Нахчойн хаза 1адаташ

НАХ-ЧОЙ. НАХЧАМАТЬЯНЕ. НОХ-ЧОЙ. НОХЧИ.
ВАЙНАХ.

Вайга, вай дейшкара схьаккхаьчча х1ара хьехам: «Шиен ненахой а, стун-хой а ца лаьрраг саг ма вац, цув совва къонах а ма вац».

Из кица мичхьара схьадог1уш ду?
Цхьан заманчохь гуьржийн паччахьехь Парнавазехь ( Исторехь - Фарнаваз) марехь  хилла, тайпан Т1ерло а  йолуш, нохчийн йо1 Зезаг.
Цу шинне хила во1 шиен ц1е Саурмаг а йолуш.
 Гуьржийн махкахь паччахьан карчам а хилла Зезаг, шиен кхиан вог1у во1  схьа а эцца ( Саурмаг) шиен дей ц1а, нохчийн чу, йеан хилла.
Лаьмнашкхула, дог1нехул, т1аршках  схьаихан г1елбелла болу Зезаг а, Саурмаг а, ишта цера  хангуо а  шей некъахь  г1елбаларо х1иттийна бахьанца, дийнахь а, буса а наб йира боху.
Шоллаха дийнахь, малх бузале хене вахан хилла Саурмаг сема ца волуш. Шиен во1 сема ца валарх шиеке йахан йолу Зезаг т1их1оьттира боху Саурмагана.
« Саурмаг, Саурмаг, сан хьоменаг сам валахь - аьлла- меттах ваьккхир боху нанас шиен во1. Набаро бодвинчу к1анте ши б1аьрг схьабелбелча Зезаге мохь белира боху: « Вай хьуо вина Нана лойла хьан сан хьомиенаг, ма кхиера йикха ахь со- аьлла.  Шиен нене доьхьал жоп делир боху Саурмага: « Маржа сан Нана, хьуна ма хаъара мостаг1 чу ца ваийта доза лардеш эскар хилла сан, со цавезарш сан берд- г1але ца бовлийта гуо лаьцца латташ б1о хилла сан, суна т1и чуьрка ца кхачийта, йа йовхоне со човха ца вайта пилларг лестош лай хилла сан, ам бакъ ду и шадериг а долушшехь х1окху сай нена вешийна букъ т1ехьа санна парг1ат а, мерза а, ковхание а наб йина ма вац со - аьлла шиен Нене жоп делира боху Саурмага.
Нена вешин букъ т1ехьа бохург, Нена вешин х1усамехь бохург ду, иза нийса кхето диеза.
Циггахь Нахчойн Кхеташоно т1и ийцар боху къоман г1иллакх, шиен омарца ч1аг1 а дина « Шиен ненахой а, стунхой а ца лаьрнаг - саг а ма вац, цулла совва къуонах а ма вац» - аьлла.
Стун-хой х1ун хьаг1бо кхузахь, дера хьаг1бо уьш хьан во1ан НЕНА-ХОЙ болу дера.
Цу хенахь дуьйна схьа дог1уш ма ду Нена-Вешийна, йиши  йо1  неха ц1ер т1и йахча  уьстаг1 бахьийтар а, йишин во1 кхелханчохь, нена- ваша коьрте хаъавар.
 Иза хаза г1илкхаш цалеладеш верг Нохчий а ма вац, къонах х1етте а ма вац.
Нагахь санна стун нена вешийна уьстаг1 бахьарна биело оьшуш меттиг белахь, йа холхаз куй кховде, йа ахчан совг1ат де, уьстаг1а мехалла.


Рецензии