Нохчийн мотт
Жимачохь дуьйна кхин цуьнца шовкъ йоцуш
Цхьа к1еззиг хуучух кхачо а йина
Хьуна м хьайн меттан мах хадо ца хиъна…
Дахарехь зиэделларг дилларца кхиэле
Муьлхачу маттахь хьо кхойкху те Деле?
Муьлхачу маттахь ахь къинхетам боьху,
Гечдар а муьлхачу маттахь ахь доьху?
Дай бевлла орамаш, г1иллакхан бух а
Хьомечу доьзална бовзуьйту муха?
Йочанах хьаьгначу г1ум арех терра
Йу хьуна доттаг1а,шен меттан къоьлла.
Свидетельство о публикации №224072100979