32 керл папк элахан сица къамел

Абдурахьман Абдурахьман
Дас г1аж йиттина, дег1а т1ехь томмаг1наш дисина хилла к1антана. Денвашас  и ца ланделла, кхин сов вала ца лиина, вешин к1антах  къинхетам беш, аьлла:
- ,Дависарг, и г1аж кегйан!"
Вешин к1анта:
- ,,Цу г1ожан х1ун бехк бу? Т1е йиттанарг ма ву бехке" - аьлла к1анта. Бехке - м харцахьа лелларг ма хиллий.

Лепестки

На асфальт ложатся лепестки,
ветром унесённые из сада.
То ли розы, то ли васильки,
то ли след мечты от звездопада.

И рулетка кружится волчком,
а zero* так редко выпадает.
Счастье светит солнечным лучом
сквозь окно последнего трамвая.

Счастье может тихим быть земным,
а бывает счастье неземное.
Но уносит ветер белый дым
в сторону осеннего покоя.

*zero -- ячейка ноль в рулетке. Увеличивает ставку в 35 раз.

Олег Голодный, 01.08.2024
Да виса Элх, х1инца хила везара хьо дуьненчохь...
Хаздезара хьуна и ахь хазахеташ, цу байтан маь1на васхала дохуш, хестийначу байтах хилла йиш....
Керлачу шарна даьхкинчу мукъа деношна Москвахь доьшуш йолчуьра, ц1а йар нисделира дуьненчохь а, шен исбаьхьчу озаца, г1ара яьлла йолу, жима а, хаза а йолчу " Нохчийн къоман хьоза" аьлла ц1е а тиллина, хазачу аьзнашна юккъехь а, шен озаца хаьржина йолу, Айна Исаеван.
Сан ирс хилира и ган, йовза а...
Москвахь доьшуш елахь а, яхь йолуш йолчу Айнаъа лоруш а, безаш а буьйцийла хиара суна нохчийн мотт.
Шен кийра буьззина нохчалла долуш йо1 гира суна, Айнаъан, амалца а..
Иза нохчийн эшарш хазахеташ хилар а хиара суна, тхаьшинна хиллачу къамелехь.
Сайна хазахеташ йолчу байтана мукъам а биллина, Исаева Айнаъа д1алокхуш, Махаев Хьусейна лелош долчу пондарийн аьзнашца и д1аязйайта дахара тхо.
Цу пондарийн аьзнаш ца ийшира тхуна...
Алхьамдулиллах1!
Аллах -Дала цаделча, кхечуьнан ницкъ кхочур бацара и тайпа аз дуьненчу даккха а, адамашна и хазийта а....
Исаева Айнаъ Дала хаза кхоьллина зудбер ду....
Со цуьнга къайлаха хьоьжура, аьнгалийн пена чухула санна, и сайна хьалха лаьтташехь а...
Сайн хьежар ас лардора цунах, цуьнан эхьан а, озан а боларна сайн цец йаларо новкъарло ярна кхоьруш.
Цуьнан озе ладег1ар а дара сан, и аз ялсаманчуьра, сайн лере кхоьхьуш санна.
Иштта хаза аз хиларал соанаха, цо и аз сел говза, хоьрцуш лелор а  дара сан мотт сацийнарг а, б1аьргаш цуьнга хьаьжначохь г1орийнарг а...
Тхуна пондарийн аьзнаш а ца ийшира.
Пондарийн бес - бесарчу аьзнийн меттана Айнаан аз дийкира, ша д1алокхуш йолчу эшаран мукъам табеш а, дешнаш олуш а.
Вайн массер а, кестта таро хир ю, цу аьзнашка ладог1а, ткъа дешнаш шуна девзаш ду аьлла хета суна.
Аллах1 Дала, Исаева Айнаъ санна шен къам а дезаш, нохчийн мотт а безаш, иштта оьзда а, г1иллакхе а, говза корматалла а йолуш, Дала махкана совг1атана кхоьллина болу мехкарий, эша мабойла вайн махкана!!!
Айнаъ, хьо Дала беркате, декъалчу некъат1ехь нисйойла!
Дала 1алаш йойла хьо!

Сугаипов Элхах а ала лаьа суна..
Элх Хьалха - Мартант1ера, Дими 1умаран ц1арах долчу, культуран ц1ийнехь болх беш вара.
Нохчийн къомана дика к1ант а вара, уллехь дика ваша а вара.
Пачхьалкхан декхар кхочуш дан эскаре вахча, Авгонистанан т1аме нисвелла, бала хьегна а вара. Шена т1е диллина, адамашна г1о хиндолу декхар кхочуш деш а вара.
Нохчийн мотт а, адамашна аьхна дерг, адамийн са хьостуш дерг, кхочуш хила лууш а вара.
Тахана ас иза дагалацар а дара цхьа бахьна...
"Ткъа суна-м лиънера,, аьлла йолу сан байт дукха хаза хеташ, йийцаре йора цо.
Цу юккьера поэзех а, цу байтан амалах а, хот1ах а дуьйцуш, довзийтура цо маь1на.
Цу байтан хилла сий гайта лууш дага веънера суна и Элх, и йиш локхуш долчу аьзнашка ладог1а йиш елара аьлла...
Айнаъ Исаеван озах схьадуьйлучу аьзнашка ладог1ийта лууш....

Элх дуьненчохь вац х1инца.
Вала воккха а воцушехь, раг1 йоцуш вигара и 1ожалло...
Дала цунна геч дойла!
Дала Шен къинхетам бойла цунах а, т1е г1ондолчу вайх а!
Вайн массер а т1аьхье беркате йойла!Да виса Элх, х1инца хила везара хьо дуьненчохь...

Вайн массер а т1аьхье беркате йойла!
10.01.2018

Рецензии