Гельхаева Заирера совг1ат!

Къоналлехь к1антаца йисича цхьалха,
Г’ора ца х1оьттира вонашна хьалха
1амалехь совйолуш, хастам беш Далла,
Дийзира дахаран хьайн некъаш талла!

Бусулба сан йиша, лераме Роза,
Оьзда хьан хиларан дац цхьа  а доза.
Массаьрца цхьатерра йу к1еда-мерза,
Дикалла хьан о’за  карор дац терза!

Дан лууш шегара шатайпа совг1ат,
Заирас йовзийти хьан амал ховха!
Хьох иза йаккхиййер лаарна гайта,
Даггара йазйина йу х1ара  байташ!


Рецензии