МИчхьа йу Нахчой ц1ераш
КХАНЕННА БАЛЕННА ХИН ДЕРГ
«Тахана
къайлаха воьлху со,
Йиш-йоьхна берзахха ух
Ткъа кхана къам делхарн кхоьру со
Ца карбеш Нахчонна бух».
Дай-наной дийна болуш хьай беран ц1ерш тахкар хьан керахь ца хуьл, иза нахчойн ( нохчий, г1алг1ай, бацой) хаза а, дика а г1иллакх ду. Амма цу хена а нислора-кх вайн Нанойша вай къоман йоцу, ц1ераш ( къаьстанна зуд-беран) тохкуш.
Тхан доьзаллехь а нисделла иза хьал.
Иза шадериг дуьта вай. Тахание а кховдий, хьал муха ду хьовсий вай.
Буьтар вай неха-нах, тидаме дуьллу асса тхайгара хьал, сай во1ан а, йо1ан а т1аьхьен техкина ц1ераш.
Вайн мотт дукхчарна ледар хаъарие терра, х1ора нахчойн ц1е асс оьрсийн маттахь гочйийра йу, ишта нахчойн ц1ершна + ++ хьарк. Т1и ъэцан, йа карчйина ц1ершна - - - хьарк х1оттийра ду.
Х1ара тамашиен х1ума ду:
1. Лам-Берд ( Лам-Гора; Берд- Крепость) +++
2. Таймир - Астаг1 Темаркъ ( Тамерлан) —-
3. Эзам - (Постоянный, вечный) ++++
4. Мартан: Март -орам бу, Т- суфикс йу.; Ан-чакхие йу.
Ц1е нахчой йу, амма хазйархьам кегйина йу +++
5. Шумер - тера ц1ераш: Шема, Шама ишта кхи д1а а. Нахчойн схьабойла орам +++
6. Ч1инхо - Нохчи цхьа тайп лаьрра +++
7. Изнаур - хила йеза Изнойр. Хаз йар-хьам кегайина +++
8. Байсаннур - хила йеза Бойсарх. Хаз йар-хьам кегайина +++
9. Хайрулла: - - -
10. Хьузейф: - - -
11. Ясин: - - -
12. Амир - - -
13. Ассадуллах1 - - -
14. Алим - - -
15. 1абдуллах1 - - -
16. Макка ц1е йолуш 2 йу.
17. Мадина ц1е йолуш 2йу.
Ма йарра Мекка, Медна хир йар. - - -
18. Нафиса - - -
19. 1азиза - -
20. Насиба - - -
21. Йасмина - - -
22. Самира - - -
23. Алия ц1е йолуш 2 йу. , нийса Алие ( Але) хила йеза ( Речка, река, например Шовда- родник)
24. Адила - - -
25. Альфия - - -
26. Карина +++( Найденная, Найденыш).
27. Малика +++ ( Ангел, Анжелла)
Цу массо а берийн, шай дай а, де-дай а бу, ц1ераш тахкар цера лаъам бу, ам бакъ ду соьга цу ц1ершца берашка схьа кхойкхуш мохь ца туохало.
Ма дукха а, хаза а ц1ерш йу вай къома, масалла: Ваха, Дукх-Ваха, Леча, Куьйра, Маса, Ката, Кита, Кота, Ката, Буьрса, Муза, Бура, Пхьагал, Борз, Берд-Дукъ, Генар-Дукъ, Дога, Дика, Дарча, Орца, Чой-Бал, Хьоза, Эска, Эза, Эзам, Эмза, Маккхал, , Ковра, Г1овса, Г1ойса, Эл-Ах, Эла, Эл-Си, Тигар, Ур, Аьрт, Ноьйр, Ноьйр-Би, Яндар, Яндар-Би, Аьр-Са, Аьр-Са-Би, - кхи д1а а эзаршкахь боьрша неха ц1ераш.
Алие, Ану, Ану-йист (Анист), Човка, Кхокха, Алкханч, Маьлх-Аьзние, Карина, Марет, Йисита, Сацита, Тоита, Хазна, Хаз-Арие, Тайна, Эйна, Хаз-йина, Чехкар, Масар, Масарт, Полла, Хаз-Бика, Кур-Бика, Нур-Бика, Риехьант, Сиеда, Пату, Ал-Пату, Экама, Хьаьста, Гул-Аз, Эйм-Ми, Эйс-Си, Эй-За, Эй-Зан, Малика, Ас-Малика, Ман-Жа1, Яха, Хаз-Яха, ишта кхи а эзаршкахь.
Свидетельство о публикации №224070800780