Анайистехь даржош ц1еста шекъа

Анайистехь даржош ц1еста шекъа
Маьлхан экъа х1орда чохь д1айай
1алам тийна, тийна хьуьнхахь экха
Чухецалуш стиглахь седа бай.

Буьйса йеъна г1енашна ков делла.
Беттаса-ши ма1а ира сай,
Шен комаьрша серло вайна йелла,
Ха дан х1оьтти,болар дина дайн.

Шерийн кховра заманца йазйелла,
Дийлинчу г1алатийн хилла лай.
Г1елъеллачу ойланех тарделла,
Хи т1ехь леста тиша дечкан т1ай


Рецензии