Динара воссаво цуо
Резванова Айза
Биезамо шераш ца лоьру,
Ца хоьржу заманан мур.
Бахаме, хьоле ца хьоьжуш,
Цуо дагчохь къагадо нур.
Жималлийн хьерашка вуьгий,
Къаналлех кхардадо дог.
Ницкъ иэшош, доьналлех воккхий,
Акха д1а идабо ког.
Т1аккха цкъа мацца а тухий,
Динара воссаво цуо.
Ша шиега хаьттарш деш, духий,
Бехк лоьцуш, къовлало дог.
Безаман йац цхьа а зама,
Безаман дац цкъа а къан.
Безаман ду дериг дахар,
Дег берччехь ду цуьнан дарж.
*****
Свидетельство о публикации №224052800616