду боху, безаман къа.
Ялахьа алий, хьайн дагахь дерг,
Къинт1ера доккхуш сан са.

***
Седа хьо белахь со нур ду хьан сирла,
Буьйса хьо елахь со, бода бу 1аьржа.
Дуьне хьо делахь со зама ю еха,
1ожалла хьо елахь, со са  ду, мерза.

Шийла 1а хьо делахь, со ло ду к1ай,
Елахь хьо б1аьсте со, баьццара бай.
Делахь хьо шовда, со тулг1е ю сетта,
Ц1е елахь, со йовхо, дегнаш чохь кхехкаш.

Дахар хьо делахь со, ирс ду хьох хьаьрчаш,
Лазар хьо делахь со, дарбане молха. 
Хьо безам белахь, со ю цуьнан марзо,
Адам хьо делахь со, хьан аьтто аг1о.

Хьан ц1арца…

Малхо дай-й куьг хьокхуш, суьйре йижича,
Буьйсанан х1усаме дуьне дирзича.
Беттасих йог1ий т1е,  нур хьоьрсуш тийна,
Нана, ахь дуьгу са, г1енашка сийна.
   
Б1аьстенан 1уьйре  а,  хьан озах ека.
Зезагаш хьан хазчу аматах лепа,
Шовданаш, хьан сирла ойланех 1ена,
Нана, малх хьан куьйгийн йовхо луш къега.

Заманах чекхдуьйлуш, г1иллакхаш деха,
Догзалла йоцучохь, марзонаш юцуш.
Хьайн сих ахь са делла, т1аьхьенаш деба,
Къоначу дахаран ирсе тхи муьйлуш.

Нана, хьан ц1арца до, дуьнено некъаш,
Хьан б1аьргийн мотт буьйцуш, седарчий къега.
Хьан дагчохь сий дожарх, ларвойла, Нана!
Дала ша ницкъ лойла, хьан сий деш ваха.

Эх1, хьо тешнабехк!
Ирбелла-м хила некъ хадо:
Чалтанчан шалтанал,
Къизалла гулйина хьайна.
Делахь а, хьо ийши,
Эеший хьо, ц1еначу амало.
Шеко яц, Дела ву,
Массанхьа толош Верг бакъо.

20/09/2013
 

Х1ун къайле ю те и тебаш ерг?
Б1аьрнег1ар  хаддаза дега.
Х1ун ду те, хьан ойла хедош дерг,
Сан теша-м   ма бели техка?

Сан ойла сов серла ели те?
Хьо къайлехь, сан ирсах кхардал.
Сан г1иллакх зилал т1ех дели те?
Хьо некъан серлонах къаьххкал.

Х1ун ду те, хьекъало хьоьхуш дерг?
Яхь ца 1а, лаг-кхор  ца лоьцуш.
Селхана сан лаам толийнарг!
Волахьа и шеко эшош.

Адамалийн дарж

Б1аьстенан духарца кечъеш сан гуьйре,
Сатийсам самабели лууш хьо гойла.
Йихкинчу з1аьнарийн,  шад баьсти малхо,
Шелонгахь заз дасттал, йохъеш сан ойла.

Готтачу урамехь, са парг1ат доккхуш,
Къаръели зама а, ца туьйсуш ког.
Т1аьххьара орамаш, кхалхарна кхоьруш,
Лардина ирс кхии, сан хьостуш дог.

Мехала бу тешам, дахарал беза,
Мехала ду г1иллакх, сина сирла малх.
Мехала ду адам, адамалла лоруш,
Лелош верг дегабаьрччехь, стогалийн дарж.

***
Маьлхан нур къегина, зезагаш хоьстуш,
Денъелла аренаш, тхи б1аьргаш къегош.
Б1аьстенан духарца кечделла 1алам,
И ду сан дахар, и ду сан дахар.

Тахане д1акечъян айелла 1уьйре,
Кханенах сирла кхаъ кхийдабо суьйре.
Вайн дахар д1аоьху, йист йоцу ане,
И ду сан дахар, и ду сан дахар.

И сирла шовданаш ламанех хьаьрча,
1инах чу кхийсалуш, маршоне г1ерта.
1алашо, боккхачу  х1ордах д1акхета,
И ду сан дахар, и ду сан дахар.
***

Ас б1аьргаш къовлу д1а,
Хьо воккхуш, сайн синан дола.
Со т1аккха ехха 1а,
Т1е тевжий, безаман огана.
Ойлано 1ехайой,
Сурт х1иттош сина мерза лаамех,
Сатийсам х1уьтту схьа,
Д1атоьттуш, сингаттаме доза.

Цу муьргах ирс оьцуш,
Ехха 1а дерриг а диц дой.
Ткъа зама уьду д1а,
Уьду и болар а сихдой.
Хьо х1инца кхечисхьа,
Ах б1е шо висина т1аьхьа а.

Сама довла зезагаш

Бакаева Селимина
Маьлхан з1аьнарш яьржина,
Серла даьлла де.
Бераш ловза даьхкина,
Маьлхан майдане.
Сама довла зезагаш,
Б1аьсте еъна т1е.
Лепаш сийна бацалахь,
Шу ду самукъне.

Сама довла зезагаш,
Б1аьсте еъна т1е.
Серла яха ойланаш,
Хьаста нохчийн чоь.

Кечде 1алам басаршца,
Можа, сийна, к1ай,
Олхазарша шакаршца,
Д1ах1оттийна той.
Сама довла зезагаш,
Б1аьсте еъна т1е.
Лепаш сийна бацалахь,
Шу ду самукъне.

Сама довла зезагаш,
Б1аьсте еъна т1е.
Серла яха ойланаш,
Хьаста нохчийн чоь.

Лекха лаьмнаш хестадеш
Уьду шовданаш.
Вай Даймехкан сий айдеш,
Лоькху эшараш.

Сама довла зезагаш,
Б1аьсте еъна т1е.
Лепаш сийна бацалахь,
Шу ду самукъне.
Сама довла зезагаш,
Б1аьсте еъна т1е.
Серла яха ойланаш,
Хьаста нохчийн чоь.

Керла шо…

1а ду шийла, аренаш к1айъелла,
Адамаш ду к1айн полларчех,
Ойланаш айелла.
Базалг лаьтта нускалах кечъелла,
Керла шо ду, массо коре
Шех хаамаш бетташ.

Чиркхаш сега, кху дуьненан стиглахь,
Бетта нур т1е 1ена лаьтта,
Лайн седарчий къега.
Г1ура-дада, веъна к1айчу говрахь,
К1айчу говрах совг1ат хилла,
Берийн делар къекъа.

Буьйса сирла, дийшина дац б1аьргаш,
Жима-воккха, сакъералуш,
Д1ах1оттийна ловзар.
Кхаьънаш дохуш, уьду сахьтан цхьамза,
Беркате хьо хуьлда хьаша,
Кху дуьненан лаьттахь.

Марша да хьо, Керла шо,
Кху дуьненан хьаша.
Ду хьо деза совг1ат тхан,
Ду cан ирсан дакъа.

Сан хьоме, Неца!
Пет1амат  йинчу денца…..

1аьнан туьйра хаздеш деъна,
Хьо б1аьстенан зезаг.
Хьан кхолламо ирсе дина,
1а  б1аьстенах лепа.
Вовшашца хелхаре хьийзаш,
Лайн чимаш т1е эега.
Хьо йина де даздеш тахна,
Сан аз зевне дека.

Хьо ехийла хьайн дахарехь,
Хьекъаш ирсе некъаш.
Кху сан дагна хир дац теша,
Х1ума кхин хьол дезаш.
Хьо ирсе гуш,сакъералуш,
Тхо седарчех къега.
Хьо йина де даздеш тахна,
Сан аз зевне дека.

Декъал хила, декъал хила,
Ненан йиша, мерза!
Хьо-м тхан дегнаш дохдеш кхета,
Хастаман малх беца.
Декъал хила, ирсе хила,
Сан хьомениг, Неца!
Хьо йина де даздеш тахна,
Сан аз зевне дека.

Нене

Хьо стенга яьхьана, яьккхи-те соьха?
Мичхьа бу Нана, цу 1ожаллийн бен?
Сил дукха езачун йиш йоцуш гойла,
Ма къиза хилла вайн кхолламан кхел.

Ца лало Нана, соь къастаран бала,
Хьо бар-кха сан деган ч1аг1онан лам.
Ткъа х1етахь 1ожалло вай къастичхьана,
Лам лаьттанчу метте, х1оьттина 1ам.

Сан Нана, г1арг1делла эшаре аз а,
Баьргаш а цец дуьйлуш, хьоьжу хьо ган.
Кхерамо ов детташ, кхийссало дог сан,
Мохь бетташ доьлху и, ц1е йохуш хьан.

Ницкъ бац-кха дуьне а кхехкочу маьлхан а,
К1еззига хьоьгарчу йовхонах къага.
Делахь а, Делан бу къинхетам шорта,
Имано дог хьостуш со къовлу мара.


Рецензии