33папк керлГ1ан туьдуш верг

Резванова Айза

Г1ан туьдуш

Аьхкенан бовхачу кхаа баттана бераш дешарах мукъа дитанера.
Цунах боккха кхаъ хилла, самукъанечу аьзнашца, йоккха  г1овг1а яьккхина,
ишколера ц1а оьхура бераш. Цаьрца цхьацца забарш а еш ц1авог1уш вара ши доттаг1: Хьасанний, Бесланий.
-Нана-яха, Хьасан! Ма йовхо тоьхна-кх кху нохчий чу цу малхо, тахана
къаьсттина, ч1ог1а, элира, Беслана .
- Селхана керла хаамаш буьйцуш, хаам бира, ,,малх иккхина,  цхьана аг1орхьа 1уьрг а даьлла. Цигехула  хьалхачул а дукха йовхо ю ара хеца елла" бохуш. Иза еригге а вайдолчу аг1ор  схьахецаелла хир ю-кха , аьлла, велавелира Хьасан.
-Нана-яха, Хьасан! Ма дика ду-кха вай долчохь лийча хи долуш. Сан чкъор
дагийна а ца 1аш, пхенаш чуьра ц1ий датош лаьтта-кха кху йовхоно, вай
сихха, хи т1е лийча цадолг1ахь.
- Цкъа дехьарчара  х1ун дина ца хьаьжча, хи чу вала тешам а бац вайна.
- Х1унда боху ахь?Хаьттира Беслана.
Юха а шен забаре хабар д1адолийра Хьасана:
-Сийсара деххьарчу т1ай т1ехула, хил дехьа волуш, царах цхьанна, хи чу
хьаьжча, цу чохь бутт гина.Т1аккха стигал хьаьжча бутт мархаша
къайла баьккхина хилла. Шена стиглахь и ца гича, бутт хичу боьжна аьлла,
сихха, вахана, орца даьккхина, боккха б1о балош веана иза. Хи чу хьаьвсича, бутт хичохь а ца гина, я  хьала хьаьвсича, стиглахь гуш а ца хилла.
Цуо т1аккха аьлла; «-Со схьавог1уш, бутт хи чохь гуш бара, ткъа х1инца стиглахь а, я хи чохь гуш а боцуш, бутт къайла баьлла. ,,дуй хьуна!" со тешна ву, иза хин-ненан бага бахана хиларх. Вай х1ун дан деза  аьлча, ,,дуй хьуна!" кхин долу тайпанашна х1ара г1уллакх д1ахаахь, уьш вайца  декъа ца баьхкича 1ийр бац. Т1аккха вай  хьегна къа, эрна довр ду, ,,дуй хьуна!" Сихха герз схьа а деана, цу хи чу герз а тоьхна, хи-нана ен а йийна, бутт парг1ат баккха беза. ,,дуй хьуна!" Т1аккха и бутт вайн хир бу, даиманна а»,- аьлла цуьнан багара и дешнаш схьа довларцана, герз дан ц1а бахана хан яйа ца езаш, герзашца кийча баьхкина болчу цара, герз хичу детта долийна.Т1ом баьлла моьттуш, кхераделла ара девлла адамаш. Хилларг х1ун ду, хаьттича, цхьаммо а жоп луш а ца хилла. Стиглара мархаш махо д1айовдийча гучу баьлла бутт. Царах цхьамма мохь хьекхна:
-Д1о бу-кх, бутт! Парг1ата баьккхи вай и! Юха а махо мархаш дуьхьала хьаькхна, къайла баьлла и. Нах кхетта цара лелочух. Амма Лаххьарахой шаьш боххург бен бакъ ца деш, хи чу герз детташ, хи кхехкош сахуьленга бевлла. Тховса бутт лаххьархошна стиглахь схьакхетта ца гахь, лийча хи чу ваьлларг, хин-нана ю аьлла, цара топ тоьхна  техула воккхур ву. Х1инца хьо сихха схьаваг1ахь, хи чохь луьйчуш бераш дуйла хьовсар ду вай, цул т1аьхьа лийча а мегар ду-кха. Бераш самукъа даьлла дуьйлура цуьнан  забарех. 
-Вай забарш яхь а, бутт хи чуьра хьала шаьш баьккхина, бетта-са
даьржинчу буьйсанах мах охьа билла, бохуш, лаххьарчара  бизнас-компанеш
схьайоьллур ю шуна. Массо а ярташкахь, иза шайна дага даг1ахь. Беношна зелёный светофор хьала латийна ю шуна, вайн махкахь,- аьлла, т1етадира Беслана. Цу шиннан забарех самукъадаьлла г1ад дахана дуьйлура
бераш. Хьасан шайн кет1а кхечира. Цо Беслане т1аккха элира;
-Беслан со хи долчу аг1орхьа д1аволало, хьо сихха суна т1аьхьа
кхиалахь. Хьасан, чу а вахана даа бепиггий, нехчий  буйна а лаьцна ара а ваьлла хи долчу аг1орхьа д1авола велира.
Беслан а хье ца луш цунна т1аьхьа кхиира.Х1орш хи йисте д1акхаьчча, цигахь
луьйчуш дукха бераш дара. Хьасанний,Бесланний сихха царах д1акхийтира.
Бераш, сакъералуш ловзуш,уьдуш леллашехь суьйре т1екхечира.
Бераш хи чуьра хьаладовла сиха дацара.Царна суьйре сиха т1ееъча санна
хетара.Ц1еххьана Беслана седарчех б1аьрг кхийтира, цо хичуьра хьала а
волуш, элира.
-Нана-яха Хьасан! Вайна-м хан яьлла, стиглахь седарчий а гучу девлла,
вайшиъ хьелахь, нанас а сагатдийр ду,аьлла шен бедарш т1еийзо х1оьттира
иза,т1аккха хил дехьа ирх дахна лаьтташ долчу дитташ т1ехула д1ахьаьжча, сов ч1ог1а цец а ваьлла, Беслана элира.
-Нана-яха, Хьасан! Схьаволахьа  цкъа, д1ахьажахьа, мел тамашийна
сиз ду-кха цу стигалахь схьагуш, ц1ера юкъе а лаьцна, ц1ийбина, саттийна,
эчиган сара санна.Там бар-кха иза цхьана япони 1илманчийн говзалла хила.
Хьасан д1ахьаьжчи, цец а ца волуш, хьежа х1оьттира:
-Я Аллах1! Мел хаза а бу-кха и бутт, аьлла бохуш.
Беслана хаьттира .
-Стенгахь го хьуна бутт, Хьасан?
-И хьуна гуш долу ц1ен сиз японийн говзанчийн болх бац , иза Делан
болх бу, ц1инбелла гучубаьлла бутт бу   иза-элира Хьсана.Беслан кхин а
ч1ог1а цецваьлла:
- Нана-яха, суна цкъа а хезна дац бутт ц1инбелла олуш,
я иштта ц1инбелла бутт гина а бац суна-м. Со кхетавехьа цунах, Хьасан,
элира Беслана.
-Керла бутт болалуш, х1инца вайна магарра, гучу болу бутт.
 Иштта хуьлу и ц1инбелча, цул т1аьхьа бутт юккъе болу.
Т1аккха, гонаха ц1еран х1оз лаьцча санна, горг а лой, къаьсттина ч1ог1а
нуьре хуьлу бутт, цул т1аьхьа и чекхболуш юха а цхьа дуткъа сиз х1утту. 
Амма керла бутт болалуш аьтто аг1ор гуш  долу  и сиз, бутт чекх болучу
заманчохь,аьру аг1ор гуш хуьлу.Ткъа х1инца санна бут ц1инбелча
бусалбанаша деха деза боху,«Везан Дела! Массо а бусалбанна маршо йолуш,  ц1инбелла хилийта ахьа и бутт, Везан Дела! Массо а бусалбанийн барт цхьаъ
беш, иман ч1аг1деш, ц1инбелла хилийта ахьа и бутт »-аьлла. Х1инца
кхушиммо а дийхира иштта.Цул т1аьхьа ши доттаг1 ц1аваха новкъа
велира . Шаьшшиъ ц1акхача герга вахча, Хьасана элира.
-Беслан, хьо 1уьйрана схьавеъча ц1азамаш даа беша г1ур вара вайшиъ,
мел мерза хуьлу-кха уьш, 1уьйрана малх т1ехьажале, цхьа шийла мутт
схьа а дуьйлуш .
-Хуур ду-кха 1уьйре т1ееъча, цушиннах мерза муьлхарг хуьлу аьлла,
велакъежира Беслан.
-Муьлха  шиннах боху ахь?- аьлла, хаьттира Хьасана.
-Хьан ц1азамеххий, сан набархий боху-кха аьлла, юха а велавелира Беслан.
- И наб ян хан дуккха а йог1ур ю хьуна, бола а банза кхо бут а бу хьуна
х1инца а.Ткъа ц1азамаш цхьана к1иранах д1адевр ду, даа а цакхуьуш.Со 1уьйрана хьоьга хьоьжуш 1ийр ву хьуна, виц ма лолахь.
-Ас ч1аг1о ца йо хьуна, со д1авог1ур ву аьлла.Хьо чувог1ий соьца?-
хаьттира Беслана, шайн кет1ахь саца а сецна.   
-Х1ан-х1а, д1ачуг1ур ву со, шун буьйс  декъла йойла, аьлла д1авола-
велира Хьасан. Иза шайн кет1а д1акхаьчча, шайн ден-деца кет1ара г1анта т1ехь
сакъоьруш 1аш баккхий нах байра цунна, царах самукъадаьлла т1евахара иза:
-Суьйре дика йойла шун, олуш.
Шайна жима хеташ волу Хьасан, шайца г1иллакхе хилла сакъераделира
баккхийчу нехан.
-Далла воьзийла, Хьасан, хьо а элира бакхийчу наха,т1аьхьий хьалхий,
ша-ша бен ца олу моьттуш.Т1аккха царах цхьамма хаьттира.
-Хьо стенгара вог1уш ву, Хьасан?
-Берашца лийча хи т1е вахнера со, дагахь а доцуш хан яьлла хилла-кха
вайна, жоп делара цо.
-Уггаре а сакъерало хан ю шун х1инца, шун хенахь хан сиха д1айолуш
хета, делахь а,1аржъеллачул т1аьхьа хин йистехь сеца мегар дац.
Буьйсана цу Дела мостаг1ийн аьтто болу, боху, хица лазар тоха,вай цунах
Дала лар дойла, ларлуш хила веза, элира цхьамма.
-Дика ду, кхул т1аьхьа иштта хан яллалц хьелур дац тхо хи т1ехь, элира
Хьасана.Т1аккха шен ден-дега хаьттира цо:
-Дада, со, жимма шуьга ладоьхуш, уллехь саца мегар дуй?- аьлла.
Воккха стаг вист а ца хуьлуш шена уллехь 1аш болчаьрга д1ахьаьжира,
церан дагахь дерг хаа лууш.Уллехь берш сиха кхийтира.Т1аккха царах
цхьамма жоп делира:
-Мегар ду-те Хьасан, х1оккхазе суна улле охьахаал хьо, аьлла.
Хьасанан ч1ог1а сакъералора баккхийчеран къамелех.Цара дуьйцура, шаьш
беран хенахь хиллачу ловзарех а, шаьш кхиина дог1учу заманчохь
хуьлуш хиллачу синкъерамех а, мехкаршка шаьш дуьйцуш
хиллачу захалонех а, х1етахьлера тешамечу безамех  а. Юха а
шаьш кегий долчу заманчохь вайнехан вовшашца хиллачу г1иллакхех а,
гергарлонех а, вовшашца хиллачу марзонех, къонахалла йолуш хиллачу
зударех а, майрачу к1ентех а, ц1ейоккхуш хиллачу къонахех а, цара аьлла
долу хьекъале дешнаш,вайнаха, кицанаш а далош даиман а дуьйцуш
хиларх а.Т1аккха царах цхьамма элира:
-Дуьненчохь цхьана а къоман вайнехачул хаза а, лело ма деззара лелийча,
вайнехачул оьзда а, ц1ена а долуш г1иллакхаш хилла дац, вайн нохчийн къам
хозаллийца а,тешаме хиларца а,комаьрша хиларца а, ц1еналлица а,
майраллийца а, кхидолчу къаьмнашна юкъахь къастийна дара, даиман а.
Цул  т1аьхьа кхечо элира:
-Х1етахьлера адамаш иман ч1ог1а долуш а собаре а дара, х1етахь адамийн
вовшашца ларам ч1ог1а бара.
Хьекъал долчу наха х1окху заманах лаьцна а дуьйцура,х1инца х1ара Хьасан
вайна юкъехь санна, 1ара со баккхийчаьрга ладоьг1уш,цара дуьйцура:
Т1аьхьара заманчохь кехатийн бакъо хир ю, адамашна юкъахь лелаш ерг
бохуш,т1аккха, нах бууш нах хир бу бохуш, дуьйцура. Араваьлла стаг а
воцуш,ткъа чудеъна адам а доцуш, шен беа пена юккъехь 1ашшехь,
дуьненан еа маь11ехь дерг, адамаш цец а дуьйлуш пенаша схьадуьйцур
ду,бохуш,ткъа чохь дерг, арахь а хуур ду чура дийца ара ваьлла стаг а воцуш.Х1инца вайна гуш дукха и деригге а. Копютар олуш йолчу цу яшки хьалха хиъча,цу чохь схьагойтуш ду-кха дуьнена еа маь11ехь дерг.Ткъа неха чуьра шена хаа лууш дерг, б1аьрго а лоцур йоцуш камера олуш йолу цхьа пистон тайппана х1ума а юллий, ма дарра схьалоцу»,-аьлла дийцира цо.Цул т1аьхьа кхечо дийцира:
-Тхан ден-дас дуьцура: «Т1аьхьара заманахь йиш-вешийн гергарлонаш
хиера девр ду, церан вовшашна т1еоьху некъаш хедар ду. Дуьненан рицкъа,
дахьа меттиг а йоцуш, шорта даьржар ду, ткъа адамаш сингаттамна доьлхуш,
хьере хир ду аьлла, ша дуьйцуш дерг шена гуш санна, б1аьргех хи делира
цунна»,- Цу хенахь со, цара дуьйцуш дерг схьалаццал вара,
амма цунах кхеттал вацара,ткъа х1инца и деригге а вайна гуш ду.Суна сайхчул а ч1ог1а къа хета-кха кегийчарах.Ма мерза ду-кха, йиш-ваша. Бертаза къаьстош лаьтта уьш вовшеха, х1окху заманахь. Лаа вилхина ца хилла Хьаьжа, т1аьхьарчу замнахь, вайнаха ловн болчу балийна.»Х1ара зама ю-кха цара ялхийнарг,вайна гуш ду-кха,т1е мух1ар та1ийна хилчхьана, харц яздина кехат бакъ дой, адамийн бакъо эша а йо, шозлаг1а, адамех  къа а цахеташ, церан хьакъ даар, хьалха дог-пах а дууш, адамаш даар ду аьлла, хета суна .Ткъа йиш-вешин гергаллонаш дуьненан рицкъанаш лоьхуш, гена д1асаихна хиера девлла, вовшашна т1едоьлху некъаш юха вовшах хиттале,1ожалло дахаран орамаш хедош лаьтта.
Дуьненан  рицкъанна т1аьхьа девлла, ген-генна д1аса дахана адамаш,шайн-шайн аьтто бол -болучохь рицкъанаш а гулдина, баха хевшина.Т1аккха цул т1аьхьа ойлаян воьлчи цу бахамах а са ца къерало,  хьайна дезаш долу да-нана а,
йиш-ваша а уллехь ца хилча.Самукъа а цадолу диканна а, вонна а дакъа лоцуш
болчу шен нахана юккъехь  цахилча.Дахаран марзо беран хенахь шеца цхьана кхиинчу берашца юьсу.Баккхий хилчи царца долу гергарло мерза хуьлу.Ткъа царах цхьа а марзо эца уллехь ца хилча, х1ун до цу бахамах а.
Юха дог тедан г1урту, стенггахь хилчи а вала везаш ву-кха массо а, олий.
Т1аккха велхаран къурдаш логехь соьцу. Цаьрга ладоьг1уш а 1ийна, вист хилира
ша нах а лоруш,нахе ша ларийта а хууш , наха  ларамца йоккха ц1е йоккхуш
волу 1абдул-1азим Халидан к1ант Мохьмад.
- Бакъ дерг аьлча, шен махкахь диканца ц1ейоккхуш  вацахь, стеган  вахар-  вахар а ма дац, дай кешнашкахь барз боцуш делахь, валар- валар а ма дац.
Цул т1аьхьа т1е туьйхира цо:-Вайнаха дукха баланаш лайна, х1инца а лайна а цабевлла. И деригге а вайнехан барт цахилар ду аьлла, хета суна,адамаш ч1ог1а хийца делла,вовшашца болу ларам а д1абаьлла.
Уггаре а коьртаниг иман ду, иман хилча, собар хуьлу, собар хилча барт а
хир хуьлу, ткъа барт болчохь беркат хир ду аьлла, дош ду боху, вайн Дала доссийначу къо1ана т1ехь.
Вайна т1ехь дерг, дехар ду-ка. Везан Дела! Иманехь нисделахь тхо а,тхан доьзалш а. Т1аьхье беркате елахь тхан, олуш.
Хьасан цаьрга ладоьг1уш 1аш, буьйса юккъе яхнера, х1инца иза набаро
царга ладог1а ца вуьтура.Мохьмад къамел дина валлалц ладоьг1уш а
лаьттина, Хьасана элира шен ден-дега.
-Дада,шуна со оьшуш вацахь, чуг1ур вара со-аьлла.
Денда, ша вист а цахуьлуш, уллехь 1ачарга д1ахьаьжира.
Царех цхьамма элира:
-Мегар ду,мегар ду,х1умма а ца оьшу,Дела реза хуьлийла хьуна, Хьасан, аьлла.
Дендас меллаша корта та1ийра, мегар дуйла хоийтуш.
-Буьйса декъал йойла шун,аьлла, Хьасан д1аволавелира.
Хьасанна т1аьхьа а хьаьжна, бакхийчу нахана юккъехь 1аш волчу
цхьамма, элира.
- «Хин долу хьоза бенахь декна»,-олуш ду-кха вайн дайн кица.- Элах,хьан т1аьхье а яйна яц,цу к1анта ша жима воллушехь хоуьйту шех къонаха хир вуйла. Х1инца т1екхуьуш болчу кегийчу нехан амалш тамашийна ю,суьйре дика а я 1уьйре дика а доцуш,хьайбанаш санна, охьатаь11ий т1ехбовлу уьш.
Вист а ца хуьлуш т1ех х1унда волу хьо аьлча, «Сунам эхьхета вистхила»,-
олу цара.Г1иллакх лелорах эхь дац,г1иллакх ца лелош верг къонаха а вац.   
Шена адам гушшехь, вист а цахуьлуш т1ехвалар, «Со вац» бохург ду-кха.
Элаха юьхь к1айн 1ара Хьасан г1иллакхе хилар бахьана долуш.
Цо элира. 
-Нахе ша ларийта лууш волчу стага,нах лара беза. Стеган адамашца ларам хилар, шен сий лакха даккхар ду, аьлла.  Цул т1аьхьа царах цхьамма элира:
-Х1инца, вай д1асадахнехь х1ун дара теша? Сахуьлуш ду вайна,1уьйранна даха
дезаш меттигаш хила а тарло, жимма са де1ча  дика хир ду аьлла, хетара суна.
-Хьо а бакъ лоь,-олуш, хьала а г1евтина, вовшийн 1одика а йина, бакхий нах д1аса бахара.Буьйса д1а а яьлла 1уьйре т1е кхечира.Сахилла 1уьйре т1ееъначул т1аьхьа хала дара, лергашна сема волу Хьасан вижана

 1илла.Ша хьалаг1оттуш:
-Бисмаллах1и-Рахьмани-Рахьим, Везан Дела таханлера де беркате делахь тхан.Малх хьала баланза бара.Хьасан, ковх ара а ваьлла, д1асхьа хьежира.Цул т1аьхьа юха а вирзина, беша вахара иза.
Ц1азамийн хас долчу ваьлча,Хьасанан  цергех хи тесира.Ц1ен дари санна
Лепаш, къегара ц1азамаш,б1аьрг кхеттачуьнан даа дог дог1ур долуш.Ша уьш
дукха дуур ду моьттуш хилла волу Хьасан сиха 1ебира ц1азамех.Цул т1аьхьа иза хийисте вахара.Селхана ловзуш дукха бераш хиллехь а, тахана
садо1у дег1 а дацара кхузахь. Хьасан хин берда йисте охьахиира.Иза 1аламан
тидам беш 1ара.Хилдехьа ирах ихина лаьтташ долучу дитташка а хьоьжуш, царна юккъера схьахезаш йолчу олхазарийн бес-бесара шакаршка ладоьг1уш волчу Хьасанна,1алам ц1еххьана шена делалуш санна хийтира. Жимма хьалха, кхоьлина лаьтташ хиллачу дитташна юккъехула х1инца, чиркхаш латийча санна,маь1-маь11ехула маьлхан нур лепара.Ц1ена, сийна лаьтташ хилла стигал, х1инца цхьамма, дашочу къоламца дуткъа сиз хьокхуш, сурт диллича санна,малхо, ген-генна шен дашо з1аьнарш а хецна къагийра.
Хи чу хьаьжча ойлане а воккхуш, тийна охьадоьдуш хилладолу хи,х1инца
буьйсана стигал а къагийна хилла седарчий,цхьаммо цу хин т1оьхула 
даржийча санна, къегинера.Дикка хьежча, цу хин кегий тулг1енаш
вовшашка шабарш а деш, забарш а еш,йоьлуш хеталора,т1аккха схьайог1ий
нана-тулг1ено и кегий тулг1енаш,марахьарчайой, къайлайохура.
Шен б1аьргашна гушдолчу суьртан хазаллех ца 1ебаш,и деригге а 1алам
шен кийра уозош санна,Хьасана б1аьргаш д1а а къевлина,кийра 1аббош керла
х1аваъ кийра уьйзира.Цул т1аьхьа, цу 1аламан хазалла еригге а ша кийра ерзийча санна,б1аьргаш схьа а биллина,цу суьртах сов ч1ог1а воккхавеш
хьала хьаьжна цо элира:
-Алхьамдулиллах1, Везан Дела, хьуна бу-кха хастам.Хьо воцчуьн ницкъ кхочур бацар-кха, кху дуьненан 1алам сел хаза кхолла а, и хазна ган тхан б1аьгашна сирла нур дала а,- аьлла, ша 1ьашволчу меттера хьалаг1аьттина,
хин йистехула волавелира Хьасан.Х1инца малх дикка лакхабаьллера.
Бераш шаьш луьйчучу  хин айма йолчу  шишша, кхоккха тобанашца
схьаоьхуш, сиха схьагулделира.Царах цхьамма забар еш элира:
-Хьасан,хьо сийсара ха деш-м вацара х1окху хи т1ехь,-аьлла.
-Со хин-ненаца тоба дан веана вара,-аьлла забаре жоп делира Хьасана.
Жимма хьалха хилла тийналла сиха эккхийра, самукъанечу бераша.
Олхазарийн шакарш а къаръеллера, х1инца цу хин кегий а, яккхий а тулг1ешца
т1ом беш бераш дара. Ц1еххьана хичуьра схьа берех цхьамма мохь туьйхира.
-Хьасан,хьан верас ву хьуна вог1уш.Хьасан д1ахьежча, Бесланах шен
б1аьрг кхетча, самукъа даьлла,иза шена т1екхаччалц ца 1аш, забаръеш
мохь туьйхира:
-Беслан, 1уьйре дика йойла хьан, хьо самаваьллачу хенахь,хьо сама мацца а
ваьллехь а хьан 1уьйре ю моьтту суна.
-Х1аъ-ъа,хьан а дойла марханаш къобал,мичча а хенахь а,-аьлла, дуьхьал
забарйира Беслана.И шиъ, хи чохь луьйчуш долчу берех д1акхийтира. Луьйчуш,ловзуш бераш леллашехь малх ч1ог1а бохбелира.Ши доттаг1 хи чуьра хьала а ваьлла,дитташна юккъе а вахана,1индаг1е охьахиира.Т1аккха Хьасан барт хатта волавелира.
-Беслан алахьа соьга,х1ара хан хиллалц, баккъалл а,набъеш вара хьо?
-Вацара дера-кх,бегашина наб еш вар-кха.
-Цамгаро лаьцнарг а 1уьллур ма вац тахана санначу 1уьйрана меттахь.
-Суна санна набаран цамгар кхеттарг-м 1уьллур ву,сол башха хьала г1атта а
ца туьгуш.Нана-яха  Хьасан, и 1уьйре т1ееъча, кхин а ч1ог1а йог1у-кха суна и
наб,б1аьгаш вовшах леташ,корта г1айби т1е охьа оьгуш.Т1аккха Хьасана элира.
-Суна хаа иза х1ун ду.Айхьа 1уьйранна ши б1аьрг схьамабиллинехь, ахьа
 уллера шайт1 д1а эккхо деза,Бисмаллах1и-Рахьмани-Рахьийма аьлла,
цул т1ехьа,Салават а дуьллуш хьалаг1атта веза,хьайн коьртера бала
д1абоккхуш.Хьо иза ала вицвелча шайт1ано шен болх схьа бо.
-Х1ун болх бо цу шайт1ано?-аьлла, хаьттира Беслана.
-Цо 1уьйранна хьо сама цавалийта,б1аьргашна т1е наб туьтту,хьо хьала
цаг1аттийта,корта баз а бой г1айбана т1е охьа эга бо,-элира, Хьасана.
-Эшш-шай,д1аяккхахьа и шайт1а,цундела аса цунна х1уьттаренна сайна
мерза наб йокха, хаза г1енаш а гуш,-элира Беслана.
-Сахиллачул техьа еш йолчу набарах,мерза наб цахуьлу.
-Нана-яха Хьасан, шена марзъеллачу хенахь мерза хуьлу-кха и наб.
-Буьйсанна хьо охьа вуьжуш, сахиллалц наб йийр ю-кха аса, олий ,парг1ата 
охьа вуьжу .Ехачу буьйсанна хьалаг1атта са а цагатдеш мерза наб йо ахьа.
Цунах мерза наб олу.Ткъа сахиллачул т1ехьа,х1инца г1отту со,жимма 1ийна г1отту-кха со,бохуш керчаш 1илларо,хьан дег1ана луш ницкъ а бац хьуна, я коьртана луш хьекъал а дац хьуна .Иза эрна хан яйар ду.
-Х1унда ду иза эрна хан яйар.
-Кхиетахьа ва Беслан,наб могшаллийн мостаг1а ю ,ткъа мот-г1айбин доттаг1а ю.Цул совнаха, хьан дахарна эшам а бу сахиллачул т1ехьа меттахь 1иллар.
-Х1ун эшам бо цу набаро дахарна?
-Хьо г1енаш а гуш,туьйранашкара нанийн Н1окка санна вижана 1уьллушехь,
хьан хенара бераш лаьтта т1ехь дерг теллина а ца1аш,стиглахь дерг а, лаьтта
бухлахь дерг а х1ун ду хьоьжуш, массо а х1уманна т1ехь кхиа г1ерташ, таллам
беш ду.Ткъа хьо, хьайга д1а аьллачунна,иштта хилча х1ун ду? Вуьшта хилча
х1ун ду ? - бохуш хеттарш а деш, вижана 1уьллуш, эрна хан д1аоьхийтуш ву.
-Нана-яха Хьасан, дукху хууш хилча, хьалхе къанло боху, къан вала а цалаьа суна-м,-элира Беслана.
-Хьалхе къан ца ло,хьо санна х1умма а цахуучаьрна хьалха вала а везаш а хуьлий,воккха хуьлу-кха.Ткъа дуьнена чохь долу х1ума, деригге а хиъча а
новкъа дац, цаоьшуш дерг  цалелийчхьана.Сом ца1иллало серло гучу яьллачул техьа вижана. Суна дагахь хуьлу-кха, со вижана 1уьллушехь, дуьнена чохь хуьлуш долу цхьа тамашийна хаза х1ума,цагуш со виса мегар-кха,аьлла.
-Нана-яха, со а хуьлу-кха кхоьруш,со сама а ваьлла, цхьа хаза г1ан суна цагуш
диса мегар-кха бохуш.
-Беслан, т1аккха цу набара доттаг1а а хилла,сел ч1ог1а ахь  лардеш долу и
г1енаш, самваьлчи дагадог1ий хьуна?-Аьлла хеттира Хьасана.
-Дог1у,наг-наггахь дерг-м,-элира Беслана.
-Ас бохург ахь  дийр делахь, хьуна т1ехьлонна пайдаьнна хиндерг хаара суна.
-Хьунам дукха х1уманаш хаара,сов дукха хууш хьо хиларна, воккха хилча хьох,
х1умхууш волу стаг хиларна кхоьруш ву со.Схьадийцахьа т1аккха,х1ун ду ахьа суна кеч динарг?
-Хьо охьавуьжучу хенахь хьайна улле тетрадий, ручкий дилла деза ахьа.
Хьо вижана дукха 1уьллуш хилча,хьуна г1енаш дукха гур ду, уьш ахьа хьайна диц цадалийта цу тетрада т1е д1аяздан деза, цул т1ехьа, г1ан туьдуш волчуьнга тида а тидийтина, цо тидар а ахьа д1а яздича, иза хьуна пайдянна хир ду,-элира Хьасана.
-Нана-яха Хьасан, г1енаха цхьа хаза дин бара сан,ч1ог1а тешаме а,со ч1ог1а
ларвеш а.Аса со сама ваьлчи дадина дийцича,цо элира,- «Хьан дика
а волуш, тешаме доттаг1а хила ду иза».
-Бакъ дерг аьлла-кха хьоьга хьан дас,хьан т1ехьлонна ойла еш волу
со вукха хьан дика доттаг1а.
-Х1ун ойла йина ахьа сан т1ехьалонна.
-Гой хьуна Беслан,хан сиха д1айолу,хьо наб еш 1уьллушехь хан д1а а яьлла,
хьо болх а боцуш висарна кхоьру со.Ахь и хьайна гуш долу г1енаш гул а дина,  туьдуш волчуьнга тида а тидийтина, хьайна 1амийча, кхано наха,- «Шена деш г1уллакх а доцуш, я, нахана пайденна а воцуш вижана 1уьллуш, къена-къан великха и Салавдин к1ант Беслан»,- бохучул а,-«Г1ан туьдуш волу Беслан»,- бохуш, нах т1е а оьхуш,наха лара а лоруш хир ву-кха хьо,элира доттаг1чо.
Цуьнан забарех кхеташ волу Беслан, вела велира.
-Хьо санна хьекъал долуш доттаг1 хилар бу-кха,т1ехьалонна пайда,- аьлла.
Шаьшинан забарех воьлуш и шиъ луьйчуш долчу берех д1акхийтира.

01.09.2005.


Рецензии