Йуьртахь суьйре
Малх керча рег1аца набарна тхьовса.
Ца сецна х1инца а цаьпцалгийн «ц1арр»
Бодашлахь д1айовш ю серлонан лар.
Корах чу стиглара беттаса къиэда
Жим-жимма йуьртара г1овг1а д1ахеда.
Говр терса,самайоккхуш даьхнийн керт,
Нох дохуш лаьтташ бу партала етт.
Шен бенахь ч1ег1ардиг д1атуьйчу хенахь,
Бух1ано шок тухуш схьахеза генахь.
Буьйсано мархашна йург1а т1еузу
Галбаьлла цхьа седа х1орда чу бужу.
Лерсина аьхна ю тийналла юьртахь,
Дог-б1аьрг а ца 1еба 1аламан суьртах.
Т1ам хецна даржийна бос 1аьржа верта
Меллаша ког боккхуш наб а т1ег1ерта
Свидетельство о публикации №224072100971