Авари

         – ТIаккха… Меха тIехь вайн барт хилла… Делахь а дийца дезаш кхин а цхьацца хIума ду, – элира Нурдис, ойлане ваьлла.
         – Кхин  хIун ду хIинца? – цецвелира Дауд.
         – Цхьа дагахь доццу хIума хилахь, дан дезарг.
         – И бохург х1ун ду?
         – Гой хьуна, доттагI, некъ беха бу. Новкъахь цхьаццанхьа ша хьаькхна хила тарло. Масане цхьаъ хила тарло…
         – Дика ду, реза ву со…
         – Иза-м кIезга хIума ду.  Нагахь, шун бехкенна цхьа некъахьовзам а хилла, машен йохайахь, аш иза тхоьгара дIаоьцу базарахь лелаш болчу мехах. И хIуманаш оха паргIатчу кепара йаздинчу договора тIехь билгалдаьхна. Кхетий хьо ас хIун дуьйцу? – Нурдис зорба тухучу машенна тIехь цхьа луьста йаздина кехат кховдийра Дауде.
         Дауда, сиха договорах бIаьрг а тоьхна, элира:
         – ХIа… ХIинца со кхийти, – сиха хьалагIаьттира иза, – хьайна кхин нах лаха безар бу ахь машенаш йало!
         – Вало! – эккхийтира Дауда шеца кху цхьаьнакхетаре веанчу шен веше Вадуде. Кабинетан хIусамден Iодика а ца йеш, неIарехьа дIаволавелира иза.
         – Дика ду, хIета.  ХIан-хIа бохучунна дан хIумма а дац, – дийкира царна тIаьхьа, цхьа  халахетар а, резавацар а доцуш.
         СССР йоха а йоьхна, рыночни экономика кхоллайелча, цIеххьана мехаш охьа а девлла, вайн пачхьалкхехь, догIа деанчул тIаьхьа хьаладолу къух санна, йаьржира тайп-тайпана коммерчески фирманаш, цхьа тамашийна, йуьйцу хезна а йоцу цIерш а йолуш. Царах дукхахйолчара йохк-эцар леладора. Фирмин цIарна йукъахь ур-атталла «производство» бохучу дашах схьадаьлла билгалдош делахь а. Иза, схьахетарехь, томана а, гIуллакх айъарна а далош дара. Ма-дарра дийцича, производствон гIуллакхца бала болуш кIезиг нах бара. Массарна а лууш дерг товар лахарчу мехах схьаэцар, лакхарчу мехах дIадохкар дара. Иза сайаларна уггаре а атта а, йаккхий халонаш ца хуьлуш а некъ бара. Хьалха цунах спекуляци олура, законо таIзар деш гIуллакх а дара иза. Амма хIинца тIейеанарг кхин хан йара, акхачу капитализман а, оьздангалла йохаран а зама.
         Нурди долахь йолчу жимочу производственно-коммерчески фирмин долахойх  цхьаъ  вара. Официале фирма, оьрсийн маттахь аьлча, ООО (общество с ограниченной ответственностью) йара. Нурдиг1ера фирмано, мах а луш, офис схьайиллинера  цхьана пачхьалкхан урхаллийн  гIишлонехь, тоъал йоккха а, сирла а, чохь йийбар а, телефон а  йолчу чоьнна чохь. Хьалхарчу муьрехь цара цхьаъ бен йоцу белхахо лаьцнера, иза бухгалтеран а, секретаран-машинисткин а, гIуллакхлелорхочун а декхарш цхьаьний кхочушдеш йара. Фирмано схьаоьцуш а, дIайухкуш а гIишлошйаран материалаш а, продукци а йара. ГIуллакхаш эхI-аьлла дацара, делахь а мелла а таро хуьлура. Амма пайда стенах хир бара те бохуш, ойла йича, цхьацца хIума дага ма догIу. Бартахоша сацам бира машенаш йухкучу гIуллакхах шайн хIун хуьлу хьажа. ХIинца ши-кхо бутт баьллера уьш цу балхана леррина тIебирзина. Долахойх цхьаъ волу Iарби кест-кеста воьдура Тольятти. Цигахь цо дакъалоцура, шуьйра реклама а йеш, Волжски автозаводан машенаш йухкучохь. Йуьхьенца масийтта машен а ца оьцуш, цхьацца схьаоьцура цо. Ши-кхо машен, новкъа а йоккхуьйтий,  цIа йалайойтура  цара. Шопарш, меттигерчу кIиранан газета тIе хаам а тухий, цу балхана тIелоцура.
         Иштта, газета тIехь хаам а гина, веанера тахана Дауд а, Вадуд а Нурди волчу офисе. Нурдица барт ца хилча, офисера ара а ваьлла, дIаваха сих ца велира ши ваша. Йеххачу учи чохь цхьаъ бен доцчу корана бухарчу шуьйрачу уьнна уллехь сецира и шиъ, гIатнашна йукъарчу ламина гена воцуш.
         – Суна хетарехь, хьо сихвелира  хIан-хIа  ала, – элира Вадуда, воккхачу вашас бина сацам шеконе хеташ.
         – Хьуна ца хезира, иза вайна тIе хIун дожо гIерташ вара? Нагахь новкъахь вайх дозуш доцчу бахьанина цхьаъ нислахь? Вайн бехк а боцуш хьовзам баьлла хиларх иза тешийта ницкъ кхочур буй хьан? – бохуш, эргIадваьллера Дауд.
         –  ХIун ду хьаьжжина…
         – ХIа, масала, хьалха йоьдучу машенан чкъурга кIелара тIулг кхетара йа дуьхьал йогIучу машенан чкъурга кIелара. ТIаьхьало, тIулган бараме йа иза мича кхетта хьаьжжина, хила ма тарло. Кювет чу эккха тарло! Мила хир ву ишттачу хьолехь бехке? Чкъурга кIелара тIулг схьаиккхинчу машенан шопар йа хьо?
         – Цигахь массанхьа а силам ма ду! Мичара хир бу цигахь тIулг? ТIулга новкъахула вай гIур а дац. Ца торуш хилахь, меллаша дIагIур ду-кх ишттачу меттигехула.
         – ДIавалахь дIа. Нагахь тIехашхула йа хьалхашхула, йа цхьана агIор тIетохахь? Цхьа эзар ах эзар чакхарма гергга бехачу новкъахь хIун хир ду хьанна хаьа?
         – Дала мукъ лахь, хIумма а хир дац. Ткъа хиндолчух вер а вац! Делахь а дикка ахча доккхур ма ду вайшиммо. Нагахь и гIуллакх вайша реза волш чекхдалахь – кхин цкъа а гIур ву-кх. Уьш болчу  чу а гIой, тхан ойла хийцайелла, договорна куьг йаздан реза ву ала ас?
         – ХIан-хIа, бегIийла дац…
Оцу хенахь, ламин гена йоцу офисан неI шуьйрра схьа а йеллайелла, неIсагIи тIехь гучувелира Нурди, воггIушехь, секретаре цхьацца тIедахкарш а деш. Кора уллехь вежарий а гина, цхьана мурстана сецна, цецваларца вистхилира иза:
         – Уой! Шуьшиъ дIа ца вахана?
         – ХIара тхан ваша ву-кх соьга дехарш деш, договорана куьг йаздайта вайшинга бохуш, – жоп делира Дауда, гIеххьа воьхна а волуш. Цунна ца товра  аьллачунна тIера ша йухавалар.
         – ТIаккха? ТIетайн хьо цунна?
         – Иштта ала а мегар ду, – Даудан жоп договорана резахилар санна дийкира.
         Нурди леррина, зуьйш санна, хьаьжира цуьнга. Ойлане вахча санна, соцунгIа хилира иза. ТIаккха куьйган ишарца кабинета чукхайкхира цо и шиъ, шел хьалха а волуьйтуш. Чувоьдушшехь, секретаре элира цо:
         – Цаьргара паспорташ схьа а эций, договор кечде катоххий. Со дIаваха везаш ву, тIе сиха а ву.
         Вежарий шолгIачу дийнахь кеманца Самаре бахара. Курумоч аэропортехь, март бутт белахь а, хьоькхучу мехаца догIуш ло дара, йаккхий лайн оьланаш а хIиттош. Иштта ло вежаршна ганза дукха хан йара. ЧIогIа шийла йара. Кхоьлина лаьттачу арахула ло дIадоккхуш йолу машенаш а йара хьийзаш, кеманаш хьалагIуьтту а, охьаховшу а аса цIанйеш. Амма ло ца соцуш тIеоьхура. Цеце хетара, ишттачу хьолехь, гуш са а доцуш, кеманаш хьала а, охьа а муха ховшу те аьлла. ТIееанчу автобусо вукху пассажирашца аэропортан гIишло чу дIавигира ишиъ. Цигахь дукха ца Iаш, такси тIехь Тольятти ваха новкъа велира ши ваша.
         Такси тIера шопар чIогIа хIайт-аьлла стаг вара. Некъ ша хьаьхна а,  лайх буьзна а боллушехь, шен «Волга-24» ма-йоьдду йогIуьйтура цо, арахь аьхкенан йекъа хан йолуш санна. ВогIа а велла, шопарна йуххехь Iаш волу Дауд вехха Iийра, ша резацахилар гучу ца даккха гIерташ. Кора тIехула болу тIам ч1огг1а схьалаьцнера цо, иза схьабаккха воллуш санна. Шен аьтту ког йоцчу тормазан педальна тIетеIабора цо, машенан скорость лагIйан гIерташ санна. Иза дуккха шопарш деш хIума ду: шаьш нехан машенна чухевшича, иштта иза лагIйан сурт хIиттош. Таксин шопарна гира Дауд сабIарзделла хилар, иза теван а, синтеме вало а дагахь цо йевзаш йолчу эшаран мукъам балийра:
         – Эх, катались мы с тобою, мчались вдаль стрелой, искры сыпались  с булыжной мостовой…
         – Чуть помедленнее, кони, чуть помедленнее, – жоп делира Дауда, кхечу йевзаш йолчу эшаран дешнаш а далош.
         – Дерриге а тергонехь ду хьуна, ваша;! Са ма гатдехь!
         – Хьажахь, баккъалла а… Жимма меллаша ваха мегар дац?!
         – Не первый день замужем, олуш кица ду-кх оьрсий!..…
         – Тхо цхьанхьа а сиха-м дацара, – иза низаме вало гIертара Дауд.
         – Виц ма ло, хан – иза ахча ду, time is money, – ингалсан маттахь а шена хуу дешнаш далийра шопаро.
         – Уой, д1ахьажахь оцу некъе! – ша бохучунна тIехь лаьттара Дауд.
         – Хьуна тамашийна ду хIара… Шуна цигахь,  Кавказехь, наггахь бен ло гучух тера дац. Ткъа тхо доьлла хIара санначу лайн некъех, –  тIахъаьлла шопар йухавала дагахь а вацара.
         Вадуд шен вешин а, шопаран а ах забаречу къамеле ладоьгIуш Iара, цхьана а хIуманца ша машен чохь хилар гучу а ца доккхуш. ТIехьарчу хоийлина тIехь йуккъехь Iаш волу иза, цIеххьана ластийна, неIарх дIатуьйхира. Машен шопарна карара йелира. Иза дIа а йаьхьна, некъан йисте кхоьссира, тIаккха, нелхах доьду урс санна, боккхачу лайн барза йукъаметте кхийтира. Некъан шина а агIор бара лайн беха ши барз. Цхьана ханна машен чохь тийналла хIоьттира; иза йохийра Дауда доьшучу доIанан дешнаша а, кхеравеллачу шопаро йеттачу маьттазчу багано а. Хьалхара шиъ а, тIехьара цхьа неI а лайно дIакъевлинера. ТIехьарчу аьрру агIор лайно д1акъовлаза йисинчу неIарехула арабовла дийзира машен чохь болчеран. ГIеххьа кхерабалар бен цхьанна а хIумма а ца хиллий хиъна Дауд Iоттар ца йеш ца Iийра:
         – ХIан, гой хьуна? ДIалаца! Не первый раз он замужем…
         – ХIумма а дац… Ишттаниг а нислуш хуьлу… дан хIума дац, – бехкала вахана, жоп делира шопаро. Багажника чуьра трос схьаийцира цо, новкъа йогIучу цхьана машенга шаьш тIаьхьа а тасийтина,  хIокху лайн йийсарера  парг1атдахийта.
         Тольятти дIакхаччалц болчу бисинчу новкъа ларлуш а, меллаша а вогIура таксист. Йа кхеравеллехь а, йа  хиллачунна пассажирашна хьалха ша бехке хетахь а. Некъ бацбархьама цхьацца дуьйцуш, схьабоьгIура уьш; шайн машенаш дIайига дезарх лаьцна а дийцира. Кхин хIума ца хуьлуш, Нурдис петар лаьцначу цIенна хьалха дIакхечира уьш.
         Буьйса а йаьккхина, новкъара са а доьIна, шолгIачу дийнахь Iуьйранна хьалххе, са а тасале, вежарша вазовски керла ши «девяносто девятый» машен схьаийцира. Церан «т1еда силам» (мокрый асфальт) олу бос бара. Ишиъ новкъа ваккха веъначу Iаьрбис гIалара ара муха вала деза дийцира, хIокху бIаьстенан шеконе хенахь новкъа муха ваха веза, хьехар а дира. Кхин цкъа а дагадаийтира автомобилаш шарйелла йалаза хилар. Цо леррина дийцира, двигательшна ницкъ а ма бе, нийсачу новкъа, дезткъе-дезткъе итт чаккхарма сохьтехь а воьдуш, гIо аьлла. Шуьшинна некъ дика хуьлийла, жезл а, хьостам а боцуш, шера некъ а, хаза хенахIоттам а болуш, элира цо. Iаьрбин Iодика а йина, новкъа велира Дауд а, Вадуд а. Цу шиммо бан безарг цхьа эзар ах эзар сов чаккхарма некъ бара. Цу балхана цхьа де-буьйсий хан оьшура, нагахь новкъахь буьйса йоккхуш соцуш ца хилча.
         Дауд хьалха воьдура. Iуьйре шийла а, дахкаре а йара. Дахкаро Iуьйренан са даьржина доцчу арахь дерриге а къайладаьккхинера. Новкъахь лаьттачу бIогIамаш тIерачу лампанийн серлонехь дерриге а цхьа тамашийна, баккъал а доцуш  санна  гуш дара. Дохк, ша хьаькхна некъ, йиллина йис, йевзаш йоцчу гIалахь чIогIа ларлуш ваха везара. Машенаш лаьттачу меттигера арадовлуш, гIала йаьсса хеттехь, йисте кхочучу хенахь новкъахь наггахь йогIу машенаш  гора. Эххар са а хилира. Дийнан серлонехь дIаваха дуккха а дика а, кхерам боцуш а дара. ГIалел арабевлча, уьш сихо  бахара, дуьхьалйогIу  машенаш алсамйовлуш йелахь а. Ша хьаьхна меттигаш хIинца наггахь бен ца хуьлура. Тольяттина къилба-малхбузехьа гена мел волу а, Iаьнан билгалонаш кIезиг хуьлура.
         Саратове ишиъ делкъахан хуьлуш кхечира, новкъахь машенаш чу йагориг йуттуш цкъа бен ца соцуш. ГIали йуккъе а ца воьдуш, го баьккхина боьдучу новкъахула вахара ши ваша. Новкъа йистехь йолчу кафе чохь хIума а йиъна, догIмаш меттах а даьхна, кхидIа а некъ бан сацам бира цушиммо.
         – Жимма сиха ваха мегар дацара? – хаьттира Вадуда Дауде, машен чу хаале.
         – ХIунда ца мега? Мега! Амма машенех кхоам ца хета хьуна? – Iоттаре хаттар дира вукхо.
         – Царна хIун хир ду, вай шиммо скорость ткъе-ткъе итт чаккхарма сохьтехь совйаьккхича?
         – Iуьйранна Iаьрбига хIунда ца элира ахь иза?
         –  Оьшу аьлла ца хийтира суна.
         – ХIан-хIа, Вадуд! Иштта гIуллакх хир дац! Цкъа-делахь, вай стагана дош делла…
         – Цхьа а дош ца делла вай, – Дауд йукъахваьккхира жимахволчу вашас.
         – Вайшиъ вист ца хилира, цо новкъахь лелон дезарг дуьйцуш. Ткъа вистцахилар – хьо резахиларан билгало йу! ШолгIа-делахь, нагахь Iаьрбис скорость алсам ма йаккха ца аьллехь а, со хила йезачул иза совйаьккхина гIур вацара. Гуш лаьтташехь цIена машенаш хIаллак муха йийр йу? Делах ца кхоьру хьо? Цунна дерриге а гуш ма ду! – тIаьхь-тIаьхьа чуравуьйлура Дауд.
         Вадуд дохковаьллера ша и къамел долийна а. Корта а оллийна, шен машенна тIевахара иза.
         – АллахIан цIе йаха! Салаваташ дахка! – элира Дауда кIедо. Йуха, вела а велла, тIетуьйхира: – Хьайна ма-луъу чIогIа иллеш ала а мегар ду хьуна, цхьанна а хазарна а ца кхоьруш.
         – Дика ду. Суна са ма гатде ахь. Некъ бацбан хIума карор ду суна.
         – Йуха соцуш, АллахIан лаам белахь, Волгоградехь соцур ву вайшиъ. Бакъду, новкъахь кхин цкъа а цхьанхьа заправка йан йезар йу, – элира Дауда, йуха, шен машен чу а хиъна, сих ца луш, трасси тIе велира иза.
         Цунна тIаьххье, йукъара меттиг а ларйеш, Вадуд а дIаволавелира. ХенахIоттам кхушингахьа бара. Кхоьлина йара, амма тIейогIуш йацара. Цкъа-шозза сецира ишиъ. Цкъа, цхьажимма дегI меттахдаккха, шозлагIа – заправка йан. Сарахь, уггаре машенаш алсам йолчу хенахь, вежарий кхин хIума ца хуьлуш Волгограде дIакхечира, Россин уггаре а йеха лоручу гIала. Некъан йистехь тIехь мIарий, урссий долчу хьаьрко хIума йаа йезар дагадаийтира царна. Дауд, цунна тIаьххье Вадуд а, аьтто болчохь новкъара схьавелира. «Кафе» аьлла, йаздина у кхозучу, бIаьрла доцчу цIенна хьалха сецира ши ваша. Жима, амма чохь аьхна долуш йара кафе, чохь дукха нах а бацара.  Официанте йуург йа а аьлла, хьоьжуш Iара ишиъ.
         – ТIаккха? Буьйса йоккхуш соций вайшиъ? – хаьттира Дауда.
         – ХIан-хIа, – хадош жоп делира Вадуда.
         – Суна а иштта хета. Нагахь гуттар ца Iалуш хилахь, цхьана-шина сахьтехь машен чохь наб йан мегар ду. Цул тIаьхьа йуха а новкъа вер ву вайша.
         – Дика ду.
         – ХIинца хIума а йиъна, вуьзна волччуьра жимма наб йан хьожур ву вайшиъ. Цу хенахь новкъара машенаш а лагIйала мега.
         – Астраханехула йа Элистахула воьду вайшиъ?
         – Элистахула гIоли ду. Цигахь машенаш кIезиг хир йу. ХIинца вайна коьртаниг – Волгоградах чекхвалар ду. Иза, Волга-хин аьтту берда тIехула кхузткъа чаккхарма дIа йахйелла, Iуьллуш йу.
         – Кхузткъа чаккхарма?! – ши бIаьрг хье тIе белира Вадудан.
         – Ахь тамаша хIунда бо? ХIуьлла Сочи Волгоградал шозза йеха йу.
         – Уггар кIезиг ши сахьт хан йеза-кх кхунах чекхвала.
         Йаа хIума схьайеара, вежарша сих а ца луш, даа долийра пхьор. Иштта сих а ца луш, хаза чам болу, аьхна чай а мелира цушиммо. Кафе чохь йолчу йоIе термос чу  довха, чIогIа чай а доттийтира. Ахча дIа а делла, аравелира хIара шиъ.
         – ТIаккха? Вуззалц хIума йиинчул тIаьхьа, Архимедан законо ма-баххара, …дIавижа веза. Хьажий вайшиъ д1авижа? – хаьттира Дауда.
         – Хьажа, – жоп делира Вадуда. – Наб йар хуьлий-м ца хаьа. ДIа а таьIна, Iан мегар ду, охьахоийлин букъ охьа а хецна.
         – ХIинцца салон йохйе, йуха двигатель дIайайа. БIаьргаш дIа а къовлий, эзарна тIекхаччалц дагарде.
         – Ахьа а, – вела а къежна, шен машен чу хиира Вадуд.
         Iуьйранна дуьйна бинчу бехачу некъо шен болх бира. Цу сохьта ца кхеттехь а, дукха хан йалале набарш кхийтира царна. Дуьххьара самаваьлларг Дауд вара. Сахьта тIе хьаьжира иза. Ши сахьт хан йаьллера ишиъ кафе чуьра араваьллачул тIаьхьа. ХIинца йехачу гIалехула чекхвала везара. Машен чуьра ара а ваьлла, Тольяттехь хьалххе эцначу пластикан шишана чуьра хи туьйхира цо йуьхьах. Йуха корах пIелг а тоьхна, хьалхарчу охьахоийлин тIехь хьаьрчина Iуьллу Вадуд самаваьккхира цо. Важа, букъа тIе а вирзина, меженаш дIаса а озийна, машен чуьра аравелира:
         – Хьажахь! Оццул чIогIа сайна наб кхетар йу ца моьттура-кх суна.
         – Аса а дика наб йи. ХIинца дIаволавала а мегар ду. Делан лаамца цIа кхаччалц дIагIур ву вайшиъ, – элира Дауда, йуьхь-куьг дуьлучу Вадудан куьйгашна тIе хи а дуттуш.
         – И хан йалале новкъахь машенаш а кIезиг хила мега.
         Кхин дукха хье ца луш, шаьш севцинчуьра новкъа бевлира вежарий. Заправке чу а вирзина, бензинца бакаш хьала а йуьзна, къилбехьа Iалашо лецира цушиммо. Волгоградехь машенаш сел дукха йацара, амма алсам хан светофорашкахь дIайолура. Мухха делахь а, шина сохьтехь некъ а бина, гIалел араиккхира ишиъ. Кхин а исс бIе чаккхарма дIаваха везара цушиннан. Вуьшта, йерриг а буьйсанна некъ бича, сахуьлуш, АллахIан лаам хилахь, цIахь хир вара ишиъ.
         Элисте кхаччалц, кхо бIе чаккхарма болчу новкъахь ца соцуш, дIавахара ши ваша. Машенаш новкъахь дукха йацара. Йуха а заправка а йина, термос чуьра довха чай мелира цушиммо. Йуха а новкъа велира! Кхин а кхо бIе чакхарма некъ бича, луларчу Дагестанан лаьтта тIе кхечира вежарий. Кхузара цIа кхача йиснарг ши б1е ах б1е чаккхарма бен йацара, иза хIумма а доцург дара, цара бинчу некъе хьаьжча.
         Ши кIант гIеххьа кIадвеллера. Баккъаш догура, когаш даш доьттича санна бара, шайна чохь йозалла хаалуш. Уггар а новкъа дерг дуьхьалйогIучу машенаша бIаьргаш чуйетта серло йара, уьш кхузахь, Дагестанехь, дукха йара. Цу тIе тIесерсаш догIа а дара. Некъ дика гуш цахиларал совнаха, иза шера а бара, машен лело хала хуьлура. Амма сиха цIа кхача  лаам чIогIа хиларна, дIаоьхура ши ваша, саца ца соцуш. Сахуьлу серло йара хIинца хаалуш царна тIешершаш. Эххар а, Дагестанан дозанал тIех а ваьлла, шайн махка кхечира ишиъ. ДогIа тIесерсаш дара. Кхин цхьа-ши сахьт даьлча, хIара шиъ цIахь хир ву! Бакъду, хIокху новкъахь дукха йартех тIехвийла деза. Сиха дIавахар ца нисло. ХIорш схьабогIучу йукъана кхоччуш серлайелира арахь.
         ЦIеххьана цхьана станицина тIекхочуш, Даудна новкъа йуккъехь грузовик а, жима машен а гира. Царна гонах хьийзаш адамийн гIаларташ а дара. Цхьа сингаттам баьлла хилар тусаделла, Дауда, машен лагI а йина, «аварийка» латийра. Улле кхаьчча, машен а сацийна, араиккхира иза. Цу сохьта Вадуд а тIехьаьдира. КамАЗ а, «Жигулин» а дуьхь-дуьхьал кхеттера. ТIеттIакхетар сел чIогIа хиларна, жима машен хьалхе чуйаьхьнера. ТIедачу асфальта тIехь радиатор чуьра охьаихначу тIуналлин сийна таммагIаш а, бохийначу хьалхарчу ангалин бIаьрган кегийра цуьргаш а дара. Цу ангалин цуьргаша машенан чIогIа йохийна капот а, хьалхара панель а, салон а  дIалаьцнера. Шопар тIомана а, охьахоийлина а йукъаIаьвдинера. Иза, верриг цIийх а вуьзна, кхетамчуьра ваьлла вара. Корта, агIор а оллабелла, ша-шаха кхозуш бара. «Жигулин» шопаран дегI машен чуьра схьадаккха гIертара коьртара месаш хьирчина, айайелла йолу, лазийна, Iаьржа таммагIаш йуьхь тIехь долу, схьахетарехь, жимачу машенан пассажир а, КамАЗа тIера ши стаг а. Амма церан гIуллакх ца хуьлура. ТIеведда Дауд а, Вадуд а царна гIо дан хIоьттира. ТIехйовлучу  машенаш тIера нах а бара, охьа а буьссуш, тIеуьдуш.  Массара а цхьаьний  йохийначу машен чуьра чIогIа лазийна, цIий дIаоьху шопар араваьккхира. Массанхьара маьхьарий хезара:
         – Сиха больнице кхачаве иза!
         – Сихо йе! Сихо йе!
         – Машен чу вилла иза!
         Кхечарел уллехь некъабохам хиллачу меттиге хьалха тIекхаьчна вежарийн машенаш йара. Ойла ца йеш, Дауда пассажир хуучу агIор йолу неI схьайиллира, охьахоийлин букъ дIагIортталц охьа а бохуьйтуш. Цу тIе шозза-кхузза тасабелла хала дIанисдира меттах а ца хьовш, сеттинна долу, цIийх дуьзна  шопаран дегI. Жимма лазийна волу «Жигулин» пассажир а тIехьа чухиира; лазийнарг цуьнан ваша хиллера. Вадудан машен чу КамАЗан пассажир хиира. Бен йоцуш дIахIиттийначу машенашна йуккъехула дIаса а хьийзаш, «аварийкаш» а латийна, районни больнице дIахаьхкира машенаш Дауда а, Вадуда а.
         ХIинца ишиъ, тIема ваьлча санна, сиха вогIура, дIайоьлхучу машенашна хьалха а вуьйлуш, некъа тIехь долчу хьоле хьаьжжина, скорость алсам а йоккхуш. Лазийнарг садоьIуш вара, амма кхетамчохь вацара, иза дийна а волуш больнице дIакхачо везара. Шен хеннахь лоьраша гIо дича, ца леш виса мегара иза. Кхузахь скорость лахайоккхучохь дацара гIуллакх. Кест-кеста лазийначун  куьйга тIерачу синпхене а хьожуш, Къуръан тIера Iаьрбийн маттахь аяташ доьшура цуьнан вашас.
         Дукха хан йалале транзитни номерш хьалхарчу бIаьргана чухула агIор тIетоьхна йолу ши машен районни больницин нах тIеоьцучу отделени дIакхечира. Лазийнарш дIасалелош чкъургаш тIехь болу маьнга схьа а теттина, цу тIе диллира кегийчу наха кхетамчохь воцчу дархочун дегI. Дежурни лор а, медйиша а йуххехь а йолуш, маьнга сиха больницин учи чухула дIабадийра. Цомгашнаш тIеоьцучу отделенехь сецира Дауд а, Вадуд а. Сиха дIаваха бегIийла дацара. Цара сацам бира лазийначун веше а, КамАЗа тIерачу пассажире а хьожуш саца. Уьш, дукха ца Iаш, схьабаьхкира. Цара дийцарехь, жимачу машенан шопар вуьггушехь реанимаци чу вигинера. Лоьраша цуьнан дахар кIелхьардаккха шайн болх дIаболийнера. Коьртан туьта а, хье а лазаийнера дархочун, цул сов, кхин а лазийна а, йойна а меженаш йара цуьнан. Хьал чIогIа ледара дара цу стеган. Дуккха а талламаш а бара  цунна тIехь бан безаш.
         Лазийнчун ваша Дауде а, Вадуде а вистхилира:
         – Шун декхар чекхдели. Аш тхуна Iаламат доккха гIо ди. АллахI резахуьлда шуна кху дуьненахь а, эхартахь а! Тхо шуьшинна хьалха дIатакхалур доцчу декхарийлахь ду-кх. Суна хууш ду шуьшиъ Тольяттера вогIуш вуйла, аша дийнахь-бусий некъ бинийла а, кIадвеллийла а. Цундела кхин дIа шуьшиъ сецор вац оха.
         – Оха динарг доккха хIума дац. Бусалба стеган декхар ду стагана халачу хьолехь гIо дан. Лазийначунна Дала маршалла дойла! Тхуна даггара лаьа, шуна шина а агIор зен доцуш, и хилларг диканца дIадоьрзийла.
         – КIентий, шайн адрес дитийша соьгахь. Дала мукъ лахь, со гIала шу долчу вогIур ву. Сан цIе Идрис йу шуна.
         Вежарша, шайн адрес а делла, Идрисаниг схьа а эцна,  Iодика йира.
         Больницин кертара араваьлла, Соьлжа-гIалехьа шайн некъ бира цушиммо, сел дагахь доцуш, Идрисан ваша лазош хилла некъабохам бахьанехь йукъарабаьккхина болу. Синтем байнера. ЦIерачаьрца хин долчу цхьаьнакхетаро а самукъадоккхур ду аьлла ца хоьтуьйтура. Бисина некъ хIораммо а, дахарх, долуш долчух а сингаттаме ойланаш йеш, дIабаьхьира. Цхьанна а ца хаьа (АльхьамдулиЛлахI!) кхана хIун хир ду, хIокху дахарехь дерриг а къастийна делахь а. Идрисана а, цуьнан вешина а ма ца хаьара шайна хIун хир ду, шаьшшиъ Iуьйранна араволуш. И саннарг кхарна а хила ма тарлора. Ишттачу сингаттамечу ойланашца вежарий цIа кхечира.
         Машен чуьра ара а ваьлла, Дауда элира:
         – Дера …хьовзам ма хили вайшинна, Вадуд. Нурдис эрна бохуш ца хилла вайга договорна куьг йазде, машенаш йало воьдучу хенахь.
         – И бохург хIун ду? – хаьттира Вадуда карзахе.
         – Хьо ца кхетта хIинца а? Валол, хьажал машен чу.
         Машен чохь когаш кIелахь а, ур-аттал неIарш а тIехь хатташ бара. ДIабаржийна Iуьллучу охьахоийлин букъа тIехь дакъаделлачу цIийн доккха таммагIа дара. Цунна йуххехь жима кхин ши таммагIа а дара. Охьахоийлина  шена тIехь а доккха тIеда таммагIа гора, иза хьаттIах дисина долчух тера дара. Салона чохь вон хьожа йара.
         – ХIун дийр ду вай? – шена гиначух  цецваьлла Iара Вадуд.
         Дагахь дерг лечкъа хIунда до, цунна некъабохамана уллехь лаьттачу Даудан машен чу лазийнарг вуьллуш новкъа дара. ХIунда аьлча иза кхетара, цунах хIун хир ду. Амма Вадудана дагахь дацара, машенан салон сел чIогIа бехйийр йу аьлла. Цу хенахь Дауде цхьаъ ала ца хIоьттира иза. Новкъахь долу и хьал кхин хIума лелочохь дацара. Цу тIе кхунах кхетар а бацара, нагахь шена хетарг кхо дIааьллехь а. ХIара ледара а, осала а хетар вара. Стеган дахар ма дара хIетахь валарний, висарний йуккъехь лаьтташ дерг.
         – Дакъаделлачу цIийн таммагIаш дIадахалур дац, – ойлане элира Дауда. Гуш дара цу жамIа тIе иза хIинцца веана цахилар. – ЦIий, кIадинах чекх даьлла, цунах дIаийна. Керла охьахоийла эцар гIолехь ду. Амма мичахь оьцур ду иза? Бос а ма беза богIуш берг.
         – Цу гIуллакхна хан оьшу.
         – Мухха делахь а, шийлачу хица цIийн тIадамаш дIадаха хьажа веза. Охьахуийлаш цIанйан йеза довхачу хица, хIума йуьтту порошок а тухуш.
         ШолгIачу дийнахь тIехула а, чухула йилинчу машенаш тIехь Нурдин офисе вахара ши ваша. Лар йоцуш цIийн таммагIаш дIадахар нис ца делира. Цу тIе, диттина а, фенца дакъийна а долу охьахоийла уллорачух басца къаьсташ дара. Машенаш гIишло хьалха а йитина, Нурди волчу хьалавелира хIара шиъ. Дауда, хIумма а лачкъа а ца деш, хилларг ма-дарра дIадийцира. Ур-атталла охьахоийлах дерг а тIехь. Вадуд духьал вара, Нурдис охьахоийлин терго йийр йац аьлла хеташ.
         Даудан къамеле билггал гучу шеконца ладуьйгIира Нурдис, охьахьаьжна а волуш, карзахе карахь къолам а керчош. Цу минотехь иза йукъарчу транспорта чохь къуьно кисанара хIума лачкъийначух тера вара. Эххар а, вехха вист ца хуьлуш а Iийна, цо элира:
         – ТIаккха …ХIинца хIун дан деза? Аша хIун боху?
         – Оха барт ма-барра кхочуш ца бина. Нагахь цхьана машенах базаран мах лур белахь, шолгIачух иза лур бац. Ахь аьллачунна тхо реза ду, иза дийца а ца оьшу.
         – Дика ду. Цкъа, чу а диссина, машенашка хьовсур ду вай.
         Нурди, куьзганаш а доьхкина, леррина хьаьжира шина а машене,  кузовашка къаьсттина дика а хьожуш. Амма цунна хIумма а ца карийра. Хьалхара а, тIехьара а, дехьара а, сехьара а машенаш ластийра цо. Цхьаьна машенан, йуха шолгIачун а хьалхарчу неIарехула чухьаьжира иза. ТIаккха хаьттира:
         – Муьлхарниг?
         – ХIара йу, – гайтира Дауда, догIанаш дIа а луш.
         Нурди, хьалхара аьтту неI схьа а йиллина, салон чу таттавелира, ши ког арахь а буьтуш. Салонна чохь керлачу машенан шатайпа хьожа а, цуьнца ийна дезодорантан хьожа а йара. Охьахоийлин букъа тIехь дика къаьсташ даьржина таммагIа дара. КхидIа машене ца хьаьжира Нурди. Вист а ца хуьлуш, вукху машенна тIевахара иза, халла шопаран метте чухиира. Охьахоийла йуха а теттина, жимма дIатаьIна Iийра иза, цхьана хIуманан ойла йеш. Спидометре бIаьрг туьйхира. Йуха, Вадуда схьаделла догIа чу а хIоттийна, машен хьалалатийра цо. Иза цу сохьта хьалалетира, цу гIуллакхе хьоьжуш Iаш санна. Двигатель нийсса, жимма хезаш бен гIовгIа йоцуш, болх беш йара.
         – Иштта барт бийр бу вай… БIаьргашна гучу массо а хIумане со хьаьжна, – элира Нурдис, цхьа хан йаьлча, машен чуьра ара а волуш. – ХIинца шуьга хIара ду аьлла кхин ала хIума дац сан. Сайн белхан накъосте Iарбига телефон тоха деза сан, цунах дагавала. Делкъал тIаьхьа схьаволийша.
         – Дика ду, – резахилира вежарий. Ишиъ дIавахара, машенийн де;гахь  до;гIанаш а дитина.
         Делкъал тIаьхьа церан къамел Нурдин кабинета чохь хилира:
         – Дауд, ахьа шаьш тхан билламашна реза ву элира. Ас Iарбица къамел дира. Тхан билламаш атта а, нийса а бу.
         – Муха бу уьш?
         – Цхьа машен схьайалорна оха мах дIало, вай барт бина ма-хиллара.
         – Суна хетарехь, тхуна ца богIу и мах…
         – Собарде, сих ма ло. ШолгIа машен оха шуна йуьту.
         – Муха – шуна йуьту?! – ши ваша цеце вовшашка хьаьжира.
         – Шун и йохка йиш ма йу. Цунах шайна луъург де…Ткъа тхуна вукху машенах деллачул мах схьалур бу аша. Иза вай бинчу бартаца галморзахдолуш дац. Ткъа аша ахча схьадала деза, оха хьалхара машен дIайоьхкина кIира далале. ХIун олу аш?
         Цхьана минотехь кабинета чохь шийла тийналла хIоьттира, аьтто боцу тийналла. Схьахетарехь, Дауд хIинцца шена хезначух ойла йеш вара, ткъа Вадуд воккхачу вешел хьалха вистхила ца хIуттура.
         – Тхуна кхин хIумма а ца дуьсу, аша аьллачунна тIе ца тайча, – элира эххар а Дауда. – Барт бохо йиш йац.
         – Сайна хетарг ала мегар дуй ас? – меллаша хаьттира Вадуда. Иза йерриге а хенахь вист а ца хуьлуш Iара, иштта нисделлачу кху гIуллакхна реза а воцуш.
         – ХIан-хIа, мегар дац! – жимахволчу вешина тIе а вирзина, бIаьргаш къарзийра Дауда. – Дерриге а ас аьлла!
         – Алийта цуьнга а! Иза а вайн берта йукъахь ма ву, шен йуьззина бакъо а йолуш, – Вадудехьа гIо даьккхира кабинетан дас.
         Цхьана ханна, цхьа а вист ца хуьлуш, севцира уьш. ТIаккха Дауда элира Вадуде:
         – ХIан, дийца хIинца! Цхьаъ ала гIерташ ма вара хьо.
         – Нурди, Дела ву гуш, хилларг тхан бехкенна хилла дац. Тхо цхьа а кхераме хIуманаш лоьхуш дацара. Иштта нисделла и хьелаш. Дера, тхан аьтто ма хилира, нагахь иштта аьлча нийса делахь, кхечарал хьалха цу некъабохамна тIе нисдала. Амма оха муха эр дара оцу бевзаш боцчу нахе, тхо санна, шайн деган лаамца лазийначарна гIо дан схьалилхинчу: «ХIей, собардел! Хьалхарчу шина машенна чу ма виллал и лазийнарг! Уьш керла а, йохка йалош а йу. Машенаш тхан долахь йац, тхо уьш схьайалораш бен дац! Хьовсал, кхечу машен тIехь вуьгур ву вай хIара!»
         Ишттачун сурт хIоттадой ахь? Асий, Даудий-м ца хIоттадо! Эрна ма ца олу, вай цхьаъ дийр ду олу, амма АллахIа хIун дер ца хаьа вайна. Сой, ваший, машенаш а йалийна, ахча даккха гIерташ вара, ткъа шу – уьш дIа а йоьхкина. Амма иза ца нисдели. Веза Воккхачун карахь ду дерриг а. Цундела, вовшашка бехкаш а ца дохуш, декхарш а ца хьерчош, дIасадовларе кхойкху ас. Оха мах схьа ца оьцу, ткъа аша тхо бехке ца до. АллахIа диканца меттахIоттадойла вайна хилла зен. Вай динчу дикачу гIуллакхашна йукъа йаздойла Цо и вай нахана дина гIо.  Со теша, АллахIан а, лоьрийн а гIоьнца, ткъа иштта вай а шен хеннахь накъосталла дарна, лазийнарг дийна висина хиларх, – аьлла, шен къамел дерзийра Вадуда.
         Цунна дуьхьал хIума ала хала дара. Амма, дукха ойла ца йеш, Нурдис элира:
         – Дика ду, Вадуд, нагахь айхьа бохучунна тIехь хьо велахь, иштта дийр ду вай. Цхьана Iеламстагана тIе гIур ду вай. ШариIатца къастор ду вай хIара гIуллакх.
         – ХIан-хIа! – йукъавелира Дауд. – Вай цхьанна а тIе гIур дац. Оха машен схьаоьцур йу, Нурди, ахь ма-аллара. ШолгIа машен дIа ма-йоьхкки, соьга хаийта. АллахIан лаамца, шуна цунах делларг ас дIалур ду шуна кIира далале.
         – Шайн бегIийла хеттарг де. Кхана Iийча шоьтан де ду, Петропавловски базарахь машенаш йухку де ду иза. Цхьа доцурш ца дийцийта цига гIо шу. Оха машен йухкуш уллехь хир ду шу. Цу тIе мехаш а хуур ду шуна.
         – Ца торийла йац тхан-м аш машен йухкуш йуххехь латта. Со хьох теша. Базара-м тхох цхьаъ кхочур ву. Оршот-дийнахь ас офисе хьоьга телефон тухур йу. Нагахь йохкахь – эр ду-кх ахь, муьлхачу мехах дIайелла.
         – Дика ду, цу тIехь совцур вай! Гур вай – «хезар вай»!
         Иштта цIеххьана шайн дола йаьллачу машенахь, йеххачу хенахь вист а ца хуьлуш, цIехьа воьдура ши ваша. Дауд кхетара Вадуд нийса луьйш хиларх. Ша Нурдин метта хилча, Вадуда ма-боххура, дийр дара ша, ойла а ца йеш, бохура цо шен дагахь. Амма Нурди суьпа а, оьзда воцуш а, Делах ца кхоьруш а ву алар нийса хир дац, аьлла хетара цунна. Машенан куц кхеран бехкенна ма доьхна. Амма иза шаьш диначунна дохковолу хьал дацара. Нагахь ишиъ некъабохам хиллачуьра веддехь йа шайн машенна чу лазийнарг ца виллийтинехь, тIаккха велла дIаваллалц цу ледарлонца ваха хала хир дара. Ткъа хIинца хIун ду?! Цхьа а хIума дац-кх! Дуьненахь нислуш долу кега-мерса хIуманаш. Дерриг а дIанислур ду, толур ду, цунна АллахIан лаам белахь. Цундела сингаттаме а, гIайгIане-м муххале а хила ца веза. Вайна хIуъа хилахь а, иза Веза Воккхачо вай зер ду. Цунна муьтIахь а долуш, «АллахIу Акбар!» ала деза.
         Пассажиран меттехь Iаш волу Дауд, шен дагахь вела а къежаш, леррина хьаьжира, машенан тIомах а тасавелла, кхоьлина вогIучу Вадуде. Важа, жимма корта схьа а берзийна, шеконе а, цецваьлла а хьаьжира цуьнга. Ткъа Дауда, воккхачу вашас санна а доцуш, нийсархочо-доттагIчо санна шена хетарг довзийтира цунна. Вадуд вашас бохучунна резахилира. Амма Нурдех вон ойланаш йисира цуьнан дагахь.
         Вежарий шайн цIеношна тIекхечира, делахь а машен чуьра охьавосса сиха вацара ишиъ.
         – ЦIахь болчаьрга хIун олу вайшиммо? – хаьттира Вадуда. – Церан хаттарш хир ма ду.
         – Царах хIунда лачкъадо долуш дерг? Ма-дарра дIадуьйцур ду-кх. Кхераме хIумма а дац хилларг.
         – Нанас сагатдийр ду…
         – ХIумма а дац… Иза тейан бахьана карор ду вайна.
         Оршот-дийнахь, делкъахан хуьлуш, Дауд Нурдица телефонан бутки чуьра зIене велира. Маршалла а хаьттина, гIуллакхах дерг дийца хIоьттира ишиъ.
         – ГIуллакх дIадоладелла, – забаренна санна, элира Нурдис.
         – Йоьхкина аша? – хаьттира Дауда.
         – ХIаъ. Шух цхьа а тIе а ма ца веа?
         – ХIунда? Ас  ма-аьллера, машен йухкуш тхо хила ца оьшу. Вадуд базара ваханера. Цигара мехаш тхуна хаьа. Ткъа шуна хIун делла машенах?
         Нурдис элира. Цу тайпана машенийн базаран мах бара иза.
         – Дика ду. Цхьа кIира даьлча, тIедогIучу оршотан дийнахь цхьаьнакхетар ду вай, Дала мукълахь.
         – Дала аьтто бойла! ДIаIе…
         Трубка хьала а оьллина, бутки чуьра араваьлла, трамвайн социйле дIаволавелира Дауд, сингаттаме ойланаш а йеш. Дера, «девяносто девятый» машен шайна йитича, дика хир ма дара. Амма цуьнан оццул ахча дацара, Вадудан – муххале а. Хала хан йара. Советски Союз йоьхнера. Тоьпаца волу стаг вара хIинца араваьлла. Керлачу Iедало экономика йоьхна йолчунна тIе а хIаллакйеш йара. Дауд а, Вадуд а болх беш вацара, наггахь ларамаза даьккхинарг бен карадогIуш сом дацара. Дика дара дас-нанас пенси оьцуш хилар. Амма тIаьхьарчу хенахь пенси схьадаларан гIуллакх а галдаьлла догIура. Цундела  и вариант а ша-шаха дIайолура. ТIедогIучу шоьтан а, кIиранан а деношкахь аьтто ма-боллу лакхарчу мехах дIайохка йезара машен. Машен йоьхкинчунна тIе, цхьанхьара дехна, тIеоьшу ахча тIе а диллина, Нурдин декхар дIадала дезара. Дика хир дара, кхара и машен хIокху шина дийнахь дIайоьхкича.  Оьцучарна товр дацара машенца доьзна бакъдерг, Дауд иза дийца лууш вара. Вадуда машенан охьахоийлаш тIе чехолаш йохка йеза бохура, оьцучарна хIумма а ца дуьйцуш. Амма Дауд чIогIа дуьхьал вара ишттачу харцонна, и хIума хьахор а дихкира цо Вадудана.
          Ткъа нагахь машен йохкар ца нислахь?! ТIаккха Даудан дега-нене ахча деха дезар ду, церан, массо а баккхийчу нехан санна, шаьш дIадерзорна кечдина ахча хир дара. Амма цунна и деха чIогIа ца лаьара!
Дауд делкъа-ламаз дечу хенахь цIа кхаьчча, уьйтIахь нана дуьхьалйелира цунна:
– Хьажахь! Цхьа ах сахьт хьалхе ван ца мегара хьо? Iуьйранна дуьйна тIепаза вайна-кх хьой, Вадуддий. ЦIа маца вогIур ву а ца эли цхьаммо а.
         – ХIун хилла? – хаьттира Дауда.
         – Шелковскойра Идрис веанера.
         – Муха?
         – Муха? Муха? Машенахь…
         – Цуьнан ваша дийна висний?!
         – Далла хастам бу, висна. Уггара хьалха, АллахIан къинхетам хьалхабаьлла, шолгIа – ахьий, Вадудий даггара гIодарна. Цо элира иза  иштта.  Шун дений, суний баркаллаш бехира, шуьшиъ сел дика оха кхиаварна. Ткъа тхойшинна мел хазахеттера. Делахь аша динарг доккха хIума дац, элира оха. Шун метта хилча, муьлххачо ден дерг дара иза аьлла. Амма тхуна чIогIа тамехь дара цо аьлларг.
         – Ма дика ду цуьнан ваша дийна висина. Со чIогIа сагатдеш вара цунна. Тхо цIа кхаччалц саца хIунда ца вира аш иза?
         – Иза-м вайгахь сохьтехь сов Iийра, кхидIа сецо бегIийла дацара. Ша дIавахале машен чуьра уьстагIан чарх охьайиллира цо, ас ма йилла, ца оьшу боххушехь. Ша кхана йа кхана Iийча йухавогIур ву, элира цо. Хьоьга делкъахан хиллалц ара ма валахьара а элира.
         – Хаза гIиллакх лелийна цо-м!  АллахIа сагIа бойла цуьнан уьстагI.
         – Аша динарг а ма ду, цул оьшуш доцуш, хаза хIума! Дика а, вон а стагана билггал йухадогIу бохург ду-кх.
         – Иштта дан а ду.
         – Нурдис диначунна чIогIа реза воцуш вара иза. Иза волчу ваха гIерташ вара иза-м, мича ваха веза ца хууш висира-кх.
         – Со ма ца кхийти! Цунна мичара хаьа иза? Ахь дийцина цунна дерриге а? ХIунда дийцина ахь и?! – реза вацара Дауд.
         – Уой, суна ма ца хаьара и Идрис некъабохамехь лазийначун ваша вуйла. Цо вайн рагIу кIелахь лаьттачу машенах дерг хаьттира. Ткъа аса дерриге а цунна дIадийцира. Ас ца хууш ма аьлла цуьнга иза, баккъалла а.
         ШолгIачу дийнахь, итт сахьт а далале, Идрис Даудан да-нана дехачу цIеношка кхечира. Иза ша вацара. Цуьнца цхьа жима стаг вара. Маршалла хаьттинчул тIаьхьа, хьешашна дуьхьалваьллачу Дауда а, Вадуда а Идрисе вешех дерг хаьттира.
         – Иза волчуьра вогIуш ву тхойшиъ. Хьал хало ду, делахь а кхераме дац. Къамел дало цуьнга. АллахIана хастамаш беш ду-кх тхо хаддаза. Ткъа иштта аша дина гIо а ца дицдо оха. ХIара цуьнан кIант ву.
         Идриса шена йуххехь лаьттачу кIантехьа куьг кховдийра:
         – Шуна дуьхьал а веана, шегара баркалла ала лууш вара хIара.
         – Хьан ваша а, хьан да а эзар балех ваьлла хуьлийла! Везачу АллахIа гIоли йойла цунна! Ткъа тхох лаьцна аьлча, оха динарг доккха хIума дац, муьлххачу ша лоручу нохчочо ден хIума дара иза.
         –  АллахI резахуьлийла шуьшинна! Даггара баркалла ду шуна! Аша сан да лечуьра кIелхьарваькхина. Лоьраша иштта ала а элира: эха сохьтана шу тIаьхьадисинехьара, тIаьхьа хир дара, – къамелан йукъавелира жима стаг.
         – Вай хIун деш лаьтта арахь?! Схьадуьлол, чугIур ду вай, – элира Дауда, хьешашна чуваха веза некъ гойтуш.
         – ХIан-хIа, собарде аш, кегий нах. Кхин гIуллакхаш а ду тхан. ХIун дийр ду чудаьхкина Iийна а? Цкъа ладогIийша тхоьга.
         Шен йайчу курткин чухуларчу кисана а ваьлла, масех резинкица дIакъевлина йолу ахчанан йоккха туп схьайаьккхира цо.  Идриса вежаршка элира:
         – Дауд, Вадуд, сан дехар ду шуьга: со цкъа вистхилийталаш. Оха, массо а хIуманан ойла а йина, сацам бина. Тхан сацам бохо ма гIерталаш, дехар до шуьга, – тхо йухадевр дац шуна. ХIокху туьпана йукъахь оцу машенан базаран мах болу ахча ду, – цо рагIу кIелахь лаьтташ йолчу, шен вешин дахар кIелхьардаьккхинчу машенна тIе пIелг хьажийра. КхидIа а цо элира:
         – Кхузахь шуна ший а машен цIа йалорна догIу ахча а ду. БисмиллахI! Дауд, схьало куьг! Ассалам Iалайкум! Ас ийци хьоьгара хIара машен! – цо ша машенах луш болу мах элира.
         – Ва Iалайкум ассалам…– элира Дауда, халла хезаш, амма воьхна сецира иза.
         – Алал ахь, алал…– элира Идриса, тIедожжош. Цо Даудан куьг, дIа а ца хоьцуш, лестадора.
         Нохчийн йохк-эцаран Iадатехь Дауда, ша механа реза велахь, ала дезаш дара: «Ас йоьхки хьуна машен». Цул тIаьхьа бен, куьйгаш а лаьцна, йохка-эцар кхочушхуьлуш дацара. Амма Идриса аьлла мах мелла а сов бара. Оцунна воьхна вара Дауд.
         – ХIай! Алал ахь, – Идрис цуьнгара дош даккха гIертара.
         – Ас йоьхки хьуна машен… – элира Дауда, воьхна Вадуде а хьожуш, важа а вара оцу хуьлучух цецваьлла лаьтташ.
         Вовшийн куьйгаш а лаьцна, ишттачохь олу дешнаш элира шина агIор болчара. Идриса элира цу ахчано беркат а, таро а йохьийла Даудан хIусаме, ткъа вукхо шен рогIехь машенан керлачу дега, зен-зулам доцуш, беркате лелайойла ахь иза элира.
– Идрис, Дела гуш ву, сайн алар хилча, шуна и халонаш а, харжаш а хуьлуьйтур йацара ас. Шуна и доцург а сингаттамаш тоьур бара…
  – ДIавалахь, Дауд! Ахь цхьана а хIуманна са ма гатдехь. ХIокхуьнан да, – Идриса вешин кIантехьа куьг ластийра, – дукха хан йара кхунна машен эца гIерташ волу. Ткъа хIинца ша меттахь висча, цуьнан машен йоьхна йу, машен эцаран гIуллакх тIаьхьататта йанне а йиш йац. Вешех дага а ваьлла, шуьгара и эца барт хилира тхан. Цу тIе ваша селхана «хахка» а кхиина иза!
         – Дика ду. Машенаш схьайалорах делла ахча мукъана а йухаэца. Шу хIун бехк бу? И ахча оха фирмера схьаоьцур ду.
         – Схьаэца! Тхо дуьхьал дац…Ткъа хIара  тхан совгIат ларахь, аша шайгара адамалла а, гIиллакх а гайтарна а, шаьш ца кхоош, орцахдовла кийча хиларна а. Цу тIехь къамел чекхдоккхур ду вай!
         Делкъал тIаьхьа, цкъа хьалха Нурдига телефон а тоьхна, тIемаваьлча санна, иза волчу офисе вахара Дауд. Дика самукъадаьлла волу Вадуд вара цунна тIаьхьахIоьттина вогIуш, цо неIарх чоьхьаволлушехь элира:
         – Муха дара Шекспира йаздинарг? Дерриг а дика ду дика чекхдолург!
         – ХIун ду аша деанарг? – кехаташ тIера хьалахьаьжира Нурди. Цара оццул сиха ахча схьадахьар ду аьлла, цунна дагахь а дацара.
         – Хьажал… – Дауда фирмин куьйгалхочунна хьалха целлофанан т1оьрмиг охьабиллира. – КIиранах хьежа а ца дийзи. Дагардел, ахча дагардича бакъахь ду.
         И чолхе доцу гIуллакх шен белхалочуьнга-йоIе а делла, Нурдис хаьттира:
         – Шайна йити аш машен?
         – Ахь хIун дуьйцу? Тхан мичара ду и машен эццал ахча. Оха йоьхкира иза… Ма-дарра аьлча, тхоьгара ийцира иза.
         – Ца кхета со…
         ТIаккха Дауда Идрис селхана а, тахана а варах лаьцна дийцира. Вадуда къамелехь дакъа ца лецира, вист а ца хуьлуш, Нурдис хIун до хьоьжура иза. Вукхуьнан йухь сих-сиха хийцалора. Иза цкъа цIийлора, йуха цуьнан шуьйра хьаж хебара, йа цо шабар деш олура: «Хьажахь!». Гуш дара цунна товш цахилар хIокху чолхечу хьолехь шай, Iаьрбиссий осала гIуллакх дина хилар. Цундела бIаьргаш хьала ца ойъуш, цхьана метта хьоьжуш Iара Нурди. Даудан къамелан жамI дира цо:
         – Дера …дуьнен чохь дика нах шортта ма бу. АллахI резахуьлда царна!
         – Амин, амин, – цунна тIетайра вежарий.
  Кхин а цхьацца къамелаш дира цара. Белхалочо-йоIа царна машенаш схьайалорна догIу ахча а схьаделира. Кегий нах дIабаха кечбелча, Нурдис хаьттира:
  – ТIаккха? Кху деношкахь Тольяттера масех машен йу схьайало йезаш. ГIур вуй шуьшиъ?
  – Ойла йан йеза. Договор а ца деш, ваха мегар дара, – велавелира ши ваша.


               
         Дийцар  оьрсийн  маттера  гочдинарг (перевод   
         рассказа "Авария" на чеченский язык): Арсанукаев Муса               
               


Рецензии