Со лахь...
Со лахь ахь х1ун дер - те, малх кхета дуьне?
Хьо муха лаьттар - те, со йоцуш, муха?
Харшашкахь хиш уьдур дуй - те, со йоцуш?
Йа 1алам 1ийр дуй са ца хьийзаш суна?
Муха ткъа йог1ур - те, б1аьсте со йоцуш?
Дуьсур - те, седарчий буьйса ца хьоьстуш?
Боккъал а, со- м, йеза хьан дуьхьа йаха,
Х1ай Дуьне, йиш ма йац, хьан со д1айалахь!;
Свидетельство о публикации №224052800624