Атабин забарш
Атаби гIеметтахIоьттина, догцIена, нийсонна тIегIертар волуш стаг вара. Дастаме хIума шегара долуьйтур долуш вацара, нохчийн гIиллакх-гIуллакх девзаш а, лоруш а, дезаш а, ша лелор долуш а вара. Цул сов, маттана говза а волуш, чIогIа забаре стаг а вара Атаби. Доцца аьлча, нахана везаш а, наха лоруш а стаг вар-кха.
Амма стагана тIехь дерриге а дика хила аьлла а ма дац. Иштта шен цхьа кхачамбацар долуш Атаби а вара. Цигаьрка узуш вара иза, аьлча а, йоттуш вар-кха. Вацара ша йинарг бен, муьлха-муьлхха а туькнара эцна цигаьрка узуш-м. Цу гIуллакхана даима шеца кисанахь лелош тонкех йина махорка чохь йолуш кIадин жима тIоьрмиг (кисет олура цунах) а, цигаьрканан барамехь, тукарца хеда а йеш кечйина, кIедачарех луьйдигаш а хуьлура Атабин. Тонкано маждина дара кхуьнан мера кIелара мекх а, куьйгийн пIелгаш а.
Цкъа, лулахочун тезетахь, дакъа дIаоьцуш барма лаьцна хиллера Атабис. Амма кхеран эвларчу туркхо, хIара тонка узуш вуй хууш, барма лаьцначуьра хIара дIа а ваьккхина, кхечуьнга лацийтина хиллера и. ХIума лачкъош гучуваьлча санна, йуьхьIаьржа хиллера хIетахь Атаби, чIогIа дагах а кхеттера цунна нахана йуккъехь шеца хIоттийна и кеп. Хьанна а новкъа до;гIу хIума дан а дара иза-м. ХIара тонка узуш хиларх, оцу веллачунна кхуо беш вуо болх а ма бацара, цуьнан бармин гIожанйуьхьиг лацар бен. Мухха делахь а, хилларг шен коьртачохь гена дIадиллина хиллера Атабис, цхьа зама йаллалц.
Дукха хьежа а ца дийзира кхуьнан цу замане. Энаш лаьцна чIогIа цомгаш хилла кхеран эвлара цхьа зуда. ХIума хууш волчу стага дарба хьехна цунна: хьуьнан хьакха йен а йийна, цуьнан чуоко ара а кхоьссина, и зуда цу чу хаон йеза. ТIаккха, цу хьакхин цIока тIеттIа а озийна, цу чохь и зуда йохйалитийчхьана, энаш дIадевра ду, аьлла.
Цу йуьртара иччархойх виъ-пхиъ стаг вовшах а кхетта, хьакха лаха а лехна, и йен дагахь луларчу хьуьнах вахана. Царна йуккъехь кхеран йуьртара туркх а, Атаби а хилла, ша цIейаххана иччархо а вола дела, топ нийса тухуш а вола дела. Iаьнан йуккъера бутт хилла, диллина доккха ло а долуш. Цхьана кIоргачу Iина чохь, хьакха аьлча а, и цхьа нана-йоккха нал тIе а нисйелла, иза тоьпаш а тоьхна йийна кхара. Йийча хIун пайда бу иза, шелйалале Iина чуьра катоьхна хьалайаккха йезаш хилча? Цул тIаьхьа салаза тIе а йиллина, катоьхна цу цомгаш йолчу зудчунна тIекхачон йезаш а хилча?
Сихонца хьалхарий, тIехьарий шишша боьхкуш хьакхин биъ ког дIабихкина кхара. Царна чухула дечиган цхьа-ши хьокха а баьккхина, хьалхара а, тIаьхьара а церан йуьхьигаш белш тIе а йехкина, и нал оцу Iинан ирачу басех хьалайаккха гIерташ, хьуьхь а боьлла бохкуш хилла Атабин накъостий.
Ткъа хIара-м, шена улле топ а хIоттийна, хадийнчу дечиган цхьана йуьхка тIе охьа а хиъна, гоьл тIе ког а баьккхина, шена дикка цигаьрка а хьарчийна, и узуш Iаш хилла, пуфф-нехь кIур дIа а бетташ, кхаьрга а хьоьжуш. Когаш шершаш, тийсалуш, хьацарш а даьлла, и хьакха басех хьалайаккха гIерташ бохкучу накъостийн бIаьрг кхетта кхунах.
– Делахь, Атаби, ма эхь ца хета хьуна! ХIоккхул тхо таса а делла дохкуш, кхин шек а воцуш, хьайна дика цигаьрка а узуш Iаш ву-кх хьо, – аьлла кхуьнга схьа мохь а тоьхна, туркх ву бохучо.
– ДIавала! Ахь со барма лаца мегар вац аьлла дIакъастийна ма ву! Хьакха эцна доьлхуш долчу шуьца ас муха лоцу хьокханан йуьхьиг? – аьлла Атабис, гIадвахана вела а велла.
* * *
Цхьана дийнахь, туьканара эцна даьтта а, кхин цхьацца хIума а чохь йолу сетка ги а тесна вогIуш волу Атаби, эвлайуккъерчу кхура кIелахь цхьацца къамелаш а деш, хан йойъуш Iаш волчу шай йуьртарчу кхаа-веа стагана тIекхаьчна хилла. Салам-маршалла а делла кхара, могаш-паргIат а хаьттина. ТIаккха бухахь болчарех цхьамма Атаби хьовзон дагахь:
– Хьо лаа вуй? Хьо стенгара вогIу? Хьан гехь йерг хIун йу? – аьлла хаьттина-кх.
Атаби маттана шера волу дела массо а, шайн кадаьлча, дашца хIокхул тола гIоьртара. «ХIинца-м ги сетка а тесна вогIуш волу, ала хIума а доцуш вуьту хьуна ас хIара», – ойла йина хаттар динчо. Кхузахь ала до;гIу, и хаттар динарг, мацах АтабигIара хьуьнхахь йийначу акхачу хьакхина чухаийна йолчу зудчун гергара хилла хилар.
– Сан гехь дерг даьтта ду. Туьканара вогIу со, – жоп делла Атабис.
– Хьо хIунда воьду даьтта эца туькана? Хьайн хьакхарчий а йойъуш, царех хьакхар а доккхуш Iие… Эцца хьуьнхахь шортта ма йу и хьакхарчий! Хьо уьш йайъа Iемина а ву! – ладоьгIуш Iаш болчу шен накъосташка бIаьрг а таIош, аьлла вукхо.
ТIараш вовшах а тухуш, гIадбахана белабелла вуьйш.
– Ас цхьаъ дийр ду хьуна… Вуьшта, цу хьакхин са дIа а далале, цунна чухиина Iаш шух цхьаъ караво-кх! Хьакхар даккха вуьту аш?! – ца вешаш аьлла бохура Атабис.
* * *
Вир эца веана хилла цхьаъ базара. ТIаккха вир йухкуш лаьтташ волчу цхьана стагана тIе а хIоьттина:
– ХIун доьху ахь вирах? – аьлла, хаьттина-кх.
Вукхо шена бе;за мах аьлла.
ТIаккха хIокху тIевеанчо, цо аьлла мах дукха хеташ:
– Уой! ХIара-м пхьаьрса кIел а йоьллина, дIайахьалур йолуш ма йу! Ахь ма дукха доьху кхунах, - аьлла-кх.
– Делахь, ахь хIара пхьаьрса кIел а йоьллина дIахьахь, ас ишттанехьа йели-кх хьуна хIара, - аьлла вир йухкуш волчо.
– Пхьаьрса кIел а йиллина-м хьура йац ас хIара, белш тIе а йиллина йаьхьча мегий хьуна? – хаьттина оьцуш волчо.
– Дера мега-кх, ахь йаьхьчхьана-м…
Охьа а таьIна, цхьана агIор хьалхара ши ког, вукху агIор тIехьара ши ког а лаьцна, шен коьшкала вир а хаийна, меллаша волавелла базарара ара а ваьлла, дIавахана важа-м, кхин йуха а ца хьожуш. Вир йохка веанарг бага а гIаттийна, дIаваханчунна тIаьхьахьаьжжинчохь висина, ала хIума а доцуш.
Цул тIаьхьа гIеххьа хан йаьлча, и вир белш тIе а йиллина дIайаьхьнарг а, Атаби а йукъахь а волуш, эвла йистехь бай тIехь сакъоьруш Iаш хилла цхьа тоба. Кхузахь ала догIу, Атабина а, цуьнан цIийнан нахана а забарна алахь а, мухха алахь а, йуьртахоша тIаьхьашха: «Уьш суьйлийн хIу хьакхаделла бу», – олуш хилла-кх, цу хIуманна тоьшаллийна далон шайн кхин делилаш дацахь а. Шайна иштта олий Атабина а хууш хилла. Ткъа и вир белш тIе а йиллина йеънарг цу йуьртахь бу бохучу, дикачу нахах хилла.
Иштта хIорш хевшина Iаш, дIо геннахь, чIуг а йетташ йуьрта чубулучу новкъахула цхьаъ вогIуш тосавелла кхарна. Кхеран йурт суьйлишца долчу дозанна гена йоцуш хиларе терра, варрашца воьдуш-вогIуш суьйли хаалуш хилла сих-сиха цу новкъахь хIетахь.
– И мила ву-те дIогахь схьагIертарг? – некъахочух бIаьрг а кхетта, хаьттина хевшина Iачарех цхьамма.
Некъо гола тухучохь цхьана мIаьргонна къайлаваьлла важа-м.
– ХIинцца схьагучуваьлча хуур ду-кх, – аьлла вир белш тIехь йеанчо.
ТIаккха Атабина Iоттар йан дагахь тIетоьхна цо:
– Мила хир вара и? ХIокху Атабин гергарчарех цхьа суьйли хир ву-кх.
Цу сохьта жоп дели бохура Атабис, некъахо гучаваллалц а ца Iаш:
– И вир лаьллина вогIуш велахь, тхох ву хьуна иза, вир ги а йоьллина вогIуш велахь, шух а ву-кх хьуна иза!
Свидетельство о публикации №224080601522