30 папк керл
Хьоьца ма ду сан самукъа.
Нагахь валахь хьан сиз т1ера,
Муха хир - те кхин д1а некъ сан?
Аьлла д1алакха мегар ду хьуна.
Жималлехь лелаво дуьнено, са 1аьршашка дохуш.
Воккха хилча ша леладойту, хьан синбарам ца бустуш.
Дала могуш - маьрша леладойла шу, тхан хьоме Вежарий!
Жималлийн бос лепа 1уьйренах, йаькхна,
Беца т1ехь тхи санна къегина, сирла.
Жималла йу маьлхан з1аьнарех тегна,
Дахаран марзо йу жималлех ийна.
Жималла баьстенан зезагех лепа,
Бошмашкахь достучу зазанах къиежа.
Седарчийн майданахь жималла къиега,
Жималла йити - кх ахь со хьайха хьига.
*****
Цхьана дийнахь ведда чу веара сан вешийн к1ант, Мохьмад-1ела.
- Деца! Деца! Схьайолахьа цкъа! Суна мел хаза цициг карийна хаий хьуна?
Ас гайти хьуна и? - бохуш, гуттар цунах воккхавеш, виела къиежаш, самукъадаьлла. Б1аьргаш чохь мелла а цатешар долуш. Тхо реза цахиларна кхоьруш. Суна цунах дуьйцуш к1ант лаьтташехь, ц1ийна т1ехьарачу, раг1у к1елахь, меттиг а тайина, лачкъийна, лелош йолу цициган к1орне сехьа йелира, шен доттаг1чух б1аьрг кхетча. Цхьаммо д1акхоьссина, меца леллачух тера дара иза. Йуткъа - йеха муц1ар а йолуш, гирз даьлча санна, месаш вовшах а лаьтта, ирча дара, дакъаделла. Хоттала 1иттича санна, боьха дара.
Сан вешийн к1ант сов ч1ог1а хабаре велира, хьесталуш, хаьттарш а деш;
- Деца, хьажа, хаза дац и? Хьажа Деца, ма ч1ог1а веза цунна со! Ма ч1ог1а хьоьсту цо со! - бохуш, суна цкъа а, и тайпа къамеле ваьлла ша ца гиначу кепара.
Т1аккха элира:
- Деца, дита мегар дуй ас иза сайна?
Цу шарахь нана д1айаьлла, сов ч1ог1а дог доьхна волчу цуьнан цу цициган к1орнех 1иехаваларах йоккхайеш, ас эли:
- Дера мегар ду. Вай иза лийчор ду, лергаш чу хи ца дог1ийтуш, лардеш. Чу далийр ду иза, аьлла.
Т1аккха гуттар ч1ог1а сакъераделла, хоьтту цуо йуху а:
- Йаа х1ума йала мегар дуй ас цунна? Цуо х1ун йуу, Деца? - бохуш. И сел ч1ог1а дехаре валаран а дара цхьа бахьана. Яханчу б1аьста, цхьана цицигана т1иера, хьаьттанаш а йевлла, лоьрашна а цунна дарба ца карош, хала ваьллера иза цу балех.
Делахь а, сов ч1ог1а, цуьнан самукъадалар ца дуохадан, реза хилла, элира ас.
- Мегар ду. Делахь а, т1е куьйгаш 1итта мегар дац, цкъачунна. аптекера молха а иэцна, ас лийча а дина, ц1андийр ду иза. Лоьрашна а гойтур ду, хьан могашаллийна кхерам ца хилийта, аьлла.
К1еззига самукъа дацара сан вешийн к1ентан йуьхь т1ехь гуш дерг.
Иштта ас дуьйцучух ша кхетча санна лелара цициг а. Цунна цу минотехь кад, бошхап а дола даьккхира, к1анта. Кеда чу шура а йоьттина, бошхепа жижиган цуьргаш а йехкина, сихха, доладан волавелира.
Цициган к1орний, ц1анйина, йузийна, д1ах1оттийча, дукх хан ца ийшира цуьнца массеран а гергарлуо тасадала. Массарна а езаелира цициг - к1орне.
Цунна Мохьмад-1елас, " К1айдарг,, аьлла ц1е тиллира. Сов ч1ог1а дезаш, ловзош, хьоьстуш лелош дара к1анта цициг.
К1айдарган ши бутт кхаьчча, Мохьмад-1елин дуьххьара, ишколе деша воьду хан т1е кхечира.
Хала къаьстара и цу цицигах. Охьа а ***й, цуьнга хабарш дуьйцуш 1ара к1ант. Цо дуьйцучух ша кхеташ санна, лерина, б1аьрга т1е б1аьрг а буг1ий, муц1ар ирх а йерзайой ладоьг1уш 1ара К1айдарг. Цицигана а дара хала, схьагарехь, к1еззигчу ханна а х1ара гучура д1авалар. Иза генна т1аьхьа доьдура цунна. Т1аккха уьдуш йуха ц1а дог1ура.
К1ант ишколера ц1авог1у ларвора цо, юучунна улле а цаг1уртуш. И ц1авог1у гича, кхийссалуш, дуьхьал додура.
Иштта дешаран бутт юккъе болуш, К1айдарг къайла делира.
Сингаттаме велира Мохьмад-1ела.
Ткъа цуьнан самукьа дуьхьа, дийр доцуш х1ун дара?
Бераша цициг гина аьллача метте и лаха доьдура тхойша. Лийхира охашимма К1айдарг. Эрна дара лиехар. Цкъа к1анта, элира, ишколера
ц1авеъча.
- Деца, тхан класиера к1анта, Марта - хи долчу, йистехь ду бахара иза. Дахийтахьа вайша циге, карор дара и цигахь, - аьлла.
К1ентан лаам кхочуш бан, дахара тхойша, Мартан йисте.
Цигахь хаза, исбаьхьа сурт дара суьйренца.
Хинтулг1еш т1ехь хехкалуш хетара, маьлхан, дашо хьесий санна, кьиега з1аьнарш. Лелл'а, лоьхург цакарийна, дог доьхна, йуху дирзина, ц1ехьа дохуш дара тхойша.
Цу аг1орхьа 1аш йолу, сайна йевзаш йолу зуда гина, цуьнга йист хила сецна со...
Цуо хаьтти:
- Шуьша лаа лелий кхузахула? Тхаьшинна бала д1абалхий аса. Сан к1ант дукха дог доьхна гар цаладелла, цуо эли.
- Тхан цициган йу, вуно хаза к1орнеш. Цхьа бутт кхаьчна церан. Ас и к1айнаг хьуна лур ю, х1инца, цуо а аьлла, уьйт1а дахара тхо. Сакъераделла, б1аьргаш къегира тхан к1ентан. Сихха, реза хили тхойша. Уьйт1а дахача, цхьана а х1уманах шек а ца йовлуш, шайн ненах йекхаш йохкура к1орнеш.
Со-м сайн вешийн к1ентан самукъа даьлчхьана мегаш йара. Амма, Мохьмад -1ела вуххьавелира.
- Х1ан-х1а, Деца.... и ца йеза суна... Жима йу иза.... Х1ан - х1а, ца йеза суна и. Д1адахийта вайша! - бохуш, диехарш дан вуолавели к1ант.
Т1аккха ас эли:
- Мегар ду т1аккха, Сараьт, д1адоьду тхойша. Ца йеза кхунна и.... Шен цициг бен диезачух тера дац кхунна аьлла, новкъа делира тхойша. К1еззига сехьа тхойша даьлча, дийци к1анта шен дагахь дерг:
- Хьажал Деца, ас цхьа х1ума алий хьоьга? И цициган к1орне ас схьа х1унда ца ийцира хаий хьуна? И шен нанна сагатдеш, йоьлхур йара: ,,Маьув, маьув" бохуш. Вайна и йоьлхаш хуур дацара. И шен цициган маттахь ма йоьлха, элара к1анта.
Т1аьххьар а, суна ца хууш санна т1е туьйхира,
- Ас а гатдо сайн нанна са. Иза маца йохур ю те, цу больницера ц1а? - аьлла.
Ас цициган к1орнийца а, цуьнан дог хьосту дерг, б1аьрг белон берг, уллера д1а а ца йолуш, цуьнан синмарзо лехар а ма дара, ц1айан нана цуьнан цахилар.
Маржа дуьне йа1!
2016.
Свидетельство о публикации №224051600922