Чайнк-Асхьаб

               
         Тхан эвлахь, аьлча а, тхан йуккъехь, тхуна гена воцуш Iаш Жаца цIе а йолуш, цхьа забаре гIеметтахIоьттина стаг вара. Цунна уллехь Iаш, цуьнан нийсархо а хир волуш, гIеххьачул сонта а волуш, Асхьаб бохуш кхин цхьа стаг а вара. Йеха къамкъарг а, дIайахана чIениг а йолуш, цу тIе йаьлла нилха маж а йолуш цхьа башха стаг вара иза.
         Жацас даима а, тезетахь, пхьоьханахь, миччахь ша хилча а, Асхьабах Чайнк-Асхьаб, Чайнк-Асхьаб бохуш хилла. Ца хилла цунна дуьхьал олуш-м, и воцучохь олуш хилла-кх. Асхьабана и дуьхьал ала ваьхьар волуш-м цхьанцхьа а хир вацара.
         ТIаккха цхьаъ вала везий хьуна цушинна йуккъе питана таса, забарна самукъадаккха тасахь а йа хIуьттаренна и шиъ вовшийн иэгIон тасахь а.
         – Делахь, Асхьаб, и Жаца массо меттехь хьуна Чайнк-Асхьаб, Чайнк-Асхьаб бохуш лелаш ву, багара охьа а ца дуьллуш. И хIун дича соцур вара-те? – аьлла хаьттина питанчас.
         Цул тIаьхьа, йоккха йукъ а ца йоьлла, цхьана, хаза малх кхеттачу дийнан делкъехь ЖацагIеран кетIа вахана Асхьаб. УьйтIара пеш а латийна, цу тIехь чIепалгаш доттуш йоллуш Жацин зуда а хилла.
         – Во, Жаца!–- аьлла кхайкхина Асхьаб.
         – Во-вай! – чуьра схьа дуьхьал вистхилла Жаца.
         – Схьа аравалахьа! – мохь тоьхна Асхьаба, буйнахь ловзош, ах баттара йаьккхина шаьлта а йолуш.
         – Уой! Асхьаб, хьо вац иза?! Марша вогIийла хьо! Схьавола чу!
         – Со чуван веана вац йа хьоьца хабарш дийца веана а вац! Со мила ву? – аьлла, хьоьга хатта веана ву!
         – И бохург хIун ду?! Дера-хIeта суна-м Асхьаб ву хьо, нахана хьо мила ву-м ца хаьа суна!
         Шен буйнара шаьлта,  макъар тIe куьг тоьхна, батта чу а таIийна, волавелла дIаваханера Асхьаб, кхин вист а ца хуьлуш.
         ТIаккха зудчо Жацига аьллера:
         – Дера, стаг, хьо Асхьаба кхера-м хьаха ви!
         – Ца кхерийнехь-м соьга и чIепалгаш даийта хьаха ца воллура и! Ван-м ша ма-варра Чайнк-Асхьаб вара и, ала йиш йацар-кха! Шена гинарг а, хезнарг а ма-дарра хьахон а, дийца а йиш йолуш зама ма йац вайна...


Рецензии