29 папк керл

Б1аьстенан аьзнашка ладег1а йаьлча,
1аламо дог хьоьстуш, са парг1ат доху.
*****
Вай нохчийн меттан де йуккъе а  диллина, т1архьийзош 1ашехь, нохчийн къам шен амалах д1акъаьсташ лаьтта. Вайна нохчийн мотт ларбарехь, кхиорехь бохуш луш долу тоьшаллийн кехаташна тоьшалла деш цхьа а ца го.
Х1унда аьлча коч - мачано деш дац вайх нохчий. Нохчаллех йуьззиначу амало деш ду.
*****
Aslambek Abdallah Telipov
Со дика кхета ахь бохучух.
Тхан денда а, денана а, царна т1е боху баккхийнаш а бара цу эвлийаиэх даима дуьйцуш а, церан некъех дуьйцуш а хуьлуш. Цара олура, ,,эвлийааш Дала дика делла нах бу. Уьш къаьсто мегаш дац, ,,х1ара дика ву, тхайтаг лакхара ву" бохуш. Уьш вовшен лоруш а, вовшашкара ца хуург хуучуьнгара схьаоьцуш а хилла бу. Бусулба динан з1е ца хадийта, къахьегна бу уьш. Цундела Делан мостаг1аша къайлабохуш, х1аллакбина уьш. Исламан некъ бостуш, къахьегна цара. Адамашна ц1енадерг довзийта къахьегна цара" олура тхан денанас. Иза Къор1ан деша (Дала къайле ц1инйойла цуьнан) Хьаькас 1амийна йара.
Шена т1аьхькхиа луушверг кхетар ву церан некьех. Церан некъ бехбан а, вайнехан тешам байъа а къахьегна Делан мостаг1аша. И церан ца нисделла. Вай вешан хьалхарнаш ца ларахь, вайн т1аьхье йовр йу. Вешан эвлийаэх а, устазех а, 1елам нахах а тешам байъй вайн бакъо йац.
Хьайн делахь диканаг ала, диканаг дацахь х1умма а ма ала. И ду сан нийат.
Дала дегнаш тадойла вайн!

*****
1уьйренца хелхаре хьийзина ло,
Делкъенца дог1анах делхаре дели.
Ас тегна ойланаш хьесех дашо,
Сан деган кхерч шелбеш,
Ахь дашца кхеди.

1аьнехь тов шийла ло,
Нускалехь к1ай коч.

*****
Хьан 1аса ловзош, со лелла зама,
Д1айаха Дада, жималла иэцна.
Цу ирсе кхаьчна, сайн 1аса лоьзуш,
Ас г1улчаш йоху, хьо дагалоьцуш.

Со генна хьоьжу, сайн некъаш дустуш,
Хьан б1аьргийн г1айг1а, ойланца узуш.
Доца го дахар... д1аихна шераш,
Мохь бу - кх биснарг, даш санна беза.
*****
Коьртера не1 ийзош, когашка хьодуш,
Цу куогийн п1елгашкара
Коьрте хьала болуш.
Ма уьду, хьо лазам дагах чекхбуьйлуш,
Сан дилхан меженаш, секх санна ийзош.

Цу къаьхьчу лазаман д1аовш ц1ийх д1аийна,
Уьду сан пхенаш чохь, ц1ер - тало хилла.
Хала ду шен къомехь баланаш ган,
Кхин а ч1ог1а хала ду, харцон т1е тан.

*****

Резванова Айза

Со кура йаккхахьа,
Хьайн суна сагатло алий.
Дозалла дайтахьа,
Забрийна гучу а валий.
Хетийтахьа к1енташна
Къоьвсина йаккха хьуо воллу,
Мехкаршна  моттийтахьа,
Ирсан да сох хила йоллу.

Х1ун хуьлу хьуна со,
Къагарах са даьлла маьлха?
Х1ун хуьлу сан б1аьргаш,
седарчех довларах серла?
Х1ун ду ахь аларах
Бегаш беш со хьайна йеза,
Моттарг1а дац соьца,
Суна - м хьо боккъал а веза.

Хилахьа хьо суна,  б1аьстенна сирла малх санна.
Хилахьа хьо дог1а,
Дуьненан 1аламна санна..
1ийр йарий со хьуна,
1аьршашкахь беттаса санна,
Нур 1иенош хьан дагчу, ца йуьтуш ойлан хьан кхуола.
*****

Тхан да воккхахилла, чохь висича, цунна т1е дукха гергара нах оьхура. Ас элира тхан дега:
- Дада, ма дукха гергара нах бу хьан. Ма дика гергарло леладо цара хьоьца, аьлла.
Дадас со шеца керта д1авийхира, йуьйцинчу керта йисте. Т1аккха дийцира:
- Цхьана дийнахь тхан дас ша улле а ваьккхина, йуьйцина йу х1ара керт. Х1етахь со кхиина вог1уш вара. Тхан да а вацара къеначарех. Делахь а, дика хуучеха вара Дада. Оха шиммо а оьрнаш а дохуш, хьокхий лаьттах чу дуьйг1ира. Т1акуха цу хьокхех серий дуцуш, ши мог1а баьхьача, кхин хьокхий цу хьокхешна улле а лоьцуш, серех керт йуцуш вара тхойша.
Ас дадига хаьттира:
- И шалг1а хьокхе х1ун оьшу кхузахь, Дада? Цара деш цхьа а г1о ма дац кху кертана? - аьлла.
Т1аккха цуо суна доккха маь1на гойтуш, дийцира.

- ,,К1ант, цхьа а х1ума а дац ца телхаш. Вайшимма лаьттах доьхна долу, коьрта хьокхий, баккхийнаш хилийталахь. Цу хьокхеша бухара шаьш дахка делла, схьа хаддалц серийн уьйр латтор йу. Охьа ца оьгийтуш. Баккхийнаш мел бу деха гергарло санна. Амма цу хьокхийн баххаш хаьдча, х1ара вайшимма уьлле тесина хьокхий вай лаьттах чу тоьхча, цара и керт латтор йу, серий лаьтта охьа  иэга ца дуьтуш. Иштта ду гергарлонаш а. Баккхийнаш д1абевлча, цу гергарлонийн уьйраш ца хедийта, д1ах1иттина, лелош кегийнаш хилча, т1е дан адам хуьлу. Царах иэшначахь накъостий а хуьлу. Иштта доккха маь1на гойтуш йу и керт. И Дадас гайтиначу маь1нах ас пайда иэцна. Шуна а дийци ас и. Аш леладахь, шун гергарлон - кертан ч1аг1о йухур йац.
*****

Гора Нохчийчоь йа1!
Сан санна хьуна чохь са доллуш веха хийла нохчий хьоьца а, хьох хьоьгуш геналлехь а... Хьо сов йезарна дели хийламмо шен са д1а а... Дала цхьа барт хилла, даймахкахь декьала даха ирс лойла - кх хьо Нохчийн къомана!
Ма хьоме йу - кх хьо сан дагна, сан дай баьхна, Нохчичоь!
*****

Резванова Айза

Жималлийн бос лепа 1уьйренах йаькхна,
Беца т1ехь тхи санна къегина, сирла.
Жималла йу маьлхан з1аьнарех  тегна,
Дахаран марзо йу жималлех ийна.

Жималла баьстенан зезагех лепа,
Бошмашкахь достучу зазанах къиежа.
Седарчийн майданахь  жималла къиега,
Жималлийн дозанахь ирсан аз дека.
*****
Резванова Айза
Сан сингаттам

Сан сингаттам хьанна бевзар теша?
Мила кхетар те сан лазамах?
Суна санна шен къам доггах дезаш,
Леларг хир вац хаьдда марзонах .

Х1унда харцо лела уьйъуш маьрша,
Вайн даймахкахь байракх толаман?
Х1унда деха вай ца кхиош, иэрна,
Вайн т1аьхьенах маьрша нохчийн къам?

Нохчийн мотт бу, нохчийн къоман бахам,
Ду и къийсамашкахь тоьлла герз.
Нохчийн маттехь ду вайн ирсе дахар,
Шен мотт боцчух хир дац цхьа а къам.

Духудерзар доьху шуьга нохчий!
Матте берзош мерза нохчийн мотт.
Ца кхиийта вешан йеса т1аьхье,
Дайн ларашна ца йеш  цхьа а чот.
*****
Резванова Айза

Шуьшиннах къаьстина Да, Нана,
Ас бахам ца лаьхна сайна.
Шуьшинна са дууш  леллехь а,
Там лийринера ас  шуна.

Даима сан хьоме,  Да, Нана,
Шуьшиннан марзонах хьоьгуш.
Шун безам ма бара ас лаьхнарг,
Геналлехь г1улчах - г1улч тоьгуш.

Х1инца шуьга дог кхийдош, канашкахь,
Ас некъаш тир йоккхуш, говза.
Ц1а дерзи, шуьшинна марзонах,
Дог 1абош, хан йаккха мерза.

Маржа йа1, тешнабех  хьо дахар,
Хан йоцуш, 1ожаллийн тоьхна.
Вовшиеха хьоьгуш, схьагулдинарг,
Ма байлахь дуьту ахь, иэрна.

Ца кхуьуш дог хьаста, доггаха,
Дозалла дайта а сайх.
Д1адели сан мерза Да - Нана,
Йуьтуш со аганар берах.

Шуьшиннах къаьстина, кхин йуха,
Ца 1емаш дуьненахь йаха.
Со лела до1ийца вайн Деле,
Доьхуш шуьца йалсаманехь дакъа!
*****

Резванова Айза
Ма ирсе хиллера - кх....

Боккхачу х1орда чохь ойлане йуьйлуш,
Цхьа тулг1е техкара, самукъа доцуш.
Ас цуьнга хаьттира,  гергара, йезаш:
-Х1ун ду те, хьан сецар, г1айг1ане иэегаш?

Хин бердех етталуш, эзарнех йаьржаш,
Кхин тулг1еш ловзучохь,
вовшиеха хьаьрчаш.
Хьо х1унда соьцу цу х1орда чохь, хиебаш?
И тулг1еш керча хьан хазаллех хьоьгуш.

Хьо цхьаъ йу тулг1ешлахь жовх1арех лепаш,
Боккхабеш техка х1орд, хьо совг1ат хеташ.
Х1етте а сингаттам хиета хьан диебаш,
Дийцахьа, х1ун бала бу сих хьан летарг?

Т1аккха и техкира, сан дагах кхеташ,
Шен бала балхийра, тулг1иено зийзаш.
Ойлане ели со, цунах къа хетта,
Б1аьргеха хиш уьдуш, тачанаш хецна.

-"Доккхачу хих кхетар дозалла хеташ,
Органан хорша ша дирзира, керчаш.
Цуо нуьцкъал,  дадийна, Терках д1ахьаьрчаш.
Цу чу ша хийцира, ша цунах г1ерг1аш.

Къегина шен аса г1амарлахь хьаьрчош,
Терк дуьйли шех дарц дан, бердех д1а детташ.
Амма цхьа т1адам а ша шех ца къастош,
Х1орда ша кхоьссира, цунах ша даьржаш.

Иштта ша къаьстина даймехкан хоршах.
Самукъа долучух,  муьлххачу ор чохь.
Йуха цу лаьмнашкахь сатийсарх ловза,
Цкъа карзах х1орд баьлча, довр долуш доьнза.

Цхьа диехар дара шен, - т1аккха цуо эли,
Доьнза ша ца дайта, накъост хьох хилача.
- Цхьа тулг1е схьаиэций,
дег1аста кхачий.
Шовданех д1а туохар, шех дерг д1а алий.

И диехар кхочуш дан, ас куьйгаш кховдий.
Цхьа тулг1е канашкахь иэца, ка делий.
Ч1ург хьийзош, оьг1азе х1орд кхосса бели.
Т1аьххьара шен дешнаш, тулг1ено эли.

-"Хьаннашкахь олхазарш шакаршца д'екаш,
Б1аьстенца, аренгахь зезагаш л'епаш.
Цу т1улгийн, ламанех, самукъане хьаьрчаш.
Ма ирсе дара со   Даймехкан кхерчахь"!
*****


Рецензии