Да виса...

Резванова Айза

Дависа, шун дела1, нур сирла б1аьргаш,
Шайн г1айг1а ца гуче шу стенна хьоьжу.
Аш х1унда лардо те, и лела некъаш,
Х1унда аш са дуу, цуьнца ирс доьхуш?....

Дависа, дилхан дог, ахь х1унда хаьржи,
Бен - башха доцуш верг, хьан тийжар -  делхар...
Безаман гура чу, хьо стенна дирзи,
Синсерло йоцуча хьайца са декъа?...

Дависа, хьекъал хьан, кхетамах даьлла,
Ахь х1унда йитира со некъа яла..
Х1унда ахь битира б1аьрг серла бала,
Дог стенна дитира безамах кхала?...

Ткъа х1инца кхетамца ахь ойла йехьа,
Синмерзаш синтеме сан дерзадехьа...
Буолинчу некъа т1ехь ирсан лар леха,
Бехказло ца лоьхуш, сан аьтто бехьа!
27.05.2020


Рецензии