***
х1окху лаьттан букът1е айхьа дахкийтина синош ахьа д1а х1унда отцу те ?- аьлла.
Аллах1-Дала жоп делир суна шиэн хаттарца;
- Айхьа кха т1ехь дийна йалта нилха х1унда до ахьа?-Аьлла .
Йуха а хаттар кхолладелира сан, и хаттар а дира аса Дуьне а 1алам а кхоьллина волчу Сийлахьчу Аллах1е;
- Йа Аллах1! Хьайна дукхавезаш айхьа билгала ваьккхина волу хьайн лай, безачех бевзачех воккхуш, церан марзонаш хедош, шен х1усамна а махкана а гена х1унда воккху те ахьа?-аьлла.
Дагавеара,шиэ вежарша г1у чу кхоьссина хилла волу жима Юсуп, ч1еран кийрахь кхаьбна Юнус, шахьарара ара ваьккхина Илес , Да-Нана доцуш виссина, махкаха ваьккхина хьийзийна хилла волу Мохьаммад ишта д1а кхиберш а.
Йуха а жоп делира суна Аллах1 -Дала шиэ хаттарца;
-Хьайн бешарчу стоьман дитта буха охьабоьжначу стоьман лаг лаьттах дахана хьаладаьлла долу синтар,хьайна цунах стом а луш дитта хила лиъча, ахьа иза схьа а доккхий, кхечу метте х1унда доь?-Аьлла.
Аса кхин цадира Аллах1е хеттарш.Кхийтира, цо деш дериг, цхьа а х1ума а , дала жоп доцуш йа нийса доцуш доцийла.
Зарина Шаухалова
Свидетельство о публикации №224080200341