Жайна
Юнус ткъе пхи шо хир долуш жима стаг вара. Мацах цхьана забаречу стага ма-баххара, кахьаькхинчу шерачу цIенкъахь кIохцалг даххал декъаза стаг лоруш а вара ша вехачу йуьртахь. Цунна бахьанаш дукха а дара. Юнусан нийсархой, школера чекх ма-бевлла деша воьдург – деша воьдуш, балха воьдург – балха воьдуш, зударийш а балийна, доьзалш а болийна, хаза шайн гIуллакх а деш, бехаш бара. Юнус школера ваьлча, Соьлжа-ГIалахь завсклад болх беш волчу дас деша ца вахийтира. Шен гIоьнча-кладовщик дIавигира цо иза шен искладе, ша пенси вахча, шен метта дIахIоттон дагахь. Юнус эскаре а вахана цIа веъча а, дас йуха а ша волчу искладе дIавигира. Цул тIаьхьа, цхьа ши шо гергга хан йаьлча, цIеххьана йина ревизи бахьана долуш, халла балица чуволлаза а вуьсуш, балхара вохийра хIара ший а.
«ТIейогIуш ца хилча, бухарниг дIайала а сахьт дац», – аьлла, шайн эвлара «деха сом» даккха Сибреха балха лелаш йолчу цхьана биргадех дIатуьйхира дас Юнус. Амма цигахь йалх-ворхI бутт хан а йаьккхина, ур-аттала шен хьашташна хьажон а хIума вовшах ца кхеташ, цIа веара иза. ТIедогIучу шарахь вахча а, нехан санна гIуллакх ца хилира Юнусан. ТIаккха, кхин гIур ма вацара ша Сибреха йа Казахстане балха, аьлла цIахь сецира. ЦIахь балха ваха хIара йу аьлла меттиг бацара. Муьлх-муьлхха а балхах вешаш а ма вацара Юнус. Кхин цхьа шо а делира хIара деш-дуьтуш а доцуш, волавелла лелаш. Иштта Iийча гIуллакх хир дац аьлла, бIаьсте ма-йелли, Сибреха боьлхучаьрца балха вахара Юнус йуха а. Дика кепек а йаьккхина цIа вогIуш, новкъахь цхьана девна йуккъе нисвелира хIара. Ша кху йехачу аьхка оццул хала, хьацарца даьккхина ахча ша чу ца вуллург Iедалехь болчарна дIа а делла, цIа веара Юнус. Ца тайна баьлла бал бара.
Армера цIа веъча дуьйна, цIерачара хьайна зуда йалайе аьлча, ур-аттала йалон зуда а ма ца нислора кхунна. Кхуьнан бIаьрг тIехь сецнарг кхуьнга ца йогIура. Кхуьнга йан кийча йерг кхуо ца йалайора. Доцца аьлча, иллешкахь вийцина декъаза Юнус санна, ва Дела хьо аьлла, цхьана хIуманна тIехь аьтто хуьлуш вацар-кха вайн хьаша.
Кхуьнга хьалхе дуьйна нанас а, дейижарша а олуш дара дуьненан бала йухатухуш, вочух ларвеш жайна даккхийта дезара ахь хьайна. ХIинццалц Юнуса уьш кхин тергал а ца бора, цу хIуманех ша башха тешаш ца хиларна. ТIаьххьара а ойла хийцайелира кIентан. «Зиен-м хир ма дац суна жайна даккхарх. Ткъа, хьанна хаьа, дика болх хила а ма мега», – хьоьхура кхуьнан даго.
Кхеран эвла йистехь Iаш вара цхьа ши шо хьалха Казахстанера шен доьзалца цIа вирзина Iелимстаг, молла Дабин Жалил. КIорггера дешна вара иза. Цхьацца дарбанаш а леладора цо, жайна а доккхура. ХIума хууш стаг ву олура и санна волчух. Даима а адам лаьттара Жалил волчохь. Бакъду, шина машенал сов шен кетIа машен хIоьттича а, кевна берте адам гулделча а мегаш-м вацара и. Ханна дукха тIех воккха а воцуш, гIеметтахIоьттина стаг вара молла. Шен леларца а, вистхиларца а буьрсо стаг а вара. Хаза дош а аьлла стеган самукъа, сапаргIат доккхур долуш-м муххале а вацара и, мелхо а стагана халахетар дара-дацара аьлла ца Iаш, кIоршаме вистхуьлуш Iедал долуш вар-кха.
Иштта цхьана дийнахь гIаш веана Жалилан кетIа хIоьттира Юнус, цунна тIекхача дагахь. Цхьа стаг и волчу чувахана вара, кхин цхьаъ иза араваллалц бохуш лаьтташ вара. Веха латта а ца дийзира Юнусан. Шен рагI тIе ма-кхеччи, неIарх пIелг а тоьхна:
– Чуван мегар дуй? – аьлла Жалилна хьалха хIоьттира Юнус.
– Чувеана хьо ваьлла, схьадийцал айхьа деанарг, – шен мера буьххьехь кхозуш долчу куьзганаш тIехула оьгIазе схьахьаьжира стоьла тIехь цхьаъ йаздеш Iаш волу хIума хуушверг.
– Де дика хуьлда хьан… ХIун деш ду шу, могашалла муха йу хьан? – неIсагIехь сацавелира Юнус.
– Хьо соьга барт хатта веана-м вац? Сехьавала, цигахь а ца лаьтташ! Охьахаа оцу гIента тIе! Схьадийций вала! ХIун лозуш ву хьо? – тIе а чехаш, сиха къамел дора Жалила. Юнус цецваьллера, кхуза варах дохко а волуш.
«Ваа... Кхуо хIун до, дан? Кхуо ма йуьхь йоцуш къамел до? Дера веза со неI тоьхна, ара а ваьлла дIаваха!», – аьлла дагадеара кхунна цкъа. ТIаккха а Деле шена собар а дехна, «ХIан-хIа, кхуо сайга схьа ма-дарра, кхунна дуьхьал къамел дIа а дийр ду-кха ас. Кхуьнга сагIа деха веана-х ваций со», – аьлла шен дагахь, гIента тIе охьа а хиина Юнус элира:
– Со хIумма а лозуш вац! Со ахь дегIаца лелон жайна доккху аьлла хезна веана. ДIадолийна долу цхьанна хIуманна тIехь аьтто хуьлуш вац со, школера дешна ваьлчахьана.
– Собар, собар… Зуда йалийна вуй хьо?
– Олуш товш дацахь а, йалон дезаш ву, нислахь…
– Сё! Кхин дIа дийца ца оьшу хьуна. Хьуо волччехь тап-алий вагIа!
Стоьлан гIуттакх чуьра цхьа кехат схьа а эцна, цу тIе сихха Iаьрбийн маттахь цхьацца йозанаш йаздан волавелира Жалил. Чохь тийналла хIоьттира, къоламо кехат тIе деш долу йоза а хезаш. Иштта ворхI-бархI минот хан йелира. ТIаккха, йоза дина вала а ваьлла, Жалила ша йаздина долу кехат, шозза тIекел а диллина, Юнусе дIакховдийра.
– ХIан, тIаьрсинга йуккъе а диллий, маха а бакхийтий, хьайн дегIаца лелор ду ахь хIара жайна, луьйчуш бен схьа а ца доккхуш. Кхийтирий хьо? Цхьа туьма охьадиллал хIинца, сихха! – элира хIума хуучо, Юнусана шен ши бIаьрг тIе а боьгIна.
Къамел схьа а ца дойтура моллас. Юнусехь пхи сом бен дацара. Цунах хьайн хьашт мел ду а тоам хир бу аьлла хеташ вара хIара. Амма доцчунна дан хIума дацара.
– ХIара пхи сом бен соьгахь кхи дан-м дац, – элира Юнуса, кисанара схьадаьккхина пхи сом моллина хьалха охьа а дуьллуш.
– И хIун къамел ду?! Хьо стенга вогIу а ца хаьара хьуна? – аьлла бIаьргаш къарзийра Жалила, катоьхна стоьла тIера пхеа соьма кехат шена тIе а озийна. – Схьадал и жайна!
ДIакхевдина жайна схьа а эцна, дIаса а даржийна, цу тIе къолам хьекха вуьйлира Жалил. Йуха а ша ма-хиллара кехат тIекел а диллина, Юнусе йухаделира цо.
– ХIун ди ахь кхунна? ТIе къолам ма хьийкхи ахь кху йозанашна.
– Пхеа соьмана догIуш дерш ас дитина хьуна дIа а ца дойъуш.
– ?!
– Галдаьлла хIумма а дац! Хьайна зуда йалорна гIайгIа бен цкъачунна катоххий. Цхьана баттахь зуда йалийна бал дIа а кхехьий, кхин пхи сом дохьуш схьавола. ТIаккха дIадайъинарг меттахIоттор ду вай. Кхеттий хьо?
Юнус цо аьллачунна тIаьхьакхиа гIерташ воллуш, неIарехь дIа а хьаьжна, мохь туьйхира Жалила:
– Кхин мила ву цигахь рогIера? Чувола…
И бохург дара декъазчу Юнусца долу шен къамел чекхдаьлла бохург.
Свидетельство о публикации №224080601560