27 папк керл
Хьан дилхан дог даъал мецачу.
Къам даарх ца 1аббал къизачу,
Адамийн кепашна терго йеш,
Ма биехьа ницкъ ахь цу хьайн дагна
Къуонахчух кхетар вац къуонах бен.
*****
1аьрбин Айза.
Хьо яра ас лаьхнарг, хьо яра,
Сина мерза ойланаш хьох тегна.
Г1енашца хьо яре сатийсар,
Ма дара набарна сан товжар а.
Хьо яра ас лаьхнарг, хьо яра,
Ца к1ад луш, ца к1ордош даима.
Хьан амат ас хьоьстуш хаддаза,
Ца дисна седарчий кхардаза.
Хьо яра ас лаьхнарг, хьо яра,
Б1аьргашна азаллехь цкъа гина.
Сан шераш хьо лоьхуш д1аихна,
Некъаш деш, со-м ваха ца кхиъна.
*****
Серло йоцчу б1аьрг ца хьоьжу,
Безам боцчу дог ца кхевда.
Сан б1аьргаша хьо цхьаъ лоьху,
Хьан къайленех даго хьоьху.
Малхал сирла седа хир бац,
Безам боцчохь марзо хир яц.
Нагахь даге дог ца кхийдахь,
Б1аьрседарчий къага йиш яц.
1аьржа буьйса батто хьоьсту,
Малхо боьлуш 1уьйре йосту.
Безамо бен дог ца хьосту,
Сан ойланаш хьох ца къаьста.
*****
Д'ависа хьан дуьне!
Синкхетам б1аьрзе,
Хилла - кх ца гуш дезараш дагна.
Ца гича мегдерш б1арлаг1ех дайна, заманан уьйриг д1а хьирчи иэрна.
Хьо вара со некъан накъост ван хьегнарг.
Даго йехнарг, хьан амал йара.
Маржа - йа1, кхолламо ца диганехь а герга.
Синмаршо йаларна,
Хастам бу Далла!
*****
Д'ависа хьан дуьне!
Синкхетам б1аьрзе,
Хилла - кх ца гуш дезараш дагна.
Ца гича мегдерш б1арлаг1ех дайна, заманан уьйриг д1а хьерчий - кх иэрна.
Хьо вара, некъан со накъост ван хьегнарг.
Даго сан йехнарг а, хьан амал йара.
Маржа - йа1, кхолламо ца диганехь а герга.
Вовза ирс хиларна,
Хастам бу Далла!
*****
Резванова Айза
Х1ун ду те, хьан озе даго сатийсар,
Хьо гича пхенаш чохь ц1ий ловзадийлар.
Сан б1аьргийн нур - къолам сел говза хилар,
Хьан сарташ дахкарца и серла бийлар!?
Х1ун ду те, синмарзо хьан ц1арах хьерчар,
Хьан амат б1аьргаша бодашкахь къаьстор.
Самаха, г1енаха хьо ган сатийсар,
Я ца гуш хан яьлча, са дагна тийжар!?
Хьарчийна хилла те, безаман ас къа,
Ас хьоьга санна сатийсинарг суо ган.
Вуьтуш са даимна марзуонах хьиега,
Дог д'ага дитина къизаллийн ц1ергахь?
Иштта и хиллехь а меттиг бу 1'аба,
Жималлийн ницкъ бара юха а къ'ага.
Шераш т1е шо дуьллуш, д1а иэхарх зама,
Ца туьгу безаман суй баьгна бала.
Юха а хьо гаро, ц1е марса йоху,
Юха а суй сийсаш, са карзах доху.
Безаман мохь дагна базбелла боху,
Х1ун ду - те замано сан дагца о'кхург!?
*****
Б1евнел ч1ог1а
Хир йац ахь х1оттинчух б1ов а,
Йа лам а хир бац хьан ц1арах.
Дитинехь ала дош довха,
И хир ду хьан б1оьвнел ч1ог1а.
Вевзар вац ц1е йоккхуш хиларх а,
Хьал - бахам ,,Хьамичух" кхиарх а.
Берашна марзонна аьлла,
Ца доьг1нехь цхьа дитт ахь маьлла.
Лоьцур вац т1аьхьено дага,
Мотт ахь ца керчийнехь багахь.
Адамаш къинт1ера дохуш,
Вайн Деле къинхетам боьхуш.
Хьо хир ву веллачел велла,
Волушехь дуьненахь вехаш.
Дог лозуш вацахь хьайн къомах,
Лоруш хьайн Йиш - Вешех х1ора.
Вайн дайша, ворх1е а дайша,
Аййина Нохчийн ц1е лекха.
Кхиийта къам дешийн меха,
Хилийта т1аьхье вайн декъал.
***
Свидетельство о публикации №224051600782