***

Пхьоьхана х1оьттинчохь куралла сеттина
Ахь деса къамелаш дукха ма делахь
Доьхьала ца аларх, бехк боккхуш лерина
Хьайх адам къайлаха кхарда ма делахь!

Дош даше даьллачохь, харц-бакъ верг къасточохь
Осалчу боларца йуха ма вийлалахь
Ц1арна ц1е йахначу, вийца ворх1 да волчу
Къеначу хьай Дадин ц1е йожа ма йелахь!

Вешина-вошалла, оьшучохь доьналла
Мерза са д1адала хьо кийча хилалахь!
Йишина лам хилла,доьзална дукъ хилла
Хьай кхерчан б1ов хилла,даимна латталахь!


Рецензии