Д1а балахьа т1ом...

Резванова А.А.
Дитахьа тхо...

Д1абалахьа т1ом,  сингаттам, бала!
Д1абижахьа кхин ца г1атта цкъа а.
Д1ашарлохьа хилий 1аьржа латта,
Дитахьа тхан дегнаш б1аьсте хьаста.

Дитахьа тхан дегнаш б1аьсте хьаста,
Тхайн Даймахке мерза ойла йаста.
1уьйре, суьйре дай - наношца йаккха,
Кхуьур дар - кха, тхо дуьненах къаста.
*****
Резванова Айза
Мацахлера ойланаш

Сан бералле идар дар - кха,
Хьан аматаш йуху а  лехьуо,
Бераллехь а хьо ма вара,
Вехаш тхуна урам диехьуо.

Амма х1етахь кегий дара,
Муьлхха дерг а вайна товра.
Х1ора кханенан кхане а,
1алашоне кхийдаш гуора.

Дагахь доцуш хан д1аели,
Замано вайн шераш кхеди.
Дагна томехь хилла денош,
Т1етт1а ийзуо со а ели.

Бераллера хьо а къеги,
Дагна томехь, серло хилла.
Къаналлийн мур ахь сан кхели,
Вайн бераллийн марзо елла.

Стиглахь беттан серло йов - кха,
Малхо шиеца нур ца декъча.
Иштта цхьаллехь дахар дов - кха,
Марзо безамца ца йекъча.
*****
Айза Резванова
Дуй те, вайша ...

Совг1аташца б1аьргаш хьоьстуш,
Лерехь мерза мукъам кхерстош.
Хьо-м сан дагчу кхаьчна вели,
Зезагех сан ойла кхели.

Дуй-те вайша цунна бехке,
Т1аьхьайисна ярах б1аьсте??

Дац кхин аз сан дагна томехь,
Хьоьга кхойкху дог сан къайлехь.
Хир ду лерса сема хьан,
Кхетар ду дог, дагах сан.

Дуй-те вайша цунна бехке,
Т1аьхьа йисна ярах б1аьсте??

Нагахь дагчу йоссахь буьйса,
Хьан б1аьргаш чохь кхоларш дита.
Хьо хилалахь цунна кийча,
Толам хир бац вайгахь х1инца.

Дуй те вайша цунна бехке,
Т1аьхьа йисна ярах б1аьсте??

Сан малх кхуоло, кхаж хьан балахь,
Со а - м яц - кхий, 1аьнна генахь.
Гуьйре йохъеш кхетац малх а,
Гуьйре - м нисло, малхах лепаш.

Дуй-те вайша цунна бехке,
Т1аьхьа йисна ярах б1аьсте??
*****

Хьо д1а вахна махках ваьлла, генна,
Хала - атта йаккха тоьхна хан.
Со йисина, вайн даймахкахь йаха,
Халаделахь а, дагчохь хилам лан.
*****
Резванова Айза

Кхолламо йигарх д1а махкана гена,
Дог ду сан бусулба, ду нохчийн ц1ий.
Дайн г1иллакх, ненан мотт ду сан дозалла,
И дицлахь д1а довр ду къонахчун сий.

Дай - наний лоруш верг, Дала а лору,
Бохуш цу къор1ано беш хьехам бу.
Ша винчу ненан мотт хера ца болу,
И марзо шен ц1ийца д1аийна ю.

Сан б1аьргаш дуьххьара бераллехь дуьйлуш,
Безамца схьалаьцнарг ненан сурт ду.
Мерзачу озаца сан амал 1ехош,
Нанас со хьистинарг нохчийн мотт бу.

Ламанех схьадуьйлу  шовданийн санна,
Ц1ена шен бух болуш нохчийн мотт бу.
Дашочу 1аламца куц хуьйцуш денна,
Къегина лаьтташ берг, 
Сан даймохк бу!
*****
Резванова Айза

Жималлин оганах тевжина,
Йилхи со, 1ана а яхана.
Барз боцуш безамах битина,
Хьан кхалхар даго цалайна.

Амма хьан аматта – м деана,
Лаьттара, схьахьоьжуш, тийна.
Жималлехь санна цхьа эсала,
Сан б1аьра хьийжира, г1ийла.

Хан – зама д1аидарх гена,
Ца волу хьо дагна хиера.
Цундела безамна сирла,
Сан деган шовданаш 1иена.
*****

Резванова Айза
Дахи вай.....

Ахь сайн некъаца лоьхучух кхийтира со.
Айса лоьхург иза дацахь а, хьоьца болучу ларамана, хьан хеттаршна жоьпаш луш, хьуна со бахьана долуш вас  хиларна кхоьруш, хьоьга ладоьг1уш 1ийра со. Наггахь хьуна ларамаза юьхь дуьхьал хьажар нисделча, велакъежар юккъехула схьахьоьжура, мокхуочу басахь болу сингаттам. Суна ца ган тарлора и сайна цуьнан амат девзина ца хиллехь. Делахь а, бехк бацара хьан а...
Дуьненан г1иллакхаш лоьруш, дахарехь даккхий г1уллакхаш  кхочуш деш, эхартан х1усам къаго а, г1ирс кечбеш лелачу хьан, сирлачу дахарна т1ехула 1аьржа т1ам баржош, беана хала мур бара, хьан ойла  кхуолийнарг.
Ахь оццул шерашкахь безаман ц1арах йоьттина г1ала, х1ора дийнахь цхьацца т1улг бужуш, г1амарах аталуш, хьайн дагчу 1енаш гинера хьуна. Хьох дозалла деш, хьан дахаре ойла иръеш 1ийна, деган накъост, хьан дахарна мерза стом белла хьоме са дара и 1ожалло къастийнарг хьох.
Ахь цуьнан хам ца бина-м дацара иза.
Делан кхел ю-кх, адамаш зуьйш, лелаш.
Вуоха ца вуьйхира хьо. Ахь иза а хьайн дагчу д1адиллира, х1инцалц лайначарна т1еххула т1е. Иза дахарехь уггар хала а лоруш. Иштта ду-кх дуьненан г1иллакхаш.       
Г1орасиз хилар ца дезаш, юха а б1аьрг бетта волвелира хьо дуьнене. Амма хьайна ирс лоьхуш вацара хьо х1инца. Хьуна хьайн ирс, хьайн доьзалан б1аьргаш чохь гуора. Уьш самукъане, боьлуш  байча, велалуш, церан б1аьрг кхоьлича, дог доьлхуш. Хьуна хьайнна бисанера и бала. Муьлххачу а херонгахула чекхбуьйлу мох санна, халонаш эшош, заманах чекхвийла 1еминчу хьуна хала дара къар вала, цхьана денна а. Деган къайленаш ястар а дог1уш дац хьан амалца. Амма жималло ша лелавора, воккхалла лело дезаш ду-кх.
          Мел деза ду-кх цхьанна текхо вокхалла. Цу т1е ма эга деригге шераш а. Д1аиханачу заманах йисинчу марзонийн а, т1едог1учу шерашца дуозалуш долчу гергарлонийн а. Наггахь жималлех а, къоналлех а дагавалар коьрте деача, и мерза а, къаьхьа а дагалецамаш бекъа, уллехь хьох кхеташ накъот хилча юха йоьрзуш а ма хета и доьналлийн зама, цхьана м1аьргонна. Со-м кхета хьох. Суна-м сайх а къа хета, иштта ойла йича. Адам даха дезаш ма ду, диег1а чуьра са д1адаллалц. Къаналлийн бахам бу-кх, д1аяханчу заманан уьйриг баста дагадеъча, уллехь тай уозош, дакъа лаца адам хилар. Бакъ дерг аьлча, со а  кхоьру  х1инца дахаран накъост лаца.
          Со кхоьру, тохара жималло ницкъ луш, доьналлехь гайтиначу даго, юха дахарца марзонан уьйр лаьцна, къастаран зама еача, кхолламца бакъонаш къийса  а х1оьттина, суо юьхь 1аьржа х1отторна. Сан дог а ма ду дахаро къийзина, зарзделла.
Т1аккха а ойла йича, х1ун юьхь 1аьржо яра иза? Дахаран чам тазбелча , иза къахьбала ца буьтуш, вовшен г1ортораш а хилла, дуьненачохь даьхна ши адам, хьалхий, т1аьхьий лаьттан кийра дижча?
Дахи вай, даллалц?!
******
Хьо марша йог1ийла,
Х1ай Делан цамгар!
Сан дег1ах хьаьрчи хьо,
Ца деш цхьа а хаттар.
,,Хьо шайна йоьхуш и,
Эвлийааш белхарах"
Дуьйцуш со хезна йара,
Са хьегна - м йацара.

Ткъа соьга кхечи хьо,
Сан иман зиен.
Беркате хуьлда хьо,
Совг1ат вйн Делан.
Соьца 1ен хьо йеънехь,
Хан йоккхар вай цхьана.
Тукарш ахь ирдинехь,
Некъа йаьр вайша гена.
Йала кийча ца хиларх,
Алхьамдулиллах1!
Вайн некъан сацар
Хуьлда
Йалсамани чохь!

Дала Шен къинхетам бойла вайх!
*****
*****
Со айхьа йицйина бахи ахь?
Бакъ дац и, ахь ца йицйина.
Йицйан а ца дезна  хьан со,
Вай вовшен уллеш т1ех девлла.
Нислуш ду дахарехь иштта,
Ойланехь ца сецнарг  цкъа а.
Суна - м хьо гина вац ган а.
Гинарг ву, ас, ца вицвинарг.
*****
Резванова Айза
*****
Генахь дац и аьзнаш,
дехьа чохь санна уьш хета,
Х1ора г1улч ас йоккху,
дуьненахь т1аьххьара лоьруш.
Ялсман хьозарчий шакаршца, соь кхойкхуш дека,
Цхьа пен бу - кх, цхьа парду,
1ожалла бен чекх ца йолуш.

Къинт1ера яьлла со даггара дериг дуьненна,
Къинт1ера далар а доьху ас 1аламга дуьнена.
Лелла яц дахарехь аьхналла лоьхуш сайн сина,
Ткъа марзо лаьхна ас  дуьненахь массо а сица.

1ожалло дахарца къуьйсучу дозанан юккъехь,
Г1айг1ане со соьцу, чот етташ, къа-мел а  узуш.
Оьмар ас диканех юттуш ерг, соцуш ю юккъехь,
Лийринарг яра е'ха, т1аьхьенан некъ ирсах буцуш.
*****


Рецензии