***

Буьйса тийна. Байна чиркх
Тийналлехь до1а деш Нана
Ша ца йоьху…ваьлларг сих…
Дуьра хи ду кийчча 1ана.

Корах детташ декъа г1аш
Гуьйренан мох ловзабаьлла
Гора хиъна Нана 1аш
Буьйса йукъал гена йаьлла.

Куьйга хьийзош суьлхьанаш
Леррина ла доьг1уш кет1а
Нанас доьшу къулханаш
«Шахь-тата» к1ант вог1уш хета.

Хийла х1ума… масане
Шайт1ано хьийзадо коьрте.
Нана 1аш ю г1айг1ане
Ла доьг1уш к1ант варе керта.

Мацца хеза доьллуш ков
Кхаъ хиларца г1отту Нана
К1ант шен х1усамехь д1авов
Нана йоьду аг1ор йала.

Буьйса тийна. Шабарш деш
Шен сина декъаза Нана
Везчу Далла хастам беш
Лечкъабо шегара бала.


Рецензии