Бералле не1
Дечиган ков делла зезагийн беша.
Мел гена хиларах цунна т1е некъ
Г1ел ца луш бийр бара аса,ца тешаш.
Кхаъ хилла ца кхеташ лаьттаха ког,
Г1ур йара Да-Нана дехачу кхерча.
Сатесна г1елделла 1абош сайн дог
Йиначу сай Нанна цкъа марахьарча!
Стиглахь т1ечевхича оьг1азе ткъес,
Со Дадин букъа т1ехьа лечкъар йара.
Жимачохь ца дина х1уманан иэс ,
Ден къамел,кицанийн барамехь дара.
Берашца эгадеш бацалахь тхи,
Полларчий къехкадеш со хьийзар яра.
Кегадеш 1аьмнаш чохь гулделла хи,
Малхбузу хан хиллалц тхо ловзур дара!
Г1елъелла 1ехийча со набаро
Нанас со д1айижош туьйра долийча
Доьху,аш сама ма йаккхалаш со
Йиталаш Нана и дерриге дийца!
Свидетельство о публикации №224072100975