Даймохк ца битина...

Резванова Айза
Даймохк цабитина д1абахначара,
Д1абаьхьна и лело дегнаш чохь цара.
Уьша - м ц1абоьрзур бу,  шайн марзо йолчча,
Къацхетарш хилла - кха, цатуьгуш 1аба...

Кхолламан кхел хилла къаьстиначарах а,
Я Делан лаамца ц1ахь бисначарах а,
Хьан кийрарч лазамах, дог доцуш лаза,
Доьзал ма кхуьийла, Даймохк,  хьан кхерчахь!
2018


Рецензии